12 дакъа Къурайшаша хIуьппалгхоша

1
бусалба нахана тIехь къизаллаш лелоран мур».
1
Бийца дай боцу Маккара бахархой
Абу ДжахIилца Абу Супьяна кIамбеш,
Мухьаммад ;цхьанххьа ца вуьтуш дин кхайкхо,
Iиттаршка бевлла, бара питанаш лелош.


329 – эмкалан мочхал – эмкалан цергаш тIехь йолу лахара салаз.
330 – джамаIат – адамийн вовшахкхетта тоба


2
–Хьовсал, Iабд аль МутIалибан тIаьхьене!
Стиглахь дерг тIехь, массо хIума ву хууш!–
Маьхьаршца уьш бовлура Элчанна ;бале, –
Холмачхо, иэгIийна илланча ву бохуш.
3
Илланча бохург ца дуьту цунна тIехь,
Элчанан ;мостагIчо Валид аль – МугIирас.
Поэт волчу цо Мухьамадан ;похIмехь, –
Хилла бац олу байтийн я иллийн хьаса.
4
Ала дашна, Маккара илланчаша,
Бертахь цхьаьна, Мухьаммадна ;дуьхьало йо.
Беламе востара церан байташа,
Бусалба дин даржарна йора новкъарло.
5
Элчанан ;кIентий – беран хенахь кхалхар,
Деланаша тIаьхьенах и хадор лоруш,
Къурайшаша «ЦIагарниг» олу цунах.
Хала ду иза лан, хIашимхойн цIе южуш.
6
Дайшкахь дуьйна хилла сий ду кхуьнан лах деш,
Шовзткъа шеран оьзда цIе ченала хьекхош.
Бийца дай боцу хIела-хIуьлех331 тоьхна,
Пхьоьхано вара Элча ;нахала воккхуш.
                7
Маьттаза дешнел тIех йовлу дуьхьлонаш,
КаIбатахь бусалбнашна тIе кхуьйсу хатташ.
Элчанан ;неIсагIе Iенайо диларш,
Бусалбнашца сих-сиха буй-тIаре буьйлуш.

331 – хIела-хIуьла – бийца бух боцуш, хIумма йоцу хIума.


8
Цхьана дийнахь Элчанна ;го бо цара,
Шайна хилла цатемаш дуьхьала бетташ.
Цхьаммо Мухьаммадан ;кучан кач лоцу,
Абу Бакарс, юкъа уьйш, пхьоьхане олу:
9
–Шен Дела АллахI ву боху стаг вийна,
Шаьш дакъаза довла хьаьхна ду теша шу?!–
Къурайшаш севцира иза вистхилча,
И бIаьрхишца, кхохкийна, дарвелла гича.
10
Цу дийнахь, Абу Бакран йоIа дийцарехь,
Цуьнан ден луьста маж яьккхинера лелха.
Юкъ-юкъахь девллачу юьхь тIера кIаьгнех,
Гуш дара тасадалар леладар аьрха.
                11
«Исламан иэхьан да» яьккхина цIарца,
Iарбаша дийцарехь Абу Бакар ваьхна.
Iаьржа тIулгана тIавапехь барт ло цо
Олуш: «Барт ло хьуна – Элчано ;баларна» –
12
Кхин цхьаъ ду аль-Акраман цIийнехь хилла,
Къурашийн хьагI кхехкаш, Мухьаммад ;цигахь Iаш.
Абу ДжахIил, бакъ цIе-Абуль-Хьакам лелла,
Лийнера Элчане ;боьха бага етташ.
                13
Элчано ;дуьхьала цхьа дош ца олуш,
Дог токх и КаIбатан тобанна тIе воьду.
Цхьа зуда нисло – маьттаза дов хезаш,
Цо таллара вогIучу Хьамзате и дуьйцу.




14
Элчанан ;деваша Хьамзат, цIе яхна,
Вара говза таллархо, нуьцкъала бIотIа.
Теллина цIа вогIуш, КаIбатан пхьоьханна
Хьамзат тIевоьдура тIавап дина ваьлча.
15
КаIбата воьдучу Хьамзате зудчо
Дуьйцу Абу ДжахIила Элчане ;баьхнарг.
Дарделла  лом санна, юссий оьгIазло,
Хьамзат дIахьаьдира Абу ДжахIил каро.
16
Шен нахана юкъахь карийра цунна,
Ша лохуш волу шен вешин кIентан довхо.
Чов еш цунан коьртах секхаIад тоьхна,
«Кхин еттар юй ахь,– олу,– маьттаза бага?»
17
–Цо дуьйцург бакъдеш, х1инца со ву хьуна!
Хьайна тоьхнарг екхал ахь, хьо вахьахь суна!–
Гергарниш гIевттира декха Хьамзатана,–
Уьш Абу ДжахIила дIасовцийра олуш:
                18
–Вон мотт ас леби цуьнан вешин кIанте,
Хьамзина тIе куьг кховдо дац цхьаммо оьшуш. –
Цигахь ша делла дош лардо Хьамзата,
Иймане воьрзу и, Элчано ;бохург деш.
                19
Тешаме гIортор хилла дIахоьттира
Иймане Хьамзат вар бусалба тобанна.
МостагIий хIинца тIех девнех ларлора,
Амма и хьал долчу къурайшех вацара.




20
Къенчу нахах яра Хьамзатан зуда,
Майра къонах ша велахь, таро яц цуьнан.
Махьзумийн, Iабд Шамсийн бераллехь дуьйна,
Харцо ца езарна, муъмин хуьлу иза.
21
Даггара тешнера Хьамзат АллахIах,
Дин чIагIдеш шен са тIехь дIаделира цо.
Элчанна ;зен динарг вер воций чIирах,
Хоуьйту массарна ХIашиман тайпано.
22
Элчанах ;хуьйцуш аль-Валид332 дIавелла,
ХIашимхошца барт бан гIоьртира къурайшаш.
Абу ТIалиб реза ца хуьлу цунна,
Нехан стаг кхаба вало, вешин кIант воьйтуш.
23
 Элчанан ;тобанца къурайшийн девно,
Пхьоьхано эвхьаза еш йолчу Iиттарша,
ХIашимхойн, Мухьаммдан ;лахбо лерам.–
Вахьишкахь Дала неIалт кхайкхадо царна.
24
–ХIаллак хилда Абу ЛахIабан ший куьг,
Ша-м хилира иза  хIаллак,– боху Дала.
– Шен бахамах цунна гIо хир дац цуьрриг,
ГIур ву и зудчуьнца жоьжахатин цIерга.333–

332 – аль – Валид – къурайшаша Мухьаммадах ;хийца луш хилла ХIашиман некъашна кхаба, Мухьаммад ;шайга воьйтург
333 – Абу ЛахIаб вогур ву жоьжахатин цIергахь, цуьнан зудчо гехь дечиг кхоьхьуш цIе марса яккха – иштта аят доьссинера Элчане ;Делера, Абу ЛахIаб шен вешин кIентан мостагI хилла дIахIоьттича.
 
25
«ЦIергахь вага кечвинарг»,– цIе ю иза,
Вуьшта-м цIе яра цуьнан Iабд  аль-Iузза.
Дала хуьйцу и цIе, вахьица говза,
Хоуьйтуш мостагIашца Ша хир вуй къиза.
26
Абу ЛахIабан зуда – Умм Джамила,
МостагIчун, Абу Суфьянан, яра йиша.
Бусалбнаш сийсаз беш уьш леларна–
Кхуьссур бу шайн дегнех чекхъюьйлучу цIерга.
27
Iазап ду кечдина Абу ДжахIилна,
Эхартах, жоьжахатех и цатешарна.
Бусалбнийн Iамалех кхаьрдаш веларна,
Иза вуха ца валахь, таIзар хьоьжу цуьнга.
28
МугIиран аль-Валид бусалба нах хьийзош,
Вара Маккахь долийнарг къизаллин таIзарш.
Къуръан чохь Дала Элчане ;ду бохуш, –
Iад вита и Шена, дайта цIергахь хелхарш
29
Ма тешалахь боху Элчане ;Дала,
Багахь хаза дуьйцучу мунепикъ нахах.
Ма кхера бахамца кIентий болчарах,
Ма лазош, дера ка, тухур ду Оха царах.
                30
Бусалбнаш ир-кара хиттабо Дала,
Собар де боху, мостагIий Шена буьтуш.
МухIарца чIагIдина церан куфралла,
Уьш берг цIерга лохкур бу, нисбалар доцуш.
 



                31
Рукъият Элчанан ;йоккхах йолу йоI,
Абу ЛахIабан кIанта юьтий цIа йогIу.
Iаффанан Iусмане и йоьду маре,
Къурайшашца очдовлар кхин тIе сов долу.
32
ТIаьххьара маслаIат Элчане ;кховдош,
Къурайшаша олу – хIора шарахь хуьйцуш –
Тхан делашна аша, шуьнчунна оха
Iамал еш хилий вай, юкъахь барт болуш.–
33
Иштта барт безарш бу шина агIорхьа,
Шина – кхаа кIиранах лаьтти и дуьйцуш.
Цу барто АллахIан накъостий бора –
Аль-Латий, аль-Iуззий, аль-Манат334 тIаьхь йолуш.
34
Уьш кхоъ къурайшаша зударий лору,
Коьрта волчу АллахIа шен гIоьчий бина.
Маьждиг ду ТIаифехь335 аль-Латан цIарах,
Нахлахь336 аль-Iуззин, Ясрибехь337  аль-Манати.
                35
Барт хилча-м къурайшийн луур долура,
Амма цо цхьана ханна бала байбора.
Иймане баьхкинчу бусалбанашна,
Ткъа Дала, доза деш, Элчане ;буьйр дира:


334 – аль-Латий, аль–Iуззий, аль–Манат – Iарбашна «деланаш» хетта хIуьппалгаш.
335 – ТIаиф – Маккина дукха гена йоцуш йолу Iарбий гIала.
 336 – Нахла – Iарбийн гIала.
337 – Ясриб – Мединин шира цIе, кхуза хьиджрат деш Мохьаммад пайхамар ;схьакхалхале хилла
 


                36
«Ала: ХIай, Делах цатешнарш! Йийр яц ас
Аша Iибадат дечу хIумнашна Iамалш.
Аш ма де Iибадат со деш Волчунна.
Шу шайн дин ду, сан ду дин, шуьнчух къастийна».
37
Кафиршца доза деш и сурат доьссича,
ХIуьппалгхой-къурайшаш дераллица гIовтту.
Бусалбнашца махбар дуьззина сацош.
Аренан Iарбашна цаьрца мах бар доьхкуш.   
38
Массанхьа даржийра бусалбнех лаьцна
Эладита, мостагIий уьш кхайкхош динан,
Дайн гIилкхаш дохош гIевттина зуламхой,
Цаьрца мах болийнарг ву довхо къурайшийн.
39
Мухьаммадан ;тоба рицкъанах хадош,
ДIалоьцу цара Макки чу догIу некъаш.
ГIали чохь, урамехь, базарахь кхаьрдаш,
Сийсаз бо бусалба нах, лела ца буьтуш.
40
Мах беш бен хене бовла таро йоцу
Бусалбнийн лаг лаьцнера хIуьппалгахоша.
ХIашимхой болхац къурайшашца берта,
Iабд Шамсар, МахзумгIар шайн коча ца ховшо.
                41
Макки чохь махбар бусалбнийн сецнера,
Доьзалийн дуьхьа цхьаберш дайн дине боьрзу.
Элчано ;бац бехкен шеконе бевлларш, –
Ткъа луъчарна бакъо ло Хьабаше кхалха.




42
Насарийн динехь ву Хьабашин паччахь,
Ю цигахь базарш шортта механа маьрша.
Цигахь нах Делах теша, шайн дин дохийнехь,
ГIело ян декхар дац цара бусалбнашна.
43
Миладан ялх бIе пхуьйтталгIачу шарахь,
Итт боьрша стаг, йиъ зудий – хьалхара тоба,
Iусман ибн аль-Iаффан волуш шайн коьртехь,
ДIаяхара Джиддера338 Хьабашин махка.
44
Ца хьелуш бусалбнийн кхин шолгIа тоба,
Коьртехь шайн Абу ТIалибан ДжаIфар волуш,
Хьабаша йоьду, шайца тоба дина
Насарих Iусман ибн Махзум – хьаниф волуш.
45
Кхелхинчу бусалбнийн хьесап стамлуш
Дезткъей кхаанга кочу, бераш ца лоруш.
И дара х1иджрат339 динан дуьхьа дина,
Ислам кхайкхо долийна пхоьалгIа шарахь.
                46
Махзум, Iабд Шамс, Iумейян, Науфалан,
Iамир, Харисан кхин болчу некъахоша
Шайн Iуналлех хадийнарш340 кхелхира дIа,
Макки чоь яссаеш Хьабашин пачхьалкхе.

338 – Джидда – ЦIен хIорда йисттехь Iарбийн гIала.
339 – х1иджрат – дин маьрша лелон йиш йолчу Делан дуьхьа, кхелхина вахар.
340 – Iуналлех хадийнарш – къурайшаша шайн Iуналлех хадаборо бусалба дин тIеэцна нах, – цундела уьш кхалха дийзира Хьабашийн пачхьалкхе, хьиджрат деш, цигахь бусалба дин маьрша лелорхьама.



                47
Мухьаммадца ;буьсу ХIашиман, Зухран,
Тайма, Iадин некъий, Махзумхойх аль-Акрам,
БIаьрзе, къена Абу Ахьмад – Iабд Шамсех –
Илланча, – и вен лиънарг хир вара дастам.
                48
Хьабашахь бусалбнаш тIеоьцу лоруш,
Махбар тIехь рицкъа лаха уьш маьрша буьту.
ТIеоьхчу къурайшийн кхузахь мах бохош,
Кхелхинчийн маккахошна гIо дойла хуьлу.
49
Къурайшийн Iалашо йоьхнера, гарехь,
ТIаккха цара Хьабаше тоба йохуьйту.
Маттана  говза Iамр ибн аль-Iас коьртехь,
Къайлах шайн бевдда нах паччахье схьабоьхуш.
50
Сов деза совгIаташ даьхьнера цара,
Тайпанийн бертаза бевддариш схьабоьхуш.
Дин бахьнехь уьш хьийзор ма-дарра хиъча,
Паччахьо ца дира къурайшашна луург.
                51
Бусалба нахе паччахьо хаьттира:
–Аш лелош долу дин, хIун дин ду? –  аьлла.
Галдаьлларг хIун ду те шун махкахошца?–
Абу ТIалибан ДжаIфара жоп ло цунна.
52
–ХIай, паччахь! Тхо жехIал нах дара, Iамал
Суьрташна еш, рицкъа цатоарна кхоьруш,
Тхайн бераш дойуш. Вовшашца тIемаш беш,
Маларш молий – лулахь, гергарчаьрца оьгIуш.;–




53
– Ондачо гIийланиг, хьал долчо миска,
Къиза ницкъ беш, хьийзош ма дара тхо денна.
ГIиллакхех доьхна, вон даьржира юкъа,
Дахар тхан галделира, адмалла дайна;–
54
ТIаккха Дала тхох цхьаъ Пайхамар ;хоржу,
Иза тхо цIандан вулу, хьал-дахар нисдеш.
Кхайкхам бо цо тхоьга – суьрташ дIатосуш,
Цхьаъ бен воцчу Далла де Iибадат бохуш;–
55
–Зуламаш дIадахий, миска нах ларбе
Лелаеш нийсо, гIо делаш боберашна,
Дика де – лулахь, гергарчу нахана,
Хилийша бакъ луьйш, дош лардеш, сица цIена;–
56
–Собарца вовшашна къинтIера довлуш,
Хила боху комаьрша гIад дайначаьрца.
Сутарлой, ахчанна тIе ял эцар дитий,
Ма даза боху цо цIарматчу амалшца. –
                57
–Пайхамар ;веш Дала харжалле дуьйна,
Тхуна юкъахь ваьхна, хаза гIилкхаш долуш.
Цу хенахь дуьйна «Амин» цIе тиллина,
Иза сийлахь хиларна тхо цунах тешна.–
58
–Пайхамар ;и хилар оха бакъ дира,
ХIуьппалгашна Iамал яр дитира оха.
Дуьне кхоьллина Далла тIедирзира,
Цхьаъ бен воцчу Цунна Iамалш ян дуьйлира. –




59
–ТIаккха тхан къомо мостагIалла лоций,
Тхуна ницкъ бан болийра, къизалла гойтуш.
И таIзарш кхин дIа лан собар ца тоъна,
Хьан тIома кIел кхаьчна-кх тхо даймахках довлуш.–
                60
–Хьо коьртехь волу маьрша мохк хаьржина,
Хьо волчохь тхайна зулам хир дацарх тешна.
Бакъонан куьйгаллех тхаьш пайда эца,
Кхаьчна тхо кхуза, – аьлла, ДжаIфар сецира.
61
Паччахьо ДжаIфаре хаьттира тамехь,
–Дала цуьнга доссийнчух дуй деша хIумма?–
ДжаIфара «Марьям» сурат чуьра шовкъехь,
ДIадийшира аяташ паччахьна хьалхха.
62
Къуръанах дешначо тIеIаткъам бина,
ТIунделла дIахиттира паччахьан бIаьргаш.
– Инжилца Къуръан цхьана Нуьрах даьлла!–
Аьлла цо цIа хьовсийра къурайшийн векалш.
                63
–ДIадуьло, – олу цо бусалбанашка,
Сан лаьтта тIехь цхьа тайпа кхерам бац шуна.
Шайн дин лело ду шу ма-луъу маьрша,
Пачхьалкхан низам шуна лардан хиъчхьанна.–
64
Маккахь бисинчу бусалбанашна чIогIа,
Ницкъ бора къурайшаша садаIар доцуш.
Цу хенахь иймане вар нисделира
Хаттабан Iумаран, мостагIий  цец бохуш.




65
Шина кепехь дийцарш ду Iумарх лаьцна:
Тоба дале цо бусалба нах хьийзийра.
Хьабаше шен нах тIехь дIаэха боьлча,
КIаддаларна шога дог, цо хаьттинера:
66
–IабдаллахIан нана,341 шу кхалха дохку?–
–Дохку, Делан махка, аш Iен цадитарна!–
–Дала шун гIо дойла! – Iумара олу,
И бусалба хирг хиларх тийшира маьхча.
67
ГIайгIане, дог доьхна, Iумар дIавахча,
Умм IабдаллахIа шен цIийндега аьллера:
«Iумар ву, хетарехь, дан кийча тоба!» –
Жоп дара: –Цул хьалха-м и виро дийр дара. –
68
Iумар-м ву цу хенахь тур гIодах тесна,
Мухьаммад ;вен дагахь, иза волчу воьдуш.
Ас-Сафа ломахь церан гулам болчу,
Шовзткъа стаг, зударий уьш хиларх шек воцуш.
                69
Уьш дукха хиларх-м вац Iумар кхоьруш,
Иштта дуьйцу кхин долчу дийцарехь кхин дIа.
Iумарна го Нуайм342 дуьхьала вогIуш,
–Хьо лаа вуй Iумар? – цо аьллера цуьнга. 
70
–Ас лоьху Мухьаммад ;питана дина,
Къурайшийн барт бохийна, гIиллакхаш, дайн дин,
Деланаш сийсаз беш тоба кхоьллина,
И ямартхо дIаваккха волу со вийна.–

341 – IабдаллахIан нана – Хаттабан Iумаран маьхча, иза бусалба дин тIеэцна шен цIийндеца Хьабашийн махка дIакхелхинчаьрца яра.
342 – Нуайм – Элча ;вен араваьллачу Iумарна дуьхьала кхетта стаг
                71
–Айхьа-хьайн туьйсина Iехавелла хьо,
Мухьаммад ;вер хьуна дуьтур дац тайпано.
Цул цIа гIой, хьайн цIахь дерг дIанисде! –
–ХIун гал ду цIахь? –  Хьан йиша, нуц ду-кх бусалба!–
72
ОьгIазлонна кхехкаш, Iумар дIахьоду,
Шен йиша Фатима, нуц Зайда волчу.
Оцу хенахь цаьргахь Хьаббаб хиллера,
ХIусамдайшна Къуръанан аяташ доьшуш.
73
Хьаббаб, дIалечкъаш, сов цIа чу велира,
ЧувогIу Iумаран когийн тата хезна.
Фатимас, сурат тIехь, кехат хьулдира.
–ХIун гIа-гIим дора аш? – хотту чохь Iумара.
                74
–Хезна дац хьуна тхан багах дош даьлла,–
Жоп делира цу шиммо Iумарна бертахь.
–Хезза суна къамел, со гал ца ваьлла,
Мухьаммадна ;тIаьхьа дозуш ду шу къайлах?–
                75
Олуш, Iумар Зайдан коча вахара, –
Йижарий бахнарш безаш бац Iарбашна,–
Еллачу йишин хьал дисарна царна,
Iадатан низамна тIетевжаш уьш хилча.
                76
Фатима Зайдина орцах елира,
Iумарс и дIаластийра, чов еш, цIий долуш.
Цаьршимма барта тIаккха гучу даьккхира
Делах, Цуьнан Элчанах ;шаьш хилар тешаш.




77
–Хьайн даго хьоьххург  де хIинца тхуна тIехь,
Тхо дала ду кийча цу тIера цу довла! –
ЦIий гича Iумарна шен йишин юьхь тIехь,
Васталой, доьху, сурат шега дешийтар.
78
Кехат деша лахь, чIагIо е олу
Iумаре йишас, деза сурат ца этIо.
Шена чIагIо цо йича, йишас олу:
«Юьхь, куьйгаш дилина бен, цунах ца хьакхло».
79
Цо юьхь-куьг дилича, барт боккхуш цунна,
«Та ха» цIе йолу сурат кховдийра деша.
–Цхьа маьIна хир ду-кх элпаша чулаьцна? –
Ойлайо Iумара, сурат кхин дIадоьшуш.
80
–Хьо ирсах хьего Къуръан ца доссийна,
Доссийна И Делах кхоьрурш сама баха.–
«Ма исбаьхьа дика дешнаш далийна», –
Мохь белира Iумаран цец волуш царах.
                81
И дешнаш хезча, Хьаббаб чуволу, олуш:
–Ас чIагIо йо, Iумар, Элчано ;сийсара
Хьой, Абуль-Хьаким вара Деле воьхуш,
Ислам-дин чIагIдалийта, шу тхох схьатухуш.–
82
–Вола Деле, Iумар! – доьху Хьаббаба.
–Мухьаммадах ;тоха со! – Iумара эли.
–Вига со цунна тIе, хIинццехь дан тоба! –
Хьаббаба хьажийра и Акраман цIийне.




83
Акраман хIусамехь цо гIовгIа йоккху,
Хехоша хьаьккхина чуваха ца витча.
–Тур хаьнтIехь Iумар ву,– хехоша аьлча,
–Чувита иза, – олу майра Хьамзата, –
84
–И маьрша велахь, везаш тIеоьцур ву,
МостагI хилла веанехь, шен туьрца вуьйр ву.
Элчано ;пурба лой, Iумар чувуьту,
ГIоттуш цуьнга Элчано (; .), кач лоций, хотту:
                85
–Стен валий те хьо кхуза, Хаттабан кIант?
Ас цхьаъ бен воцчу Делах йо чIагIо хьуна,
Цу Дала цхьа бала балале хьайна,
Синтеме ван хьажахь ца волуш дакъаза!–
86
–ХIай, Делан Пайхамар (; .), – олу Iумара,
–Делах, Цуьнан Элчанах ;веъна со теша,
Хьоь Делера мел дуссучуьнца цхьаьна.–
Хозуьйтуш Элчано ;бира хастам Далла.
                87
Кхин ду цхьаъ, Iумара дийцина бохуш,
Кхаьчна кху замане Iарбаша лардарна.
«Ма юьстах вара со бусалба динна,
Эмкало хи санна, ас чагIар муьйлура;–
88
–Гуллора даима тхан тоба молуш,
Аль-Хьазвар цIе яхна базарна уллохь.
Цкъа буса воьду со накъостий лоьхуш,
Цигахь цхьа ца карийра муьйлучийн гонах.




89
ЧагIархо лаха дага догIу суна,
Воьду со Макки чохь, чагIар духку метте.
ЧагIархо цIахь вац, чIаьгIна ю туька,
ТIаккха со тIавап дан вахара маьждиге;–
90
–КаIбата кхаьчча, го суна бухахь Iаш,
Ламазна дIахоьттина Пайхамар ;Делан.
Шемехьа вирзина и вара лаьтташ,
Со гIоьртира улло гIишлонна маьждиган;–
91
– ЧIогIа лии суна, цуьнга ла дегIа,
ХIун дуьйцуш ву техьа и Iамал еш Деле?
Нисса тевахча-м там бара и воха,
Маьждиган шаршонца со кхечира юххе;–
92
–Тхойшинна юккъехь шаршонан пардо бен
Дацара кхин хIумма. Иза лаьтташ вара.
КIеда озехь цо Къуръан доьшура,
Дог кIадлой, воьлху со, кхачарна чу ислам;–
                93
–И валлалц лаьттира со оцу меттехь,
И шен цIа ваха новкъа валаре хьоьжуш.
Iаш и вара Ад-Дар ар-Ракта куьпахь,
Абу Суфьянан кIентан и яра долахь;–
94
– Со тIаьхьара ца волуш, некъ бира оха,
 Iаббасан, Азхаран цIеношка и нислуш,
Ког сихбира ас цунна тIаьхьа кхиа,
Со хаалой и соцу, дуьхьала воьрзуш;–




95
–Со вонна тIаьхьаваьлла моьттинчу цо,
Дера со дIатоттуш, элира соьга:
«Кху хан йоцчу хенахь, стен валийна хьо,
Дийцахь суна, Хаттабан Iумар, со кхетош» –
96
–Ас жоп ло: « Со Делах, Цуьнан Элчанах (; .),
Дала цуьнгна доссочух веана теша!»
Хастам бар Далла, долу цуьнан багах:
«Валийти-кх хьо Дала нийсачу новкъа!» –
97
–Цул тIаьхьа сан некха тIехь шен куьг сацош,
ДоIа дира цо Деле, со динехь чIагIвайта.
ТIаккха тхо къаьстира, иза шен чу воьдуш,
Ас хилларг даржорна саьхьарчех туьйхира.–
                98
–Маттана кадечу къурайшин наха
 И кхачийра КаIбата хIуьппалхой болчу:
«Хаттабан кIанта динчуьнга ладогIа,
Сабиинийн тобанах и кхетта боху» –
                99
–Цо аьшпаш бутту! – аьллера Iумара,
Ма–дарра аьлча-м, ас бакъ ди бусалба дин.
Цхьа Дела – АллахI ву, Мухьаммад ;ву Элча –
Къурайшаш Iумарца буй-тIаре бевлира. 
100
Делккъалца Iумара дуьхьало йира,
ГIорасиз ша вужуш, цо цаьрга элира:
«Луъург де аша сох, – тхо кхо бIе хиллехь,
Доьрзур дара хIара дов кхечу агIора».




101
И-м вен там бара цигахь къурайшаша,
Уьш совцош юкъа Ваилан Iас ца воьллехь.
Цуьнан чIир екха Iадаш буй хоуьйтуш,
ЦIе яхна берш шайн цIий – ца дуьтуш хиларехь. 
102
Iумар-м шен ненаваша волчу воьду,
Бусалбнийн мостагIна Абу ДжахIилна тIе.
–Марша вогIийла, йишийн бекъа, – олий,
–Хьо лаа вуй? – хотту ненавашас неIарехь.
103
–Со дера веъна кхаъ хьуна бохьуш,
Леладан бусалба дин ас дарна тоба.
АллахI, Цуьнан элча Мухьаммад ; бакъ веш,
Цуьнга дуьссу вахьиш, хаийта дар къобал. –


Рецензии