7 дакъа Пайхамаралла доссале кхаа шеран Iамалийн м
Мухьаммадна ;ду, берахь дуьйна башха,
ГIенаш гуш, самах вайна гуш долчух терра,
Амма чохь хьулделла хаттараш гуллуш.
Цунна уьш даима дерш дагахь латтара.
2
Уьш тида гIоьрта Хадижат, Варакъа,
Мухьаммад ;хуьлура цаьрца тидар дIахьош.
Хаьа дуйла цаьрца къайленийн дакъа,
Делера адмашна пайда гучу боккхуш.
287 – илланча Либида – Iарбийн цIе яххана ийманехь илланча (поэт)
3
Хадижат ялийна масех шо даьлча,
Мухьаммадан ;дегI наггахь долало дего.
Юьхь макхло, шелонан хоршанехь санна,
Хьацар туху дегIана, дерг пхенаш ийзош.
4
Цу хьолехь кхетам чохь хуьлуш ву иза,
Шен дагчу Iийжаме сингаттам буссий.
Коьртах хIума хьарчош вужура иза,
Цхьана ханна ша меттах ма хьеве олий.
5
Воьжна чохь гуш, хезаш хаац хIун хуьлу,
Оцунах лаьцна цо цхьа хIума ца дуьйцу.
Хеттарш дар цу балхах лаьцна цо доьхку,
Цу хьолах къаста цо лор, пхьар ца лохуьйту.
6
Мухьаммада ;и хьал цамгар ца лору,
Я и хьал тIе жинийн хьу хеташ вацара.
Цо холча хIиттавахь, дара и хьоме,
Шен бертахь цунах къаста ца лаьа цунна.
7
Инзаре гIенаш гар, хоршин хьал доссар,
Делан къайленга вуьгу кор хетта цунна,
Цхьа дуткъа пардо бен дуьхьало йоцуш,
Дала Шен хьикматашца тептар схьаделла.
8
И пардо доьжна, цхьажимма са тоьхча,
ЗIе йозалур яра Кхоьллинчуьнца дуьне.
ДIакъаста ницкъ кхаьчча сакхтех сихонца,
Ийманан Iамалшца тIевирзина Цунна.
9
Иштта дог йовхачу ойлано цунна
ГIо дора, ша хьеха чохь холбатахь валла.
Ламазца доIа деш, марханаш кхобуш,
Кхоьллинчу Далла тIехь сацийна дог-ойла.
10
Ткъа наггахь шеконийн хорамо лоций,
Хета динан серлоне некъ банне боцуш.
ГIенашкахь, хоршанехь йогIу бIарлагIаш,
Жинаша шайтIанашца дуьхьала оьхьуш.
11
Iаламийн Дела цхьаъ хила везаран
Кхетамехь сецна Мухьаммадан ;ойла хIинца.
Уьш дукха хилча, нахана ма-моьтту,
Цара дара коьрталла – куьйсура тIамца.
12
БIаьргашна гуш вацахь, дагца го цунна,
Кхоьллинчун урха кIел хилар хIара дуьне.
Мурстана288 и дисахь урхалла яйна,
Низам доьхна дахар дерг дIадер ду дайна!
13
Серлоно дог дуьзна волучу мурстехь,
Шен даг чохь Дела цхьаъ вар кIаргдеш и хуьлу,
Бохуш: «зударий IатIаршца дуьненахь
Дукха безахь, – са паргат-м ламазехь долу!»
14
Са, ойла, амалш шайн цIанъярна лелош,
Хьанифех болчара ламаз, марха дара,
Ойланехь Делан сифаташка кхойкхуш.
Къилахь болу лаамаш дегIах дIакъастош.
288 – мурстана (мурст) – бIаьрган негIар туху хенан юкъ (миг, мгновение).
15
Къиношка уьйзу синлаамех къаста,
Мел дечух чекххьоьжуш, Iу вара иза ша.
Къиношла вига мега долу хIумнаш,
Мухьаммада ;дитина ду хIуьппалгхошна.
16
Шен леларх чекх са гуш – жималлехь дуьйна,
Шен сакхтех дIакъаста кхуьу и дахарехь.
Духаршна, хазнашна вацара тIера,
Ткъа IатIар, зударий безар-м дуьсу дегIехь.
17
Юкъанеккъара лардо тIелацарш шена
Динехь, иштта хила лаьа кхин болу нах.
Тешна ву и чIогIа, ницкъ боцург Дала
Цадожадарх адмашна тIе, беш беза мохь.
18
ДегIе ницкъ ло хIума барамехь иэшор,
Зина лелор, «Iоврат дер»289 – уьш емал до цо.
ТIех кийра бузор, мацаллехь дегI даллор,
Иштта хIумнаш хьанифийн цо къобал ца до.
19
Пайда, зен хуьлу чагIарах адмана,
Амма гучу хьесапехь ду алсам зенаш.
ТIаккха цу маларх юхакхета деза, –
Зударшца юкъаметтиг мах бина йолош.
20
Мухьаммада ;лоьху Делан бехкамаш,
Дан дага лаьцначух, – ният маьIне лору.
Къа до адамо шен ният эккхадеш, –
Ойла толахь, сихонца и дохко долу.
289 – «Iоврат дер» – кериста динехь зударех ирс эцар «дуьззина дийна» шен дегIах дIадаккхар деза ларар
21
Нехан сакхташ лехьош, уьш дуьйцуш лелар,
Шегара анташна дIахьаббина бIаьргаш.
Мухьаммада ;и нах галбевлла лору,–
Нийса дерг леха деза, шен сакхтех къаьсташ.
22
Хьаг, хьегарх ларвала дара цхьа дарба,
Шайл хьекъална, бахамна тоьлла нах гича:
Хьелашна шайл оьшурш бахкийтар дага,
Деле шайна доьххуриг царна тIехь дехча.
23
Ойла яр, дахаран халонаш къастош,
Мухьаммадан ;яра тIетевжина динна.
Ткъа чолхе, жоьпаллехь вай доцу хIумнаш,
Къасто дуьтуш, дуьне дерг карахьчу, Далла,.
24
Дешан мах, цуьнан ницкъ бевза Iарбашна,
Шен меттахь аьлла дош хаьа дагах кхетий.
Дог цIенчо и аьллехь – хоуьйту вайна,
Олуш верг ийманан гечонашка кхаьчний.
25
Къамелехь даима коьрта ду бакъдерг,
Д1ааьлча цо там бацахь – гIаттадан зулам:
Бакъ делахь, дайн сакхт, техтоьхча тIаьхьенна,–
Цо юкъара барт бохош, кхуллу цабезам.
26
Бух боцу къамел дезац Мухьамадна (; .),
И шена луьйш болучех тера ца лела.
Кхечуьнан сий лахдар ю шен кIезгалла, –
ДIаьвше бага етташ верг – хир вац дог цIена.
27
Питане стагаца хуьйшучул охьа,
Юххехь цхьа стаг воцуш, ша висар ду тоьлаш.
Дика стаг хаалахь, цуьнца уьйр таса,
ХIума хаа луъчуьнца къамеле волуш.
28
Эрна батт ца екош, тийна Iар тоьлла,
Ойланаш хьо Iаччохь диканна тIе йоьгIна.
Хьайн амалш, синхаъмаш ийманца тусуш,
Вонашна бохамашца собар гулдина.
29
Шена вон динчарна ца бо цо бекхам,
МостагIна гечдо вон, – адмалле и верзахь.
Къинхетамца хьоьжу, массо хIумане,
Дезарна, мел долу Iаламаш кху лаьттахь.
30
Далла Iамалш ян хан ю цо къастийна,
Буьйса я ах буьйса, я кхолагIа дакъа.
Дийнахь ен Iамал – цу юкъа ца ийна,
Синхьаам оцу хенахь хуьлура цунна.
31
Шо-шаре мел долу дог Делах кхуьуш,
Гучу дуьйлу динашкара Iесаллин сакхташ:
ДоIнашкахь, хийцинчу динийн Iамалшкахь.
Хьанифаш бара хаза кхайкхарца къаьсташ.
32
Иллеш – кху мехкан бартан кхолларалла,
Iарбашлахь дара дезаш тIеэцна лелош.
Цу кепехь доIанаш Мухьаммада ;дора,
Деле шена бакъ динан хьехамаш боьхуш.
33
Доьху цо: «Ва, Дела! Дог дузахь Хьайха,
Хьо везаш болчеран безаман токхонах.
Хьайна товчу гIилкхашна со охIла веха;
Сайн сил, доьзалал, даьхнел – Хьо везар лохьа!–
34
–Ва, Дела! Ваккхахь со нийсачу новкъа,
Къинхетам бехьа сох, Хьайга лерам чIагIбеш.
Динан бакъо ларъеш, дагца мотт лохьа,
Сан къиношна гечдай, галваларх ларвехьа!»
35
Ламазашна дIахIуьттуш дан деза ният,
Тешаш, ша гучу Далла, хьалха ша латтарх.
Хица ламаз оьцуш, дора дагахь ният,
Цу Далла хьалха ша хIотта кечлуш хиларх.
36
Iибадат дан меттиг тийналлехь хоржуш,
Дукха хьолахь шен еса хIусамехь дIахьош.
СагIдар, 290 жIара, хIуьппалг яц хьалха хIоттош,
Iамалш тIехьажийна, шен Далла ю бохуш.
37
Гойла яц кхо Iамалш еш волу Дела,
Массанхьа Иза цхьаъ ву шен Воккхаллица.
Кху дуьненан массо маь11ехь цхьатерра,
Шадерриг хезаш, гуш, Ша волуш кхачамца.
38
Къилба ду цу хенахь дIаворззу агIор,
Iамал еш хьо волчохь, гуш хиларна Далла.
КаIбатан хьармехь-м тIевоьрзу маьждигна,
Нахехьа бук берзош, юьхь ерзош пенашкхьа.
290 – сагIдар – кериста денехь мозгIар хьехамна дIахIуттуш йолу меттиг. Iесачу заманахь цу метте охьадуьллуш хилла «деланашна сагIа. Алтарь жертвоприношения.
39
Ламазехь ният дой, бIаьрг идар доцуш,
Шена хьалхха догIийна сацадо хьажар.
Хозуьйтуш доIанца до Деле дехар,
Аз кIеда, доггаха, тIеозош ладоьгIурш.
40
Деле до дехар, лерг хьостуш хуьлура,
Наггахь иза нашидийн291 барамехь нислуш.
Делера и похIма Мухьаммадехь ;дара,
Хьира ломан хьехахь292Деле иза кхойкхуш.
41
И хьех дара цхьа-ши сахьт некъ бан генахь,
Маккел кхин арахьа болчу тIулгийн ломахь.
Гонехь буц, некъ боцуш ду кхузахь тийна,
Масех дийнахь кхузахь Iа Мухьаммад (I.сс.) къайлехь.
42
Хезаш до доIанаш, шовкъе ша воьрзуш,
Диллина, ца соцуш, шен бIаьргех хиш уьдуш.
Хан йоккху рукуIехь, сужудехь хьелуш,
Дикка хан йолу цуьнан садаIар доцуш.
43
Хьира ломан басешка бIарг бетташ, цо
Корта, дог дуьненан ойланех дассадо.
Сохьтехь иштта йоккху хан, лорура цо,
Шеран Iамало чул сов, дог дине хьовзош.
44
Беттнашца шерийн чот еш уьду зама,
Хьехачохь мархин бутт Мухьаммада ;боккхуш.
Ши шо дIаделира мотталуш кхана,
Динан некъ гучуболу, ша юьхькIай х1уттуш.
291 – нашидийн (нашидаш, нашид) – Iарбийн иллийн кеп.
292 – хьехахь – лам чу яьккхина хара (пещера
45
Амма цу серлонан билгало йоцуш,
Наггахь ткъесан серло лой, тIепаза йовш.
ГIайгIано хьере вой, дог пошма дуьйлуш, –
Хадижатан орцано са метта валош.
46
Бакъ динан лехам кхаа шаре болу,
Хьира ломан хьеха чохь холбатан мур ловш.
Кхолламо, мурстана, цхьажимма кор доьллу,
Сов къайлах синхаамийн Iаламат гойтуш.
Свидетельство о публикации №225090200722