Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

4 дакъа Мухьаммадан гIеметта хIоттаран мур

                1
Абу ТIалиб вара къурайшийн тхьамда,
ДIакхачош мискачу хьажошка закат.
Iаббасе239 дирзира Замзам-хин шовда,
Дацахь цо совдаьлла деш Iамал-Iибадат.
2
Iаббас ву мах лелор дирзина кара,
Къепалийн коьртехь ша гена дIасалелаш.
ХIашимхойн мах лелор юкъара дара,–
Абу ТIалиб вара цу сан декъа воьдуш.
239 – Iаббас – Мухьаммадан ;деваша, цул 2 шо воккха.
                3
Абу ТIалиб тхьамда хиларца доьзна,
Дара цунна тIеэгна юкъара гIулкхаш.
Дац и дарж кхочуьйтуш дас кIанте оьзна,
И кхочу лардечуьнга оьздаллин гIилкхаш.
                4
Тхьамдегахь тамехь ду собарца хьекъал,
Юкъ ехкар диканна, ша волуш дог цIена.
Дов къастош нийсо яр – боцуш озабезам,
Шен леларца айп доцуш хилар миччанхьа.
5
Абу ТIалиб шен махкахошна юкъахь,
Сийлахь дайн, хал дацахь, лараме стаг вара.
Байлахь шен вешин кIант, цо везаш доггах,
Шен берел толавеш, дика лелавора.
                6
Таро яц Мухьаммад ;деша вахийта,
Боккха мах безара йоза-дешар Iамош.
Дешаза къурайшаш алсамо бара, –
Дех, ненах кIантана бац бисна бахамаш.
7
Бахамо хьулбинчийн дац бераш доьшуш,
Дешарна еш йолу харж пайдехь ца хеташ.
ТIемалой хилийта, деналла долуш,
КIентий кхара Iамабо, герз каре дерзош.
8
ТIемалойх Iамаршкахь Мухьаммад ;хилла,
Башхачу деналлица нийсархойх къаьсташ.
Цхьана дийнахь уьш – бIов юттуш хилла,
ТIера яьхна кучамаш чохь тIулгаш кхоьхьуш.




9
Коч тIера йоккхуш Мухьаммада ;шена,
ТIулгаш кара оьцушшехь, куча уьш тийса,
Гуш доцу куьг кхеташ, аз хеза цунна:
«Хье ца луш, сихонца, хьайн джубба240 тIеюха!»
                10
Коч егош тIеюьху кIанта сихонца,
Массо тIулг шен букъ тIехь, белшашна тIехь кхоьхьуш.
Ткъа цуьнан накъостий, эхь хетар доцуш,
Шек боцуш, берзана, бара Iамар дIахьош.
11
Махбаран говзаллин къайленаш йовза,
Мухьаммадна ;гIо до баккхийчех хьерчаро:
Сурсат241 довза, дуста, оза, дIахьарчо,
Мохь гехь болу хьайбанаш242 Iалашдан говза.
12
Дуьненца зIе йоцуш яцара Макка,
Динна маьрша, махбар товш, шахьар ю иза.
Илланчаш базарахь шайн похIма гайта,
Гуллуш бара къовсамна, шайн байташ еша.
13
Шайн дахарх ца къастош къаноша бераш,
Лардойтуш гIиллакхаш шайна юкъа дуьту.
Царна хеза къанойн говза къамелаш,
Цара массо дахаран агIонаш луьсту.
                14
Цу хенахь къаношна дацара башха,
Дийца жирга хIумнаш – берех лачкъийна.
Хилда уьш стеган зудчунца безамах,–
Цо берийн гIеметталла243 мелла сихйора.

240 – джубба – Iарбийн маттахь тоьхалара бедар, коч.
241 – сурсат – мах бан оьцуш йолу хIума.
242 – хьайбанаш – эмкалш, гоараш, варраш, стерчий

                15
Баккхийчийн хьашташ ловш бераш кхуьура,
Халонаш иэшаяр шайн иэсехь дIадуьллуш.
Дахарехь оьшур йолу корматалла,
Iема кхеран берашна гIеметта хIуьттуш.
16
Жимчохь дуьйна ша динарг, шен дуй хууш,
Дахарехь хир йолчу халонна кечло уьш.
Ден, ненан марзонах ша хаьддий хууш,
Мухьаммад ;вара дагчохь ойланаш кхобуш.
17
Ша висар алсамо нислора кIентан,
Исс-итт шо долуш хетара иза кхиъна,
Хьажавеш даьхница дежийле гена.
Цигахь Iара цхьалха ша кхо-диъ де лаьцна.
18
Ша висар лазаме дацара цунна,
Иза тийна велахь, вацара чохь къункъа.
Везара Мухьаммад ;Абу ТIалибна,
Хьекъале хиларна – дагавуьйлуш цуьнца.
19
Цуьнца уьйр йолчарна везара иза:
Кхаьбна нанна, дедена, Абу ТIалибна.
Кхинболчарна-м и къен бо дара, беса,244
Шен тайпанан ц1е ларъян дезаш деналла.
                20
Шийтта шо Мухьаммадан ;кхочуш долуш,
Абу ТIалиб кечло Шема къепал йига:
КIант чIогIа тохало девеше доьхуш,
Накъост веш ша витар оцу некъан декъа.

243 – гIеметталла – кIант, йоI шайл тIаьхьа бераш хила йиш йолчу хьоле бовпр

244 – беса – басехь къаьстина гучудаьлла хIума доцуш хилар.

21
Кхара бан тIелаьцнарг беха некъ бара,
Ясриб, Т1абук, Хьиджазан245 лаьмнийн дукъ хадош,
Недждан246 раьгIнаш, цанийн аренаш яра,
Палестиница Шеман гIамаршла дулуш.
22
Эмкалийн къепал меллаша лелара,
Сохьтехь йиъ-пхи чаккхарма, халла ког боккхуш.
Хьайбанашна хи малош хан йолура,
Де дохделча масех сахьт доккхура соьцуш.
23
Эмкалаш яжийта совцура буса,
Дежийлина буц йолу меттигаш хоржуш.
Цхьа эзар ах эзар некъ чаккхарма беха,
Шина батте болура дIакхачар доцуш.
24
Къепал цIа ерзале долура ах шо.
Даймехкан башха сурт го кIантана некъахь:
ГIамарийн аренаш, мокхазан лаьмнаш,
Баьццарчу кIаженийн мохк нислора кхузахь.
25
Йист йоцу аренаш, и лекха лаьмнаш,
Тешаш хилла лаьтта уьш – азаллин хенийн.
ХIабилан247 цIий ду те тIулгаш тIехь тача,
Хоуьйтуш, кхузахь ваша Къабила248 вийний?!
                26
Акха, тийна Iаннаш, атагIеш еса,
Сийсош ду, бохуш дуьйцу, алмазех, жинех.
Иштта метте кхачар дийнахь ду буьрса,
ГIоьрташ дац цу метте цхьа адам аьттехьа.

245 – Ясриб,Т1абук, Хьиджаз – Iарбийн гIаланийн, меттигийн а цIераш. 246 – Неджд – Iарбийн лаьмнийн кIоштан цIе.
247 – ХIабил – зуьретан ден Адаман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)  кIант.
248 – Къабил – шен ваша ХIабил вийна Адаман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIант
                27
Иштта цхьа атагIе йисна самудех,249
Андий нах хилла уьш, амма цIармат бевлла.
Уьш нисбан хьажийна АллахIа Салехь (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)_250,
Пхьорйоьлла эмкал251 лом чуьра йолу гойтуш.
28
КIорни еш эмкало шайн бIаьрга гича, –
Иймане ца баьхкира самудхой тIаккха!
Эмкал йоьй, уьш берриш хьехаш 252чу левчкъа,
Мохк бегош, Дала хьехех ди церан лахьта.
                29
Уьш чохь Iийна хьехийн бертигаш Iаьржа,
Къепалхошна, некъара дIа, ю ломахь гуш.
Бехачу некъахь дукха дийцарш хеза,
ДIаихна заманаш юха карла йохуш.
30
ДегIана там болу йовхо луш цIаро,
Хаза хуьла буьйсана цхьаьна гулахь Iаш.
Стиглара седарчий дагардеш батто,
Акхаройн аьзнаша набарна дIатовжош.
                31
Дика ду эмкална тIехиъна некъ бар,
Нагахь цуьнан боларехь дегI лело хаахь.
Цо йохучу гIулчашца нислахь хьан техкар,
БIаьрг бетта аренаш йовлу ерг хьан дола.

249 – самудаш – Дала Iеса даларна хIаллак дина шира къам.
250 – Салехь (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – пайхамар.
251 – пхьорйоьлла эмкал –  самудаш Шех тешийта Дала царна гуш ломе яйтина эмкал, иза маьрша хи молуш яжа йитар тIедожош.
252 –хьехаш – лам охкуш яьккхина харанаш, ломах чубулуш (пещеры).



32
Къилба Шема къепал дIакхача йоьлча,
Iарбийн чоь кхачало, йолало Византи.
И румойн пачхьалкх лорура Iарбаша,
Елахь и малхбузехь желтоша дIалаьцна.
33
Хийцам бац башха пачхьалкхийн низамехь,
Зулкъарнера253 Византехь желтойн гIилкх даьржа.
Римера шахьаран коьрталла доьрзу,
Керлачу шахьаре – Константинополе.254
34
Желтойн куц-кепехь насарийн дин чIагIло,
Византехь йолхалгIа бIе шерийн чаккхенгахь.
Шайн динехь боцу нах махкаха бохуш, –
Дозанера лулахой мах лело буьтуш.
35
Византийн дозанехь Iуьллура Шема,
Массо тайпа динехь нах хуьлура кхузахь.
Шен бIаьрга го кхузахь Мухьаммадна ;тIехь,
Цара деш Iибадат, хеза дийцарш динех.
36
Iарбашлахь дисинчу шира дийцаро,
Бах, Маккара къепал Бусра-гIала кхаьчча,
Бахьира цIе йолчу насарийн мозгIаро
ХIорш берриш чукхайкхира баийта кхача

253 – Зулкъарне – гIараваьлла ши маIа йолу тIемало.
254 – Константинополь – гIала, таханлера Стамбул.               






                37
Бахьирий, 255 Абу ТIалиб256 вевзаш вара,
Къепалца хIорш кхузахь хьалхенгахь сецарна.
И шиъ цкъа вацара тIекарехь хилла, –
ХIинца вара кхаьрца и гIиллакхе ваьлла.
                38
Цо олу: «Къурайшин, хIай сийлахь нах!
Шайх цхьа буха ца вуьтуш, со волчу дуьйла.
Шу дузо кечдина ду шортта напха,
Хир ю шун догIмашна аьхна са доIийла».
39
Шайн къепал ларъян Мухьаммад ;витина,
Хьаьрччина  хьошалха боьлху биснарш берриг, –
МозгIарна кхаралахь вовза лиънера,
Къепална кхара Iуналла деш витинарг.
40
Шайн шира хьикмате тептараш кегош,
Бахьирина гинера насарийн жайнахь.
Кестта вер волчу пайхамарх хаамаш,
Цуьнца хила еза билгалонаш юьйцуш.
41
Кхера къепал килсана герга кхочуш,
Бахьирина корах ара цхьа марха го.
Яра и кIантана тIехь IиндагI латтош,
Дитта кIел къепал сецча – марха тIе лахло.
                42
Гаьннаш дахара цу диттан тIеттIа,
IиндагI луст долуьйтуш цунна кIелхула.
Тидмаша хьийхира мозгIарна тIаккха,
Шена гуш верг, хир волу, пайхамар вуйла.

255 – Бахьира – насарийн мозгIар, Мухьаммадехь жимчохь дуьйна пайхамаран билгалонаш хилар гучудаьлла волу.
256 – Абу ТIалиб –  Мухьаммадан ;деваша, Бахьирас вешин кIант ларве шега аьлла.
                43
Хьошалха баьхкинчу къурайшашна тIехь
Бахьирина ца гора гинариг арахь.
Цо олу: «Цхьа витний аш къепална хехь?
Схьавалаве и кхуза, кхетийта рицкъех!»
44
Чуваьлла кIантана тIе вогIавелла,
Бахьирас леранна тидамаш бехира.
Жайнаша дийцина сибаташ дерг дара,
Къаьсттина, пханаршна юкъа тоьхна мухIар.257
45
И дуьненчу волуш бIаран стом санна,
Горга Iаьржа минга258 дара букъна юккъехь.
Мухьаммад ;гIийла бо дуй хиъча шена,
Бахьийра тийшира и элча хирг хиларх.
                46
Бахьирас тIедуьллу Абу ТIалибна,
КIант сихонца дIавигар кхузахь ца хьелуш.
Сийлахь деза гIулкхаш ду цуьнга хьоьжуш,
Иза ларвар тIедожош цо бечу некъахь.
                47
Мухьаммадна-м  ;хаац шех лаьцна дуьйцурш,
Мел гинарг, хезнарг дара цунна мехала.
Мехкан Iалам довзар дахарца халкъийн,
Уьш кхин дIа дахарна бара шуьйра кхетам.
48
Зий новкъахь Хьиджазан и лекха лаьмнаш,
Эмкал тIехь вели тIех Недждан регIан дукъах.
Византин пачхьалкхан дахаран хьал ги,
Шемахь, пана гIамаршлахь, когийн лар йити.

257 – букъ тIера мухIар – Элчанан ;пханаршна юккъера Iаьржа тIеда, горга минга (родинка, родимое пятно).
258 – горга Iаьржа минга – Бахьирас чIагIдо и пайхамаралла чIагIдеш мухIар хилар.
                49
Мухьаммадна ;девзи цу хала новкъахь,
Iарбашна дахарехь хаа деза хIумнаш.
Уьш пайдехь карийра йогIучу хенахь,
Вовшахйетта ша воьлча механа къепалш.
50
Мухьаммадан ;пхийтта шо долчу хенахь,
Iарбашлахь цхьа тIом болу – Фиджар259 цIе йолуш.
И болу бихкина сийлахь бетнашкахь,
Къурайшийн бартахой Къинанаш260 бахьанехь.
51
ЦIий Iанор дихкина долучу хенахь,
Низам дохош и зулам долийна дера,
Iесачу нехан тIом аьллера цунах,
Къинанашна гIо динарш къурайшаш бара.
                52
Къинанаша талийнера Йеманера
ГIажаре механа йоьдуш йолу къепал,
Бойуш хехой Къайс Айлан261 тайпанан нах,
Шайна г1о деш болу къурайшашца бертахь.
53
Т1аифе нисъелча Къайситийн262 къепал,
Къинанаш тIелетира кIело йинчуьра.
Къурайшийн кIентий хьаьвзира хIайт-аьлла,
Цу тIамехь Мухьаммада ;дакъа лецира.
54
Герзлелорхойн дарж дара цуьнга кхаьчна,
Девежаршка лахьийна пхерчий дIакхийдор.
ТIеман сибат гар дара коьрта цунна,
Тасалучохь адамийн амалаш йовзар.

259 – Фиджар – Iарбийн тайпанашна юкъахь баьллачу тIеман цIе.
260 – Къинанаш – къурайшин бартахой, цара болийнера и тIом, бихкинчу беттанашкахь.
                55
Вовшашна герз детташ адамаш леташ,    
Гуш ду цунна синоша Iажаллица куьйсуш.
Хийра нах байар  – сийлахь дара лоруш,
Церан бахам схьабаккхар деналла хеташ.
56
МогIанаш бина, дIахIуьттуш шаьш цхьаьна,
ТIом баран низам дац чIагIделла Iарбашлахь.
Цундела хIорш лета цхьацца нисвелла,
Деналлица каден берш, тIом боьрзуш къаьста.
                57
Хьан мила вийна я чов йина къасто,
Иштта тасадаларехь дацара хала.
Хьуьнаре къонахий билгала бохуш,
ТIеман жамI кхаьчначу хIонсо схьагойтура.
                58
ТIеман бIаьхо хилар ша къастош дара,
ТIемало воцу Iарби осала лоруш.
Таронехь болчийн тIеховшуш дой дара,
ТIаккха тIеман хIонс царна алсам кхочура.
59
Тхьамдина ло хIонсан доьалгIа дакъа,
Турпала хьийзинарш бара гIашлойл толош.
ХIонс йоькъуш сих – сиха вас юлу юкъа,
Ткъа цхьаберш-м, тIом тосий, хуьлура хIонс лехьош.
60
Оцу балхо наггахь, юьхьIаьржа хIиттош,
ТIех толамца боьду тIом эшаме хьовзош.
Къайситашца тIом бахбелира цIий Iанош,
Уьш делккъехь хета тоьлаш, сарахь го иэшош.

261 – Къайс Айлан – Iарбийн тайпа. 
262 – Къайситийн (Къайситаш) –Iарбийн тайпа.

61
Эшна къайситаша барт бира тIаккха,
Къурайшех схьакхетарца шайн махкахула,
Мах баран некъ бехка йеманахошна,
Иракъца шайн мах бар дIахьош Маккехула.
62
Фиджар тIеман толамо вас кIаргйира,
Мискачу, хьал долчу маккахошна юкъахь.
Йеманан совдегарш Макка цакхачар,
Алссамчу маккахошна дара чIогIа зенехь.
63
ХIашимхой бара зен хуьлучийн декъахь,
Ларамах боьхначу хьолахошца девнехь.
Къен тобанаш цхьаьнакхийтира бартехь,
Шайна зене болуш берш сацабан летта.
64
Мискачеран бартах аьллера Фудул,263 –
Уьш бара: ХIашимхой, аль-Харис, Тайм, Зухран,
Асадан264 тайпанах – хIоттийнарш кехат
IабдаллахI аль Джудданан хIусамехь гуьлахь.265
65
Мискачу маккахоша биначу барто,
Макки чохь латтийра ларамца нийсо.
Иттанни шерашкахь ца йохош цхьаммо,
Масалла кхоьллина  езачарна маршо.
66
Ткъа шаре ша ваьлча, Мухьаммад ;хьаьвза,
Шен хьекъал-кхетамца вахаран некъ баккха. 
Къепалца мах лело и вара говза,
Амма механ харжашна дацара ахча.

263 – Фудул – Маккара мискачу тайпанийн бартан цIе.
264 – ХIашимхой, аль – Харис, Тайм, Зухран, Асадан тайпанийн нах – мискачийн бартан декъашхой. 265 – гуьлахь – цхьаьнакхетта, цара бартан кехат Макки чохь мах лелорехь нийсо еш хIоттийнера
                67
Шен гIуллакх дIадоло таро яцарна,
Хьолахойн белхашна воцуш иза вара.
Заманхоша оьздалла цуьнан хесторна,
И вуьйцуш дукха дийцарш девлира Iора.
68
Мухьаммад ;дог цIена, хьикмате вара,
Тешаме, дика лулахо, шен дешан да.
Къовсамехь нийса кхел цо къаста йора,
Цундела «бакълуьйриг» аьлла, цIе яьржа дIа
                69
ХIуьппалгийн динца и вацара возуш,
Вацара сакъоьруш нийсархоша санна.
Дала и ларвора Iесачух, вончух,
Цо харц гIулч яьккхича, гIарол луш цунна.
70
Къурайшех кIантаца бежехь ша волуш,
Мухьаммад ;хьаьжира гIалахь буьйса яккха.
Шен даьхни лардайта накъостехь дуьтуш,
Мухьаммад ;Макка воьду сакъера дагахь.
71
Макки чохь дуьххьарчу хIусаме нислуш,
Ватанца догIуш пондаран аз хезира –
Ловзар хиллера кхузахь зуда ялош,
Ловзаран тидам беш Мухьаммад ;сецира.
72
Маларо эвхьаза баьхна зударий,
ГIилкхах боьхна, цIармата кхунна ган боьлча,
Кхетам чуьра волий, кхунна наб кхетий,
Iуьйранна самаволу – малх хьала къедча!




73
Самаваьлча вогIий дохна тIе юха,
Iуьйранна цо дийцира накъосте хилларг.
ШозлагIа хьожу и синкъерам лаха,
Амма иза сацийра, деш хьалха диннарг.
74
ТIаккха и кхийтира ша сецош вонех,
Делан ницкъ хиларх, Iуналлица ша ларвеш.
Цул тIаьхьа и ларло долучух къилахь,
ПIелг биллал сакхте хIума шех ца лотуьйтуш.
                75
Пайхамарш кхиош бу, дола деш, Дала,
Уьш хуьлу берахь дуьйна Цуьнан Iуналлехь.
Эвлаяъ  иблисан кIелонех чекхвохуш,
Кхочуьйтуш ву Дала Шена герга даржехь.
76
Макки чохь хIоьттинчу дахаран хьолехь,
Бахаман да хилар дара сийлахь лоруш.
Цу агIор Мухьаммад ;вац даьхни долуш,
Са йолчу механа дара ахча оьшуш.


Рецензии