3 дакъа. Мухьаммадан бералла

1
Iарбийн шайн историн дийцарехь дайша,
Хир волу пайхамар дуьненчу веара,
Пхи бIе кхузткъей цхьайтталгIа «пийлан» шарахь,
Маккахь, шен ненан Аминатан174 хIусамехь.
2
 Пайхамар ;дуьненчу ваьлла и хIусам,
Йиъ бIе гулч генахь яра Делан маьждигна.
КIентан кIира кхочуш, бой сийлахь гулам,
ХIоттийра той дедас, цIе туьллуш берана.

174 – Аминат – Мухьаммад пайхамар ;вина сийлахь нана. 
                3
Исбаьхьа берах баккхий беш хьешаша,
Мухьаммад боху цIе йира къобал бертахь.
БIаьрмециг бацара дечу ловцашна175,
Бохура цо заманца дийр ду къам сийлахь.
4
 Цу хенахь ша Шема хиларна вахна,
Цуьнан да, IабдаллахI, хилла вац цу тойнехь.
Доьзалхо гар доцуш халачу новкъахь,
Шемара цIа вогIуш, валар хуьлу цуьнан. 
                5
Дукхаммо дуьненчу валале бохуш,
Цхьаболчара дуьнен чохь шен ши бутт кхочуш,
Цу кIантах бо хуьлу да гина воцуш,
ТIе хене валийта бина кечам боцуш.
6
БIаьсте тIекхаччалц ларво кIант шен нанас,
Къаьсттина бIаьрг хиларх я жинийн цамгарех.
ЧIиж,176 хIайкалш кочахь, лардора шайн бераш,
Цу Iарбийн зударша хьу177 юлуьйту бIаьргех.
7
Жинашца шайтIанийн хьунех бер лардеш
Цхьогалан я цицган церг лорура цара.
Къаьсттина пхьагалан тIодийн178 кIажош,
Жинаша хоьхку экха и цахиларна.

175 – ловцашна (ловцаш) – доьзалхо дуьненчу ваьлча олуш долу хастаме, дика дешнаш: «Цицигана маIа яллалц вахийла!», «ВархI вещин ваша хилийла!», «Дала беркате доьзалхо войла!».   
176 – чIиж – вончу бIаьргах, жинийн хьунах бер лардайта дегIаца лелабойтуш болу, беза лоруш болу тIулг, хIайкал, жайна санна.
177 – хьу – цамгар, цабезам, б1аьрг лацар (порча, сглаз).   
178 – тIодийн (тIод) – кегийчу акхаройн пIелгашца лаьтта охьадуьллучу коган дакъа.


8
Аренца кхелхачу Iарбийн зударий,
Шарахь шозза богIура бIаьстенца, гурахь,
Макка шайна мехах кхаба бер дезий.
Хьал долчо бер дIалора кхабийта арахь.
9
ГIали чохь ченан хIур,179 мозийн вой180 гIиттар,
Берийн са дукъдеш дара кхузахь хьийза тов.
Цундела жимма таронехь болчара,
Баьхкинчаьрца мах къийсарца  ца дора дов.
10
 Иштта Бану СаIд тайпанан зударий
Йокъаной, мацаллой шаьш бахарна меттах,
Кхаба бераш лоьхуш Макки чу баьржий,
ДIалеца хIуьттура хьал долчеран кетIеш.
11
Бацара зударий сихбелла совца,
Ялх бутт кхаьчна волчу Мухьаммадан ;кетIахь;
Боберах мах балар дара шеконца, –
И тесна, нана маре кхечанхьа йодахь.
12
Массо да ца хьоьсту дахарехь ирсо,
Кхаба бер кхачаза йиснера Хьалимат181.
Шен цIийнаден пурбанца цу дика зудчо,
Кхаба тIелоцу байлахь волу Мухьаммад (I.с с.)
13
Хир болчу пайдина шеконца йолуш,
Кхаба дуьгу цу зудчо ялх бутт кхаьчна бер.
Диъ шо хан йолу кIант ненаца воцуш,
Хьарисан182 доьзалехь долуш кхиарца Iер.
179 – ченан хIур – дама санна атаделлачу лаьттан чан.
180 – вой – шортта цхьаьна гулделла аьржа я накхармозийн тоба. 
181 – Хьалимат – Элча ;жима волуш, вакхош кхаьбна сийлахь цуьнан шолгIа нана. 182 – Хьарис – Элчанан ;деа шарахь бераллехь дола дина шолгIа да
                14
Керлачу доьзалехь ши йиша, ваша,
Карийра Мухьаммадна ;ша доггах везаш.
Мухьаммадах ;хуьлу беркате ваша,
Кху мискачу дозалан тодарехь хьелаш.
15
Iай лаьттинчу йочанех хьанделла латта,
Бетнашкахь бIаьста бецех къарзделла лаьтта.
Амма малх кхехкачу аьхкенан чиллахь,
Шайн даьхнешца Iарбий лаьмнаш долчу гIоьрта.
16
Лаьмнашца шовданаш хуьлу бухдуьйлуш,
Гонехь царна хьалакхуьу коьлашца буц.
Гуьйренца Сухайль-седа183 гучу болу:
Герга хиларна Iаламо хийца шен куц.
17
Талларна аренца хуьлура пхьагалш,
Мошарчий я ког маса гезарий акха.
Берзалойх, чагIалкхех лардора даьхнеш,
Дежийлашца кхалхар деш, уьш хене даха.
                18
Ламанийн тархаш184 тIехь хуьлуш ю аьрзуш,
Уьш талла185 Iамайора Iарбаша говза.
Четарш кIел дахар ду цу наха токхуш,
Датийна истангашца186 хьулдина тIоьхлахь.

183 – Сухайль – седа – (Канопус олу седа) гуьйре чекхйолучу хенахь стиглахь къеггина хуьлу иза.
184 – тархаш – ломан ирачу тIулгийн баххьаш, аьрзонаша баннаш до меттигаш (скалы).
185 – талла – рицкъина хIума ен я лаца тебна Iар (охотиться).
186 – истангаш (истанг) – батийначу тIергIах йина стомма кIаденан тайпана хIума (кошма).



                19
И четар дIахIоттош итт беха хьокха,
Лаьттах туху машшашца дуьйлина гата.
И цаьрга лардайта чехкачу меххех
Я буьрсачу йочанца Iаламан гIаттарх.
                20
Четарна гонехь харш охкура гомха187,
Йочанехь хин Iоврашна чуидар доьхкуш.
Палс уллий цу чоьнах дора ши дакъа,–
Зударий, божарий шайна-шайна бохуш.
21
Чохь, цIенкъахь,188 даржийна истангаш дара,
Иза гIайба тесчхьана вижа мотт бара.
Чохь, юккъехь, баьккхина кхерчан189 кIаг бара,
Лакхахь, кIур хьала бадийта, дуьтура кор
                22
Эмкалийн гIий190 бара кхерчахь цIе латтош,
Я екачу кондарех191 гулдина къаххаш.
Дежийлийн шортонех стамлора таппаш,
Къийдала уьш доьлча дIасадаьржаш, кхелхаш.
23
Бану СаIд Iарбийн кхин болчийн чух терра,
Коьрта даар дара даьхнех долу маша192.
Эмкалийн, гезарийн, уьстагIийн шура,
Цунах мел кечлуш долу сурсаташ башха.

187 – гомха – кIорга доцуш, охкуна деш, харш даккхар, догIанан ладар дIахьадийта.
188 – цIенкъахь – лаьттахь охьадаржош истангаш хилла Iарбийн четарш чохь.
189 – кхерчан кIаг – чохь цIе ягон четарна юккъехь, охкий, боккхуш хилла кIаг.
190 – гIий – дакъийна эмкалийн я кхечу хьайбаний дакъаделла кхо.
191 – кондарш – коьлашца гIад стомма къаххаш. 
192  – маша – кхобучу даьхнегара йоккхуш йолу шура
 
                24
Ялтин хьашт кхочуш деш хурманаш яра,
АтагIешца бехачара юхкура уьш.
Ялта эца таро къехойн яцара,
КIиранна чохь уьш бара цкъа жижиг дууш.
25
Дикачу зудчо бер дакхош кхобура,
Нанас шех кхеторца193 кхаа шаре доккхуш.
И бераш онддий, ницкъ болуш хуьлура,
ДегIан куц-кепехь тайна, тIах-аьлла болуш.               
26
Юткъачу гIадъюкъца, гIаргIанах тайна,
Дахаран халонашца ларалуш атта.
Къонахий кхуьура цу арахь башха,
Герз лелор, хьайба194 Iамор дирзина кара.
.
                27
Адамел, даьхнелла алсам ду олуш,
Жинашца алмазаш195 дара кхузахь дехаш.
Бус-буса дара уьш зулмашна гуллуш,
Бода боьлча, къаьсттина, хьийзадеш бераш.
28
Аренийн Iарбашлахь даьржина лелаш,
Алмазех жинашца дукха дара дийцарш.
Цу хьолехь бер кхуьу боданах кхоьруш,–
Воккхаллехь и кхерам коша дIахьош шеца.

193 – нанас шех кхеторца (кхетор) – бер нанас шех кхаа шаре даллалц дакхийтар, шен некхах.
194 – хьайба (хьайбанаш) – адмаша цIахь кхобуш долу даьхни: уьстагI, газа, етт, гомаш, эмкал, говр, вир и. д1. кх.
195 – алмазаш – адаман бIаьргашна гуш боцу зуламан ницкъех цхьа тайпа.



                29
 Алмаз, жин, убар196, гIам197 Iарбаша тардо
Адамех, амма даккхий, ирчий, тIех буьрса.
Шаьш дерий, оьгIазей, зуламна тIера,
Вонаш дарна, каьсттина, кIел хуьйшуш буса.
                30
Дала шена бен далазчу хьуьнарца,
Ша-башха мухIарца Сулима-паччахьо (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)198
Гар долчу хьоле далийна, гIам лаьцна, –
Зударийн суьртан куьцахь, ткъа метар лекха.
31
Цу дегIан дахаллехь, гай мел ду тIерий,
Царна тIехь, цубдарш199 санна декхаш ду бераш.
ГIам буса токх хуьлу адмех кадеттий,
Цу балхах толуш, шура юссуш ду хьелаш200.
                32
Берашна санна, баккхичарна цхьаьна,
Iадочу дийцарша кхерам туьсу кийра.
Сих кхерам хьаьрчинчарна бIарлагIаш  гора,
Де кхоьлина деача геналлехь хийла.
33
И кхерар Мухьаммадна ;Iа сих ийна,
Чиркх лато сихлора и бодане  хIусмехь.
Боданца мохах и кхерар ду бахьна, –
Дуьне доха герга хиларна цу хьолехь.

196 – алмаз, жин, убар – бIаьргашна гуш боцу зуламе ницкъаш.
197 – гIам – шен куц – сибат хийцалуш йолу шайтIанан бIонах хIума лору адмаша.
198 – Сулима  (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) паччахь – Сулиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) –  пайхамар. 
199 – цIубдарш – хи чохь деха цIий муьйлу дийнаташ.
 200 – хьелаш (хьал) – дегIана оьшург кхочуш хилла мур



                34
Мухьаммада ;дуьйцу сирла, догйовха
Хьалиматан доьзалехь дахна бералла.
Цигахь и гуттара са паргIат Iийна,
Цаярна цхьаммо цкъа дог духу хамталла201.
35
Хьарисан доьзалехь дIаихна шераш
КIанта ховхачу марзонца уьш дуьйцура.   
Ийна дара цуьнца Хьарисан бераш,
Хьалимата, ша винчух, иза хьоьстура.
36
Дукха дац Iарбашлахь дисина дийцарш,
Мухьаммада ;аренца яьккхинчу хенах.
Амма ду башха – цхьаъ, инзаре долуш,
ДIавала ц1а иза валоран бахьанехь.
37
Ца девза ши адам, тIехь гуш кIайн духарш,
Лайх дуьзна дашо бога долуш шайн карахь,
Мухьаммад ;вижавой, тIехьокий куьйгаш,
Схьадоьллий некхан ваз, дог цIандан дIахIиттарх.
                38
Ло хьоькхуш дIацIанбой, биллина кийра,
Даг чуьра Iаьржа тIадам кхоьссира юьстах.
Юха чоь нисйина шаьш доIа дина,
Цул тIаьхьа велира ший къайла цу стиглахь.
39
И сурт гина «ваша» четаре хьоду,
Цо нене, Хьарисе шена гинарг дуьйцу.
Дахьийна и шиъ, сихха ара оьккху –
Мухьаммад ;го кIайвелла, лаьтташ шек воцуш.

201 – хамталла – новкъарло хуьлу х1ума цхьаммо шегара цадалийтар.


40
Хьалимат ца яьхьна кхин дIа кIант кхаба,
Сихло кIант, сапсов, волчарна дIавала.
Макки чохь хIокхарах Мухьаммад ;хаьдда,
Тилавелла лелаш и карийра халла.
41
Iабд аль МутIалибе дIалуш Мухьаммад (; .),
Кхаьбначо кIантаца хилларг ца дийцира.
Мухьаммада ;хьулдо лелла Iаламат,
ТIаккха и шерашкахь дицделла лаьттира.
42
Маликийн болх бахьнехь дIакъастар нисло,
Мухьаммадан ;кхиар Бану СаIд тайпанехь.
Хиларна аренан Iарбашца кхиъна,
Цо цIена Iарбий ша лору къурайшашлахь.
43
Мухьаммад ;цIа воьрзуш Макка йоккха яра.
Адамаш, кхо чаккхарма ехачу гIалахь,
Зингатийн туьйлигах мах барехь сийсаш.
ТIаккха тамаш бацара, тилаваларх кхузахь.
44
Лаьмнийн юкъ юьзна, шоръелла гIала,
Къилбазехь басешца гIоьртинера хьала.
Цу меттахь, КаIбатан маьждигна хьалха,
ЙоьгIнера шайн хIусамаш къурайшийн наха.
45
Эццахь пурх боьттина пен бара лекха,
И дуьхьало ю акха Iарбеха ларлуш.
Оцу пенал дехьа къестара некъаш:
Къилбазехь Ясрибе, Малхбузехь Джиддехьа.




46
Цигаш йогIу Макка хьабашийн къепалш,
ЦIен хIордан бердаца дIа эццера хьала,
Дуьйлало Шема, Палестине некъаш,
Эзарни чаккхармаш Лаьттаюкъан хIорде.
47
Маккин лакхенера готта некъ боьрзу
ТIайр,202 Йеман, Хьадраматан203 оазизашка.
Цу некъа Мухьаммад ;Макка цIа воьрзу,
Къаьсташ, ша воьллачу, Хьарисан доьзалх.
48
Юьхьанца къурайшин сий долу доьзалш,
КаIбатна гонехь беха, шайн каппаш204 йой.
Ткъа йолхалгIа бIешо дузучу хенахь,
Йистошка гIоьртира цIе яхна хьолахой.
49
Йистте охьаховшура тIеоьху кхин нах,
Уьш бухарчу тайпанийн Iуналле гIоьрта.
Нагахь хьо бухарчийн Iуналлехь вацахь,
Ца хуьлу хьо кху мехкан бакъонийн кхожехь.
                50
Къурайшийн дахар дерг лаьтта мах бар тIехь,
Пайда хуьлу Йемане, Шема, Палестине,
Iиракъе205 къепалш хьежош мах белахь, –
Х1орш массо гIерта оцу некъан коьрталле.206 

202 – ТIайр – Iарбийн махкара гIала.  203 – Хьадраматан – Iарбийн шира пачхьалкх
204 – каппаш (куп) – цхьана тайпанан я цIийца гергара нах гулахь баха хевшина меттиг (кварталы).               
205 – Iиракъ – Ирак – пачхьалкх. 
206 – некъан коьрталла – совдегарш меха лела некъ долахь латтор, ял яккхархьамма цу некъа тIехула дIасавоьдург (дорожный контроль).


                51
Са йолу мах бар, къевссина бен лелац,
Оцу хьоло мах тайнарш тобане гулбо.
ТIаккха цIийн гергарло хьесапе хилац, –
Мах ца тов верас – хуьлу товчун белхало.
52
Тайп-тайпана къаьмнех нах бара кхузахь,
Куьйга, Iаьржа белхаш беш кху гIалел арахь:
Цу юкъахь – Iарбий – хIуьппалгхойх, насарех,
Желтойх, гIажарех, жуьгташца хьабаший тIехь.
53
ТIебаьхкинчийн карахь дацара хIумма,
Уьш бара хьалдолчарна юучух боцуш.
Долахь леш бара кхузахь балхана, тIамна,
Бежанийн долу сий аьттехьа шайн доцуш.
54
Поппаран гIишлош ю маккахойн хIусмаш,
Маьждигна гонаха ши-кхо гIат лекханаш.
Къепалийн коьрта некъ бу цигаш болуш, –
Иза тоьлла урам бу, Маккин юьхь лоруш.
                55
ХIусамийн чоьнаш хилла церан готта,
Чоьнийн неIарш шайн-шайн еш чу-ара лела.
Декъан го къовлура, барол 207 йой хоттах,
Керташкахь наггахь дитт я хасстом буьйш хилла.
56
Кхузахь хин къелла даима ю лаьтташ,
Хийла шо доьду догIанан цинц божаза.
Малх лаьтта йовхо луш, коьртан хье кхехкош,
Нах хIусмашна чухьийзош, боллалц малх буза

207 – барол – датийна лаьттах я буьйда кибарчигех йоьттина лекха керт (дувал, глиняный забор).
 
57
Маккара некъаш датийна дацара,
ТIулг биллина я жагIин чкъор дина тIоьхла.
Йоькхангахь кхузахь ченан дохк лаьттара,
Йочане Iаьнан хенах хоттан ткъарш хьоьра.
58
Макка вирзича Мухьаммада ;токху,
Ши шо хан шен хьомсара ненах ирс оьцуш.
Кертахь болх бечу Баракат гIарбашца208.
И хан цо шен эсера цкъа дIа ца йоккху.
59
ЦIийнан нах ган дагахь Ясрибе йоьду
Аминат, ялх шо кхаьчна кIант шеца волуш.
Макка цIа богIуш цуьнан ялар хуьлу,
Абваъ209 юьртан йисттехь иза коша юьлуш.               
                60
Мухьаммад ;да, нана доцуш бо хилча,
КIентан кIант Iабд аль МутIалиба тIелоцу.
Цо кIентан терго йо хуьлий хьехамча,
Iамавеш стаг хила, качаллех цинц боцуш.
61
Гергарчийн хIусамаш ю цунна маьрша,
Мичча хенахь цаьргахь оьшуш хIума хилча.
Амма цунна хаьа ша везий башха,
Iабд аль МутIалибна шаьш цхьаьна висча.
62
Шерийн мохь базбелла вара и воккха,
КаIбатан догIанаш дара цунах тешийна.
Маьждиган кевнехь бара цуьнан маьнга,
Дийнахь и хиъна Iаш, ткъа буса – вуьжуш.

208 – Баракат гIарбаш – Мухьаммадан ;ненан Аминатан гIарбаш (рабыня). ( Цунна тиллина Iарбийн цIе Умму Аймана хилла).
209 – Абваъ – Элчанан ;нана дIайоьллинчу юртан цIе
                63
Мухьаммад ;воцчу, кхин долчу берашна,
Цу маьнги тIехаар дара чIогIа доьхкуш.
Дедеца кхузахь Iаш евза къайленаш,
Массо динийн векалийн Iамалийн кепаш.210
64
Цу хенахь маьждиг ду еакIов гIишло,
Шога тIулгех йоьгIна шийтта-пхийтта метар.
Чохь, гонехь, пенаш тIехь йолуш хIуьппалгаш, –
Кхо бIе кхузткъа сов – шеран денойн21I хьесапехь.
                65
ХIора хIуьппалг ю шен цхьа тайпа лардеш,
Билгалчу цIерашца лоруш дIахIиттийна.
Хиллачу устазийн212 суьртехь ду тIулгаш,
Ткъа цхьадерш дийнатийн востара213 ю хIумнаш.
66
ТIулгашлахь цхьаъ бара сий лекха долуш214,
КаIбатан малхбален пена чу боьттина.
Цунна тIера буьйлало нах даха гонаш,
Ца совцуш ворхIазза хьаж къобал хилийта.
67
КаIбатан юкъ юьзна ХIубал ю лаьтташ,
ИбрахIиман (I. с.) я АллахIан даржехь лоруш.
И Шемара схьакхалхийна ю Макка,
Цо догIанца йочанаш хуьлуьйту бохуш.

210 – Iамалийн кепаш – Далла Iибадат даран куц – сибташ. 
211 – шеран денош – шарахь долчу 360 сов денойн хьесапехь хIуьппалгаш хилла д1ахIиттийна КаIбатан маьждигехь «деланаш» бу бохуш, хIора тайпано шайна къастийна болуш.
212 – устазаш (устаз) – мацах цкъа хилла динан хьехархой, хIинца дуьненчохь боцу.  213 – востара – сурт-сибтехь тера. Шайн хиллачу устазийн сибтехь еш хилла керсталла диначу наха хIуьппалгаш, уьш шайн «деланаш» хеташ.  214 – сий лекха тIулг – Джибрила стиглара беана кIайн хилла тIулг, КаIбатан малхбален пена чохь болу, цунна тIера долало хьажойн тIавап дар.   
 
68
ХIубало до кхочуш пхерчийн пал тийсар215
Ткъа аль-Лат, аль-Манат, аль-Iузза216 бу боху
Стен делий я цу АллахIан йоьIарий217, –
ХIазарш, туьтеш, мухIарш шайна тIеухкуш.
                69
Iарбаша шайн зударий кеста-кеста,
Иллешкахь зударий-деланех тарбора:
Аль-Iузза-м шайн сийлахь аккази218 хетта,–
Аль-Манат – боккха тIулг – шаьш лоруш базбора.
70
Вадд, Савва, ЯгIус, ЯIукъ, шайца Насра219
Базбина дуьненчу хIорд батIале дуьйна.
Вадд – стигал, стеган суьртахь, Савва – зуда,
ЯгIус – лом, ЯIукъ – говр, Насрах маккхал йина.
                71
Дечгах бина кхокханан йоккха хIуьппалг
Яра кхузахь башхачу ларамехь лелош.
Бер карахь ненан суьртахь боьгIнера тIулг,
Iиса (I. с.) карахь Маремах тарбина болуш.
                72
Iамалш йора цу хенахь седарчашна,
Сайраташна220 Iибадат дар шуьйра даьржа.
Батте шайн доIанаш деш цхьаберш лелла,
Шена луъу дин лело хилла берш маьрша

215 – пхьаьрчийн пал тийсар – джаьхIилан заманахь Iаьрбашлахь даьржина хилла Iадат, хIуьппалган кара пхьарчий дехкина, бIаьрзечу стаге уьш хIуьппалган карара схьаоьцуьйтуш, чолхечу хьолехь дан дезарг къастош. 216 – аль-Лат, аль-Манат, аль-Iузза – «деланаш» бу бохучу хIуьппалгийн цIераш. 217 – АллахIан йоьIарий – джехIалан заманахь стен «деланаш» Iарбоша коьртачу Делан (АллахIа) йоьIарий лоруш хилла, Цунна гIо-накъосталла деш. 218 – аккази дитт – аль-Iуззи метта аккази цара «дела» лоруш хилла.  219 – Вадд, Савва, Ягус, ЯIукъ, Насара – хьалха дин хьоьхуш хилла Iеламнах.  220 – сайраташна (сайраташ) – (планеты), царна Iибадат деш хилла цхьаболу Iарбий.
                73
ХIуьппалгашна хьалха ягайо бецаш,
Хаза хьожа кхоьтуьйтуш, совгIаташ дина,
Хьоькхуш тIе IатIар, моз, цIий – бежна дийча,
Я орамат- сакуран221 мутт, цIийн меттана.    
                74
Шайн хIуьппалгийн цIарах чIагIонаш йора,
Уьш йохийнчарна бекхам хирг хиларх тешаш.
ЦIий иэдеш вовшийн, шайн дуйнаш чIагIдора,
Куьйгаш тIера шайн чевнаш шаьш тIеттIа таIош.
75
КаIбатан кертахь, къастийнчу меттехь,
Дойура сагIийна далош долу бежнаш.
Уьш дойуш хозуьйтуш йохура цIераш,
Шаьш сагIа билгал дина йолчу хIуьппалгийн.
                76
ТIулгаш тIе Iеначу цIий чохь лорура
Iарбаша лечу бежнийн дегI лелон са.
Цундела цIий цара магадац даа,
Ткъа жижиг дIадоькъу хIоранна шен-шен цIа.
77
Хилла цу Iарбашлахь лоруш КаIбат,
Коьрта дела¬-АллахIан сий долу хIусам.
Iамалш-м цара оцу Далла тIехь йора,
И тхьамда хетарна, алсамо беш ларам.
78
ГIажарийн Iилманчас, Шахрастана, бах,
Вайн заманан шийтталгIа бIешерийн тешо:
«Со хьуна Iамалш ян кийча ву, АллахI!
Хьо бен кхин Эла вац тешначара олу».

221 – сакуран – орамат, цIийх тера шех мутт долуш болу орамат (растение).

                79
КаIбате къастийна совгIаташ кхоьхьуш,
Маьждиган неIарехь дIайохура мачаш.
Дойучу бежнийн цIийх къарздора пенаш,
ТIеухкуш кIаденаш, хьакхлуш дора доIнаш.
                80
Маьждигна тIеозо гIертара духар,
ЙоьIарий лоручу хIуьппалгашна санна.
Йорт хьора ворхI гонехь, ца лагIдеш болар,
ХIора гонехь Iаьржачу тIулгах куьг хьокхуш.
81
Болабо цара беза беттанашкахь
Iамалийн сийлахь мур шеран хенех боьзна.
Къаьсттина КаIбатехь хьаж дечу хенахь,
Хинан къелла лагIлучу замане оьзна.
82
Тохало кху махкахь мел долу тайпа,
Оцу хенахь кху Маккин хьарме схьакхача.
Дукха ю меттигаш кхечанхьа хьаж дан, –
Къурайшийн Макка уьш схьаберзо-м ницкъ кхаьчна.
83
Пхи шо хьалха Мухьаммад ;вале дуьненчу,
Шеран рузма222 говза хуьцу къурайшаша.
Итт шарахь цкъа хьаж дан, кхо бутт совбокхуш,
Беттан рузма маьлхаца долчуьнца  нисдеш.
84
Цу керлачу хийцамо итт шарахь цкъа,
Шина рузмийн шерийн чот цхьана нисйора.
Хийцамна хамталла ерш нислора цкъацкъа,
Амма дуккха Iарбашна и хийцам тайра.

222 – рузма – шеран денойн хьесап чулоцу гIирс (календарь). 


                85
Хьаж даран и беттнаш нисдина дара,
Шера чохь Iаьнан зама юлучу хене.
Девнаш, тIом цу ханна дихкина дара,
Iарбийн ахгIайрен халкъ хьоду Маккин хьарме.
                86
Уьш халчу новкъа бежнашца бовлу,
Кечдой уьш тIеоьхкина хаздаргаш башха.
Сийлахь лаьтта кхочуш, сагIанаш доху,
Дозаллин кIужалех223 бовлу кортош даьшна.
87
Iадатехь ду Iарбийн месаш дIахецар,
Боьрша стеган сибат цара хаздар лоруш.
Маккахь уьш дIаяшар ду Делах тешар,
Делан дуьха, марзделла, хIуманах къаьсташ.
88
Марханаш кхобурш бара кхузахь денна,
Кхинберш Iа, безачу, кхачех юхакхетта.
Ткъа кхинберш Iибадат дахдина лела,
Диканна маьрша вара, массо ма хетта.
89
Хьаж дехкарх магош ду шен гIулкхаш лелор,
 Мах бар я захало кхочуш дойла шайлахь.
Я гIо дан вовшашна барт бойла юкъахь,
Мел деш дерг хуьлуьйтуш делананийн дуьхьа.
90
Кхаа дийнахь бахло хьаж даран белхаш,
ДоIанаш до, мохь бетташ, бежнийн цIий Iанош.
Жижгаш дIадоькъу мискачу пекъаршна,
Замзам-хих Iеба нах – иза буззалц муьйлуш.

223 – кIужалех (кIужал) – никIапа (коьртан чоьш лоргуьйтуш кечбайтар). 
               
                91
ВархI гонан тIавап до шолгIачу дийнахь,
Малхана го туьйсучу сайратех тарлуш.
ХIора го чекхболуш Iаьржачу тIулгах,
Ка далахь оба йоккхуш я мухха хьакхлуш.
                92
ТIулга тIе кхачаран дара шен маьIна,
Къинойх дIацIанвеш цо дегIе ницкъ балош.
ТIавапехь магадо чIогIа шок йетта,
Зуькарш деш, тIараш детта, гIовгIа оьккхуьйтуш.
93
ЦIуш,224 мозгIарш225 бацара маьждигна лецна,–
Цхьаьна багIац уьш Iамал-Iибадат дарехь.
Хьажоша Iамалш йо шайн-шайн Iадатца,
Шайна мелехь ю аьлла хеттачу кепехь.
94
Ихрам долу юкъа Мухьаммад ;вале,
Хьаж дар дIадирзича хIаллак деш доьза.
Цуьнцанна даьржа тавап дар берзана,
Боьрша наха – дийнахь, ткъа зударша – буса.
95
Даьхна бевлча хьажой, тIавапан гонаш,
Ас-Сафа, аль-Марват226 раьгIнаш йолчу боьлху.
Царна тIехь яра Найл, Исаф227 – хIуппалгаш,
Цигахь хьажой уьдуш Iа, ворхIаза, йортехь.

224 – цIуш – хIуьппалгахойн динан хьехархой.
225 – мозгIарш – насарийн динан хьехархой (Iеламнах).
226 – ас-Сафа, аль–Марват – КаIбатан хьармара  сийлахь ши лам.
227 – Найл, Исаф – КаIбатехь хиллачу хIуьппалгийн цIераш.





                96
Цу дийнахь я лаахь шолгIачу дийнахь,
Хьажой гIора, ялх сахьт некъа Маккина,
Малхбалехь Iуьллучу Iарафат228 лам тIе,
Кхин дIа Муздалифан,229 Минан230 тIехь тогIешка.    
                97
Алсамо цIен сагIа доккхура Минахь,
Бохуш гонаш кхузахь, ворхI чхарина гонах.
Хьежош царна тIулгаш деттара доггах,
Я къай-хIуй231 доьхура оьгIазлонца шога.
98
Динца доьзна доцуш дара кхин хIума,
Нах вовшах кхетара кху Мина тогIи чохь.
Мохь бетташ, хозуьйтуш, цIарца дIабуьйцуш,
Ямартлой, тешнабехк бинчарна хIуй кхайкхош.
99
Боьха нах кхайкхабеш бохура Iора,
Къаьсттина илланчас байташца буьйцура.
Кху Минахь хьаж даран гIуллакх доьрзура,
Iуьйранна нах кхузара дIабоьлхуш Макка.
100
ТIаьххьара КаIбатан хьармах бIаьрг тухуш,
Кхузахь наха къастаран дохура гонаш.
Ирс долчо Iаьржачу тIулгах куьг Iуттуш,
Цул тIаьхьа уьш дан боьлху шайх дисна гIулкхаш.

228 – Iарафат – Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Хьава ялсаманера арадаьккхинчул тIахьа дуьххьара лаьттахь цхьаьнакхетта лам, хьаждаран сийлахь рукнех цхьаъ.
229 – Муздалифа – хьаждаран рукнин меттиг, цигахь буьса йоккху хьажоша.
230 – Мина – ши-кхо буьйса цигахь йоккхуш, хьаждаран рукнин меттиг.
231 – къай-хIуй – неIалт кхайкхош шайтIанна сардамаш духкуш, тIулгаш деттар хьажоша.

               
                101
Макки чохь лелош хилла динийн кепаш,
Бер долчу Мухьаммадна ;яц цхьа сих хьаьрчаш.
Низам доцу шайн-шайн Iамалийн суьрташ,
Хиларна дуьхь-дуьхьала, цхьаьна ца догIуш.
102
КаIбатахь тIавап дар къовсамехь лаьтта:
Бедаршца, ихрамца, берзана дар къуьйсуш.
Маьждигна гонаха и ворх го баккха,
Маьрша бу лаамехь, шайн деланаш лоруш.
                103
Шайн-шайн Iамалш, деланаш тоьлла хеташ,
Лаьттачу къийсамаша битац барт хила.
Цундела цхьаболчийн дог долу динах,
КаIбатан зIе хетац царна йозуш стиглах.
104
Цхьаъ бен воцчу Далла Iамал яр хьоьхуш,
Маккара вахархочух лацна ду дийцар.
КаIбатан сонехь деш хилла цо хьехар,
Iарбашна цуьнан къамел шайх кхардар хеташ.
105
Маккара эккхаво иза сихонца,
Iарбаша шайн динех кхаьрдаш хетта къонах.
Къовсаман теш ву Мухьаммад ;дедеца,
Бераллехь дуьйна безам хьарчарна динах.
 
106
Шайн-шайн бу Iарбийн тайпанийн деланаш,
Шайн дела сийлахь ву тайпанашна чIогIа.
Шайн-шайн куц-кепехь цара ен Iамалш,
Цу хьоло Iарбийн къам дакъошка доькъура.
107
Шен дедех, КаIбатах алсамо хьерчарна,
Сино тIеоьццу дин Мухьаммада ;лоьху.
Жоьпаш лоьху цо, бакъ динан хаттаршна,
Берахь дуьйна, бакъ динан, некъан лар толлу.
108
БархI шо кхочуш Мухьаммад ;вужу бале,
Инзаре боккхачу бохамо дог Iовжош.
Iабд аль МутIалиб вирзира Деле,
Iажаллин цу меттахь вахвалар доцуш.
                109
Валале весет дан кхиира деда,
Шен кIант Абу ТIалиб Маккин коьрте хIоттош.
Цуьнга кховди доладар Мухьаммадан (; .),
Валале ша шен ялх йоI шена товжуьйтуш232
110
Софиян233 товжарехь ду иштта ловцаш:
«Сийлахь дада, дIакхалхар Iеткъар ду суна.
Массарна гIо динчух, боьлху сан бIаьргаш,
Деналлица ваьхначух, тийжар ю денна!
111
–ХIай, дийца хьуьнарш долуш волу, Шайба,
Дайшкахь дуьйна, Делан цIийнан, Iуналлин да!
Хьоьгара беркаташ нахана дайна,
Хьо-м нуьцкъала лом дарий, тхан хьомен да!»

232 – товжуььйтуш (товжар) – багахь ловцаш далош, веллачунна я цхьана бохамна белхар.
233 – София – Шайбун (Iабд аль МмутIалибан) йоккхах йолу йоI, Элчанан ;дейиша.
 
112
–Холкъалахь тоьллачу къонахех волуш, –
Баррас234 боху, – ву Шайба комаьрша тхьамда.
Къизачу Iажалло ву хIора лоцуш,
Цунна къарвеллачух бац меттиг кхарда!»
113
«Тешаме, куьг говза вара хьо, Шайба,
Хьан шогачу гIамано мостагIий эгош.
Ларий хьо хьайн тайпа сийлаллехь айдан», –
Иштта ловцаш кечдина Iатикас235 йоьлхуш.
                114
–Дошлошлахь236 бIаьрлачух елхалахь денна,
Дарбане, цIена шовда даьстина волчу.
Да хилар синтем бар-кх Iарбашна денна,
ГIорторах дели-кх халкъ – бах, йоьлхуш Iумаймас237.
115
–Хьешашна хи латтош Дезачу ЦIийнехь,
Хьайн тхов кIел хьешийн тоба тIеоьцуш хийла.
Къурайшийн цIе латтий ахь ларъеш сийлахь,
Хьоме Шайба, хьан эхарт ирсе хуьлийла!»
116
Жимачу Iарвас238 ловцашкахь шен дена,
Хьалхалера дай буьйцу – Малик, Фир (Къурайш).
Царах схьаваьллачух йоьлхур ю денна,
Чекхваларна массаьрца дог цIена волуш.

234 – Барра – Iабд аль МмутIалибан шолгIа йоI.
235 – Iатика – Iабд аль МутIалибан кхолагIа йоI
236 – дошлошлахь (дошлой) –  тIамна кечбина говрберенашлахь.
237 – Iумайма – Iабд аль МутIалибан йоьалгIа йоI.
238 – Iарва – Iабд аль МутIалибан пхоьлагIа йоI.
 
117
Да лара, и веза бахьанаш дара,
Цо маре уьш нисбарна тоьллачу нахе.
Уьш бахнарш Маккахь лоруш нах бара,
Сийлахьчу къурайшех тIекхиъна тIаьхье.
118
Хьал долчу Iарбашлахь Iадатехь хилла,
Тезетан байташ яха зударшна хаар.
Кхелхачун хьал, хьуьнарш ду кхузахь хестош,
Дац хьахош ламаз, марха я «делех» кхерар.
                119
Iабд аль МутIалиб – ХIашимийн тхьамда,
Кхурайшашлахь и вара сийлахьчу нахах.
Тезетан Iадаташ доггаха лардеш,
Белхарехь зударша кIозарш йоху коьртех.
120
Тезетан белхаршна зударий лоьцуш,
КIенташа да, хих воккхий, хьарчадо марчо.
Зударийн маьхьарша ойланаш гIелъеш,
Тезет доккху белхаре – лазамех хьарчош.
121
И буьрса, Iовжаме тезетан барам,
Мухьаммада ;бара йоккха гIелонца ловш.
Къаьсттина зударша хIитон сурт-кхардам,
Бара адмана сов жирга тIеIаткъам беш.
122
Iабд аль МутIалиб барам тIе вуьллий,
Макка-гIалех чекхвоккхуш, хьо даьккхинчу каш.
Метар лекха лахьти чу и дIа нисвой,
Дохку юххе цунна дезаш хилла герзаш.




123
Кошан дукъ тIехула, гомха барз тобеш,
Кошан коьртехь, йохаеш, цхьа пхьегIа оту.
Йижайой, муьшаца батт тIехьа ерзош,
Эццахь цхьана хьокханах эмкал дIайоьхку.
124
Цигахь дуьту цара и хьайба дала,
Мацалла, хьогалла ловш шен дена тIаьххье.
Борза тIе хи дутту, тIехь бай балийта,
ДоIа до каш тIехь – шортта догIа даийта.
125
Доьзало шайн дена эхартахь оьшург
ДIакхачий: герзаш, пхегIа, тоьллачех хьайба.
Лахьта ди, барт хоттуш ша охьа хаълург, –
ГIилкхехь дац хьешашца, вижна Iаш, леяр бат.
126
Доккхачу сагIица дирзира тезет,
Къурайшийн тайпа дерг Макки чохь гуллуш.
Кхочуш деш валале дас дина весет,
Абу ТIалиба бо бер тIома кIел лоцуш.
               


Рецензии