8 дакъа Дуьххьарлера АллахIан вахьи шега доссар
Миладийн терахь, ялх бIе уьтталгIа шо.
Хьеха чохь ву Мухьаммад ;мархин бутт кхобуш.
Кхечи тIе беттан ткъе йоьалгIа буьйса,
Наб кхетта Мухьаммад ;хьеха чохь ша волуш.
2
Хьеха чу цхьаъ волу адаман суьртахь, –
Карахь цуьнан хьарчор293 ду къегаш элпашца.
–Деша! – хеза хьехахь, валале набарх.
–Суна деша-м ца хаьа!– жоп ло кхо доцца.
3
И хьарчор цо кхуьнан некха тIе дуьллу,
ХIокхунна дазло и лам тIе боьжча санна.
Са лоьцуш кхуьнан гой, и хьала ойий,
Цо юха омра до: – Деша! – олуш кIеда.
4
–Суна деша-м ца хаьа! – жоп ло юха,
Веанчо, мара къовлуш хIара, тIаккха олу:
«Деша! – ХIун деша ас? – вегош, кхо олу,
ТIаккха цо олуш дерг, кхо тIахьара боху.
5
–Деша! Кхоьллинчу Делан еза цIарах,
Цо адам коьллина ду цIийн алхан цуьргах.
–Деша! ЧIогIа комаьрша ву хьан Дела,
Иза ву къоламца адмана Iамийнарг:
6
–Цунна хууш ца хиллачу хIумнашна».
Мухьаммаде ;шена тIахьара бохуьйтий,
Хьаша дIавоьду, сихха къайла волуш.
Мухьаммад ;сама волу дерг дагахь долуш.
7
Сихонца Мухьаммад цIехьа хьаьдира,
Хьеха чу веанчо вина дукха хьере.
Чуваьлча Хадижате цо хаьттира:
«Сох илланча я телхина стаг хили те!?»
8
Тешаме зудчуьнга цо хилларг дуьйцу,–
Зудчо: «Вац хьо илланчех, эгIийнчух тера.
ШайтIа, жин гIоьртийла яц цкъа хьо волчу,
.Хьан гIилкхаш оьзда ду!» – чIагIо еш бохура.
9
Майрчунна хиллариг къасто валийра
Варакъа, цу хенахь Товрат294 гочдеш волу.
Невцана деънарг малик ду, цо олу,
Цхьана хенахь Мусана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) хилларг тIедогIуш.
. 10
Хадижатан са-м Варакъас тедира,
Мухьаммадна (; .), – сингаттам, шеко ю дагахь:
Ги те шайтIа я геланча Делера,
Я малик, я Дела, Ша, – адаман востахь!?
293 – хьарчор – тIехь йоза долу хьарчийна кехат, Джибрила Мухьаммаде ;деша баьхна, свиток
294 – Товрат – Муса пайхамаре (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Делера доьссина жайна
11
Гинарг шайтIа дацахь – толам бу иза,
Оцу хьоле кхачар-м кхо доггах лехнера.
Ткъа и шайтIа делахь – юьхьIаьржо йоккха,
Мел хала ду-кх бакъдериг – цакъастар ма-дарра!
12
Къилахь ду малик шайтIа ду моттахь,
Хьайна хезнарг, гинарг тидаза диснехь.
Ткъа шайтIа Делан геланчех тарделлехь,
Нисло нах жоьжахата буьгучу некъахь!
13
Синтемза гIайгIанехь дIаоьху денош,
Балица ладоьгIуш, наб яйна буьйсанаш.
Хьайре ву Мухьаммад ;– де сацам боцуш,
Хьех чу Дела, Ша воссар-м, дац цо тIедуьтуш.
14
Дела Воккха, Шортта ву дуьне дуьзна,
Ву вайна ган, сурт хIотто цкъа хуур доцуш.
И ган йиш хилча-м, хIуппалгхой бакъ хуьлу,
Насаришца жIараш тIехь шайн И ву боху.
15
Цундела кхунна гинарг ду шинах цхьаъ:
Делан геланча – малик я мостагI – шайтIа.
И хьаша-м вац хIара Iад вита дагахь,
Мухьаммадна ;бус-буса гуш шайн неIсагIехь.
16
Хадижат йижича хьаша дIахIутту,
НеIсагIехь лаьтташ хуьлу, олуш дош доцуш.
Дог додий Мухьаммад ;хьацарах веша,
Кхин гIар-тата доцуш и гучуьра волу.
17
Мухьаммада ;зудчуьнга хуьлург дуьйцу,
Цо и веача ша самаяккха олу.
Хьекъале зудчо «хьешах» дерг къостуьйту,
Мухьаммад ;шеконех дикка юха волу.
18
Буса вогIий «хьаша» юха схьахIутту,
– И чохь ву,– олу Мухьаммада ;зудчуьнга.
Мел хьежарх зудчунна и гуш ца хуьлу,
Мухьаммад ;волуьйту цо аьрру агIонга
19
–Гуш вуй хьуна иза?– хаьттина зудчо,
–Чохь ву и-м, – жоп дели Мухьаммада ;халла.
– Суна аьтту агIор валал, бокхуш го, –
Олу зудчо. – Вуй хIинца валаза къайла? –
20
Майрачо чохь хилар къадийча шега,
Шен гIашъюкъа Хадижата и хааво.
«Хьаша-м» ву ша волчохь лаьтташ гIорийна»,–
Цийнадас аьлча, Хадижат – дIаеллало.
21
–ХIинца гой хьуна и?– хаьттича зудчо,
–Ца го, – олу вукхо, «хьаша» сихха варна.
–ХIай, сан вешин кIант! Сихонца кхаъ схьало,–
Олу цо. – ПаргIат вала, малик ду хьуна!
22
Буса догIург малик хилар яц шеко,
Ерзана зуда гуш, и Iайла дацара.
Ткъа шайтIа и хиллехь, чохь соцур дара,
Эвхьаза мел долчуьнца хиларна тайна.
23
Атта дац Мухьаммад ;шеконех ваккха,
Iамалш еш токху цо масех бутт холбатахь.
Эххара теша – шена вогIу «хьаша»,
Хиларх Делан малик самахчу хоршанехь.
24
Малик иза хиларх Мухьаммад ;теша,
Делера аяташ тIедиссо долийча.
Ша холча хIоьттича, аларна шега:
–Со Джибрил малик ду, ткъа хьо – Делан Элча! ;–
25
Рамадан беттан ткъе йоьалгIа буьйса,
Хиламийн, Нуьцкъала буьйса олу цунах.
Цу буса Элчане ;кхаьчна хаъмаша,
Гучу доху Делан сифаташ ма-дарра.
26
Го Дала адмашца дIатесна уьйраш,
ЧIагIдо Иза дуьненан Iуналхо хилар;
Даима сема, шадерриг гуш, хууш,
Ша кхоьллинчу синошна рицкъанаш латтош.
27
Цо хьехна адмана мел долу хIума,
Къоламца яздинарг дIакхачош вахьица.
Дин лоьхуш кхетамо схьахьехнарг кхунна,
Цхьаьна догIуш карий шен хилла ойланца.
28
Вахъица шен ойла ягIарх воккхавеш,
Хьуьнар лаьтта Эчанехь ;динехь чIагIвала.
Шен декхар лору цо: цхьа Дела везаш,
Реза веш, тешаме лай хилла чекхвала.
29
Стигларчу Къуръанан суратех дара,
Хьехахь кхунна малико тIедеънарг хьеха.
Кхуьнан некха тIе цхьа хьарчор теснера,–
Кхунна тIе базбелларг Къуръанан мохь бара.
30
Кхин долчу къаьмнашка диссийна Дала
Тептараш, церан шайн меттанашкахь долуш.
Ткъа хIара доссийна Iарбашна лерина,
Уьш кхетийта, ценачу шайн маттахь доссош.
31
ТIаххьарниг Инжил ду Iийсага (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) деъна,
Уьш дуккха диссийна Адамера (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дуьйна.
Рамадан ткъе йоьалгIа буьйсанера,
Къуръан Мухьаммаде ;лаьтта дан долийна.
32
Элчанан ;похIмаллех Къуръанах ийна,
Дац цхьа дош, Джабраилс шена хьехна доцург.
Лаьтта Делан тептарш цо кхачош хилла,
Иза ду пайхамаршна нийса дарс хьехнарг.
33
Адамна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIе иза шуьйттаза деъна,
Идрисана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) доьаза деъна вахьи деш.
ИбрахIимна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) шовзткъе шозза дарс хьехна,
Мусана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) диъ бIоьазза Иза тIекхаьчна.
34
Мареман Iийсана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) уьттаза кхочу,
Мухьаммадна ;ткъе диъ оьзарза тIе догIу.
Цхьадолу сураташ гIенашкахь дуьсу,
Деккъа аз хазар бен, кхунна кхин гуш доцуш.
35
Цец воху Элча ;гIенашкахь декачу,
Хазачу аятийн хьикмате хьехамо.
Шен белш тIехь цунна наггахь куьг хаало,
Сама ваьлча хезнарг хуьлу лардеш даго.
36
Делера вахьин хан йовзара цунна,
ДегI дегош хьацарна базлора корта.
Асаре волуш, садеIар сихлора,
Вуьжура охьа иза, дIахьаьрчаш йорта
37
Сих-сиха нислора кхетам чохь волуш,
ТIех тидам болчеран бен са кхуьур доцуш.
Лергаш чохь зов хуьлу, вахьи схьакхочуш,
Даьхнин кочара горгалих тера декаш.
38
Хаам берг чекхбаллалц лерехь зов лаьтта,
Зов лерера хаьдча бен хьехнарг ца къаьсташ.
Вахьина кхуьнан хьекъал дац аьттехьа,
Бац тIаккха кхуьнан кхетам оцуьнан декъахь.
39
Цундела Элчанна ;уьйр хаа ца ло,
Шен ойланийн тIеIаткъам цу вахьих ийна.
Дуй баа ву кийча, дагахь цахилар,
Шена, уьш санна, байташ йохуш къахьега.
40
Къуръанан суратийн да Дела вара,
Малик ду уьш Делера Элчане ;кхачош.
Дагахь Мухьаммад ;уьш сецо гIерта,
Ма – дарра адмашка, уьш кхетош, дIакхачо.
41
АллахI ву Дела Элчанан ;кхетамехь,
Дуьненна урхалла деш вац цуьнца аддам.
Вац И Ша кхоьллинчу хIуманийн сибтехь,
Кхачаме ву цхьанггера хьашт доцуш хIумма.
42
Шен хьалхе я чаккхе йоцуш ву Дела,
Дийца доза доцуш ву барамехь, хенехь.
Стигланаш, латтанаш, мел дерг чохь царна,
Цо лучух тешна ду дуьненахь, эхартахь.
43
Адмаша галдаккха дац Делан хIумма,
Царах Iама я хьега вац оьшуш кIадда.
Къинхетам, комаьршо, нийсо ю шортта,
Цундела Цо бохург дахь хир ву декъала.
44
Луъург дан маьрша, ницкъ болуш ву Дела,
Ур-атталла оьздангаллин агIорхьара
Ша дечунна вац И цхьанне жоьпаллехь,
Цо магош дика, вон лелаш ду цхьатерра.
45
Далла гуш, хууш бен лелаш дац хIумма,
Цаьрца цхьаьна дика, вон, зуламе гIулкхаш.
Яздинехь уьш Цо, битна вайна харжам,
Ша реза верг къаста дан – луш хьекъал, кхетам.
46
Синош кхуллуш дуьйна хууш ду Далла,
Дуьненахь хан йоккхуш ден дериг хIораммо.
Бакъ, харцо къасто вайна кхетам белла,
Оцунна луш маршо, делча жоьпе озо.
Свидетельство о публикации №225090200726