13 дакъа Къурайшаша ХIашимхойн, бусалба нехан даха
Пхи шо хан елира цу Хьира ломахь
Мухьаммаде ;дуьххьара вахьи доссийна.
Мухьаммад ;ву хIинца шовзткъей пхеъ шарчохь,
Делера сураташ дуьсуш шега цIенна.
2
Къурайшаш шек бу уьш хиларх Делера,
Цара бах уьш Элчано ;шеггара даьхна.
Уьш харц луьйш хиларна Делан бакъонна,
Церан дегнаш ду чIаьгIна, тIе мухIар тоьхна.
3
Къурайшаш сел чIогIа дуьхьала бовлар,
Делера дуй хууш ву сий долу Элча (; .).
ГIоралахь буьту уьш, луш кIентий, бахам,
Дан царна дуьненахь, эхартахь таIазар.
4
Макки чохь дахаран хьелашца дустуш,
Вахьи хуьлу Элчане ;оьшшучу хенахь.
Вац Дела Шен Элча ;дIатесна вуьтуш,
Халонгахь Джабраил ду лаьтташ юххехь.
5
Къурайшашна хетахь – вац иза эгIийна,
Цамгаро вожош вац, вахьи кхаьчна хенахь.
Шовкъан хьал дуссий – вужу аяташна,
Кхетам чохь хуьлу и, асарлахь343 дегI делахь.
6
Дала Ша хаьржина Пайхамар ;хилар,
АллахIах дог хоттар – яра цуьнан цамгар.
Дала толам лург хиларх чIогIа тешар,
Цу тешамна шен дахар дIалур дуй хаар.
343 – асарлахь дегI хилар – (асар) – Дела везаран марзоно дегI шовкъалла даккхар
7
Деле шайга толам баккхийта боху,
Тоба дина, бусалба динехь болчара.
ХIуьппалгхоша муIджизаташ доьху,
Шаьш таIазаршца хIаллак дийр делахь Дала.
8
Дуьненан Iаламатех лаьцна дуьйцуш,
Дала адам кхетийта диссадо сураташ.
ГIортор йоцу стигланаш, лекха лаьмнаш,
Седарчий, малх, бутт ду боху муIджизаташ.
9
Дала байтийн кепехь сураташ диссош,
Шовзткъей борхIалгIа нисдо «Фатихьат» сурат.
ТIаьхьа Къуръан цхьана жайне гулдеш,
Хоттийна и хьалхха, деш коьрта Iибадат.
10
Хьалхара дешнашца суратийн юьхь йолош,
И сурат чIагIло дог хуьлий Къуръанан
«Делан Еза цIарца вай къамел долош,
Хастам бо АллахIна Iаламийн Эланна, –
11
– Къематан дийнан Къинхетаме Паччахьна!»
Орца Цуьнга доьху, Iибадат деш Цунна!
Дигар доьху декъал биначийн новкъа,
Ца дуьгуш, реза воцуш, тиллачех тоьхна!
12
Шерашкахь гуллуш диссийна сураташ
ДIаяздар тешам бара гал цадовларна.
Дала-м бах Элчане (; .): «Кхерам бац хьуна,
Хьан эс Оха даима латтор ду дийна;–
13
–Хан тоьхна Тхайн хьехам, биц бийр бу хьуна,
Гуттаренна боссийнарг – латтор бу эсехь.
ТIекхеттарг, дIадаьлларг Вайгара хилча,
Хьо бехкен вац цунна, урх хиларна Тхоьгахь».
14
Аяташ хийцар болх Дала шехь буьту,
ХIетте шен бехкана ца хилийта хийцам,
Элчано ;диканиг йозанча лоху,
Шега дуьссу сураташ яздан луш тешам.
15
Йозанан болх бара сих-сиха кхачош
Iаффанан Iусманца вакхийна веше, –
IабдаллахI СаIде – йоза хаза долуш,
ТIе исбаьхьа байташ ша хиларна йохуш.
16
Байттамал, хилла-кх, IабдаллахI – куц хьарам,
Дозалла дезарна – харцонна охIла!
ХIуьппалгхойн илланчашца беш синкъерам, –
Моттуьйтуш, – Къуръанах уьйш ду шен похIма.
17
Шена зингат долалуш хезаш хиларна,
Къуръан чIогIа дешар сацийнера Дала.
Адаман дагчохь дерг Ша гуш хиларна,
Магадо Iамалш ян, шайн дагахь къайлаха.
18
Дала Элча ;билгал винчу пхеъ шарахь,
Дуоладо дIаяздан тIедуьссу сураташ.
Билала344 сецира Элчанна ;уллохь,
Цуьнан ваша, хьадалча, гIаролхо хуьлуш.
344 – Билала – Элчанан ;асхьаб, Абу Бакарс, эцна марша ваьккхина лай.
19
Элчанан ;хьелаш дац накъостел бIаьрла,
ТIедуьйхина чорда обий, машин барзакъ.
Даренах, деза кIадех вац и воьлла,
Шен мачаш ша цIанйо, ша дуьтту шен духар.
20
Белаш тIе кхочу еха шен месаш,
Мекхаш, маж леранна цо тадо, ша лоргуш.
Хьожа хаза IатIарш и хилла дезаш,
Ламазна хих вийлар дара цо ша лелош.
21
Нехачух къаьсттина бац цуьнан кхача,
Хурмийн кана, мекхан хьокхам, шурин кад, кIалд,
Худар я стоьмаш – массо дийнан напха,
Ткъа жижиг – иза хилча, дуу кIирнах цкъа.
22
Виллина Iаш вац Элча ;цIера ваьлла,
Дин хьоьхуш делахь аль-Акраман хIусамехь.
Хадижат, Фатима, Iела, кIант Зайда, –
Шен доьзал гархьама, цIа вогIу и наггахь.
23
Кхузткъанал сов шо ду зудчуьнан хIинца,
Амма езаш, дика накъост ю Элчанна (; ).
Кхиамаш, эшамаш ловш ю, цо санна,
Цундела муъмин наха лору шайн нана.
24
Зуда шен майрчуьнан аьлларех хилар,
Iарбашлахь Iадат дара, чIагIделла дисна.
Хедижатца дац хамталлашка йийлар,
Зудчун дакъа дара – берашца цIа лардар.
25
Акраман цIийнах юкъара туш дина,
Шовзткъей итт стаг вара Элчанца ;цхьаьна Iаш.
Делан низам адамашна марздина,
Бала кийча, муъмин нах бара и чIагIдеш.
26
Дала вахьишца бакъо яра йоссош,
Муъмин наха дахарехь къобал ян езаш.
Наха шайггара даьхна дуккха Iадаташ,
Динца уьш оч довлахь, ду дIатаса дезаш.
27
Цундела Дала кхайкхош дерг ду низам,
Шен Элчанехула ;вахьишца беш хьехам.
Адамийн декхар ду АллахI реза вар,
Бусалба динца дустуш, нисдеш шайн дахар.
28
АллахIан низам кхочуш деш дуьззина,
КIел севца лаьттина хилла бу пайхамарш.
Iаламех къинхетам бар важаб дина,
Дала воссий Мухьаммад ;умматан да веш.
29
Акраман хIусамехь джамаIат лаьтта,
Ламазехь имамалла Элчано ;лелош.
Ламазийн хан, барам къастоза дара,
Элча ;шайца воцуш, Iибадат ша-ша деш.
30
Дуккха хан еза нах кхето Къуръанах,
Дуьненахь лелла гIулкхаш къадийна долчохь.
Ялсаманехь, жоьжахатехь, барт хаттарх
Ма-дарра ца дуьйцуш, гIеххьа аьлла дитнехь.
31
Иймане баьхкинарш дин довза лууш,
Эхартахь долу сурт дуьззина ган гIерта.
Элчанна ;Дала Ша дага туьйсуш,
ГIо дойту нахана долчух цIенна кхета.
32
Бусалба тобанехь барт, безам лаьтта,
ГIайгIа-бала балхо Элчанна ;тIе боьлхуш.
Ца товш цхьа хIума дац кхузахь ца хетта,
Мах, гIенаш, синхаамаш, зударшка безам.
33
Ткъа гуттар ца тору, къайлаха хаттарш,
Ша воккхий до цуьнга, бIаьрга тIе бIаьрг боьгIна.
И Делан Элча ;ву, яц цунах къайле,
Лай къинойх къаста – хила веза дог цIена.
34
Къилахь дуй ша аьлларг, динарг, дерг хеташ,
Дага лелхарш къастийча довза ма-дарра?
Уьш дара денна Элчано ;къестораш,
Къа долчу хIумнашна гечдайтар хьоьхуш.
35
Коьрта ду ният къилахь дерг къасторехь,
Лайн хилла ниято гойту сацам кхоьлан.
Хиллачу хIуманех вон ийна дацахь,
Евлла ледарлонашна гечдеш ву Дела.
36
–Iуьйранна цхьаъ ламаз висина даза,–
–ХIун дер ткъа. Доькхуш де, ваьлча мукъа. –
–Марха дохий. – Вон ду, дезар ду декха. –
–Зуда хьаьсти хеназа. – Боьха къа дина; –
37
– Гечдайта ламаз де, марханаш кхаба,
Хьайн долчух цхьаццанхьа хIума ло сагIийна. –
Ишттачух ларло кхин дIа йолчу ханна,
Дала гечдо чIогIа дохко бевлла лешна;–
38
–Ницкъ боцург тIедиллац Дала шен лешна,
ДегIехь ницкъ болчулла Iибадат де буса.
Ца бах Дала, ца богIу ницкъ беш хьайна,
Балхана, Iамалшна – гIора дайна виса. –
39
Вовшашка ма-дарра шайн сакхташ дийцар,
Бусалба нахалахь даьржира чIогIа.
Цхьаболчарна тац – доьхнарш гучу дахар,
Дала къайлехь дуьтурш, ша Iора дахар.
40
Шайх даьлларг, нахах дерг хоьттура цара:
–Iумарс и дира, Абу Бакарс элира…
Къилахь дуй тхуна уьш санна хилча?–
Элчано ;жоп луш, хIоранга ла дугIура.
41
Макки чохь керла дин хьоьхуш стаг валар,
Ша хаьржина пайхамар ву бохуш Дала.
Цо дийцар АллахI бен кхин Дела вацар, –
Цу хьокъехь къурайшийн барт бохар даьржира.
42
И хаам хьаьдира Iарбийн мохк лоцуш,
Махбархой, хьаждархой, схьагулбеш берг кхуза.
Массо ву Пайхамар ;бIаьрга ган лууш,
Цо дуьйцу керла дин шайн лергашца хаза.
43
ДIабаха ца туьгу Пайхамар ;ца гуш,
Арахьара Макки чу баьхкина Iийнарш.
Ницкъ тоац къурайшийн совцо тIеоьхурш,
Акраман хIусам яра хьеший тIеоьцуш.
44
ТIеоьху хIуьппалгхой сий дина лоруш,
ГIилкхехь, кIеда тIеоьцу тийна ладугIуш.
Хьешашна комаьрша кхачанаш латтош,
Муъмин нах бара даьхни сагIийна хьийзош
45
Амма бац уьш дукха – цхьа кхо-виъ пекъар:
Абу Бакар, аль-Акрам, Хаттабан Iумар.
Биснарш бу дукхах берш – доцуш шайн цIе-кIур,
И нах бу къобал веш, тIеэцнарш Пайхамар (; .).
46
Дахарехь аьтто ца нислуш бисна нах,
Яра гонах Элчанна (Делера маршаллла хуьлийла цунна. с.) гулъелла тоба.
Бахамций, ларамций цIеяхна къонах,
Мухьаммадна ;улло ца гIортар гуш дара.
47
Хьешаша леранна ладоьгIу цуьнга,
Леранна Iадика еш шайн цIа дIабоьлху.
ХIуьппалгхой ца теша дуьйцучух шайга,–
Арахьара орцане бац хIорш догйовха.
48
Аренан хIуьппалхойх тоба дан лууш,
Гучу бовлуш бацара саготта Iарбий.
Цундела Макки чохь ма-хуьллу чIагIлуш,
Собарца стамъян еза тоба асхьабийн.
49
Аренхоша керлачу динах дерг даржош,
ДIасахьора кху мехкан массо кIажене.
Делан Пайхамарх ;дага бовлуш Iийнарш,
Наггахь бовлу царалахь богIурш иймане.
50
Бусалба тобанна халачу муьрехь,
Гучу бовлу деналлехь тоьлла асхьабаш.
Абу Бакар ву цкъа хьалхара меттахь,
Шен са, дегI, долу даьхни динна тIехьовзош.
51
И дукха веза бусалба вежаршна,
Сий долуш ву иза махкахошна юкъахь.
Тешаме доттагI ву Делан Элчанна (; .),
Шича, маьхчой бацахь – болуш цхьана цIийнах.
52
ШолгIачу меттехь ву ницкъ болу Хьамзат,
Дин девзаш, мага хууш кIоргенаш яцахь.
Дог цIена, тешаме вара и накъост,
Ах тобин меттана ша тIеман говзанча.
53
Массарна гуш, кхуьуш, ву Хаттабан кIант,
Абу Бакаре кхача-м гено ву Iумар.
Тобано лору и, Элчанца ;бу барт,
Мухьаммадца ;ву иза цхьаьна хенара.
54
ТIекхуьуш бу денна къона асхьабаш,
Билгала ву хIинцале царалахь Iела, Зайд,
Iаффанан Iусман, кхинберш бу Хьабашахь,
Макки чохь бусалба стаг висна бIе вейтта.
55
Царах бу цхьаберш левчкъина дин лелош,
Гергарчу хIуьппалгхойн таIзарех ларбала.
Верасийн бакъо ю дин хийцнарш байа,
Къаьсттина хала дара бусалба лайшна.
56
Бусалба гIарбаш хьийзош бара етташ,
Хи ца луш мала, малхехь бихкина латтош.
ЦIийдаршца дегI дагош, шед етташ, мацбеш,
Иштта таIзарш лаза, ца хуьлура лай берш
57
Ца бала цхьаберш дайн дине боьрзура,
Иштта тоба дохийнарш бац динах хедаш.
Нагахь церан дагчохь къобалло йиснехь,
Къилахь дац хIуьппалгхошна, ярах моттаргIнаш..
58
Къизаллийн ницкъ барх – ислам ца сацалуш,
Махбар дIакъовларх, цхьаццанхьара гIо хуьлуш,
Собарца бусалбнаш бу хене бовлуш:
Къурайшаша лоьху шаьш тоьлу агIонаш.
59
Миладан ялх бIе йолхитталгIа шарахь,
Бахамций, лерамций, сий лекха Махьзумийн
Къаналле лестинчу аль-Валид метта,
Тхьамда во Абу ДжахIил – мостагI бусалбнийн.
60
Абу ДжахIилан мекарло тоьира,
ХIашимхойн бартахой боькъуш юкъавола.
Махбарехь са кховдош, царах хадийра
Зухрин, Тайм, Iадийн тIехь некъашца барт бина.
61
ХIинца Маккин охIлан ницкъ ХIашимхошна
Дуьхьала баьлла уьш бусалбнашца тарна.
ХIашимхой хIинца гIоралахь хиларна,
Шайн лаам цара буьйцу Абу ТIалибна.
62
Дерриге къурайшийн тайпано хIинца,–
Бах: «Мухьаммад ;сацаве я ло шайга.
Кхин хан луш, собар дар – дийца ма дийца,
Лаам кхочуш ца бахь, тIамна хила кийча».
63
Хала мур бара ХIашимхошка кхаьчнарг,
Мухьаммад ;дIавалар боккха эшам бара.
ТIаме дов далийтар, дара кхин доьхнарг,–
ХIашимийн тхьамда къурайшашна ца къарло.
64
Ца хьелуш кхел кхайкхийра ХIашимхошна:
Айарна питанаш, шаьш дайн дин дохийна,
Къурайшашца мостагIалла долорна,
ХIашимхошца уьйр массеран хадийта;–
65
И кхайкхам баржош яздира кехаташ,
Макки чохь массанхьа, КаIбатан пенаш тIехь.
Кхечанхьара хьешашна и тIедожош,
Тешна бара мостагIий – уьш къарлург хиларх.
66
Мухьаммад ;чуволла я вен барт бина,
Къурайшийн Iалашо яц шайлахь хIоттийна.
Маккара и эккхо ю сецна ойла,
Кху бухах ваьккхина, дин даржор сацийта.
67
Iарбийн мохк дIатаса яц бакъо кхуьнан,
Кху къомана дин хьеха шех Элча ;варна.
Уммат дерг, тIелаца дахьац цхьа тайпа,–
Ямартлох ларбала, хорш гулахь Iан беза.
68
Цхьаьна гулло хIорш, ларлуш тешнабехках,
ХIашимхой, бусалба нах йоккхачу куьпахь.
Массо ву герз гIодах, гIарол ду гонехь,
«Абу ТIалибан бIов» олу наха цунах.
69
ХIорш севца куп яра Маккел арахьа,
ЦIийнан тхов тIера Элча ;хьоьжура гIала.
БеакIов сира КаIбатан тIапа345 тхов тIера
Го цунна: тхов буьзна хуьппалгаш шех кхаьрдаш.
70
ГIалеха ваьккхи и Маккин охIлано,
Виначу туьшах дIакъастош къиза.
Букъ тIехьа, ламанца малх гIотту дехье,
Макка Iарбийн ахгIайрех къасторан доза…
71
Макки чохь Iен таро йоцуш дIакъевли,
Къурайшаша Мухьаммад ;бакъвечийн дахар.
Маьрша ду цхьа гече – гум-арен пане…
И Делан кхел ю – тIаьхьа толо Пайхамар (; .).
72
Деган хьаам ца бита къурайшашна,
Ойла соцу Элчанан (I.сс.) Маккех ца вала.
Дала дин толо харжарца дуьстича,
Берг Iарбийн мохк ца кхочу – мехаца цуьнга.
345 – тIапа тхов – цхьа айабалар доцуш нийса тхов.
Свидетельство о публикации №225090200742