11-дакъа Бусалба дин даржорна къурайшаша дов хьеда

–КаIбатан Дена де Iибадат Шенна,
«Мацаллехь» лечуьра, Цо даьхна шу, дузош.
«Пийлан бIох»316 Цо ларйира хIара Макка,
Къурайшийн сий, ларам Вай хиларна ойуш.–
2
–Къурайшашка безам бу Къуръан доссор,
ЦIена Iарбийн маттахь – дерриг къам кхетийта.
«Пийлан бIо» бохор бу Делан къинхетам,
Къурайшех Элча ;харжар бу Делан лерам.–
3
Мел дийцарх Цо дуьне, адам Ша кхолларх,
Шен безам гойтуш къурайшашка Дала.
–Шайн дегнаш тIехьовзо муIджизат гайта,
Ала Деле, – Мухьаммаде ;боху цара.–
                4
–Тхо тешо муIджизат гайтича Дала,
Делаца хьан зIе хиларх тешар дара тхо.
Беллариш денбан хьайн ницкъ болчу Деле,
Денвайтахь Къурайша,317 вай тоьлла Iуналхо.–
               
316 – «пийлан бIох» – Маккара КаIбатан междиг дохо веанчу Йеманан сардалан Абрахьатан эскарх аьлла. 
317 – Къурайша – къурайшин тайпанан юьхь йолийна хилла Фир, шолгIа цIе Къурайш тиллинарг наха.


                5
Я олу: «Маккина го лаьцна лаьмнаш,
Ницкъ болчу хьайн Деле таттийтахьа дIаса,
Шордан, гатделла,  кху гIалин урамаш
Я хи даккхийтахь дилла аренга еса» –
6
–Хьан Дала хьолахой лоцуш бу бале,
Шух дIа тхо ца кхетахь дуьненахь, эхартахь.
Цунах цадашарца тхо доьлуш хилча,
Тхуна тIе Деле стиглара тIо318 тохийтахь!–
7
–Хьо къеллех марша вала, еха хьайна,
Стоьмийн беш, дика цIа, дешин, детин хазна.
Хьо ма ву базарахь баьпган юьхк лехна,
Деле, хьайн сий Цо дар, гайта ала тхуна.–
8
–Аш де боху хIумнаш, доьхур дац Деле,
Кхетадеш, къинхетам шух байта со веъна.
Сан хьехам тIеэцахь, шу ирсе хуьлу,
Ца эццахь, сан бехк бац, шу дакъаза довлу.–
9
–Нахана лууш дерг  Деле цадехар –
Иза-м цо шен оьздалла схьагайтар дара.
Бакъ ван Шен пайхамар Дела вац декхар,
Къурайшаш къарбалийта муIджизат гайта!?–
                10
–Къурайшийн шеконаш муIджизат гича,
ДIаевр ю, Мухьаммада ;дуьцучух тешаш –
АллахIан бакъ Элча, Мухьаммад ;хиларх,
ХIуьппалгийн деланех шаьш сихонца къаьсташ.–

318 – тIо – кегийра тIулгийн догIа тIеделхийта дехна маккахоша.
               

                11
Шеконан ойланаш кортошка хьийзаш,
Тоба динарш тIаьхь бара муIджизат дезаш.
МуIджизат гича, халкъ дисча ца тешаш, –
Делан низам ду и къам, дийна, дIадоккхуш.
12
–Ша цунна ца доьху муIджизат Деле,
Шу тешар дацарна Цо ца гойту иза.–
Мухьаммада ;олу Маккин охIлане:
–ХIуьппалгех хадахь, довлу шу динан новкъа.–
13
–МуIджизаташ гина шаьш хIаллак хилла
Самудаш, шайна гуш Дала, лам батIийна,
Ара яьккхина пхьора эмкал йийна,
Иза маьрша ца юьтуш, когаш хедийна.–
14
–Мисрара ПирIунан  бIо  хIаллак хилла,
МуIджизаташца Делера Муса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) веъча.
Цо гойтург цара саьхьралла319 лерира,
ХIорд бекъначу геченехь уьш бойу Дала.
15
–Iадойн320 къам даьллера иштта дакъаза,
МуIджизат, пайхамар ХIуд (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) харц вира цара.
Буьрса мох хьокхуьйтуш уьш дIабехира,
Уьш баьхна меттиг херцорашка йирзина.–
                16
–Шун ган баьргаш, ойла ян кортош хилча,
Олура Элчано ;дуьхьал бевлачаьрга.–
ГIортор йоцу стигал, малх, бутт, седарчий,
ДогIано латта дендар, дей, буьйсий хийцар;–

319 – саьхьаралла – бозбуунчалла ларар, лам бетIаш цу чуьра пхьора эмкал араялар самудаша.
320 – Iадой – Дала Iеса хиларна хIаллакдина шира къам

17
–Царах хIун ду те аш харц деш дерг Делан?–
Хоьтту Элчано ;вахьин дешнашца цаьрга.
Оцу Iаламатех-м уьш тешаш бара,
Амма иза цхьана Делан болх ца хета.
18
–Цхьана Деле далуш дерг йиш яц техьа
Кхин болчу делийн, дан корматалла, хила?–
Дайн динна ямартло йи аша, бохуш,
Ца беза муъмин нах къурайшийн элашна.
19
IабдаллахI цIе йолчу цхьана шичас аьллера
Элчане (; .): цо масех муIджизат гайтича,
Ша-м тIаккха, хьан некъах, тешар вацара,
Бозбуунчалла цунах эза хеттаза.
20
Дайн динах лаьцна церан къовсам баьлча,
Дала вахьица ИбрахIимах (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дерг дуьйцу.
Цо Iарбойн деца ИсмаьIалца (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) цхьаьна,
АллахIан маьждиг–КаIбат дендар довзуьйтуш.
21
Кху Маккин беркат цаьргара долало,
Пайхамарш уьш хилла АллахIа бахкийтина.
Церан дин къурайшийн дайша дицдина,
Макки чу Iамалшна  хIуьппалгаш гулйина.
                22
Шера гуш дара Iарбашлахь дуьххьара
Хилла дин цхьана Далла Iамалш еш хилар.
АллахIа Шен дин юха карладаккха,
Мухьаммад ;Элча вина Iарбашна хьажавар.




23
Тесна дин дендеш ю Элчанан ;тоба,
ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) лардина – Жайнан низамехь. –
Къурайшийн дай бевлла, харц динан новкъа,
ТIаьхьенаш шайн чIагIйина кхоччуш тиларехь.
24
ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), ИсмаьIала (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) лардина
Iарбашка, къурайшийн дайшка, дин дIаделла.
И дин ду Ислам. Ткъа сонта тIаьхьено,–
ХIуьппалгашна тIе боьрзуш, иза хийцина.
25
ХIинца тIаьхьенна муIджизаташ деза,
Дицдина цIена дин карладоккхуш шайна;
Денна гучу муIджизатех ца тешаш.
Къуръан дар-кх муIджизат царна АллахIера.
26
–Иза Оха доссий Нуьцкъала буса321
Хьалхарчу сураташкахь Дала и боху.–
И Ловхьал–Махьфузехь322 ду лардеш Жайна,
И гулдар, Iамор, цунах кхетор Тхан болх бу.–
27
–Баккъалла, беркате Къуръан ду хIара,
Iаламийн Дас Шен Элчанца (Делера маршаллла хуьлийла цунна. с.) шуьга дIакхачош.
Динехь цIанбелларш бен  хьакхалац цунах, –
Боху Дала, къурайшаш-м бац тIаккха тешаш.
28
Къуръанан суратех тешац къурайшаш:
Къемат-де, юхадендар, барт хаттар цаьрца.
Пайхамарех дийцарш, маликаш диссар
Элчанна ;сураташца – туьйра ду царна.

321 – Нуьцкъала буьйса – мархин баттахь хуьлу ЛайтIакъадран буьйса.
322 – Ловхьал– Махьфузехь – Делан къайленийн тIорказ
                29
–Туьйранаш,– бохура, сийсаш, къурайшаша,–
Тхуна хаьа уьш мичара ахь гулдина.
Рахьман – Ямамера323 я кхечанхьара,
Кхин цхьадолу дийцарш дац Делера кхаьчна.–
30
–Берриге пуьташ бу ахь тхуна буьйцурш,
Дац Дала вахьи деш, малик хьуна хьажош.
Хьира ломахь дерг, бу хьайггара аьшпаш,
Хьайх геланча Дала вар, ду моьтташ даржош.–
31
Бохуш, чугIертара Элчанна ;цхьаберш.
–Иштта дера ма дийца, – олу кхечара.
«Амин» цIе Элчанна ;наха тилларна,
Диканаш деш цуьнан сий Маккахь даржарна.
32
–Адмашлахь вожаралла кхайкхадо цо,
ГIарбаш мукъа бохуш, бузабо мисканаш.
Цундела и лору къен нехан гоно, –
Ца хууш иза хилар жинаша эгIийна.–
33
–Жинийн хьу йолчарна бIарлагIаш хIуьтту,
Мухьаммад ;ву уьш гуш, цамгар тIейогIий.
ГIалартех и теша, шена гуш долу. –
Цунна къурайшаша Мухьаммаде ;боху:
                34
–Хьайна го бохуш, ахь дуьйцу хIумнаш,
Жинийн кара вахарна, хьох цамгар летта.
Хьо товала лууш, до оха дехарш,
Реза хилахь лоьре хьайна дарба дайта.–

323 –Рахьман Ямамера – Iарбийн къоман  туьйранча.

               
                35
–Шуна моьттарг дац соьца, – олура цо,–
Делан малик ду суна дандезарг хьоьхуш.–
Вукхара-м, ца тешаш, чIагIйо дуьхьлонаш,
Хьехамна Мухьаммад ;лаамехь сов вохуш.
36
–Ма кхера, хьо Вайн Iуналли кIел ву Iаш,
Собаре хила,– боху Элчане (I. с.с.) Дала. –
Хаставе Дела буьйса, де ца къестош,
Седарчий дIадайна, малх къегина дийнахь.–
37
Къурайшаш ца бешаш, Iиттарш еш хилар,
Элчанан ;хьехамаш туьйра деш белар,
Цец вийла, дац хьалха леланза хIума,
Кхин къаьмнийн нисделла пайхамаршца иэгIар.
38
–Харц вира Муса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) шен бIоца ПирIуна,
Нохь-пайхамарна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) шен къам дуьхьала даьлла.
Самудаш дуьхьала бовлу Салихьна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
Къаьмнаша пайхамарш телхина лерина. –
39
–ДIакхайкхаде! Делан къинхетам бахьанехь,
Ца хили со тилла, саьхьаралла долуш,
Аш вечу илланчин кхоллам кIел вогIуш.
Харц лерца шун хьийзар, Дела ма ву гуш!–
                40
Дала боху юха, там бу наха ала:
–АллахI бен Дела цахилар – цо даьккхина!
Дийцийтал цаьрга шаьш бакъ деш делила?
Мила ву уьш кхоьллинарг, стигланаш, латта?–




41
–Шаьш-шайн кхоьллина техьа цара тIадмах?
Буьрса де тIекхаччалц уьш богIур бац берта,
Цундела бита уьш тилар чохь лела,
Цу дийнахь хир дац царна цхьанхьара орца.–
42
–Шуна гуш я ца гуш долчуьнца Дала,
ЧIагIо еш боху: «Шух хаьржина пайхамар
Ву Делера цIена дин хьоьхуш шуна,–
Шегара доцуш дош доцуш шех иэдалар.–
43
–Шегара дош тIетоха лаарций цунна, 
Цуьнан дог Оха сацор дара дIатоьйтуш.
Къуръан Делах кхоьручарна доссийна,
Эхартан Iазапех ларбала Iамуьйтуш.
44
–Шена муьтIахь болчу лешна юкъара,
Iаламийн Элано324 оьздачех хаьржина,
Тешаме шун стагах – Шен Элча вина.
Екхначу аненехь цунна малик325 гина.–
45
–Къуръанан сураташ малико цунна
ТIекхоьхьуш ду пурба АллахIа даларна.
Цо ларво Ша хьажийна Шен геланча,
Берахь дуьйна ца вуьтуш тIаламза тесна.–
                46
–Оха ца баьстира хьан кийра цIанбеш,
Хьан дегIана ницкъ бо мохь чуьра боккхуш?
Нахалахь хьан сий, мелла лаккха доккхуш,
Хьан некъахь-м нислур бай халонца иэшамаш!–

324   – Iаламийн Эла – АллахIан  99 – цIарах цхьа цIе ю.
325 – Екхначу аненехь гина малик – Джабраил малик ду.

47
Шена веза Элча ; жимма галваьлча,
Цуьнга бехк боккхуш дуьссу Делан аяташ:
–БIаьрзе стаг тIевеъча, ца ви ахь тергал,
Там ма-бара, и хьан хьехамна тIеверза.–
48
–Гучуваьлча хьал долу стаг, хьо цунна
Векхалой, велалой тIевоьрзу хьасталуш.
Воцушшехь бIаьрла и, висарна Iеса!–
Эццахь Дала и нисвеш бо хьехам цунна.
49
Хала дара юьхьанца ислам даржош,
Къурайшаш Элчанна ;бовларна дуьхал.
Емал во и цара, вон мел дерг дуьйцуш,
Ву бохуш и долуш жинийн саьхьаралла.
50
Делера сураташ жигара даржош,
Бу дине баьхкина Элчанан ;асхьабаш.
Хадижат ю и цIахь ир-кара хIиттош,
Дин даржош цIийндена дика гIортор хилла.
51
Цара дин кхайкхийнчу шарахь хозуьйтуш,
Къурайшаша дуьхьало, мел чIогIа йинехь,
Царна белча хир долу Iазап дуьйцуш,
Бусалба нехан хьесап кхочу бIеанга.
                52
Дош даше долуш, чучча гIортар нислуш,
Бусалба тобанна кхерамаш туьйсуш,
Хьал дара Макки чохь, гIоьрттина лаьтташ,–
Амма и кхиссарш яра даръяла мегаш.




53
–Къурайшаша сий деш, базбеш болу дай,
АллахIах дIахадарна богур бу цIергахь.
Йиш яц уьш Деле беха тоба динчийн,
Нагахь шаьш цаьрца хIаллак хила ца гIертахь.–
54
–Хьайн да, нана хьуна мел дезаш делахь,
Нагахь уьш хIуьппалгашна Iамал еш хилахь,
Бусалбнийн яц бакъо уьш Деле беха,
Делан декхар хьалха ду кхин долчу гIулкхел.–
55
АллахIан вахьишца иштта долийра
Элчано ;доза тоха шайн мостагIашца.
Цу балхо къурайшийн синтем байира,
И кхерам хиларна мах бохош Маккица,326.
56
Iарбийн тайпанийн «деланийн» бух латтош,
Мах баран лард327 чIагIделла ю Маккин хьарма.
Iарбийн ахгIайре КаIбатахь ю хьаждеш, –
И дерриг дохош лору исламан тоба.
                57
Деланаш сийсаз беш, боьлуш болчаьрца,
Къурайшаш маьрша Iахь, мах соцур бара.
Маккара дахар дара лаьтташ мах бар тIехь,
Хьаждаран декхарш, кхузахь тIера дахарна.
58
Хьал долу къурайшаш са кхиъна бара,
Исламан дин цIарах гулъелла тоба
Коьрталла Макки чохь дерзийна кара,
Тхьамдалле кхочур юйла шаьш эгош шога.
326 – мах бохош Маккица – бусалба дино КаIбатехь Iамалш еш болу хIуьппалгахой Деле беха магош цахилар къурайшаша тIелаьцча, Мухьаммада ма – баххара, Iарбийн ахгIаре КаIбате гIертар яцара, хьаж деш механа, тIаккха къурайшийн,  маккахойн дан амал дацара мах сецча.  327 – лард – бух (фундамент)
59
Абу ДжахIил, Абу Суфьян кхин болу
Къурайшийн тхьамданаш бац цкъачунна бешаш,
Элчане ;диссарах Делера вахьиш,–
Амма го тхьамдалла шайгара дIаийзош.
                60
Царна бен дац эгIийна я тилийна,
Шегара баьхна пуьтех и тешна велахь.
Ткъа тоба дебале и саца ца вахь,–
Дерзор ду Маккин халкъ цо шен кога кIелла. 
61
Динан урх, Iедалан мукъ бодахь кара,
Цо низам хIоттор ду, Делера ду бохуш.
Къурайшийн эланийн бахамаш бохош,
Макки чохь, цул дехьа ислам дин тIечIагIдеш.
62
Ницкъ алсам шайн хилча, толам шайн хеташ,
ТIом боцуш маслаIат дан гIоьрта къурайшаш,
КаIбатан маьждигехь гулбелла цара
Мухьаммаде олу: «Хьо ву-кх дай емал беш,–
63
Церан дин харц деш, деланаш ца лоруш,
Тайпанан барт бохош, гергарлош вайн дохош,
Кхардарца вайх кхин тайпанаш делош,
Алахьа оьшург: «Бахам, дарж, паччахалла!?–
                64
И реза хир воций хаара царна,
Бехказло еш дара и нахана хьалха.
–Iаламаш кхоьллинчу Далла тIе дерза,
ДIатаса хIуьппалгаш, – цо делла жоп дара.




65
–Ма хила сутара байн даьхни даа,
Рибах юха кхетий, мискачарна гIо де.
Гергарчийн аьтто бе, мецанаш бузош,
Бахаме безам шайн Далла тIе хьовзабе.–
66
–Ас сайна хIумма ца доьху,– цо олу.
Цо бохург бакъ дина, уьш тIаьхьа  хIиттахь,
Мухьаммад ;пайхамар ларар тIедужу, –
Ткъа и дан-м къурайшашна дацара дагахь.
67
Цундела бара уьш беза мах белла,
Бусалба дин даьржа некъ сацийта реза.
Дарж, хьоле Элчанан ;бендацаралла,
Къурайшашна кхераме ду бIе оьзарза.
68
Мухьаммадца ;барт хир боций хиъча,
Къурайшаш тIебахара Абу ТIалибна.
Вешин кIант сацавар тIедожош цунна,
Къурайшийн, хIашимхойн и тхьамда хиларна.
69
Абу ТIалибе цара олу: «Вайн дин,
Деланаш, ворхIидайн Iадаташ емал деш,
Барт эккхош, адамаш дарди цо гIалин,–
Сацаве шайн стаг я дIатаса шайх къастош.
                70
ХIашимхойх къастийча, и вийна стаге,
Iарбийн Iадатца  яцара чIир хьеян йиш.
Абу ТIалиба жоп ло царна гIилкхехь,
Вешин кIант кхето ша хьожур вуй хоуьйтуш.




71
Хоуьйту Элчанна ;ша реза вацар,
Тилла и леларна, ша элча тарвелла.
Гуш ду и жинийн хьу кхетта хилар,
Цомгаш стаг тайпанах къастор ю къизалла.
72
Сатийна ца боьрзу къурацшаш цIехьа,
Вацара Мухьаммад ;шен болх юхаоьзна.
Къурайшаша Абу ТIалибе тIаккха
Олу: «Аш сацош вацахь, и вита тхуна,–
                73
–Ца витахь! Я тхьоьца тIом бан тIелаца!
Шун стеган питано дохийна вайн низам,
Маккара дахар ваьшта дан ца дуьтуш,
Цо даржийна зуламах, халкъ доьхна хьийза.
74
Макки чохь лоручу наха дов хьедар,
Абу ТIалибна оьшуш хIума дацара.
Мухьаммад ;мел везахь, тIамца и ларван,
Берта бахка хIашимхой бацара реза.
75
Къурайшийн сацам шена хиъна баьлча,
Девашас вешин кIант тIекхайкхира шена.
Къурайшийн лаамаш дIабуьйцу цунна,
Дехар деш Мухьаммаде (; .), холча хоттарна:
                76
–Вешин кIант! Хьайца со хатIе ма вехьа,
Соь бахьалур боцу муохь, ма биллахь сан  ги! –
ГIо доцуш девашас ша вуьту моьттина,
Элчано ;чIагIонца иштта дешнаш хазий:




77
–Лург хилча бутт, малххий – ший цхьаьна тоьхна,
Деваша, со юха ваьлча цара суна.
Я вен со чIагIо яхь, цара катоьхна –
Саца дагахь вац со, тоьлча бен Делан дин!–
78
Олуш, Мухьаммад ;бIаьрхишца дIахьаьдча,
Тесна и вита дагахь воцчу девашас,
Кхайкхина тIевалош, аьллера цуьнга:
«Хьо реза верг де, хьо царна дIалур вац ас!»
79
Къурайшийн новкъарлош сов юьйлуш денна,
Бусалбнаш КаIбатан хьармара лохку,
Шакаршций, гIовгIанций уьш бохуш гена,
Нах гуллучу меттехь бистхила ца буьту.
80
Къурайшийн бIо стамбеш хьадалчаш гора,
Хьоладайн кховдорашца шайн рицкъа доьзнарш.
Бусалбнех тийсалуш массанхьа уьш бара,
Шайна хьаьвда латточийн лаам беш кхочуш.
81
Маккел ара, гена бевлчий ца буьтуш,
Бусалба нах сапаргIат Iамалш ян Далла.
Боьрахь 328хIорш сарахь ламазе хIуьттуш,
ХIорш аьшнаш беш бовлу хIуьппалгхой дуьхьала.
                82
Буй-тIаре долу тасадаларш церан,
Бусалбнех СаIада ибн Аби Ваккаса
Лаьттара эмкалан мочхал329 тIетоьхна,
ЦIий Iанош, лазаво хIуьппалгхо дин доьхьа.

328 – боьра – шина ломан я регIанийн тIаьIна чоь. 


83
Ислам дин чIагIдан Iаьнна цIий и дара,
Бакъ, харцций къовсалучохь, тIом баре кхойкхуш.
Герзашка гIуллакх даккха кийчаниш бара,
Амма гIора тIех алсам хIуьппалгхойн дара.
84
Къурайшийн, бусалбнийн дов лаьтта сийсаш,
Гуш-хууш дарделла дара иза кхоччуш.
Кху муьрехь къаьсттина собар ду оьшуш,
Бусалба нахана гIорасиз шаьш болуш.
85
Хьал долчех иймане веъна цхьаъ вара,
Махьзуман некъех аль-Акрам – цIе айелла.
Бахамо луъург дан маьрша витарна,
Ас-Сафа ломара цIа джамIатна330 цо ло.
86
Къурайшийн дералла зуламашка яьлча,
Мухьаммад ;аль-Акраман тхов кIел кхелхира.
Дин хьехар, Iамалш яр кхузахь дIакхехьа.
Миладан ялх бIе доьйтталгIа шо и дара.


Рецензии