Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.
14 дакъа Iаламат хала шерийн мур
Механ болх сецнера. ХIашимхошкара,
Бусалба нахера дIаса махбар доцуш.
Кхарна йохка ца юхкуш, ца оьцуш дIа, –
ХIашимхойн куьпахь мацалла яра латтош.
2
Ахча-м дара кхаьргахь, амма дац лелаш,
Къахетачара дора къайлах гIо кхарна.
Цу Iабд аль МутIалибан йоьIан кIанта,
Кхарна ялтех йоьттина эмкал ялийра.
3
И къайлах дора цо, кхерам хиларна
Къурайшаша мехах хадийнчех тохарна.
ХIашимхой къарбийр бара къурайшаша,
Шайна юкъахь къахетарш ца хиллехь бевлла.
4
КаIбатахь хьаж даран беттнаш тIекхаьчча,
Кху махкахь аттал чIир екха йиш яцара.
Цу хенахь оьшуш дац ХIашимхой лечкъа,
Базаршкахь махбар, шайн дин даржор ду маьрша.
5
Цу беттнех пайда оьцу ХIашимхоша,
Шема къепалш хьавсо кхуьу шайн хьашташна.
Бусалба нах, гергарчу тайпанаша
Шайн тIома кIел лецарна, хене бевлира.
6
ХIуьппалгхойн тхьамдано тIома кIел лоцуш,
КаIбатахь хоуьйту, иза шен стаг хилар.
Иштта юха берзийра Хьабашера
Iаффанан Iусман, Элчанан ;йоI Рукъият.
7
Хьаниф Iусман ибн Махзум воьрзу иштта
Макки чу, Валид аль МугIирас тIелоций.
Бусалба нах цу хенахь бац кхин дебна, –
Хьабашара ткъе кхойтта стаг воьрзу юха.
8
Элчанан ;бакъонца воьдуш кхелхина,
Абу Бакар юхавоьрзу, цхьана шайхо,
Сий деш, шен тайпанан тIома кIел лаьцна,
Шен цIа чохь, ма – луъу, дин лело луш маршо.
9
Йимане баьхкинчийн даIа са доцуш,
Дахаран хьал тишлуш дIайоьду хан-зама.
Дуьненан бала лан шайн собар кхочуш,
Муъмин наха шаьш юьхькIай ловш бара бала.
10
Дахаран хьал денна толучу метта,
Эшамаш бохьуш хилча шена тIаьхьа.
Шек бовлу бусалбнаш: хIун дац те хатIметта?346
Пайхамар ;ву те гал? Я кхин хIун ду теша?
11
Иймане баьхкинчийн шеконаш лелхош,
Дала Iаьвшшина, бехха бо хIинца Шен хьехам.
Ши бIе сов аят чулоцу сураташ
Шовзткъа герга дуссу цу халчу ялх шарахь.
12
Царна чохь чIагIдеш ду, Мухьаммад ;Дала
Дин дохьаш ваийтина пайхамар хилар.
Нийса некъахь лору – АллахI цхьаъ винарш,
Къуръанан хьехамах – дахаран некъ бинарш.
346 – хатIметта – массо хIума дечу гIулкха тIехь нисцадалар, хила ма – деза цахилар, мел дийриг эшаме дерзар.
13
Далла тIе накъостий беттар бу харц некъ,
ХIуьппалгхойн Iамал ю тиларан лакхе.
Къуръан, Элча ;дIататтар бу цIерга некъ,
Кхин долчу некъаша кхачадо жоьжахате.
14
ХIуьппалгхойн деланашна юкъахь вара,
Бусалбнаша цхьаъ вина, къобал вен АллахI.
Къурайшаша Цунах накъостий бетта,
Цундела уьш хедаш бу бакъ долчу динах.
15
АллахI вац вина я тIаьхье Шен йолуш,
Цо кхуллу хIуъу, Дош аларца: «Кун!» – «Хилал!»
Ойлане Цо лаьцнарг – дIах1утту хуьлуш,
ТIаккха Цунна кIентий, йоьIарий бац оьшуш.
16
Ткъа Делан бераш ду бохурш ца къарлуш,
Бу боьха хIуьппалгхой жоьжахате оьхьна.
Насариш бу Делан кIант Iийсах (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вина, –
Харц некъа бевла боьлхуш, шайн дин талхийна.
17
АллахIан бац гIоьнчий, накъостий Шеца,
Лаамашна шаьш маьрша, долуш деналла.
Цунна лиънарг кхочуш деш леш-м бу Цуьнца,
Стигланийн, латтанийн Иза цхьаъ ву Эла.
18
ХIуьппалгхоша Iамалш еш лору тIулгаш,
Хирг хилар цаьрцанна жоьжахатахь догуш,
Дукха ду Къуръан чохь дуьйцуш сураташ,–
Хетарх шайн эхарт цара тодийра долуш.
19
Бусалба цхьаболу накъостий бара,
Къурайшийн динца уьйш, берта баха лууш.
Бус-буса маслаIатан бахьанаш дуьйцуш,
Цу хьокъехь, шайна хетта, Делан сурт кхуллуш.
20
Цара Делах дуьйцурш дац цхьа бух болуш,
Царах лаьцна Элчане ;сураташ дуьссу.
Мухьаммадера ;бен Делан сифаташ,
Цхьанненна девзила яц АллахIа бохуш.
21
Цу наха Къуръанах бакъ до цхьадериг,
Ткъа кхиндерг – ур-аттал тидаме ца оьцу.
АллахIах лаьцна къовсам бар дац оьшург,
Цунах – Шех, доггаха, лай тешар ду догIург.
22
Дала боху Шен Къуръанан суратехь:
–Барт бу, – ала, – хIорамма шайн-шайн дин лелор.
Шу, шайн дин долуш ду, тхайн динехь ду тхо,
Шайн динехь Iейша шу, тхайн динехь Iийр ду тхо.–
23
Дала Ша ву боху нах динех нисбеш,
Ша къастор бу боху декъаллой, декъазниш.
БогIур бац иймане – кортош дIаэцнарш,
Хьехамашна Ша бIаьрзе, тIе къора бинарш.
24
–ДIаала, – боху Дала шен Элчане (; .),–
Бакъдерг ду Делера шуна дIакхайкхош.
Луушверг теша, цалуург ма теша, –
Цатешнарш цIергахь богу, кхехка хи муьйлуш.–
25
–Iесачех къахета хьажийна вац хьо,
Ахь бечу хьехамах уьш къастош ю шаршо.
Церан дегнашна ду хьарчийна пардо,
Къора долош лергаш чу ю хецна потта.–
26
–АллахI цхьаъ хилар хьехамехь ахь чIагIдеш,
Уьш дIахьаьвза, дегнашкахь хорам сов болий.
Тхуна гуш ю церан дегнийн шеконаш,
Догур ду цIергахь церан бахам, кураллий.–
27
–Гуш ду хьуна Iеткъар церан харцонаш,
Оха ларвийр ма ву хьо Iиттарех церан.
Хастам беш хьайн Далла, накъостий ларбеш,
Сатуьйсуш Iе керла вахьига хьайн Делан.–
28
–Бахаман, могшаллин зовкх луш ду Дала,
КIеззиг хенан дуьненан дахарах Iехош.
Валарций и дерриг ду хьох дIадаьлла,
Эхартан зовкхаш кхочу тоба динчарна.–
29
–Цкъачунна букъ тоха ахь хIуьппалгхошна,
Бита уьш шайн Iеса, боьха некъ дIакхехьа.
Бен воцуш хила церан йиш-маьIашна,
Шайн-шайн дин леладеш, Iер вай ала, маьрша.–
30
Къуръан чохь леранна дуьйцу Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) колларх,
Цунна Дала маликашка сужуд дайтарх.
Цхьа иблис кураллица духа кхетарх,
Дала и неIалтаца Шеха дIадаккхарх.
31
–Адаман зуьрет ша тиларчу дерзош,
Гал некъа хьовзор ду, цIена Хьан леш боцурш.
Иблис ду тIелаьцна Вайца хьуьнар къовсуш,
Иза ду Вайна юххе гIоьнчий туьйсуьйтуш. –
32
–Куралло дакъаза даьккхина иблис,
Дуьхьала ду ша цIарах кхоллинчу Далла.
Цу некъа бевлларш бу кхоччуш иймансиз,
Урх йоцуш яржаеш шайн харцо, къизалла. –
33
–Дерриге зуламаш шегара долуш,
Иблисан куьйгалла ду тилла лешна тIехь.
Цуьнан коьрта хьуьнар ду – бахамца, бераш,
Делаца уьйр йоцчарна, хуьлу и хьоьхуш.–
34
–ХIуьппалгхой бу цуьнан коьрта накъостий,
Цара Далла юххе накъостий тийсарна.
Цу гIоьнчийн тешалла Дала тIеоьций,
Цо дуьне, эхарт церан хир ду бах, ирсе.–
35
–Иблисан зуьрет ду тIулгийн хIуьппалгаш,
Иблисо шен ницкъах ду дакъа деш царна.
Цара бахам марзбо шаьш дезачарна,
Шаьш догур дуй хаахь, цIергахь цаьрца цхьаьна.–
36
–ХIуьппалгаш ма дац кхетам боцу тIулгаш,
Иблисера ду цаьргахь мекара хIилла.
Шайх тешначарна хьарамлош хазъеш,
Уьш бахамна тебуьйту, цIарматлош марзъеш.
37
–Къурайшашца хIуьппалгаш Далла гергахь
Бехкен ю, хуъушшехь шаьш доций деланаш,
Шаьш Делан леш хилар лачкъийна нахах,
Iамал шайна яйтарна, тиларчу буьгуш.–
38
Дала шена ма-хьеххара нах кхетош,
Элчано ;къахьоьгу де я буьйса доцуш.
Иблис ду, бах Дала, къурайшаш бусуш,–
Элчане ;Iад Iе боху, цаьрца дов доцуш.
39
–Делан цIарах долуш ду дика, беркат,
Иблисан бIон цIарах бовлуш бу вон белхаш, –
ДIабевр бу уьш, Дала Къемат-де хIоттош,
Дуьне дIалеIарций – зуламхой берг багош.–
40
Къурайшийн хIуьппалгаш емалъяр дуьтуш,
Дарбарца уьш шайна духьала ца баха,
Мухьаммад ;шен тоба ийманах хуттуш,
Тийна-таь11ина вулу уммат сов даккха.
41
Бусалба умматна халачу муьрехь,
ХIуьппалгхошка цабезам сов болу мелла.
И ачо гуллуш ю бусалбнийн дегнашкахь,
Кечам беш дов латто уьш боллалц нисбала.
42
Хьекъале къурайшаш бу дика кхеташ,
ХIунда бу гIорасиз бусалбнаш дIатийна, –
Маккахошна тоьаш ду шайн деланаш,
Элчано ;емал бар дитина хилчхьана.
43
Оцу хенахь Дала Шен сураташкахь
Ша къаьмнашна хьовсийна пайхамарш буьйцу.
Мел даккхийра Делера хьуьнарш цара гайтарх,
Пайхамаршца оьгIуш нах дакъаза бовлу.
44
Цу наха латтабо пайхамарш балехь,
Цабоьрзуш шаьш кхоьллинчу АллахIан дине.
Махках боху ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), ЛутIа (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), Салихь (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
Муса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIехь шеца баьхкинчаьрца иймане.
45
Нохьах (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ца тешаш цуьнан къам дийлира,
Цо дехарш дарх шега иймане ца догIуш.
Делча юхадендар-м лорура гIан, туьйра,
Царна хетац цхьа АллахI дуьненна тоьаш.
46
Дай тешаш хилла хIумнех дIа ца хедаш,
ТIулгашка кхойкху уьш, суждане оьгуш.
Нохь (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) шайна тIехь тхьамда хила гIерта бохуш,
Бехке во, къен нах цуьнца хиларна бозуш.
47
Бехкаш къурайшийн элаша дохкура,
Элчанца ;тобанехь миска нах хиларна.
Дала Ша цхьаъ винарш динехь нисбора,
Ца магош тоба дарх цхьа къахко Элчанна (; .).
48
Дине верза яра Дала луш бакъо,
Къен, вехаш, хьалхенгахь мел бехвеллачунна.
Даьхни бусалбнашна сагIехьа дерзор,
ТIедужу тоба дича бехаш болчарна.
49
Ткъа Дала-м ца боху бахаман дега,
Къелле верза, бахам берг сагIийна бекъий.
ХIаъ, бусалба уммат къен доллу хIинца,
Цунна ду цкъачунна дохнан дайшна хала.
50
Иймане баьхкинчийн шеконаш иэшо,
Уьш Къуръанан суратех даггара тешийта,
И Делан массо Дош бакъ дарехь, чIагIо
Ян бу кийча, шайгара дош ца эдайта.
51
Бусалбнех цхьаболчара Далла юххе,
Накъостий лоьцу, цаьргахула дан дехарш.
Къобал деш, ца тешаш сураташ доькъу,–
Шайна хетарца уьш тида х1уьтту кхинберш.
52
Хьалхарниш хIуьппалгхойн накъостий хуьлу,
ШолгIаниш бу хIуьппалгхошна тIаьхьа бозуш.
КхолагIниш-м хенаца нисбала там бу,
Тиллачех вац Дала Элча ;жоьпе озош.
53
Къуръано чулаьцна дуккха къайленаш,
Уьш йовзар Дала ло Ша къастийна лешна.
Цунна ду масала Къуръан чохь далош –
Дийцар: Муса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), Хизар (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) пайхамарех лаьцна.
54
Хизарна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Дала делла Iилма довзар,
Кхетамехь сов вала лиънера Мусана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) –
Хизарца хилла барт бохорна кхуза,
ДIатосу Хизарс и, ша динчух кхетийна.
55
Бакъдериг хаар Делехь бен дац кхоччуш,
ДIадахнарг, тIехиндерг, хуьлуш дерг тахана.
Цундела вайна Къуръан ду тIетовжа,
Исламан некъ бовза Пайхамар ;ву Делан.
56
Делан низаман бакъонашна юкъа
ГIерта вайн бакъо яц, къилахь хиларна.
Вайна тIехь ду тешар, шеконаш йоцуш,
ТIаккха ду вай кхочуш Жаннатан зовкхашка.
57
Шаьш санна, базаршкахь ша рицкъа лохуш,
Лела стаг, муха хуьлу, Делан пайхамар?
Кура къурайшаша и бехкаш дохуш,
Леладо Элчано ;умматан доладар.
58
–Дахаран хьашташна къа ма хьега,
Вай латтор ду хьуна оьшуш дерг дахарехь.–
Иштта вахьи дуссу Делера цуьнга,–
Шен пайхамарш Дала ойуш бу бакъонехь.
59
Кха шарахь хийзира бусалба тоба,
Мацаллица дIахедош ийманан некъах.
Бусалба умматан тоьира собар,
Мискъала-зарратал ца боха шайн динах.
60
Бусалбнаш тийна Iамалш ян боьлча,
ХIуьппалгхойн деланаш емал бар сацийна.
Къурайшийн бIонан барт маллуш буьйхира.
ХIашимхошца машаре богIурш гIевттина.
61
ХIашимхойн гергара я хьеший хилларш
Макки чохь машарна бевлира шаьш юкъа.
Iабд аль МутIалибан йоьIан Iатикан,
Абу ТIалибан йишин ши кIант шайн коьртехь.
62
Зухайрас 347олу маккахойн гуламехь,
Тоийта деза ХIашимхошца дов латтор.
И бакъ во Iамар, Азад, Науфал наха,348
Къурайшийн гуламна – къарбала дийзира.
Свидетельство о публикации №225090200747