5 дакъа Хадижат ялош, доьзал болор
Ткъе пхиъ шо дара Мухьаммадан ;кхочуш,
Шена валарх дахарехь дац хIумма толуш.
Жа дажош, мах беш, хьадалчийн до гIулкхаш,
Къепалца мах бу кхуьнга хьал долчо кховдош.
2
Хьанифаш бу Маккахь шайн-шайн дин хьоьхуш,
Хьаждаран бетнашкахь цхьа къорза хьал хIутту.
ХIуьппалхойн сий лахдеш хьехамчаш гIуьтту,
Макки чохь къовсам лаьтта, нах дIасабоькъуш.
3
Хьесапе дича иштта къовсам чIагIло,
Миладан терахьца йолхалгIа бIешарахь.
Хьал долчо бахамах йоьзнера нийсо,
Ткъа бахамца нах нисбар – луш делийн кара.
4
Кхолламо хIоранна къастийна доггIург,
Цхьаболчарна луш бахам, вукхарна къелла.
Бахамца ницкъ белахь, карахь ду бакъдерг, –
Царах хIума ца кхаьчнарг Iан веза кIеллахь.
5
Цу кхетамца сий дан хьакъ хуьлуш бара,
Бахамна букъбелла, мах дола баьлларш.
Ткъа къоьллин тулгIено бовдийначара,
Цара хьаькхна сиз тIехь Iаш – уьш лара беза!
6
Дахаран ирс дедда, гIийла, хьал долуш,
Макки чохь дукха дара къен-миска адмаш.
Вара уьш массо – кханене сатуьйсуш,
Кхолламо аьтто бина, хьавзоре хьелаш.
7
Аренийн Iарбашлахь бара и кхетам,
Цхьана цIийнан долахь бара рицкъа ло мохк.
Ницкъий, хьал IаIийна болчу доьзалша,
ГIорасиз доьзалаш бохура дежийлех.
8
Ткъа кхоллам заманца хийцалуш лела,
Цамгаро я тIамо катухуш нуьцкъалчех.
Церан хьал хаьрца, кхинболчийн хьал толо, –
Кхолламо лакхенга некъ ца боьхку цхьанне!
9
Хьал толора аренца токх дежийлехь,
Амма гIалахь санехь, мах бу иза тодеш.
Цу механ «дежийла» ду хьалхойн долахь,
Бисина гIалахой болуш царна боцуш.
10
Адам къийдинарг кхел, хьукмий дацара,
Бахамах тасадала некъ цунна бихкина Iаш,
Сутара хьолахойн къурайшийн доьзалш
Бара, санехь мел дерриг, шайн карахь латтош.
11
Тайпанийн цхьааллехь кхоьлина гIилкхаш,
Арара дахар гIала – дерзаро хуьйцу.
Ширачу Iадатех гIортор ян луурш,
Лелара шайн кара пайдехь хIума ца доьрзуш.
12
Дуьненахь ирс каро, шайн кхане ца гуш,
Дахарехь шайн меттиг йоьхначу адмашна,
Харцонахь юьзна къиза юкъараллехь,
Кханенгахь ирс кховдош, кхин кхетам оьшура.
13
Наха сатийсина и кхетам баржош,
ЯхIудийн, насарийн дин нахала доккхуш,
Миска нах эхартахь ирсе хуьлуьйтуш,
Нах Дела цхьаъ варе хьанифаш бу кхойкхуш.
14
Мухьаммада ;лору хьанифаш башха,
Чаккхе йоцу дахар эхартахь кхайкхорна.
Iамалийн башхалло вуьгура варша,
Хьекъалца уьш луьстуш, цхьа жамI ца хIоттарна.
15
Делан дин довзарехь муьмшара дуьйна,
Кхин некъ бара зебелла, шена чувулуш.
Шен амалш, ойланаш иймане ерзош,
Экхаллин дастамлош шен дегIара лохкуш.
16
Еллалуш стиглара къайленийн неIарш,
Дуьненан марзонашна хера и вуьйлуш,
Бакъонан серло цуьнан дагчу хьавзош,
Серлонан цу ницкъо сийлалле ша воьхуш.
17
Ша везаш дикане гIерташверг Дала,
Зовкхалла луш эхартахь, ирсе во лаьттахь.
Толкха бо – Муса (I. с.), ФирIунал толийна,
Пайхамар веш, чIагIвира, шен къоман коьртехь.
18
ХIорд бекъабелла, Мусас (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) куъг кховдича,
И шен бIоца чекхваьлча, дIанисло юха,
ФирIун шен эскарца шен кийра хьарчош;
Мусас (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) хи доккху тIулгахь дIаIуттий Iаса.
19
Сулимина (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ло Дала хьикматалла,
Луш пайхамаралла во къоман паччахь.
Беркате бахам луш, ойу сийлаллехь,
Массо хIумнийн мотт хууш, еш цунна мутIахь.
20
Безам, дин, къинхетам нахалахь даржо,
Дуьненчу элча веш воссийнера Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
Ца бешаш наха и хьийзаво чIогIа,
Сацам бина жIарна тIехь даккха цуьнан са.
21
Iесачийн Iалашо кхочуш ца йойтуш,
Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Дала хан яхъеш стигала воккху.
Лийлира и нахана Делан ницкъ гойтуш,
Амма жуьгтий бацара муIджизат266 оьшуш.
22
Пайхамар веш Дала дин кхайкхо харжар,
Иза доккха совгIат ду дахарехь кхача.
Масех бIе шо даьлла пайхамар ваза,
Герга ю бохурш бу иза вогIу зама.
23
Насариш стиглара ларвеш бу Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
ЯхIудаш къам марша доккхучуьнга хьоьжу.
Хьанифаша кхин стаг хир ву бах иза,
Бакъонан цIена дин даржо Дала хьажош.
24
Барт ца хуьлу хьанифийн къийсамашкахь,
Къасталац адам стенна деха дуьненахь?
Дахар, Iибадат муха хила деза,
Далла шаьш дезийта дуьненахь, эхартахь?
25
Дедеца жималлехь КаIбатахь кхиьна,
Девешица цу керта дукха хьийзарна,
Дукха динийн кепаш ги Мухьаммадна (; .),
Цундела бакъ дин довза и ву саготта.
26
Наггахь и кхерало ша-шен ойланех:
Ша мила ву, олий, цу хаттаршка кхийда.
Ткъа кIоргге кхевдича, дац сонта хIумма,
И хиларна къурайшин Кусайн тIаьхьенах.
266 – муъджизат – Дала пайхамаршка кхочуьйтуш хилла Iаламат, нах тешийта Делан ницкъах (чудесные знамения).
27
Насариш яхIудашца бакъ дина Iа,
Къурайшийн тайпа сийлахь тIаьхье ю бохург:
ИбрахIиман, ХIажаран, ИсмаьIалан –
Еза Маккин хьарма Дала шайга елла.
28
IабдаллахI, кхуьнан да, кхожо вен кхачича,
ИбрахIимна шен ИсмаьIал санна, Дала.
Бен ка белла Цо ИсмаьIал ларвира,
IабдаллахI ларвира Цо – бIе эмкал елча.
29
Дала къинхетам бина шина ден кIант,
Вай дика ойла йича-м, Мухьаммад ;хуьлу.
Иштта хIумнаш нисдалар – дуй теша лаа –
Бо хуьлуш берахь дуьйна – да, нана доцуш?!
30
Муса пайхамар (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) декъаза бо хилла,
Арахь Дала вуьтуьйту дега ИсмаьIал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
Делан Дашо кхуллу Мареман Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),–
Дай элчашна цаэшар гучу доккху Дала.
31
Бо хиларх, Дала Iуй луш, ларво иза,
Хьалиматан шурица вохуьйтуш кога.
Цигахь шина стага цIанбира кийра,
Цхьа пхьола даг чохь дина, тIе мухIар тоьхна.
32
Жа дажош хилларг дийцича шен кIанта,
Хьалимат инзаре кхераелла хьаьвза:
Малх боьлла дарбанаш деза те цунна
Я жинашна, хIуй кхайкхош, ловцаш дан деза?
33
Малх боьллехь-м кхетамах вер вара иза,
Амма цунна шина стеган болх бара гуш.
Ца хьелуш, гучуьра бевлира уьш сихха,–
Къийсац цо – жинаш хуьлу адмашна догIуш.
34
Цул тIаьхьа кIантана гуш адам доцуш,
«Мухьаммад!» – олуш, шега цхьаъ кхойкхуш хеза.
Мел хьежарах дIаса, дац имса267 хаълуш,
Цундела кIант кхералой, саготта хьаьвза:
35
«Мила ву, хIун ала гIерта те кхойкхург?
ЦIе йоккхий хIунда соцу, вац те со цIена?»
Сужуддехь доIанаш до Деле воьлхуш,
КаIбатахь Iибадат дар д1акхоьхьуш денна.
36
Iуьйренца гIоралахь, дог тIема дуьйлуш,
КаIбатахь Iийна буьйса дегI тодеш яра.
Ткъа муха, хьанна, мел, мосазза дийнахь
Iамалш яр оьшу? – хаттаршна жоп лоьхура.
37
Бакъ долчу динан некъ лоьхуш хиларна,
Хьанифаша санна цо марханаш кхобу:
Цкъа шовзткъа, исс юха, тIаккха ворхI дийнахь,
Хих, рицкъех дегI лардо цо дуьззина дийнахь.
38
Хала болх бара и довхачу дийнахь,
Хьагалло хьовзорна, корта лаза болуш.
Чекхваьлча сатухуш цу хала зерех,
Хьайн дегIах бIоболар дуссу хьоь, са цIанлуш.
267 – имса дац – са долу хIума ца хаалуш йолу меттиг.
39
Цкъацкъа ша кхобура кхоъ я пхиъ марха,
Наггахь масех дийне волура ца дохош.
Ткъа даго хьоьхура – и тайпа марха
Цамагдар Дала, – хиларна гIора эшош.
40
Адамех ийна, хIайт-аьлла, стаг вара
Мухьаммад ;гIеметта хIоьттинчу хенахь.
Ткъа наггахь, гуш дийца бахьана доцуш,
Боссара бала цуьнга, тоха са доцуш.
41
ГIайгIане деношкахь и къайла вуьйлу,
Масех денна рицкъица Маккелла арахь.
Ламазаш, доIанаш до, ойлане оьгуш,
Шен даге ладоьгIу – динан серло лоьхуш.
42
И денош дIатилча, шен Макка воьрзу,
Хьалха санна самукъне, эсала, ийна.
Хьанифех марздо ламаз хица эцар,
Ламазехь дегI цIена стаг хила везарна.
43
Iамалехь адам цIена хила дезар,
Мухьаммадан ;даго тIеоьцура лоруш.
Цуьнан духар, белаш тIе эгна месаш,
Даима хуьлура тIехь заралла доцуш.
44
ЦIаноне безам цо ах ийман лору,
Делера цIена дине кхача луучарна.
ЧагIарах, шовкъечу ловзарех уьду,
Бакъдерг бен ца дуьйцу цо, мел хиларх къаьхьа.
45
Пондарна, эшаршна говза гIарбашийн
Ца лелла и садекъа хелхаршка хьежа.
Ца баьккхина ког уьш Iачу хIусаме,
Нийсаршлахь цундела бацара доттагIий.
46
Шайн кIентех тарлуш, чагIар ца мийларна,
Зинаххий, ловзарех къаьхкина хиларна,
Баккхийчу нахана Мухьаммад ;веза,
ТIе кхуьнан хьанифалла дац цхьанне новкъа.
47
Къурайшаша санна Iадаташ лардеш,
КаIбатахь доггаха Iибадат цо дора.
СагIина бежна йоьй дохура гонаш,
Пенна чунисбинчу Iаьржа тIулгах хьакхлуш.
48
Ас-Сафа, аль-Марват лаьмнашна юкъаш,
ВорхIазза дIасауьдура доIанаш деш.
Ткъа Мина тогIи чохь хьежадеш тIулгаш,
ШайтIанна кхуьссура цо, цхьа мало ца еш.
49
Иштта динца доьзна Iадаташ Iарбийн,
Мухьаммада ;кхочуш до нахаца цхьаьна.
Ткъа цуьнан Iибадат я динан лехам
Бацара цхьана дена бевзаш цкъачунна.
50
Цу хенахь шаверриг динан хаттаршна,
Мухьаммад ;вацара тIевирзина кхоччуш.
ТIе дахар дацара доьзал кхоьлина,
Цундела и гIуллакх дан дезара кхочуш.
51
Дешан да, куьг цIена, аманат268 лардеш,
Санехь механ говзанчийн цIе яьржа цуьнан.
Шен марехь шозза йоьхна, цIийнадай леш,
Къона зудчо мах лело и балха воьху.
52
Элаша сих-сиха захалош кхийдош,
Хьал долуш, хаза зуда хилла Хадижат.
Цо шен хьадалча Майсуратца дуьйцуш,
Мухьаммад ;реза во къепал Шема йига
53
Абу ТIалибца дагаволуш Iийна,
Мухьаммад ;Хадижатан къепалан коьртехь,
Шема воьду, махбар шена тIелоций.
Жимчохь ша девешица ваханчу лар тIехь.
54
Мах барна говза хьадалча Майсурат
ГIоьнча вой хьажаво Хадижата Шема.
Уьш вара ворхI-бархI стаг герзех воьттина:
СекхаIедаш, гоьмукъаш, таррашца цхьаьна.
55
Юкъахь тIом ца латто барт бу къурайшийн,
Цу некъахь дехачу тайпанашца бина.
Бацара тешам гIеранех талорхойн,
Цунна герз оьшура тешнабехк ца байта.
56
Шема хIорш дIакхочу цхьа хьовзам боцуш.
Дамаске269 кхачале Византин дозанехь,
Мухьаммада ; къепал кхузахь сацийра, –
Ял яланза махбар дацарна бакъонехь.
268 – аманат тешор – цхьана ханна ларъяйта луш йолу мехала хIума. Иза ло тешаме стаге.
269 – Дамаск – Шема пачхьалкхан коьрта гIала, шахьар.
57
Кхин дIа ерг румойн пачхьалкх ю Византи,
Константинополь коьрта шахьар шен йолуш.
Дуненаюккъера хIордан бердашца
Уггаре хазачех – цIе яххана гIала.
58
Сих ца луш, кху мехкан гIаланийн мехаш
Тешаме нахера Мухьаммада ;толлу:
Дамаскера, Пальмирера, Петрера,
Г1азера, шахьар – Константинополера.
59
Кхузахь, кхин меттах ца волуш цкъачунна,
Хаамаш бинчу нахана совгIаташ дина,
И мах бан вуьйлира, шена беш санна,
Юхкучу хIумнашна тIе са яккха хууш.
60
Кхаьчначу ахчанах, сих ца луш, паргIат,
Маккахь къуьйсу хIумнаш оьцу юха яхьа:
КIаденаш, йоьзан пхьегIаш, туьтеш, хIоьънаш,
ГIалакхаш, арсаш, куьйга-коган хIазарш тIехь.
61
Эцначу хIуманийн хьарчийна ларча,
Iалашо яра кхуьнан гIоза цIа кхачар.
Цундела Мухьаммад ;сихло цIа кхача,
Дела цхьаъ во ши дин шена хилча довзар.
62
Румашца желтойн дахар довзарца
Бевза церан Делах лелаш болу кхетам,
Мухьаммадна ;гIо до кхузахь Iарбоша,
Геннара схьа кхузахь хецначара орам.
63
Румойн пачхьалкхан мохк – токхонан латта,
Къилба Шемахь кхачало гIамарийн аре.
Кхин дIа го: цанаш, кхаш тIехь дийна ялта,
Бес-бесара стоьмаша къарзйина бошмаш.
64
Килбазе мел воьду луьста ю ярташ,
ГIум-аре яц аьттехь, дукха догIнаш лаьтта,
Бецийн куз баржийна, луьста дежийлаш,
Кхузахь ю адмашна ялсаманин хьаьтта.
65
Гомха ца довлу хиш кхузахь ду догIуш,
Низам ду совдегаршна цхьа кхерам боцуш.
Механ гIулкх маьрша ду, талораш доцуш,
Ткъа къелонца адам дер ду луьра доьхкуш.
66
Низамах воьхнариг Iедале дIало,
Хьалха шен гергарчара я лулахоша.
Пачхьалкхехь бакъонца цхьа дин ду лелаш,
Дела цхьаъ вечу хьанифийн динца догIуш.
67
Цу динца дерг дуьне: малх, бутт, Iалам,
Кхоьллинарг цхьа Дела ву – Ша цхьаъ бен воцуш.
Массара мел дийриг И ву гуш, хууш,
Дуьненахь, эхартахь ву Иза тергам беш.
68
И дин дац дайшкара схьаэцна лелош,
Дала пайхамарш бахкийтина и даржош.
Диканаш деш велларг жанната кхочу,
Вонашца велларг жоьжахата ву хьажош.
69
Дела ву Кхоьлахо юххехь цхьа воцуш,
Дала бина хьехам гулбина жайнахь.
Ца хилийта цхьа шеко адамийн цунах,
Ца хийцийта даржочийн вон амалш бахьнехь.
70
Делан къамел хийцар, мел къилахь делахь,
Насариша шайн динехь къамел хийцина.
Iийсах (I. с.) дерг цуьнан асхьабийн йозанехь270,
МаьIница цхьаьна дагIац вовшех аьттехьа.
. 71
ХIораммо шен Инжил271 нийса ду боху
Хийцамаш бина бохуш бехкен бо вовшен.
Марехь йоцчу Марема Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вар дуьйцу,
Пайхамаран даржехь, Делан Дош бахьанехь.
72
Кхин дIа церан динехь бокхха гIурт бара:
Iийсах (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), Дела веш, адман куьцехь воьссина.
Я Делан кIант веш, дин кхайкхо веана,
Ах-адам я ах-Дела, я цу Делан-Са.
73
Iийсан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) са далар тIе – нисдо жIари тIехь,
Я са чохь Кхоьллинчо ваьккхина и стигла!
Мила ву, дIатоьхна, вийнарг жIари тIехь?
Мусан дела насариша къобал вина?
74
«Цхьаъ волчу Делаца ю сан къобалло»,–
Олуш шахIадат даладо насариша.
Цул тIаьхьа, тIетуху: Да, кIант – деланех,
Сийлахь Са, Марем тIехь, Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вина нана.
270 – Iийсан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) асхьабийн йозанехь – Iийсага (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) доьссина Инжил цуьнан асхьабаша шайн йозанашкахь хийцина шиъ цхьаьна ца догIуш, масех кепара.
75
Церан дино гулбо стиглахь цхьа доьзал,
Уьш хIора боьрша, стен деланаш болуш.
Лаьтта дин деъна кIант, гича шен хьийзош,
Дела-да муха хьоьжур – цуьнга шек воцуш?!
76
Лаьтта хьажош кIанте Дела-дас аьлла:
«Ца кхоьруш дIагIо хьо, хьоьца ву хьуна Со!
Сан лаам бац хьуна хилийта цхьа вон!»
Ткъа и вен вуьгучарна Цо хIумма ца до.
77
Насариша адаман дегI аьшнаш дарца,
Iоврат дуьйш, уьш доьзал болорах бу уьдуш.
И кхетам харц бо Мухьаммада ;динца, –
Дала доьзал кхолла белла лаам бохош.
78
ТIаккха церан динехь магош ду Дала,
Шена хьалха Iамална модашца хIитта.
Ехк ганза кIозаршца, хьожанца боьха…
Цу агIор яхIудийн дин цIена гуш хета.
79
ЯхIудийн къобалло ю цхьана Деле,
Иза Сийлахь, Веза лору цара ша Цхьаъ.
Цуьнгара жайница нах кхойкхуш дине
Пайхамарш бахкийтина-м шинхьарчара, бах.
271 – Инжил – Дала Iийсага (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) доссийна жайна – асхьабаша шайн-шайн йозанехь хийцина.
80
Дахаран нийса кеп динан низамца
ДIахIуттуш хилла езар Мухьаммадна ;го, –
Румойн дахар ду тегна лайн амалшца,
Хьалхоша лай дина – халкъ дожийна гора.
81
Халкъехь сий, маршо, цIе йитна яц кхузахь,
Массо ву букара хьере хилла лелаш.
Хьолахошна кхузахь хьестало цхьаберш,–
Цхьа эхь-бехк ца хеташ хьийзабо мисканиш,.
82
Дац кхузахь нехан шаьш-шайха бIоболар,
Шаьш-шайн ца лору, лара дацарна бахьна.
Ца йогIу ясакх токху, юьхьIаьржо ловш,
Жимма са чохь дитчхьана, лов къиза бала.
83
Дешаза, беркъа, миска волу Iарбий,
Румошца вуьстича, везара шайх лара.
Майра тIом бо кхара, леташ са духкий,
МостагIел чIогIа хьаькамех кхерарна.
84
Бертахь хIорш шаьш тIаме бац хитта лууш,
ТIом ца бан мостагIна бу кIелтаIа кийча.
Къастийна пачхьалкхан эскар ца кхочехь,
БIе Iарбий тоьар ву кхеран гIала яккха.
85
ГIоралахь, ехаш ю и румойн пачхьалкх,
Берриг ницкъ лаьтта холкъан даржарца боьзна.
Тохар чIогIо дича – хаьрцар ду и чардакх,272
Муртйоьлла гIорторашна мохь хилла беза.
272 – чардакх – лекхачу когаш тIехь хехошна я меттиг ларьечохь гаролашна йина бун (каланча, наблюдательная вышка).
86
Iарбашна тIе бахкийтина бацара,
ЯхIудийн, насарийн дин деъна пайхамарш.
Iарбийн маттахь ца даьхкина жайнаш,
Цундела кхарна магац цара йо Iамалш.
87
Эха шарахь гина, мел хезна долчо,
Шема меха вахаро – довзуьйтуш дуьне,
Некъан хьовзам боцуш, маьрша цIа кхочий,
Мухьаммада ;деъна кир ло Хадижате.
88
Шемарчу хIуманех йоккха са яьлла,
Хадижата Мухьаммадан ;дог ийцира.
Биначу балхана дика мах белла,
Кхин дIа шен махан гIулкхаш кховдадеш кхуьнга.
89
Шовзткъа шаре яьлла, хьал долуш зуда
Яра, ши майра леш, йисина Хадижат.
Бахамна тебачу дегий, марзхошка
Цо куьйгалла ца дойту шена тIехь цхьаьнгга.
90
Хекъалца деналла шехь долуш яра,
Цу зудчо шен кертахь шена луург дора.
Хьикмате, гIиллакхе, тешаме гарна,
Хедижатна Мухьаммад ;доггах везнера.
91
Вуьйцу Мухьаммад ;Майсурата денна,
Вешин кIантан Чузимин бIарг буьзна цунах.
Цуьнга яха лии беркате зудчунна,
Тешаме хIусамдеца шайна ирс лаха.
92
Мухьаммад ;къен хилар ду санехь цунна,
Дита дагахь яц и шен коьрталла марехь.
Кху кертахь гур яц кхин езар майрчунна,
Хьолан да зуда мел ю, и хир ву карахь.
93
Эмгарех273 ларъяла, коьрталла деза,
Кхолла дагалаьцначу керлачу доьзалехь,
ГIаьттинчу безамна-м хьесапе ма дац, –
Хадижат ша сихло захало кховдорехь.
94
Мухьаммад ;цо харжарх – цхьа цец ца ваьлла,
Мухьаммад ;волу цец, Майсурат хаьттича:
«Хьо зуда ца ялош хIунда Iа?» – аьлла.
«Таро яц!» – жоп дели Мухьаммада ;доцца.
95
– Сан даьхни дац аьлла, ца яийтира,
Шен йоI Фатхьа соьга, Абу ТIалиба.
Хала ду таро ерг яло къен хилча,
Гергарчо – захалонна – къенчух пе бетта! –
96
–Хьал долчу зудчо захало кховдийча,
Цул сов ша хаза, сийдолчу нехан хилча! –
Забар йоцуш, Майсурата хаьттича,
Мухьаммада ;хаттар до: «Мила ю иза?»
97
«Хадижат!» – тийна, Майсурата аьлча,
–Бакъ хир ма дац иза! – кхаъ, шеконца ийна,
Олу Мухьаммада (; .), дегIе шовкъ кхаьчна,
Кхолламо шена хаза кхаъ баккхар тайна.
273 – Эмгарех (эмгар) – цхьана стеган шолгIа зуда я езар (соперница).
98
Хадижатан захалонна Мухьаммад (; .)
Воккавеш реза гар дIахьо Майсурата,
ДIатоха кхаъ элех сихло геланча.
ТIаккха зудчо Мухьаммад ;кхойкху ша йолча.
99
«Вай гергара ду вовшен, девешин кIант!
Хьо бакъвеш, оьзда наха лоруш хиларна,
Хьо саннарг сайн майра хила лаарна,
Товш хир дара вайшимма кхолламаш боьзча!» –
100
Олуш, йистхилира Хадижат кIанте,
Мухьаммад ;реза хуьлу, дуьхьало йоцуш. –
Ирс лоьху Хадижат ца хьежош жоьпе, –
Дехошца шен барт хилар кIанта довзуьйту.
101
Хир волуш вацара шен лаам тоьлча,
Хувайлид274 Хадижат Мухьаммаде ;яла.
Ткъа йоI шен лааме йогIуш ца хилча,
Дийзира ша къинхетам болуш да гайта.
102
Векхалой тIеоьцу юьхькIай Хувайлида
Захалонна веъна Мухьаммадца ;Хьамзат.275
Там-механ болх берзий, лардеш дайн Iадат,
Къоначийн кхолламаш цхьаьна тухуш даха.
103
Ловзар дIахьо Хадижатан хIусамехь.
Мала чIагIар, даа жижиг, стом, марзаллаш –
Комаьрша даржийна хьешийн куьг кхоччехь,
Пондарчаш, хелхарчаш бу самукъа доккхуш.
274– Хувайлид – Хадижатан да, ца ваьлла реза хуьлу Хадижат Мухьаммаде ;яхийта.
275 –Хьамзат – Мухьаммадан деваша, бусалба динан гIазотийн баьчча.
104
Эмкалан жижиг сагIийна дийкъира,
Мискачийн доьзалаш кхоччуш бузийра.
Той дIахьош коьртехь Абу ТIалиб Iийра,
Цо къоначарна доггах ловцаш кхайкхийра.
105
Бераш кхиа лаар билгала дира,
Беккъа цхьа кIентий – йоьIарий ийна боцуш.
ЙоI зудчо яр кхарна юьхьIаьржо яра,
Цундела йоI яр дара – балина лоруш.
106
Мухьаммадан ;дехой сийлахь нах бара,
ХIашимхойн хьикмате тхьамда – Абу ТIалиб.
Бахамо кура вина Iабдаль-Iузза,
Наьрто санна, чагIар лов, майра лом, Хьамзат.
107
Ши шо бен Мухьаммадал ;воккха воцуш,
Iаббас ву, Маккахь санна, арахьа вевзаш.
Замзам-хин Iуналла дара цо дIахьош,
Цу балхах цунна бара цхьа пайда болуш.
108
Мухьаммад ;кхаьбна Хьалимат ю тойнехь,
Лекха барч276 дIалаьцна, доккха сийдина Iаш.
ЦIа йоьрзу и шовзткъа уьстагийн коьртехь,
Мухьаммадан ;совгIат ду и ларам беш.
109
Хадижатан шича, хьаниф - Варакъа,
Ву шена тIехь къаьсттина тидам бар догIуш.
Византехь, ГIажарехь, Шемахь хан текхна,
Дешна стаг вара и, динийн Iилма девзаш.
276 – лекха барч – уггаре тоьлла меттиг кхачаяр адамаш цхьана барамна гулбеллачу меттехь. И меттиг Хадижат Мухьаммадана ялийначу тойнехь Хьалиматна кхачийнера, Элча ;бераллехь кхаьбначу.
110
Варакъас къобал бира шичин харжам,
Керлачу невцана чIогIа реза волуш.
Цо олу нуц, шичий декъал деш дешнаш,
Амма церг хьекхош берш277 – бара тойнехь хьийзаш.
111
Къайлаха дастаме, шога дош Iуттуш,
Шовзткъа шо дуьзначу нускалах олура.
Мухьаммадан ;нийсарш бац тIаьхьа буьсуш,
Кхаж баьлча, шаш а хиллехь – изза дийр долуш.
112
Иллешкахь Iарбаша хесточех тера
Безамо цхьаьнатоьхна дацара и той.
Совдегарш бахамна къахьоьгуш бара,–
Хууш шайна ларамца сий бахамо лой.
113
Илланчас синхаамех дIахутту безам,
Совдегаршна безамехь ахча ду коьрта.
Илланчас бах: байа сакъоьруш бахам, –
Верзале, дахар дайна, хьо кешнийн керта.
114
Кешнашкахь дерриг дов, лаьттан барз боцург,
ТIаьхьенийн иэсехь хьох ца дуьсуш цхьа хIума.
Синхаамийн безам бу цIена хетарг, –
Дахарехь-м и теIна го – бахаме даъим.
115
Iарбийн барта кхоллараллин турпалхой
Дукхахьолахь бойу бекъазчу безамо,–
Уьш хуьлу къона, ткъе итт шо дузазхой,
Вовшах кхета йиш йоцчу хьелаша хьийзош.
277 – церг хьекхош берш – дог этIаш, Мухьаммадна, Хадижатна хилла дика болх ца лалуш берш (завистники).
Свидетельство о публикации №225090200716