Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

10 дакъа Кхайкхадеш дин дижадар адамийн дегнаш чу

1
Мухьаммад ;тобанца цхьаъ лелош хилар,
Ца долуш дуьсийла яцара цкъа Iора.
Сабиинаш, хьанифаш уьш бу моттарна,
Луурш бара церан дин нахала дала
                2
Вовшен чохь, лаьмнашкахь, мел къайлах лелахь,
Кхаа шарахь Iибадат цхьаьна до тоба,
Маккарчу нехан яра башха тидамехь,
Цундела дин кхайкхадеш деза довзийта.

3
Юкъара Iедал Макки чохь дацара,
Массарна оьшург дайта гIалин кхел яра.
Цу юкъахь тайпанийн тхьамданаш бара,
Уьш юкъарчу Iадатна тIетийжаш Iара.
4
Нехан юкъаметтиг чIирца ларйора,
Тайпанаша шаьш лардо юкъара низам.
Кхел гуллора гIалина оьшучунна,
Халкъ гулдой, кхайкхамца, беш мехала хаам.
5
Къурайшаш гулбан дуьххьарчу хьехаме,
Iадатан бакъонна тIетевжа Мухьаммад (; .).
Iуьйранна нах гIовттуш ас-Сафа тIера,
Гуламе нах кхайкха хутту и мохь бетташ.
6
Цхьа кхерам тIебогIу моьттина адамаш,
ТIе, кога юхаза, чуьра ара лелхаш,
Дихкинчу герзашца схьагулло, биэхьаш.299
Дац царна хууш, шаьш хIунда ду схьагулдеш.
7
Кхуьнан цхьаболчу накъосташна хаьа,
Ша Делан геланча ву и ала волий.
АллахIна Iамалаш яре уьш кхойкхуш,
ХIуьппалгаш лоруш Iар  – хоуьйтуш тилар дуй.
                8
Элчанан ;накъостий догйовха бара,
ХIуьппалгхой-къурайшаш хьехам шайна хезча,
Ас-Сафа кху ломахь АллахIах тешна,
Ийманан новкъа бовларх, къобал веш Элча (; .).

299 – биэхьаш – сих–сиха садоьIуш, хьуьхьбоьлла (запыхавшись).


9
Маккахоша хотту: «ХIун бах ахь тхоьга?»
Мухьаммада ;олу: «Кху ломана тIехьа
Шух лата кечбелла бIо бу ас аьлча,
Баккъалла, сох тешар дарий шу, маккахой?»
                10
Цара элира: «ХIаъ, тхо тешар дара,
Хьо цкъа харц луьйш тхайна хезна цахиларна.»
Цо олу: «Баккъалла, со ву шуна ваийтина,
Эхартан Iазап шуна ца гайта, Дала,–
11
– Дуьне, Iалам ду карахь цу АллахIан,
Цунна бен дац цхьаммо дан дезаш Iибадат.
Комаьрша, Нуьцкъала ву И луш рицкъа,
Шен динах шу кхето, со ву Цо хаьржина». –
12
Iабд аль-Iуззас элира: «Хайра доцуш
Дойла хьуна, хIара тхан ахь дохийна де!
Тхо туьйра дийца далорна, мохь хьоькхуш,
Кхерош, меттах даьхна Iуьйренций, кху метте!»
13
МаьI-маьIнехь маьхьаршца гIовгIанаш йоху,
Девашас аьллачо меттах баьхна наха.
Девешин зуда наьIалташка йолу,
Хьолахойн дералло сов карзаха йохуш.
                14
Iабд аль-Iуззех лаьцна Элчане ;сурат
Доьссира цул тIаьхьа Делера и къастош,–
Хоуьйтуш хир вуй жоьжахатахь вогуш,
Шен зудчо цIе ца яйта, дечиг тIе кхоьхьуш.




                15
Холкъалахь цунах, Абу-ЛахIаб олуш, –
«Жоьжахатахь меттиг берг» – йоккхуш цIе юьсу.
Иштта хьехам къурайшаша дIатотту,
Ткъа Дала-м мохь тухуш кхайкхаде, бах, Шен дин!
16
МостагIий гIевттира Макки чохь дуьхьала,
Дин кхайкхош нах дарбарх ийзало накъостий.
Дала тIедиллинарг деза чекхдала,
Дала бохург ца дича, Пайхамар ;волий!
17
–Хьайн гергарниш кхето волало хьалха,
ТIома кIел латтабе баьхкинарш дине.
Орца доцуш дуьтур дац Цо шу цхьалха.–
Джабраил ду диллина и вохуш йохье.
18
Кхин дIа цо ца гулйо майдане гIала,
Ша волчу цо кхойкху хIашимхойн тхьамданаш,–
Хьолахоша  мах бар тIехь латторна гIело, –
Цаьрца барт лахархьамма Деле уьш берзош.
19
ХIашимхойх реза хилла шовзткъа тхьамда
ВогIу Мухьаммадан ;хьехаме ладогIа.
Цаьрца кхуьнан девежарий бу: Хьамзат,
Абу ТIалиб, Iаббас т1е Абу-ЛахIаб а.
                20
Юьхьанца вовшашца тIекаре бовлий,
Iелас жимхалла деш, даарш дуу цара.
Iопашка300 оьхуш, буьзна шаьш бевлча,
ЧагIар мала хуьтту, массо да веш реза.

300 – Iопаш – биъна кхача кийрара юхагIертар, тIех вуьзна волуш. 


                21
Мухьаммада ; динах къамел дIадолош,
ОьгIазе Абу-ЛахIаб дуьхьала волу.
– ХIусамда бозбуунчалла ву долош, –
Олий, кхеран Iодика йой, и дIавоьду.
                22
Цунна тIаьхьа хIуьтту кхин болу хьеший,
Бухахь цхьа стаг ца вуьсуш, уьш дIаса боьлху.
Элчано ;уьш юха – ша волчу гулбой,
Даарх, маларх буьзча, динах дерг дIадуьйцу:
23
– Пайхамар вина, сайна ма-хьеххара,
Шу кхето хаьржина со Дала Шен динах.
Хир бу юьхькIай Делан некъа хиттинарш,
Дуненахь, эхартахь дIакхетта декъаллойх» –
24
–Шен дин тIелаьцна халкъ Дала ду толор,
Дуьхьала хIоьттина дерриг дуьне делахь.
ЮьхькIам бу-кх хIашимхошна шайх стаг харжар,
Ас бохург аша дахь, вай хир ду сийлахь. –
25
Хьешаша леранна ладугIу цуьнга,
Ца хетахь хIара Элча (; .), хьехам Делера.
Ткъа кхуьнца хиларна божарий шортта,
Ойла ю, кхарах кхетча, хьолахойл тола.301
                26
Хьал, таро йолу нах бацара кхаьрца,
Тоба стамлуш елахь, толам бац гуш цуьнгахь.
Уьш оьшург хилар дара гуш къовсамехь,
Шайн долчух бовларна, кхоьру уьш дIакхетахь.

301 – тола – ницкъ болуш хила.


27
– Дала суна тIедиллина шу кхетош,
Шена Iамалш яйта нийса новкъа дахар.
Вуй шух цхьа тIаьхьа хIотта, сох веш ваша,
Хуьлуш сан син буьйранча,302 верас тIаьхьлонна?–
28
ХIашимхойх дош олуш цхьа вист ца хуьлу,
Ца туьгу керлачу динан бовла новкъа.
Жимачу Iелас хьалха мохь бохуьйту:
–ХIай, Делан Пайхамар (; .), со ву-кх хьуна накъост!–
29
И марахь, Элчано ;кхечаьрга олу:
– Сан ваша, син буьйранча, тIаьхьлонан верас,
ХIара ву шуна! Кхо бохург аш делаш! –
Гулбелларш дIабуху, вовшашка забарш еш.
30
Абу ТIалибе хьийзош наха боху:
–Диц ма де, хIинца хьайн дезар охьатеIа,
Вешин воIна, Мухьаммадана ;санна,
Хьайн кхиъна валазчу, жима кIантана тIехь.–
31
Гуламах хууш баьллера цхьа пайда,–
И дин шайна зене цахиларх хIашимхой кхетош.
ТIе цара дош ло – Мухьаммадна ;гIо дан,
Iуналла шайгара дан, керла дин даржош.
                32
Муьлхха дин лело Маккахь яра бакъо,
Элчанна ;дуьхьало яцара юьхьанца.
Боху цо адмашка АллахIе дерза,
ДIатосуш гергарло массо хIуьппалгашца.

302 – син буьйранча – тешаме дагавалархо, шена омра дан бакъо яла мегар долуш. 

33
Хьоьху цо: «Урхалла лелош ву АллахI,
Вац цуьнца цхьа накъост хIара дуьне лардеш.
Ша цхьаъ ву Иза, ларалуш массанхьа,
Ву комаьрша, массарна Шен рицкъа латтош.–
34
–Цуьнан карахь ду хIара дуьне, эхарт,
Цунна бен дан дезаш дац Iамал-Iибадат.
ХIуьппалгех делий бар ду боьха гIалат,
Эхартахь лур долуш жоьжахатин Iазап.–
35
–Вовшех къахеташ хила боху Дала,
Iибадат Шена деш, вовшийн деза боху.
Шух вина Пайхамар ;Цо боху, лара,
Шегара аяташ шуна хьоьхуш волу.–
36
–ШахIадат даладе, шаьш дине доьрзуш,
ТIечIагIдеш: АллахI бен кхин Дела цахилар,
Мухьаммад ;бакъ волу Цуьнан лай волуш,
Шен цIена дин даржо, Цо вина пайхамар.–
                37
Делера къамел ду нахе дIакхайкхош,
Цу юкъа иэлуш дац Элчанера ;цхьа дош.
Мухьаммадан ;даг тIе дара дIаяздеш,
Iарбашна шайн маттахь цо тIаккха дIакхачош.
                38
Дела ву Шен хьоме Элчанна ;гIо деш,
Цуьнгахь долчу хьелашна аяташ диссош.
Дуьхьало ечарна хиндериг дуьйцуш,
Шен езчу чIагIонашца тешалле х1уьттуш.




39
Масала: «Дуй буу Аса седарчий
Ловчкъучу меттигах! Йо чIагIо шуна гуш
Я гуш доцчунах! ЧIагIо йо баттах Ас,
Малхбален, Малхбузен Элан тIехь цIарах!–
40
–Бода шех хьерча буьйсанах йо чIаго,
ГIовттучу зIаьнарех чIагIо йо Iуьйренца.
Къемат–дийнах, бехк боккху сих303 бууш дуй,
РоггIана хьежочех, хьоьжучех леранна.304–
41
–Дарц даржочех, дийцинарг дIакхачочех,
Юханехьа догIучех, дIаIеначех тIехь.
Iаьржачу боданах, садоьIу Iуьйренах,
Буьзна баттах йо чIагIо, стиглан къайленех!–
42
–Ломах,305 цу тIехь гина хьерчорийн жайнех,
Iибадат деш дуьзна цIийнах306 йо чIагIо Ас.
Стигалийн тхевнех, ловза баьлла хIордах,
Малх кхеташ бовчу седанах307 дуй буу Ас.–
                43
–Гайта дац хIумма АллахIан востара,
Девза Делан сифаташ308 дезткъей ткъайоьсса.
И цхьаъ ву, хир волуш даима дийна,
Ша вина я веш вац, дац Цунах тера хIумма

303 – бехк боккху са – деган лаамаш юхауьйзучу Шен сих. 
304 – роггIана хьежочех, хьоьжучех леранна – Дала Ша хIора адмана хе хIиттийначу маликийн цIарах йина чIагIо.
305 – ломах – кхузахь буьйцург Палистинера Синай лам бу, Дала Муса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Шена тIевехна.
306 – Iибадат деш дуьзна цIа – КаIбатан маьждиг.
307 – малх кхеташ бов седа – Сахуьлу седа (Венера).
308 – девза Делан сифаташ – евзаш йолу АллахIан 99 сийлахь цIераш


                44
–Шун дахар долош, сацош верг ву Дела,
Стиглахь, лаьттахь мел дерг долахь ду Цуьнан.
Дуьненахь мел дериг, кхоьлина Цо Ша,
Поппарх вой Адам, – пIендех цуьнан йо Хьава.–
                45
–Дуьне мел ду хIинца даьржина адмаш,
Доьбуьйту Цо дIанисбинчу хин тIадамах.
Кхиарна тешаме къайлахчу меттехь,
Цхьа хан тоьхна, адаман хIух чохь денбала.–
46
–Шина Малхбален, Малхбузен  И  ву Да,
ЦIеначу цIарах ду жинаш Цо кхоьллина.
Цо кхоьллина маликаш цIе йолуш долахь,
Цо довлуьйту шу нанойн кийрара хьала. –
47
–Кхоьллина Оха шу шишша – стен, боьрший,
СадаIарна буьйса луш, де  дайта гIулкхаш.
Ца хета шуна и Делан къинхетам,
ХIун ду аш Делера дац аьлла дIатоттуш?
48
–Цо йоьгIна стигланаш, малх, бутт тIаьхь цхьаьна,
Даржийна латта шуна, оьшшург тIехь долуш.
Хан тоьхна лаьттахь, делла шуна дахар,
ТIаьххьара дерзош, Ша кечдинчу эхарта.–
                49
–Хазахетар, халахетар ду кхочуш
Цуьнгара, бахамехь, къеллехь дIанисдо Цо.
Латта къовлу лаьмнаш – доькъу хIордаш,
Шовданийн, йочанийн хиш латтош ду Дала.–




50
–Кхиийна тайп-тайпана ялтанаш шуна,
Дуьненчу дуьххьара аш даьхна дац уьш.
Цо ду шу кхобуш, уьш лело Iамийна,
ХIун ду аш Делера дац аьлла дIатоттуш? –
51
Дай боцуш ца хетта Iарбашна дуьне,–
Дахаран гечошка цара уьш боькъура.
ХIоранна кхачабеш къастийна белхаш,
Цхьаъ ларор воцуш – хетта царна массанхьа.
52
АллахI хилча, стенна юххе туьйсу Цунна,
Массанхьа ларалуш, тIе тоам Шех болуш,
И хилча шу гIовттор долуш барт хатта,
Йолу буц санна, кошахь юха дендина?
53
Даларций соцуьйтуш дахар адаман,
Эхартахь чан хилла лаьттах ийна дIадовш.
Иштта бу Iарбашлахь цу хенан кхетам,
Кошахь дегI гулдеш, гIовттадарх уьш ца теша.
54
–Шек хIунда дуьйлу шу, кошахь шу хилча,
ХIуъа дан ницкъ болучу Делан таронах.
Цкъа лаьттах, юха тIадмах шу кхоьллича,
Хала ма дац Цунна шу гулдан даьIахкех.
                55
–Къемат-де кхаччалц хир ду шу кошахь,
И де тIекхочу хан ю Делан къайленехь.
Дуьненан дахар соцу хан яц генахь,
Исрапил малик ду зурма латтош бетехь.–




56
–Кхочур ду адмашка барт хоттуш долу
Буьрса де дуьненан дерг дахар дIалоьIуш.
Латта дегош, стигла иэтIош и хир ду,
Шарлур ду латта – Iенаш гIаланаш, лаьмнаш.–
57
–И гур дац баьхнарш кхетар бу цу дийнахь,
Амма лачкъа, хьулвала карор бац меттиг.
Шен-шен дикий, вой узур ду цу дийнахь,
Мискъалан-зарраталла309 ца хьулъеш хIуьмалг.
58
–Бехказлош оьшур яц Кхел Дала ечохь,
ХIора са гуш хир ду дуьненахь ша динарг.
Дагахь лечкъийнарг къегар ду айкхаллехь,310
Тайпанах, гергарчех вер вац гIо доккхуш верг. –
59
–ХIораммо дIахьур бу кечбина шен мохь,
Кечбинчу мохье хьаьжна, кхел йийр ю нийса.
Къинойн мохь сов берш, хир бу жоьжахатахь,
Диканаш сов дерш, кхета Жаннатан ирсах. –
60
–Делан муIджизатех31I боьлуш – цатешар,
Далла юххе, Цуьнга нисбеш, гIоьнчий тийсар.
Къемат-де, юхадендар – туьйра ларар,
Жоьжахата гIур ву цу мохьца дерг валар.–
61
–Эхартан дахар, Дала цуьнца доьзна,
Юхадендар, барт хаттар адамаш делча,
Къобал дан ца лаьа бахам болчарна,
Хьарамлох, харцонах ца къаьхкаш леларна.–

309 – мискъала – зарратал – ченан буьртиган барамех жима хIума.
310 – айкхаллехь (айкхалла) – мел къайленгахь хилларг гучудаккхар дегIан меженаша къа латтош лелийнарг.
31I – муIджизат – Делера инзар (чудо).
                62
–Эхартан дахар дац бохурш ма-луъу–
Лелаш бу цIарматчу зуламех дIаийна.
Кура бу уьш, мисканиг – тосий вуьту,
Иймане баьхкинчех цабашарца боьлу. –
63
–ДIалуш аьтту куьйга, – вукхаьрга – аьрру,
Барт хоттучу хIоранга кховдор ду шен тептар.
Аьрронаш къиношна бу белха хIуьттур,–
Эрна ду, гуттаре хир ю церан цIергахь. –
64
–Къинош долчу Iесачийн хир бу лаам,
ТаIзарех хьалха бовла доьзалш дIабелла,
Ваша, йиша, тайпа тукхамца цхьаьна,–
Гечдарна цигахь дац Делера бен орца.–
65
–Цатешнарш кIужалех дера кадетташ,
Кхуьссур бу, марса яьлла, йогIучу цIерга.
Кхузткъей итт дол312 еха зIе, дегIах чекхйоккхуш,
ЦIийн Iоврийн диларшла беттар бу бертала.–
66
–Цатешнарш латтор бу бекхаман хьолехь,
Самум хIой, цIийдина хий, Iаьржа кIуьран къахь, –
Хир ду церан даар – деккъа зуккъуман313
Рицкъ – иблисан коьртах тера стоьмашна тIехь. –
                67
–Эмкалийн барамехь суйнаш ирхъоьхуш,
Жоьжахатин цIергахь ду Iесачийн эхарт.
ЦIийдина хий, ноткъий ду Iаббалц мийлош,
И хьал царна лаьттар ду Дала гечдаллалц.–

312 – дол – куьйган пIелгаш тIера пхьаьрсан голи тIекхаччалц йолу куьйган юкъ.
313 – зуккъум – жоьжахатин дIаьвше стоьмаш тIехь долу дитта. 

68
Шайн токхен дахарна кечбина кхерам,
Мухьаммада ;даржо дин хета хьолахошна.
КIедалле, важаралле, сагIе кхайкхам,–
Лай марша бахар тIехь, ма цатара царна.
69
Цундела уьш ца теша Къемат-дийнах,
Барт хаттарх, кошара адмаш гIитторах.
Массанхьа цхьа Дела ларош ву бахарх,
Ца теша уьш Мухьаммад ;пайхамар хиларх.
70
Жоьжахатин цIе шайх тасарх ларбала,
Хьал долу къурайшаш бара кхера безарш.
Динах болу хьехам хезаш дац лергаш, –
Куфраллин догIмех церан кхетарна мухIар.
71
–Далла дуьхьал хуьттур бу Къемат-дийнахь,
Дела кегий къиношна гечдеш 1а денна.
Дела гечдеш ма ву Шен хьокъна лешна,–
Нехан хьокъна гечдац, дай бовллалц къинтIера.–
72
–Муъмин нах бу Дала Жанната гулбеш,
Дела цхьаъ вина, Элча ;бакъ винарш, тешна.
Кхочуш беш хиллариш динан бехкамаш,
АллахIна Iамалш ян гIиттинарш буьйсанна. –
                73
–АллахIна рукуIе, сужуде оьхуш,
Ламазаш до цара, шайна гечдар доьхуш.
Шайн долчух сагIа ло, марханаш кхобу,
Байшна рицкъа дIакхачош, боху леш марша. –




74
–Шайн сакхтен амалех цIанло уьш денна,
ГIо до шайн мискачу бусалба вежаршна.
Рибана314 генахь бу, Делах кхерарна,
Барам ца эшабеш, мах бо цара цIенна.–
75
–Барт хоттучу дийнахь юьхькIай шаьш хилла,
Дала де бохург деш, дитта бохург дитнарш,
Дуьненахь леллариш шайн ийман гойтуш,
Жаннатан зовкхашка бу кхача хьакъ хилларш.–
76
–Тайп-тайпана стоьмийн бошмийн IиндагIаш,
Бухахь ду хин, шурин, чагIаран татолаш.
Даржийна кузаш, тийсина тIе назбарш,
Декъаллойн, и дерг гуш, екхна го яххьаш.–
77
–Жимхаша кхоьхьур ду царна тIе кедаш,
Ца вахочу башхьачу чагIарах дуьзна.
Таснима315 хьостан хи мийлор ду хьостуш,
ХIуьрлаIан мехкарий шаьш гонаха хьийзаш.–
78
–Баккъалла, муъмин нах бошмашка кхачош,
Дала даа, мала дIахоттийна шортта,
Царах дIатухур бу шайн-шайн доьзалш,
Дага мел догIу рицкъа тIекхачош царна.–
                79
–Дуьненан хьагI, гамо, къийсамаш, девнаш,
Ялсаманехь лелар дац адмашна юкъахь.
Къамелехь хезар дац, лараме дош бен,
«Салам – маршалла» ду эр вовшашка гIилкхехь.–

314 – риба – духалург лучу ахчанна тIе ахча доккхуш % хоттор.
315– Таснима – ялсамани чуьра шовда, иза цкъа мелча цкъа хьаг ца волуьйтуш хи долуш.
               
                80
–Дуьненахь мел эшнарг дерг хилла кхочуш,
Ялсаманеш ю Делан цхьа доза доцуш.
Дуьненахь Далла шаьш гуш хилар хууш,
Исламан бехкамаш ларбинчарна латтош.–


Рецензии