Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.
6 дакъа Доьзалан хьашташлахь
Дагахь доцу ног туьйхира кхолламо,
Мухьаммадан ;дахарах Хадижат ийча.
ГIоьрта и шуьйра санехь мах боло,–
Оцунна кочуш дац Хадижатан бохча.
2
Ца ийши кхин гена къепалаш хьежо,
Шема, Йеман, ГIажарийн мехкех бIаьрг бетта.
Мах кхуьйсуш йо кхузахь хIораммо таро,
Арахьара совдегарш ца буьтуш Макка.
3
Хьолахойн цIуьхIарша278 схьаоьцу дозанехь,
Механа богIучу совдегаршкара
Юхайохка схьаоьцу хIумнаш Маккахь,
ТIейолу ерриг са йоьрзуьйтуш шайн кара.
4
Эрна ду хьо царах тарвала гIортар,
Барт бу царна юкъахь бина лелаш къайлах.
Тасавелларг къарво – дой мехаш лахбар,
Керлачунна зен дина, воккхуш и юьстах.
5
Цкъа Шемахь хилла мах кхин нис ца лора,
Иза Делан лаамца лелла болх бара.
Маккахь хуьлучух тоам бан безара,
Хене бовла хIумнаш хийцарца279 мах бора.
6
Хуьйцура ялта даьттанах, хурманех,
ТIергIах я бедарех, тIеюха хIумнех.
Йолург са яцахь – дийна бита корта,
Цу механа оьшуш ду собарца хьекъал.
278 – цIуьхIарша – хьуьжарехь дуьххьара деша дуьйладелла бераш. Кхузахь хьолахойн хьадалчаш бохург ду.
279– хIумнаш хийцарца мах бар – товрна дуьхьала товар далар (бартерная торговля).
7
Де делкъанга гIоьртича гIар-тата йов,
ТIаьхьа масех сахьтана и юха денло.
Наггахь догIу денош я кIиранаш нисло,
Базарахь мах сецна, ца йохкалуш хIумма.
8
Эха шарахь IаьIна йохказа хIумнаш,
Шарахь цкъацкъа хуьлучу ярмарке хьора.
Аренийн Iарбаша оьцура оьшурш,
Корта дийна буьсуш са кхузахь йолура.
9
Маккахь чIогIа къахьоьгу Мухьаммада (; .),
Амма цо хIуъа дарх, гуллуш бац кхин бахам.
Iаламат дукха бу мах бийраш кхузахь,–
Хьажошца бечу мехах талур дац дахар.
10
Хадижат ялийча бахамехь толуш,
Хеттера Мухьаммадна ;хуур ву ваха.
Бахамах моьттинарг диснехь ца нислуш,–
Царна юкъахь летта богу безаман малх.
11
Шен деган орамашкара схьа дуьйна,
Хадижат йийзира цунна гуттаренна.
Цул хазаниг, и саннарг яцара йина,
Иллешкара безаман хьал дара цаьргахь.
12
Цаьршинан безам бийца илланчашна
Хуур дац, шайгарчу похIмаллин гIирсашца.
Синхьаам, ховхалла ирсах хьарчийна,
Вовшах тоха дезар ду ц1е йогу дешнаш.
13
И шиъ ший лелара реза деш вовшен,
Деладелла, декхаделла, самукъане.
Хьажар ду чохь ловзуш безаман бIаьсте,
Ларамца тешам бу – кертахь коьрта шинне.
14
Шен цIеннана езар ду сирла декхар,
Аьшпаш юкъа ца эбеш, бакъон тIехь вахар.
Нигташкахь, леларехь цIеналла йолуш,–
Мухьаммад ;нигтан мах вара беза хадош.
15
Зударшка дIахьожуш Мухьаммад ;вацара,
Цаьрга эвхьаза хьежар цо – зина лору.
Ша воьду меттиг юьйцу волуш цIера,
Ша юха мича хенахь вогIур ву олу.
16
Воьрзур ву аьлла хенал и хьевелча,
Сахьаьвзий, Хадижата йохуьйту ялхо,
КаIбатан хьарме, нах цхьаьна гуллучу
Дахарх я динах хIума вовшашка далхо.
17
Эмгаралла юссий лахац и зудчо,
И йосса-м цуьнан дагахь яцара шеко.
Нанас берана санна, сагатдора цо,
Мухьаммад ;сап-сов гича, цIа йоьрзу ялхо.
18
Мухьаммад ;везарца теша Хадижат,
Нехачул цуьнан ийман дуй хууш лакхахь.
Цундела ларво и деш накъосталла,
ДоттагIчо санна, цуьнца ловш гIайгIа-бала.
19
Далла тIе некъ лоьхуш цIийнаден Iамалш,
Лоьруш ю Хадижат цхьа хамталла йоцуш.
ГIо до цунна мелла кхаба марханаш,
Иза къайла вуьйлучу кхача тIе кхоьхьуш.
20
Мухьаммад ;схьакхелха ялийча зуда,
Хадижатан хIусаме Маккин йистонехь.
Бахаман коьрталла дара зудчун карахь,
И церан безамна дац цуьрриг хьесапехь.
21
Хадижатан шича, Варакъа – хьаниф,
Вара кхаьрца цхьана кертахь хан йокхуш Iаш.
Цо кегош ду динийн жайнаш чувоьлла,
Вац и кхин дуьнен чохь цхьа хIума ган лууш.
22
Ши гIарбаш-ялхо ю кхаьрца Iаш кертахь,
Хадижатна зударийн белхаш тIехь гIо деш.
Мухьаммадан ;ю – къайле йолу боргIал, –
Буса шен кхайкхарца зуламхойх керт ларъеш.
23
Мухьаммад (; .), Iарбий бара чIогIа тешна,
Буса меттахъяларах иблисан тоба.
БоргIал кхойкху малик хаалой шена,
Цо адмашка боху сихонца де доIа.
24
«БоргIал кхойкху хазахь, къинхетам беха,–
Ткъа вир Iаха йолахь деха вонех лардар».
Иштта Iадат дисна Iарбашлахь даха.
Лакхарчу Деле280 дан дезаш ду ший дехар.
280 – лакхара Дела – Iарбашлахь АллахI вара, амма накъостий боцуш ца вуьту Иза цара.
25
Кхеран кертахь «стоьмийн беш» яра йоьгIна,
Дукха доккха туьркан даьржина цхьа дитта.
Цунна кIел, IиндагIехь, садоIу рагIу,–
ХIусамдайн таро гойту дара и хьоста.
26
Поппарах йоьттина нехачух гIишло,
Исбаьхьаллин агIор хесто хIума доцуш.
Хадижат яцара моьттина ирсо,
Шен берашна юкъахь ша лелор ю хьоьстуш.
27
Ткъа башха безамо ца моьттарг дира,
Дуьххьара цо кIант вира, Къасим281 цIе туьллуш.
Ловзаргахь дехначунна и жоп дара:
«ЙоьIарий ца эбеш, беккъа кIентий схьалуш».
28
КIант хиларна Абуль-Къасим цIе йоккхуш,
Маккахоша тIекаре йо Мухьаммаде (; .).
Сийлахь ду Iарбашлахь кIентан да олуш,
Амма цу дика кхоан ях ца ло-кх тIаьхье.
29
Вахарна кIеззиг хан еллера цунна,
Ши шо бен ца даьккхи Къасимах ирс оьцуш.
И валар чIогIа дазделира царна,
Яхйина хан – зама, дегнийн чов ца йоьрзуш.
30
КIантал тIаьхьа кхаьршинан йиъ йоI хуьлу:
Рукъият, Зайнаб, Умм Кульсамца Фатима.
Цул тIаьхьа кIант во, IабдаллахI цIе туьллуш,
Деден цIарах совгIатна, беш Далла хастам.
281 – Къасим – Хадижата Мухьаммадна ;дуьххьара вина кIант.
31
Мел догйовха хиллехь цунна цIе туьллуш,
1абдаллах1 282 Къасим ваьхначул ца вехира.
Цу хьокъехь нах ден цIе хийца ца кхуьуш.
ШолгIа кIант ТIаьхIир283 бер доллуш велира.
32
Цу кIентийн Iажалло шерашна гIайгIа,
Йоссийра цаьршинга йисинчу оьмарна.
Хадижат кхин бераш дан яра къена,
И йолхалгIа бер дара цунах схьадаьлла.
33
Кхолламо кIентех къиза катуьйхира,
КIанте сатийса Мухьаммадан ;агIо бац.
Хадижатан сий-м кхо дойур дацара
Я тIаьхье йитархьама, харц некъа вер вац.
34
Мухьаммад ;кIенташка сатесна хилар,
Хадижат, йоьIарий цабезар дацара.
ЙоьIарий-м хьоьстуш, и цаьрца ловзура,
Уьш кхуьу ден гIилкхехь, Фатима къаьсттина.
35
Мухьаммадна ;хьоме яра Фатима,
Цуьнан деден ненан цIе хилла ю иштта.
ТIе Хедижатан дененан хьомара аьлла,
Тиллира и цIе шайн йоьалгIа йоIана.
36
Макки чохь сий дина, хьал-таро йолуш,
Хадижат, хьалха санна, товш зуда яра.
Мухьаммад ;ву лоруш, сийлахь бухера,
Цундела кхеран йоьIарий бу бига къуьйсуш.
282 – IабдаллахI – Хадижата вина шолгIа кIант.
283 – ТIахIир – Хадижата вина шолгIа кIентан, шолг1а ц1е ю иза. Уьш баха баьхкина ца хиллера, кегий болуш белира.
37
Маренийн юьхь йолийра Рукъията,
Юха Зайнаба, тIаккха Умм Кульсам юьгу.
Там-механа ло царах комаьрша беркат,
Уьш буьгу сийлахьчу хьоладайн туьша.
38
Рукъият, Умм Кульсам юьгу кIенташа,
Мухьмадан ;девешин Iабд аль – Iуззин доьзалх.
Уьш маре нисбели шайн дешичошка,
Iабд аль – Iузза цу хенахь тхьамдалле гIоьрта.
39
Аль – Iуззех ю Абу Суфьянан йиша,
Абу Суфьянан деден цIе ю – Iумейя.
Цуьнан тIаьхьенах бу Iумейян некъий,
Шинхьарнаш бу вовшашца коьрталла къуьйсуш.
40
Iабд Шамса некъех, Хадижатан шиче,
Мах барехь цIе яхна ка долучу кIанте,
КхолагIа йоI Зайнаб нисъели маре,
Кхаьрца юьсу Фатима, лелош ерг хьоме.
41
Ялх бIе пхоьалгIа шо. Терахь миладийн.
Зуда ялийна итт шо ду Мухьаммада (; .),
Лиира къурайшашна маьждигна тхов бан,
Лилхина тиша пенаш дезарна цIинда.
42
Пенаш юха дан дезаро латтийра,
Цара тхов тилла болор, ца долош дехха.
Ткъа хIинца маьждигна къоланаш дора,
Къуй Iамарна пенашна тIехула бийла.
43
Мехала совгIаташ хьажоша дина,
Жоьлкаша лечкъадар Iеткъара нахана.
Дувейка284 карийра къуй лоьхучарна, –
Куьг доккхий, лоллу и г1алара итт шарна.
44
Къмелехь, къайлах, нахалахь дуьйцура,
Къу кхоъ ву, цаьрца Iабд аль-Iузза ву бохуш, –
Цаьргахь карийна цхьа хIума дацара,
Цундела уьш бехказа бевлира, цIанлуш.
45
Маккахойн ирсана нисса цу хенахь,
ЦIен хIордо юьстах, Джиддина гена доцуш,
Теснера Византин мах лелон кема –
ГIишлонна дечган гIирс байта тамех, отуш.
46
И гIирс ша маьждиган белхашна кечбан
ТIелоцу мисархойх Маккахь Iачу пхьеро.
ТIаккха новкъарло йо, хьалхенгахь дуьйна,
Бен бина маьждиг чохь Iийначу текхарго.285
47
Дийнахь и текхина болура ара,
Чукхийсалуш цо адмашка хьедора дов.
И бен тIелоцуш къонах ца волура,
Эххара цхьана дийнахь и тIепаза бов.
48
И текхарг аьрзуно дIабаьхьна бохуш,
Гинчаьргара ду бохуш, айира наха.
И аьрзу делаша хьажъярца туьдуш,
Маккахь дIадерзийра шайна эшам боцуш.
284 – Дувейка – КаIбатан маьждигна къола дина гучуваьлла, куьг даьккхина стаг. 285 – текхарг – лаьхьа (боьха хIуму) шен дахар КаIбатан маьждиг чохь нисделла, кху хьармехь иза ер Iарбашна къилахь долуш.
49
Маьждиг юхадендарехь тайпанашка
Шайгахь ду алсамо дакъа ца бахийта,
Белхаш бар тIелаьцна цхьатерра юкъахь.
Бух тIе хIотталц пенаш дIалоьIу массара.
50
Шога хьекхна тIулгийн кхеранех дуттуш,
Хьалха ма-хиллара маьждинаган пенаш,
Кхара болийна белхаш бертахь дIабоьлху,
Iаьржа тIулг деззалц – билла пенна чу, нисбеш.
51
Iаьржа тIулг пенахь дIанисбар къевсира,
Тайпанийн тхьамданаш – герзашка шаьш кхевдаш.
Iабд -Дар Iадан тайпано чIагIо йира,
Цхьаьнгга тIулг ца билийта, шаьш дийна долуш.
52
Болх сецна хьал хIутту маьждиган кертахь,
Сийлахь къурайшех къаночо олу тIаккха:
«ХIинца кевнах хьалха чуваьлла стага
Аьлларг деш, и тIулг вай буьллур бу цу пенах!»
53
Маьждиган кевнна тIехь нехан бIаьрг сецна,
Эххара кевнах чоьхьа волу Мухьаммад (; .).
Къовсаман бахьане ладоьгIуш лаьттина,
Цо шена хеташ дерг – нахе дIакхайкхира:
54
«Iаьржа тIулг кIаденан декъа тIебилла,
Массара схьалоцуш хьала айа лаккха.
Ас, аша йиначу метте билгала,
ТIелоцу, и дIанисбан, цу пена юкъа».
55
Хьикмате и сацам къурайшаша магийра,
КIаденан дакъа даржийра шаьш го лоцуш.
Мухьаммада ;Iаьржа тIулг цу тIе буьллу,
Тайпанийн тхьамданаша и хьала ойуш.
56
Мухьаммада ;тIулг нисбира шен метта,
Дов доьрзий, маьждиган болх карла болу.
Маьждиг дIахIоьттира тIапа тхов286 туьллуш,
Шех тIаккха хIуьппалгийн йоккха майда хуьлуш.
57
Дейтта бIе шарахь сов КаIбатан маьждиг
Масуьйттаза нисделла кхоъмаза дохош.
Мохк бегош, цIе йолуш, хи хьодуш доккха
Я къиза мостагIийн дIаьвшечу куьйгаша.
58
Амма и хIоразза ма-дарра хьалха,
Юха метта хIоттара цхьа хийцам боцуш.
Иза лаьтта тахана – еакIов гIишло –
Иккхина Iаьржа тIулг детин хIозца лаьцна.
59
Хьиджазан кIошташкахь, Макки чохь цхьаьна,
Маьждиг юхадендина масех шо даьлча,
Йоккха йокъа хIоьттира дIадовлуш дежийлаш,
Цхьайолчу меттигашка мацалла кхаьчна.
60
Оазисийн кхаш даьгна дIадевллера,
Аренан Iарбашкара даьхни леш дара.
Мах баран болх соцу, цхьа пайда боцуш,
Нахера хала хьал Мухьаммадехь ;дацара.
286 – тIапа тхов – айабелла боцуш шера, жимма бен ладар хьодийла йоцуш болу тхов.
61
Деши, дети, мехала кхин хIумнашка
Берзийна лаьтташ бу Хадижатан бахам.
ТIаккха кхеран кертахь дац хьал гIад дайна, –
Абу ТIалиб виснера дан доцуш амал.
62
Мухьаммада ;шен девешина гIо до,
Ша волчу цуьнан берех кхаба цхьаъ далош.
Изза дан Iаббас берта валийра цо,
Абу ТIалиб волчу воьду и шиъ дехар хьош.
63
Девашас олу: «Шайна товриг дейша.
Бакъду, соьца цхьаьна Акила вита!»
ШолгIа кIант ДжаIфар вуьгу Iаббаса,
Мухьаммада вуьгу ворхI шо кхаьчна Iела.
64
Цхьана ханна аьлла дара и гIуллакх,
Абу ТIалибан дахар нисдаллалц хорша.
Амма хьал ца толуш лаьттира дехха,
Дай, кIант санна, ийнера и шичой вовшех.
65
Бану СаIд тайпа мацалло дIалоцу,
Хьалиматан доьзал лечу хьоле болу.
Декхарш летта цуьнан йоI гарбашла южу,
Мухьаммада (; .), йоI оьций, уьш хене боху.
66
Мацалло лаьцначу халачу муьрехь,
Йийсар вина, эцна я хIонсана велла
Хадижатна, Зайд цIе йолуш цхьа гIарбаш
Кхочу, аренан Iарбойх, хIорш болчу керта.
67
ГIарбашца Мухьаммада ;марзо тосу,
Хадижата и гой, дIало иза цунна.
Мухьаммада ;тIаьхьа Зайдан хьал хуьйцу,
Дола до, цунах шен доьзалхойх цхьаъ вина.
68
Зайдна везало Мухьаммад ;сил чIогIа,
Тешаме накъост хилла, хьаьрча и цунах.
Ши шо даьлча Зайдан да кхочу кхуза,
И эцна, марша ваккха, дIавига шеца.
69
Мухьаммада ;маршо ло Зайдна харжа:
Мах хьехор доцуш, шен нахах маьрша кхета
Я хIинцалц санна, шайца цхьаьна ваха.
Зайдас висар хоржу, дIа ца воьду деца.
70
Цо динчух тамаш бинчу Мухьаммада (; .)
ГIарбашлара марша ваккхира тIаккха Зайд.
Валавой кхаа тешана хьалха, барта,
Шен кIант веш, чIагIонца воккху Зайд дола шен.
71
Дала баха ца беллачу кIентийн метта,
Мухьаммадна ;ши кIант хуьлу Iелица Зайд.
Уьш кху хIусамехь Iа – Хадижат реза,
ТIаккха кхеран доьзалехь барт, безам лаьтта.
72
Мухьаммадан ;ткъе вуьрхIитта шо кхочу,
Бахаме сатуьйсу мур бисина геннахь.
Бахаме хьаьдда дегI оьздаллех духуш,
Гучу долу цунна шен, нехан дегнашкахь.
73
Наггахь ийманан цIеналле кхевдича,
Ойла хуьлу Мухьамадан ;кхайкха Деле:
«ХIай, Эла! Къеллехь хилийтахь сан вахар!
Нисдехьа сан дегIах са къастар мискаллехь!»
74
Цхьана ханна холбатахь Iар тIелацар,
Мухьаммада ;доггахь къобал до адамехь
Къеззигчу рицкъано сатедеш хилар, –
Бахаман токхоно дакъадарна дегнаш.
75
Мах барна вацара Мухьаммад ;тIера,
И доьзалан хьашташна цунна оьшуш дац.
Балхана мало еш ву ца бахийта,
Лардора цо къинхьегаман сий йохьаллехь.
76
Массеран парз Мухьаммада ;лорура,
Белхан гече тIелаьцна, къахьогуш хилар.
Деш, дуьтуш доцуш, йорт етта ца еза,
Ишттачух олуш ду: «моз ца дутту моза».
77
Ша висча Мухьаммад ;ойлане волу
ХIун кхиамаш кховдийна яханчу хено:
Дала бертахь, беркате доьзал бу белла,
Маре оьху йоьIарий, къанлуш ю зуда;
78
Масех шо даьлча дIагIур ю Фатима,
Бовлуш шайна, бевр бу дIаса Iелица Зайд.
Кхел елахь и вуьтуш лийр ю Хадижат,
Керт яссалуш, тIаьхье яйна, дIабовр бу кхерч!
79
Шен дахар къаналло Iажалле озош,
Мухьаммадна ;го – чаккхе йогIучу ханна.
Ваьхна и комаьрша, оьздалла ларъеш, –
Довзаза к1орггера кху дахаран маьIна!
80
Бакъ динна, Далла тIе некъ лехар сацош,
Хадижат ялорца доьзал булу юкъа.
Доьзалан хьашташа теттира нацкъар,
Цу агIор тидам бар – малдина латтош.
81
Ма дорах хилла хIинццалц мел лелийнарг,
Илланча Либидас287 аьлларг нийса карий:
«Ду хууш, Дела воцург – кхин дIа мел дерг,
Дуьненан дахарехь – эрна йорт еттар дуй!»
82
Далла тIе некъ лахар шен къилба дина,
Дисинчу дахарехь дIасатеIар дуьтий.
Адам тIе ца кхочехь холбата вулуш,
Мухьаммада ;Iибадат Далла тIе хьовзий.
Свидетельство о публикации №225090200719