15 дакъа Цхьана ханна вовшашца магаран мур
1
Дезткъей итт шо долу Абу ТIалиб
Вала вужу тIаьхьенна весеташ дуьтуш.
Хаставо Зухайра ялош масех байт,
Макки чу дерзадарна машаран денош.
2
Машар-м кхайкхийнера Маккин охIланна,–
Таро йолу къурайшаш бара ца совцуш.
Шайн дин сийсаз дар гуттаренна,
Уьш богIу девеше Элчанна ;дехкийта.
3
Леш волчу Абу ТIалибера гIоьрта,
Абу ДжахIил дош даккха, Элча ;дIасацош.
Бусалбнаш АллахIна Iамалш ян хIиттарх,
Къурайшаш шайн деланийн лерам бан буьтуш.
347 – Зухайра – Элчанан ;дейишин Iатикан кIант. Цо аьлла къурайшин гуламехь, тоийта деза ХIашимхошца дов латтор.
348 – Iамар, Азад, Науфал – Зухайра бакъ веш тIетайна Маккин бахархой, тайпанийн тхьамданаш.
4
Вовшашна сийсазло йоцуш дIалелахь,
Макки чохь лаьттар бу бIешерийн машар.
ХIора Iахь лаьцначу шен динан некъахь,
Кхечу динехь болчарах сацийна кхардар.
5
Ишттачу бехкамна ца хуьлу реза
Мухьаммад (; .), юьйцуш ша реза хир волу агIо:
АллахI Ша цхьаъ хилар къобал дан деза,
Мел долчу хIуманна тIехь Шех йолуш кхачо.
6
Къурайшашна хеташ дерг чекх ца долу,
Девашас вешин кIант шен лаамехь вуьту.
ТIе ша и леш вара ийманехь воцуш,
ШахIадат даза лахь, жоьжахата воьдуш.
7
Вешин кIант вара иза дине воьхуш,
Деле хьо вехийта бахьна дита бохуш.
«Ша хIинца дош алахь исламе воьрзуш,–
Ша иза дина хир ду Iажаллех кхоьруш», –
8
Цу дешнашца велира Абу ТIалиб,
Лаьттинарг Элчанна ;ондда гIортор хилла.
Са уьйзуш, шабаршлахь, дара дош: тоба…
Цо олуш хезна шена, Iаббаса аьлла.
9
Iаббасан тешаллин чIагIо бахьанехь,
Абу ТIалиб лоруш ву бусалба динехь.
Цуьнан са ду КаIбатан маьждигна хехь,
АллахIа совгIат дина Жаннатан бешахь.
10
Девешин тезет дирзина далале,
Элчанан ;берийн нана Хадижат кхелха.
Тешаме доттагI, езар цуьнан хьоме,
Ткъе пхеа шарахь юкъа, йожаза цкъа вас.
11
И Дала хаьржина пайхамар хиларх,
Вахьишца догIуш дерг малик хилар къастош, –
Тоба дина тешнариг Делан динах,
Хало кхуьнца Iаьвшинарг хамталлаш йоцуш.
12
Ша дийна мел ву, цо цуьнан сий лардо,
Ненал тIаьхьа уггаре гергара лоруш.
Кхин хилла безамаш, зударий балош,
Хадижатан дарже бац аьттехьа кхочуш.
13
Хадижат кхалхаро йоссийна гIайгIа,
Яйелира Джабраил вахьица деъча.
Хоуьйтуш Хадижат жовхIаран гIалахь,
АллахIа дIанисйиний Жаннатан бешахь.
14
Абу ТIалиб кхалхаро хадийра
Элча (; .), Макки чохь хиллачу гIорторех, –
Ткъа Хедижата – марзонех кху чуьра, –
Цхьа да вац кху Маккахь кхин кхунах дог лаза.
15
Деваша велча ХIашимхойн тхьамда
Цуьнан ваша Абу ЛахIаб дIахIоьттира.
Оч ву Мухьаммадца ;– и велла готта,
Ялх шо ду цо иза дIало боху вейта.
16
Абу ЛахIаб Мухьаммадан ;мостагI вара,
Тароно кура ваккхуш, ямарт стаг хилла, –
И ца ваьхьира – Элчанах ;луъург дан,
Тайпанан сий дожош и гIуллакх хиларна.
17
Вешин кIантах къаьсташ, тайпанан сий лардан,
Цхьа башха бахьана дара царна дезаш.
Абу ДжахIила хьийхира дан деза хаттар,
Гулделлачу меттехь беллачу дайх дозуш.
18
ХIашимхой гулбина Абу ЛахIаба,
Элчане (I. с. с.) хаьттира: «Вешин кIант, дийцахьа,
Хьо везаш ларвина, велла хьан денда
Мичахь хир ву теша эхартахь денвича?»
19
Эхартахь ло меттиг цIийца яц йоьзна,
Цундела Элчано ;Делан динца жоп ло:
«Сан денда, тоба даза вайх мел велларг,
Жоьжахатахь хир ву, воттуш цуьнан цIаро».
20
ХIуьппалгхой, шайн дайшца сийсаза хетар,
Ма-дарра гуш дара дерриге тайпанна, –
Девашас тIедожийра хIуй кхайкхадар,
Мухьаммад ;ХIашимхойн Iуналлех дIакъастош.
21
Мухьаммад ;тайпано шеха дIакъастор
КаIбатан пенаш тIехь дIадаьржира сихха.
Абу ЛахIаб ву каде Элча ;вохо,
МостагIашна маршо луш, и сийсаз ваккха.
22
Цунна дина вон дац цхьаннех хьакхалуш,
Верасаш кхин дIа бац, цунна гIо дан декхар.
Иза вехь чIир-м южу – екха царна тIе,
Цундела вер доцург, хIуъа дан ду мегар.
23
Iарбашлахь дахаран юкъараллин кеп,
ЧIагIъеллера тайпанийн ницкъ-гIорина тIехь, –
Ткъа хIинца хьал дериш мискачех хаьдча,
Г1орасиз ю и – нехан хьашташ лардарехь.
24
Къурайшаш оч бовлу Элчанца ;чIогIа,
Абу ТIалиб эхарта вирзинчул тIаьхьа.
Бераша цунна тIе чан, хотташ кхуьйсуш,
Цо ламаз дечу, наха шайн нехаш кхуьйсу.
25
Мухьаммад ;Зайдца ТIаифе349 вахара,
ХIашимхоша дIатесча Iуналла ца деш.
Къурайшийн довхой бара цигахь бехаш,
Сакифаш, цаьрца барт бан шен дагахь волуш.
26
ТIаифехь Iаббасан дуьйш латта дара,
Йеманца махбар дара сакифийн долахь,
Фиджар тIамца350 схьадаккхалц къурайшаша,
Цундела лаьтташ дов дара царна юкъахь.
27
Цу хьолехь Элчанан ;уммат тIелаьцча,
Сакифийн бIо стамлора бIе стаге кхочуш, –
Къурайшаш эшо и пайдехь ду царна,
Цундела ву Мухьаммад ;барт хиларх тешна.
349 – ТIаиф – Iарбийн гIала.
350 – Фиджар тIом – зуламаш дихкинчу беттанашкахь къурайшаша, мах лелоран хьал шайга дерзо, сакифийн тайпанца болийна тIом
28
ТIаифехь бевзачу нехан хIусамехь,
Хьал долчу Iабд Джалалин, цуьнан вежаршца,
МасIудций, Хьабибций шайн дийцарш дарехь, –
Ца хIиттира уьш, хIорш тоба деш, тIалаца.
29
Мел къайлах хиллехь кхеран цхьаьнакхетар,
ТIаифехь даьржинера хIорш кхуза кхачар.
Iабд Джалалин цIенна го бина, хьера
Хьаьвзира сакифаш, шаьш чIогIа дарбелла.
30
Аль-Лат шайна дела вина сакифаш,
ТIаьхьа тIулгаш кхуьйсуш, ислам цадезарна,
Маьттазчу маьхьаршца бевллера тIаьхьа,
Шайна хьалха ваьккхинчу шина пекъарна.
31
ГIалел арахьа Iаш болчу вежарша,
Iутба, Шайба цIераш йолчу къурайшаша,
(Шайн долахь стоьмийн беш йолуш уьш бара),
Къа хетий, Мухьаммад ;ца везахь, тIелоцу.
32
Кхузахь, кхеран бешахь, кхара садоIу.
Стом кхолу, юьлу цIийша юьзна шайн яххьаш.
Ламазехь Мухьаммад ;сужуде вужу,
Доьхна дог, ойла шен юха метта хIоттош.
33
Деле и доIадеш кхойкху эххара:
– Сан Дела! Хьуна го-кх сан гIорасизалла!
Кху къомо со хиттош хилар юьхьIаьржа!
Ма витахь со тасий мостагIийн беламна! –
34
–ХIоьттина къиза хьал, Хьан бекхам бацахь,
Халонашца хьан зераш ловр ду ас мелла!
Хьо воцург висна вац – йолуш тевжийла,
Хьайниг бен кхин ницкъ бац -кх, суна орцах кхача!–
35
–Гечделахь хиллачу дегабаъмийн ханна,
Дукха воьхна хьовзарна, идош сайн са.
Хьан кхел ю лелаш ерг тхуна тIехь денна,
Ас летийна къиношна гечделахь суна.–
36
–Сан Дела! Хьоьга бо-кх аса сайн балхам,
Хьан цIена динца гамо леци сан къомо.
Гечдехьа цунна Ахь, ца хоьцуш бохам,
Ца кхеташ лела нах, Iехийна шайтIано.
37
Ламаз шайн чекхдаьлча ца догIу дагца,
Маккехьа, цIа боьду некъ юьхьара лоцу.
Хууш шайла хьалха хилларг дIадахний, –
ХIорш Маккин охIланца тIом бан гIерта бохуш.
38
Хала ду Элчанна ;Макка цIа верза,
Ах некъ бича, кхочу хIорш Нахла олу метте.
Кхузахь нах Iара маьждигехь аль-Iуззин.
Буьйсанна хIорш совцу цу цIенна геннахь.
39
Юкъал тIехъелира буьйса Iамалшкахь,
Хозуьйтуш Къуръанан сураташ цо доьшуш.
Кхаъ хуьлу Элчанна ;гулделла гонехь,
Жинаш дIахиттича Къуръане ладоьгIуш.
40
Леранна ла дуьйгIи цара Къуръане,
ШахIадат далий цара Дела цхьаъ вина.
Мухьаммад ;Пайхамар хилар бакъ дира, –
И орца дара Дала кхачийна цунна.
41
ТIаифан бахархой ца тийши цунах,
Цара юьхьIаьржа хIоттий, гIалара эккхош.
Ткъа жинаш тийши и Пайхамар ;хиларх.
Делан болх бара и, хIара метта валош.
42
ХIинца-м Макка верза дацара хала,
Гиначу вонел боккха кхаъ бара баккха:
Наггахь жинаш диснехь – Делах цатешна,
Дукхахдерш ду муьтIахь – Далла, Делан динна.
43
Иблисан лаамах хаьдда и жинаш,
Делан дин даржоран уьш новкъа девлла.
Уьш ду хIинца стигалан гIопе кхочуш,
АллахIан, Элчанан (; .), бусалбнийн накъостий.
44
Иштта Дала хоуьйту Мухьаммадна (; .),
Массо жин цахилар иблисца тайна Iаш.
Зенехь дац бусалба жинаш адмашна,
Iеса жинийн санна, елахь куц хийца йиш.
45
Адам хила деза тIаккха тидаме:
Буса я дийнахь дуьхьала нислахь экха
Я лаьхьа текхна чукхачахь хIусаме,
Тоха сих ца луш – некъ битар цуьнга деха;
46
Нагахь уьш шун дехарна къора хилахь, –
И зене дийнат ду я Iеса бIонах жин.
Бусалба жин долу дехарций юьстах,
Дехарна къора жин, экха – магийна ден.
47
Дала «Жинаш», «ГIамарш» сураташкахь
Шен Элчане ;дIакхайкха де нахе боху:
«Къуръан доьшуш хьоьга ладоьгIуш къайлах
Жинаша баьхнарг Ша гучу даккхарх хьуна».
48
Жинаша олу: «Хези тхуна Къуръан,
Цуьнан хьехамо нийсачу новкъа дохуш.
Тхо тийши цунах, Ша цхьаъ ву Дела,
Бац Цуьнан доьзал, Цунна накъост ца оьшу.–
49
–АллахIан бер, зуда ду бохуш вайлахь,
Иблис дара эладита даржо кхиънарг.
Цо даржийра изза адмашна юкъахь,
Иблис дара дуьненчу Iесалла хецнарг.–
50
–Харц дерг АллахIах дуьйцур дац моттара,
Моттара пайхамарш хьовсор бац АллахIа.
Тхайн дахар делча кхачалуш хетара,
Ца тешара делча дендийр ду бахарах.–
51
–Стигла дийла гIиртира, – эрна дара,
И ларьеш инзаре ха дара цIерашца.
Дукха хьийзира тхо цу кIел, къайле йовза,
Амма седа тухуш, дагадора цIарца.–
52
–Кху лаьттан охIланна таIзарна ларьеш,
Ю стигал Дала къайленех ца кхиийта.
Лаьттаца стигланан долу гергарло
ГIерта те нийса некъа халкъ дерзош даста?–
53
–Ийманехь дерш, доцурш ду тхуна юкъахь,
Цундела тхан Iамалийн некъаш ду башха.
Делан кхел леларх тхо кхетта тхайна тIехь,
Цунах тхан довлийла яц стиглахь я лаьттахь.–
54
–Доьшуш хезначу Къуръанах тхо тешна,
АллахI цхьаъ варна, тхан диканаш дебна.
ХIинца тхо гал девр дац лаьцначу некъах,
Кху некъана букъ тоьхнарш догур ду цIергахь.–
55
Дала хоуьйту Элчанна ;маьждигаш
Шен цIенош дуйла, цундела ен Iамалш
АллахIна бен – цахилар – ян магош.
Дела шайна гуш санна, Iибадат лардеш.
56
Мухьаммаде ;Дала бира кхин хаам:
–Хьо ламаз деш волуш рукуIций, сужудций,
Жинаш дара ладоьгIуш тидамца алссам,
Цец дуьйлуш дуьйцучух, ахь дечух бIаьрхишца, –
57
Ала: – Ас ца до Далла бен Iибадат,
Цуьнга терра Iамалш ян, дац нисдан хIумма.
Бац сан ницкъ зенех шу кIелхьара даха,
Нийсачу некъахь бен шуна пайдехь латта. –
58
Ала: – Ларлур вац со цхьаьнгге АллахIан
ТаIзарех, нагахь Цо бохучул тIехвалахь.
Iазапах со ваккха дац орца гонехь,
Цуьнга бен гечдар деха бац агIо лехарх.–
59
–Вай хьуна хьажийра цхьа жинийн тоба,
Цаьрга ладогIийта сураташ ахь доьшуш.
Накъосташка олу цара: «Ла догIалаш!»
Хьо ваьлча, хезнарг хьо – шайн холкъах дIатоха.–
60
– Цара олу: «ХIай тхан къам! Хези тхуна,
Iийсал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхьа Делера деъна Жайн доьшуш.
Цо бакъ до хьалхенгахь диссийна жайнаш,–
Делан бакъонна тIехь, нийса новкъа дохуш.–
61
– ХIай тхан халкъ! Къобал ве Пайхамар ;Делан,
Вайн къиношна гечдайта, АллахIах теша.
Цо бен лардийр дац вай балех эхартан,
Элчанна ;тешаме гIоьнчий хила деза.–
62
ТIаифехь бехачара дог дохийна,
Шен гIорасиз Элча ;ир-кара хIоттош,
Дала сий ойу мостагIашна хьалха,
Довзуьйтуш бусалба дин тIеэцна жинаш.
63
Доьссинехь Делера догйовха вахьи,
Сиха вацара Элча ;Макки чуваха.
Хьира ломан хьехахь холбата вулий,
Зайдехула хоуьйту ша верзар юха.
64
Цу хьехахь долийра маслаIат дар цо,
ГIоралахь хIуьппалгхойн верасалла лоьхуш.
Элча ;везарг вахьац пхьоьханахь кхайкхо:
«Верас кхуьнан ша хилар диканна, вона».
65
Эххара накъостийн белира аьтто,
Науфал тайпанан тхьамда аль-Мутима
Берта вало. Цо воьдуш сацам кхайкхо,
КаIбата буьгу шен нах герзех боьттина.
66
Цу стага шен тIома кIел и лацарна,
Элчанна ;маршо йолу Маккахь дин даржо.
Къурайшийн гамо мелла совъелира,–
Элча ;везаш, дог лозуш миска нах бара.
67
Къурайшийн ницкъ кхочу хIуьппалгхойн барт бан,
Мухьаммадца ;хир йолчу уьйрех уьш хадош.
Цундела самукъне уьш кура лела,
Арахьара цунна тIе орца ца дуьтуш.
68
Къилбаседера бара дика хаамаш,
Насарийн динехь йолу Рум яра отуш.
ГIажароша дIалоцу Иерусалим,
Цул тIаьхьа Мисаран пачхьалкха чубаьржаш.
69
Дела цхьаъ вечийн дин хIуьппалгхойн динца,
БIешерийн йохаллехь лаьттинчу къовсамийн
Чаккхе хетара хIуьппалгхойн толамца, –
Ца хаар-кх, тоьлун дин – Макки чохь гIаьттиний.351
351 – Ца хаар-кх тоьлун дин Макки чохь гIаттиний – Мухьаммада ;кхайкхийна бусалба дин (иза тоьлург хилар дацара цу хенахь Далла, Элчанна ;бен хууш).
70
ГIажарийн пачхьалкхо баьккхина толам,
Къурайшаша лери шайн дин нийса хилар.
ТIаккха цхьана Делах тешначийн эшам
Бу гойтуш хIуьппалгхойн дин тоьлларг хилар.
71
Новкъа дара Рум иэшар Мухьаммадна (; .),
АллахIах тешачийн сий хиларна лахлуш.
Ткъа Дала до вахьи Шен Пайхамарна (; .),
Хоуьйтуш, гIажарий эшор буйла румоша.
72
Миладхойн ялх бIе ткъайоьссалгIа шарахь,
Аренан Iарбашлахь бартахой лоьхуьйтуш,
Элчано ;зIе юзу дуккха мехкашца,
Умматций цхьаьна шаьш тIелаца да лоьхуш.
73
Мухьаммадан ;уьйр ю дуккха шайхашца,
Уьш мукъна иймане берзо иза гIоьрта.
Уьш Iарбий ма бара, къурайшех бацахь,
Ша Iарбий лору цо къурайшех схьаваьлла.
74
Iарбашка дин кхайкхо цул тIаьхьа дехха,
Дала ша векал вар Элчано ;дуьйцу.
Арара Макки чу лелачу Iарбашка,
Цара дуьйцуш пайхамарх дерг даьржаш доьду.
75
Элчанца ;барт бина цхьаьна дин даржо,
Аренийн цхьа тайпа дацара сихделла,
Шайна мел са лур ю ца хиъча дино,
Толам баьлча хьаьнга кхочур ду куьйгалла.352
352 – Мединера куьйгалла – Мединин хьалдолчу тайпанашна куьгалла шайгахь дезара.
76
Мухьаммада ;жоп ло: «Куьйгалле хIоттор
АллахIан карахь ду, Цо бийр бу цхьа къастам».
–Далла-м хьаха луур ду, Шен Пайхамар (; .)
Хила Iедалан коьртехь, – бу Iарбийн сацам.
77
Толамо иштта ден долчу жамIина,
Аренийн акха Iарбий бацара реза.
Элчане ;цара ла доьгIу леранна,
Амма бац шайх хьакхалуш ийманан марзо.
78
Миладан терахь. Ялх бIе ткъоьссалгIа шо.
Хадижат дIакхелхина масех бутт баьлча,
Совдат яьккхира шен дола Элчано (; .),
Эфиопехь хIусамда велла ша йисча.
79
ЦIийнан нах Совдатан хIуьппалгхой бара,
Цара цуьнга шайн цIахь дин дуьтуьйтур дара,
Бусалба стагехь и марша яларна,
Мухьаммада ;къинхетам беш и ялийра.
80
Бахаме, безаман зовкхе сатесна,
Ялийна яцара Элчано ;и Совдат.
Халоно хьовзийна бусалба хилча, –
И гучаьрга доссийта – орцанна ният.
81
Вовшеха ирс эцар ца нисло церан,
Безаман синхаамаш хиларна шийла.
Элчанан ;долахь Iен Совдат ю реза,
Шена йогIучу ханна – мукъа ваьккхина.
82
Iусман ибн Махзунан зудчуьнгахула,
Хьавлас дуьйцуш дира Совдатца захало.
Хьавлас хьахийра Iайшатца гергарло,
Элчанан ;доттагI волу Абу Бакаре.
83
БархI шо бен дацара цу хенахь йоьIан,
Оьзда, хаза, цIена зудбер дара Iайшат.
Абу Бакар реза хуьлу цу кхоъна,–
Цо ибн Мутимца хилла барт бохийра.353
84
Ловзар деш, дола яккхар масех шарна,
ДIатотту, зудчун декхарш Iамийта цунна.
ТIе и тIетаIийра йоза-дешарна,
Бусалба зуда дешна хила езарна.
85
Абу Бакар дуьххьара тоба дина,
Къурайшин асхьабех, доттагI вара.
«Исламан эхь» аьлла, шен цIе яьккхина,
Бахам т1ехь бусалба некъана дIабелла.
86
Ламазна хIоьттича цуьнан дог кIадлой,
БIаьргех хи долалора шовданах тера.
И сурт гучарна дара дагах кхеташ,
ХIуьппалгхошна цхьаьна бусалба дин марздеш.
87
Абу Бакар Далла хастамаш беш вара,
Элчанца ;бархI шо кхаьчна йоьIан мах барна.
Захалонна бара гергарниш реза,
Iайшата дозалла до шен сий айарна.
353 – ибн Мутимца хилла барт бохийна – берахь дуьйна ибн Мутиман кIанте маре яхийта барт хилла Абу Бакаран йоI, Iайшат. Ткъа Iайшат Элчанна ;хьахийча – и бохийра цара, цхьа дагазалла цоцуш.
88
Iайшатца мах бар Элчанна ;кхаъ бара,
Цуьнан деца гергарло кхин тIе ду чIагIлуш.
Стунда лору нах хир бу бала реза,
Кху бусалба динан некъ чекхбаккха толош.
89
Элчанан ;Iайшатан механа тIаьххье,
Мухьаммадан ;Фатима Iелина йоьху.
Элчанан ;шича, кхуьнан кертахь кхиъна,
Пайхамаран ;нуц хилла, сий айа воллу.
90
Элчанца ;гергарло дозаза висна,
Бусалба тобанан тхьамданех шиъ ву:
Хаттабан кIант Iумар, Iусман ибн Махзун,–
Уьш тоьлла бIехой бара бусалба динан.
91
Дукха яккхий халонаш лайна цара,
ЮьхьIаьржонан къаьхьа шад легашкахь лаьтташ.
Ийман церан къиза зерех чекхдаьлла,–
АллахIан некъ ларбича тоьлар дуй хууш.
Свидетельство о публикации №225090200753