9 дакъа Къайлаха АллахIан дин дендан долор

I
Хьира ломан хьехахь Элчане ;Дала
Джабраилехула боссийна и хьехам,
Хадижат, Варакъ бен хууш дацара,
Мухьаммадан ;и хьехо бац нахе лаам.
2
Хьалха Делах тешнарг, Элча ;къобал веш,
Хувайлидан йоI, хьоме Хадижат яра.
ШахIадат далийра цо Дела цхьаъ веш,
Мухьаммад ;Цуьнан пайхамар хилар бакъдеш.
3
–АшхIаду ла илахIа иллаллахIу,
Ва ашхIаду анна Мухьаммадар расулуллахI! –
Цу шина декъах цхьанна – инкарло яхь, –
Хилац  Дала нисдинчу бакъ динан некъахь.
4
АллахI, Мухьаммад ;къобал вина ца Iаш,
Хадижат ю майрчунна гIо деш дин даржош.
Зайдца Iела тIевирзира тоба деш,
Шайн дерриг Iибадат АллахIна тIе дерзош.
5
Ша тоба дале Iелина лиънера,
Керлачу динах лаьцна къамел дан деца.
Мухьаммада ;цунна и ца магийра,
Дин даржор хиларна шайн къайлаха хIинца.
                6
Юьхьанца массарах динах дерг лечкъош,
Къайлаха шайн Iамал-Iибадат до гуллуш.
ХIетте хIорш гучу-м бевлира бовл-бовлуш,
Абу ТIалиб Iийра кхаьрга цкъа ладоьгIуш.



7
Муьлхачу Далла Iамалш йо аш аьлла,
Хаттар дича Абу ТIалиба, цец волуш,
Мухьаммада (; .), кхетош, дийцира цунна,
Шен Элчалла ;бакъ дай, вола дине бохуш.
8
Девашас цуьнга тидамца ла дугIу,
Амма дайх дисна дин дIатаса ца хутту.
Iелина бакъо ло шичица виса,
Цхьана Далла Iамалш яр – дац кхарна керла.
9
Тхьамдас юхатоьхнарг дац АллахI цхьаъ вар,
Мухьаммадан ;Элчаллех ;вара ца тешаш.
Цу хьокъехь ХIашимхойн барт боха мега,
Элчанца ;дукхаммо мостагIалла долош.
10
ТIаккха девашас Мухьаммаде ;олу:
– Со Маккахь тхьамда мел ву, хьоьгахьа ду тхо,
Иштта тийна дин лело маьрша ду шу, –
Со велча хиндериг гойтур ду замано.
11
Тоба даза яра жима Фатима,
Ткъа Варакъ насарийн тобанах кхеттера.
Дин доцчу Iарбийн ша Элча ;хетарна,
Цо жайнашца дин дериш295 тIаьхьа ца боьху.
                12
Цундела Варакъ кхечу динехь лоруш,
Iийсана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Дала хьехна дин лело вуьту.
Iибадат делахь цхьана Деле кхойкхуш
Башх-башха уьш леладар дац динах воккхуш.

295 – жайнашца дин дериш – (Делера диссина жайнаш долу яхIудаш, насареш ). 

                13
Пайхамарш, тептараш диссийна къаьмнаш,–
Динан некъ гайтина насариш, яхIудаш.
ТIедехкина декхарш деш белахь кхоччуш,
Эхартахь нисдинчу кхочур бу хьелашка.
14
Кхерамехь бу боданера хIуьппалгхой,
Уьш кхетош хьовзо беза серлонан новкъа.
Мухьаммад ;хьаьвза, девашас маршо лой,
Макки чохь бакъ динан вовшахтоха тоба.
15
Къурайшех Абу Бакр тIевогIу хьалха,
Дела цхьаъ вой, Мухьаммад ;бакъ вой иймане.
Мах хьанал беш, оьзда стаг вара иза,
Дашна говза, тешаме, дог къинхетаме.
                16
Макки чохь, цул арахь и вевзаш вара,
Шен дош мел лела чохь, цо довзуьйту ислам.
Цул тIаьхьа дине вогIу Iаффанан Iусман,
Ткъе итт шо долу къонах Iабд Шамсан некъех.
17
ТIаккха Асадан некъех ткъе итт шо долчу,
Аз-Зубайрас до тоба, иймане вогIуш.
Цуьнца хуьлу бусалба  Iабд ар-Рахьман,
Къурайшин тайпанан Зухра некъех волу.
                18
СаIад ибн Ваккас вуьрхIийта шо долу,
ТIалх ибн IубайдаллахI Тайм некъех волуш ший.
Абу Бакар лоруш уьш дине богIу,–
Иштта къайлах, гIеххьа, гуллуш бу накъостий.




19
Тешаме гергарлош доттагIаллашца
Къайлах дин даржадар дара юкъахь лелаш.
Стамдалар дара парталчу боларехь,
Шовзткъей итт стаг вац гулвелларг кхаа шарахь.
20
Дела цхьаъ вина, пайхамар бакъ вина,
Делан хьехамна кIел хиттина Iачара,
Ларбо Дала тIекховдийна бехкамаш, –
Хиларна нах нисбечу тептарна тIера.
21
Бен дацара тIаккха вехаш я миска,
Хьикмате, тIех каде я говза хьо хилар.
Дала Шен бехкамех цхьа витац маьрша,
Шайн амалшка гIертарш нисбала безара.
22
Мухьаммадан ;заманхой, Iарбий боьллера, –
Нийсой, бакъой адмашлахь – хуттур яц аьлла.
Зулам, харцо сацо я ницкъ ца гора,–
Бакъ, нийсой толош дин, царна туьйра дара.
23
Дуьненан дахарехь дендерг синошна,
Лаьтташ ду азаллера билгала даьхна.
Кхетам ло вайна Дала вон, дика къасто,
Дахарехь мел дечунна жоьпаллехь дина.
                24
Чаккхенза дахар долало эхартахь,
Дуьненахь Делан дин лардинчарна зовкх луш.
Нийса кхел Дала йо Шен Къемат-дийнахь,
Цу дийнахь юьхькIай хуьлу кхийринарш Цунах.




25
Дела цхьаъ вина нах – вежарий хуьлу,
Къинхетам, нийсой, барт лаьтта царна юкъахь.
ЦIена безам, ларам, дола дар вовшен,
Къилба дой, заманца шаьш чIагIлуш ийманехь.
26
Элчано ;сихбо шахIадат далийнарш,
ДжехIала заманан амалех цIанбала,
Безам, къинхетам накъосташка болуш,
Ламаз-марха лело, Дела дагахь волуш.
27
ДжамаIатан Iибадат деза Далла,
Цундела уьш ламазна кхетара цхьаьна.
Атта дац Макки чохь тийна керт лаха,
Уьш Маккел арахьа цхьаьнакхета буса.
28
Ламазехь Мухьаммад ;волура хьалха,
Кхинберш дIахIуьттура могIанашка тIехьа.
Хозуьйтуш имамо доьшура сурат;
Цо доьшург джамIатехь болчара олура.
29
Хьалхарниг воьдучохь рукуIе боьлхуш,
Цунна тIаьххье, голаш тIехь, сужуд до шозза,
Корта, тем беш, хьалха  лаьттах туху,
Байтал Мукъаддасехьа296 бирзина болуш.
.
                30
ДжамаIатехь зударий хIуьтту тIехьа,
Дац иза лерам цаьрга лахара болуш.
Уьш хIиттор нисделча юххе я хьалха,
Кхерам бу божарийн бIаьрг цаьрга хьежарна.

296 – Байтал Мукъаддасе (Къуддусе) – Иерусалимера маьждиг

31
Динехь цIена лелар ах ийман лору,
Цунна дегIан меженаш леранна юьлу.
ХIоранна кху-кхузза кхочуьйтуш хи кхорзу,
Цергашна сих-сиха бага сивак297 хьокху.
32
Сивакан пайданаш Дала хастийна:
Багахь Iаь тамехь йо, дагна тIехь там бо,
Цергийн, кийрара массо ун эккхадой.
Йиънарг йо аьхна, Iамалшна дегI тодо.
                33
Iуьйренций хица мара цIанбан беза,
Буса цу чу гулделла жинаш дIалелхош.
Сахуьлуш ламаз деш де доло деза,
Иблисо укал чохь бина кхо шед бостуш.
34
Буса шеддаш дечу иблисо олу:
«Набарехь буьйса хьуна мелла яхлойла!»
Лай гIаттар нислахь, Дела дага вогIуш,
Уккал чуьра басталой цхьа шед дIаболу.
35
ДегI цIандеш леранна цо ламаз эццахь,
ШолгIа шед хецалуш бов, дегI паргIат доккхуш.
Дела гуш хеташ, ламазе и хIоттахь,
КхолагIа шед бер бу дIа, лайна зен доцуш. 
                36
Иштта де долийнарг сахьийзар доцуш,
Сарралц шен гIулкхаш деш, ларалур ву маьрша.
Ткъа лакхахь мел аьлларг, ца динехь цо кхочуш,
Лелар ву дегI доьхна, сингаттамо хьаьшна.

297 – сивак – цергаш цIайо дечиг, щёткин метта лелош.


37
Ламаз оьцу хи цIена хила деза,
Цкъа меже йилина хица, магац йила – шолгIа.
ХIора меже юьлу хи дуттуш шена,
Тесахь межеш юьлург – керча шен модашла.
38
Массанхьа цхьатерра лелош ца хиллехь,
Хилла ду Iарбашлахь цIанонан Iадаташ.
ТIаккха уьш царна Дала карла даьхна,
ДегI дерриг лийчо деза бахьанаш гойтуш.
39
Исламан рамза298 ду шахIадат даллор,
Оцу рамзи чохь соьцург ву Делах кхоьруш.
Бусалбанийн декхар ду вовшен дезар,
Цо дуьгуш шаьш хиларна ийманан дарже.
40
Хьоьху цо: «Ца дуьгу жанната Дала,
Шен динехь баккъалла шу нисделла дацахь.
Хир бац шун аьтту ийманехь нисдала,
Бусалба вежарий даггара ца безахь.–
41
–Шаьш бахьанехь дуненчу даьхкина бераш,
Да, нана хила деза цхьатерра дезаш.
Зудбер дер доьзалехь даккхийчех къа ду,
И къа тIелоцуш верг, ша цIерга вулуш ву.–
                42
Делера и хьехам беркате болу,
Иштта Iадат Iарбашна юкъара эккхош.
Берашна тIедужу лардар да, нана,
Вас царна хир йолу дош ала ца магош.
               



                43
Гарбашалла ду кхарна юкъахь лелаш,
Бусалба стаг бусалбно шен гIарбаш вар,
Исламо хоуьйту хилар ца мегаш,–
Лай дине вагIахь – тIедужу и дIахецар.
44
ГIарбаш керста велахь – иза дIахецар,
Боккха мел хуьлуш, деза ду Далла гергахь.
Цхьана дех схьабевлла нах бу вежарий,
Цкъачунна шайн кхетам бакъ дине хьовзаза.
45
Леш мокъа бахар Элчано ;долийра,
Зайд маьрша вуьту, кIант вина дола воккхуш.
Оьций, дIахьоьцура, уьш дине бовлуш,
МуьтIахь, дика накъостий хилла дIахIуьттуш.
46
Цо диннарг до кхечу бусалба наха,
Абу Бакар Сиддикъа баьхнера марша,
Тоба дина, керла дин тIеэцна леш,–
Ислам-дино нахана юкъахь барт лоьху.
47
Ша бахам беллачийн куьйга кIел Дала, 
Вежарий беш хиттийна гIулкхаш дан ялхой.
Уьш, шайна санна, латтош даа, мала,
Шайна духхург тIедухуш лелийта беза.
                48
Ницкъ ца кхочу белхаш лешка ма байта,
Царна гIо эшнехь, гIо хилийта шайгара.
Ткъа балхана догIуш долу алапа
Ялхочун  хьацар дакъалушшехь ло кара

298 – исламан рамза – бусалба дин тIеэцаран билгало – иза ю даггара  тешаш шахIадат даллор.

                49
Доьхкура чIир екхар, садаккхар-м стенна,
Бусалба вийначо жоьжахате йоккху.
Нагахь садаккхар ца хууш нисделлехь,
ТIаккха цу цIийна богIу – мах таккхар догIу.
50
ЧIирна тебарал, мах оьцуш леларал,
Далла гергахь дезачех ду чIирна гечдар.
Муъмин нах сагIанца цIанбала беза,
ГIо-накъосталла мискачарна хилийта.
51
1ажалло Шена хьалха верзийнчуьнга,
Дала олу: – Меца 1аш ахь хIунда ца вузийра Со?  –
– Аса муха вузор вара теша  Хьо?
– Хьо вузо-м цхьанни ницкъ кхочур ма бацара! –
                52
– Цхьа хьенех ма вара меца, иза ахь
Меца ма витира, баьпкан юьхк ца кховдош. –
–Шен долчух сагIа лург ву Делан некъахь,
Ткъа сагIин барам бу ийманца боьзна.–
53
ТIахьалонан ойлаяр доцуш, боькъура
Мухьаммада ;Хедижатца болу бахам, –
ГIо до къенчарна, мукъа боху гIарбаш.
Закат, сагIа лелор Элчане ;ло наха.
                54
«Амин» аьлла, «тешам берг» – цIе тIехь юьсу,
Элча ;цIена, нийса, бакъон тIехь хиларна.
Цо озар шегахьа дийр доций хууш,
Сий, лерам Мухьаммадан ;нахалахь бара.




55
Мухьаммад ;къобал веш, Дела цхьаъ вечийн,
Иймане баьхкинчийн тоба яра жима.
Бахам берш цкъачунна бацара цуьнца, –
ХIорш гIо дан кийча-м бара сагIица вовшен.
56
Хьолаллин тIедухарш, маларшца даарш,
Бусалбанашна лелор Элчано ;дихкира.
Деза дарийн духарш, мехала йийбарш,–
Емал до шен тобанна бехачех хьегар.
57
Кхечанхьа санна, Маккахь тIехь ма бара,
Бахамо кураллехь айина хьолахой,
Къехой адамаш ца хетачу шаьш бевлла.
Царна луург я хетарг хьесапе доцуш.
58
Цу харцонна дуьхьала бу Делан хьехам,
Бехачийн куралло бехбаза мисканиш,
Къелло ларбарна дуьненан Iесаллех,
Эхартахь кхетар бу юкъа декъаллошна.
59
Къен стаг ву Далла гергахь хьал долчулла,
Дала бахамца зийнарг валарна кура.
Къеллина сатохар – могаш куралла,
Къахьоьгуш рицкъа лохчух воккхаве Дела.
                60
Хьал хилар я къелла дац коьрта динехь,
Бусалбанашна юкъахь яц къелла эхьен.
Делах кхерар лору бахам исламехь,
Карон берг декаллошна эхартан кертахь.




61
Ийманехь чIагIлуш, дин даржор дара,
Далла гергахь сийлахь, гулбечул бахамаш.
Цу агIор масал Элчано ;гойтура,
Накъосташна гуш долуш, и къелуш вара.
                62
Бусалба вежарий таронаш ца къестош,
Цхьатерра безара динехь уьш хиларна.
ХIусам ю цуьнан даима йилина,
Мухьаммада (; .), миска нах хьеший бой, бузош.
63
Цо цаьрца къамел до, ша хIума кхоллуш,
Доггаха лела иза, моттаргIнаш йоцуш.
Хиларна пайхамар яц цунна башхо –
Уьш къен верг, хьолаца верг – хиларна адмаш.
64
СагIина комаьрша ву хила декхар,
 ТIевирзина мел вериг бусалба динна.
Ша кхоллуш ерг екъна, кхин таро яцахь,
Хьостуш бусалба стаг хаза дош хазийна,
65
Вовшашна стенна тIехь дахь накъосталла,
Я новкъахь Iуьллучуьра тIулг, кол дIаяккхахь.
СагIа ду и, тIехь деза, Далла гергахь,
Хьал долчо шен даьхнех лучулла сов йолехь.
                66
Некъахо ларвина и милла велахь,
Къахьегначу къехочо некъ марша боккхуш.
Мискачун ю таро декхар ван Дела,
Бахам болчу нахалла, гIилкхехь сов волуш.




67
Шен долчух даьккхина сагIа дIаделча,
Ша хала къахьоьгуш гулдинчух къонахчо.
Дала ял сов йоккху иштта сагIа гича,
Ял йоккхуш ю нехан дов, нийса къастийнчо.
68
СагIа ду делалуш, вовшашка хьажар,
Диканаш дан Iамош, вонаш дарх нах ларбар;
Ду сагIа тилабелларш новкъа бахар;
СагIа ду бIаьрзечунна накъосталла дар.
69
БIаьрмециг тIех бахам сийсаз бо дино,
Макки чохь Iедал хьолахойн ду карахь.
Гуш дара къиза нах цу юкъахь хилар,
Мискачийн хьашташна боцуш де саготта. 
70
Исламе бирзинарш безара къаста,
ХIуьппалгашца Iамалш ярх, Далла тIе боьрзуш.
Маьрша-м ду Макки чохь муьлхха дин хьаста,
Дайн динах хIорш хедар – мега девне дерза.
71
Мухьаммада ;кхайкхира динан маршо,
Дац цхьанне Iибадат нуьцкъаша тIедожош.
Шена лиънарш Дала Шен динехь нисбо,
Я буьту тиларехь, дац дин – ницкъ бар магош.
                72
Элчано ;кхоьллина бусалба тоба
Шайна юкъахь исламан гIиллакхаш чIагIдеш,
Нийсонан низам, вовшен дезар гойтуш,
Дахар дерзо гIертара бакъонан хорша.




73
Iибадат цIена дар ду церан декхар,
Бусалбнаш хастамаш беш бу денна Далла.
Юург  юха оьзна, марханаш кхабар
АллахIна буьйсанна Iибадат ца сацош.
74
Дин доггах лелорна Элчанан ;тоба,
Макки чохь къаьсташ яра шен куц-сибатца.
Iибадат Далла дар – дара церан къилба,
Ойланаш даима хIитина АллахIца.
                75
Кха шарахь ислам-дин дегнашкахь чIагIлуш,
Шовзткъей итт стагехь заздоккхуш кхии.
Кхиира ца духу ийманехь болуш,
АллахIан Пайхамарна ;шаьш муьтIахь болуш.
76
Амма цу кхаа шарахь кхин вахьи дохьуш,
Дацара Джабраил догIуш Мухьаммадна (; .).
Цундела ша Дала дIатесна хеташ,
ЮьхьIаьржо тIелаца и кечвелла вара.
77
Адамех къехкара и хьалха санна,
Дала пайхамар варх и ша – шех шек вуьйлуш.
Накъостех уьду, цIера вуьйлу денна,
Наггахь, Iинах чуэккха, шен ойла хьаьвзаш.
                78
Iинна йистте кхачарций хьалха хIутту
Джабраил: – Хьо-м Делан пайхамар вай,– олуш.
Элчанан ;дог тIаккха шеконех къаьста,
Ша харц некъа яьккхина гIулч юха йоккхуш.




79
Сагатлуш Маккин лаьмнашца лелаш,
Шена гина бохуш дийцина Элчано (; .).
Лаьттаний, мархашний юккъехь гIант долуш,
Цу гIанта тIехь хиъна Iаш Джабраил малик.
80
И гуш кхералой цIа хьоду Мухьаммад (; .),
Хадижате тIе хIумнаш туьйсуьйтуш шена.
Коьртах хIума хьарчийна воллуш хеза:
–ХIай, хьулвелла Iуьллушверг, гIатта бан хьехам! –
81
– Вазве ма-хуьллу хьайн Дела, хаставеш!
Хьайн бедарш цIанъе! ДIахада цIарматлонех!
СагIа ма декъа, айхьа сов ло моьтташ!
Халонашна, хьайн Делан дуьхьа, сатоха! –
82
Ма боккха кхаъ бара иза Делера,
Элчанна (; .), цунна тIаьхьа бозуш болчарна.
Цо чIагIди Мухьаммадан ;геланчалла,
Дин кхайкхош даржадар тIедилларца цунна


Рецензии