Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

16 дакъа ХIиджрат Медине дIадолор

1
Оцу хенахь Маккахь санна Ясрибехь,
ДIайийнарг кхуьу латтанаш дара куьйсуш.
КIа, мекхан аренаш, тIе стоьмийн бошмаш
Лелош, дара кхузара адамаш дехаш.
2
Кхузара дахар доьзна дара лаьттах,
Цундела и оьцу я леладо йолах.
Юх-юха доькъу и я доккху тIамехь,
Ткъа кхара хIуъа дарх, сов далац барамехь.
               
                3
Ясрибехь иэделла къаьмнаш дара дехаш,
Хьалха кхуза яхIудийн динехь нах кхаьчна.
Уьш хилла кхо тайпа. Цул бIе шо тIаьхьа
Йеманера Бану Кайла тайпа деъна.
4
ТIаьххьарчу тайпано дебарехь сов долий,
Бухахь хилла тайпанаш чухьарчийра  шена.
Гергара ши тайпа кхоллало керла:
Аус, Хаздрадж цIе яхна, коьрталла къуьйсуш.
5
ЯхIудийн дин лелош тайпанаш дара –
Бану Курайза, Надир, Бану Кайнука–
Коьртачу тайпанийн къовсам бу дера,
Арарчу кхерамна бен – барт хилац церан.
                6
Ясрибера халкъан юкъараллина
Юкъахь дара лакхахь цIе яьхна тайпанаш.
Цаьрца ийна Iаш бу хIуьппалгхой шира,
Аль-Манат, зуда-делан цIа долуш лоруш.
7
Дац аль-Манати цIа КаIбатал сийлахь,
ТIе дац иза кхузахь, мел болчара лоруш.
Хаздраджхойн, Аусхойн хиллера динехь,
Насарийн Iамалех ийна цхьацца хIумнаш.
8
ТIаккха церан уьйр КаIбатца йозура,
Мах бан, Iибадат дан уьш Макка богIура.
Элчанан ;динах дерг цаьрга кхаьчнера,
Кхин цхьа элча ван дезар – Инжил чохь дара.




9
Цу ялх бIе вуьрхIитталгIа шарахь вовшех,
Буьрса тIом хьабина, тасало ши тоба:
Хаздраджхой, Кайнукхой тайпанца бертахь,
Аус, Курайза, Надир тайпанех леташ.
10
ТIом дIабирзира цхьа агIо ца тоьлаш,
МаслаIат дира юкъахь, машар беш ханна.
Лаьттан дов къастаза, чIирийн мах тоькхуш,
Сингаттамца йоьдура Ясрибехь зама.
11
Дуьнен чохь машаран хьукмат354 дIахоттош,
Элча ;вогIу хан тIекхаьчна бахарна,
Маккахь дин кхайкхадеш ваьлла стаг вовза,
Ясрибхой нахал хьалха гIоьртира кхуза.
                12
Теллича Мухьаммад ;вацара хийра,
Ясрибхойх хилла цуьнан шен, деден – наной!
Ялх бIе ткъолагIа шарахь уьш баьхкира
Макка, керла Пайхамар (; .), цуьнан дин довза.
13
Базаршкахь хуьлура Элчанан ;хьехам,
Макки чу гуллучу аренан Iарбашна.
Цигахь дIахьора механ болх, синкъерам,
Цигахь яра маршо цIармата леларна.
14
ЦIен кIади тIехь леста четарехь духкуш
ЧагIар хуьлу, минотана сецна хан йоцуш.
Го цу чохь: сакъоьрурш, вовшеха летарш,–
Эххара, адамийн сибташ дайна, Iохкурш.
               
354 – хьукмат – юкъаралла (общество) – бусалба динан бух тIехь яхар тодина юкаралла (пачхьалкх).               

                15
Iохку уьш тIулгаш тIехь, ченаша буьзна,
Къегинчу малха кIел, бага мозий хьийзаш.
Шайн мел дерг дIамолу, берзана буьсуш,
Даьхнеха, герзах бовлу, цхьаберш – мийларна.
16
Бахам болчу малархойн Iадат дара,
Схьадеана чагIар кхачадар дерг мелла.
ЦIен кIади дожийтар четарна тIера,
Маккин малархоша – и лоруш деналла.
17
Маларций цхьаьна, кхузахь дара дIахьош,
Юкъа ахча дуьллуш гIулгех, пхерчех ловзар.
Махбархойн, хьажойн четаршна гонаха,
Кечбелла, дегI духку, зударий хьийзара.
                18
Иштта зударий эхь хеташ бацара,
Я церан лелар сийсаз деш аддам вац.
Эшаршна, хелхаршна уьш бара говза,
Цо кхоччуш дузура – бехначийн цIармат куц.
19
Къахьогуш, модашлахь, мацалла лайна,
Арара Iарбийн зударий беркъа бара.
Кхузара кхахпанаш гуш дара тайна,
ХIуьрлаIанаш хеташ, биссина стиглара.
20
Цаьрца ирс оьцур ду мотало шортта,
Амма уьш механа бара дукха беза.
Ахчанахь уьш бара тIекхача атта,
Цундела къайленаш лаьа церан йовза.




21
Хьекъалах тилочу маларшца ловзарш,
Кхахьпа зударий, дастамло Iеса нехан, –
И Делах бевллачу нехан некъ бара,
Элчане ;хаьттича, цхьа дин доцчу бежнийн.
                22
Дахаран маьIнех шайн – цу кепехь кхеташ,
Шайн дахар Iажаллица кхачалуш хеташ,
Шайн са дицдина, догIмашна там лоьхуш,
Лелар дара эхартан дахарах шек деш.
23
Эхартан дахарах ойла яр доцуш,
Цигахь дуьйцу дахар – деккъа туьйра хеташ.
Дуьненан синкъерам – ирсан бохь лорурш,
Кхелхича шайна хиндерг бац дагах кхеташ.
                24
Дала дендина гIовтта дар кошара,
Барт хаттар, гулдина, махьшаран майданахь,
ДIакхехьна харц дахар дайшкара дуьйна,
Дита кийча дуй те халкъ, Жанната кхача?!
25
Пхьоьхано лору илланчаш, жухаргаш.
Дин даржо новкъарло еш бара уьш чIогIа.
Уьш безаш тIеоьцу муьлхха базаршкахь,
Кхаъ хуьлу уьш бахкар аренан тайпанна.
26
Синтем, сацам байна илланчаш хуьлу,
Уьш шайхалла долуш хета цхьаболчарна.
Дукхаммо уьш жинийн хьу кхетта лору,
Цундела, цара мел аьлларг, ду магийна.




27
Пхьоьхано вазвинчу илланчийн байташ,
Шайлахь цара таллам беш йийцаре йора.
Пхьоьханан харжамна гIорасиз хилахь,
Вовшашлахь и харжам тергал дIа ца бора.
28
Илланчийн гуламехь нисделла масал:
Керла юкъа яьлла ХIиндин похIма дуьйцу.
Йозанехь сийлалле кхаьчна къаночо
ХIинда хастош, «стешлахь»355 – толамхо ю олу.
29
Шен хьокъехь аьллачунна реза йоцуш,
ХIумма шек йоцуш, олу ХIиндас дуьхьала,:
«Со-м тоьлларг беккъа стешлахь яц хилла Iаш,
Стечел дегIан куц къаьста – нахал ю тоьлла!»
                30
Эвхьаза говза жоп ХIиндас даларна,
ЛадоьгIучарна тов – цо далийна дешнаш,
Цара тоьлла илланчех ХIинда тоьхна,
Iарбийн халкъан поэзин исторехь йисна.
31
Синтем бар илланчийн харц некъахь дара,
Иблисо Iесалле дерзийна шайн похIма:
Моттарна дуьне шашах кхолладелла,
Ткъа цу тIехь денлучунна – Iалам деш охIла.
32
Церан байтийн хьехам бу хервеш динах,
Дахарехь, шайн кхолламийн, дай кхайкхош адмаш. –
Элчано ;къобал бо тешна берш Делах,
Исламан бехкамийн гураш чохь совцурш.
               
355 – «стешлахь» (сте) – зударшна юкъахь бохург ду иза. Сте – шира, зуда боху дош ду. Цу маьIни тIера ду: стунда, стуннана дешнаш.

                33
Хьаж дечу хенахь КаIбатахь лелош дерг,
Дала даккхий къиношлахь дийцина дара.
Деккъа цхьа махбар ду – хьаж дарца догIург,
Iамал яр, рицкъ лахар цхьаьна магош Дала.
34
Iибадатца, рицкъ лахар догIу цхьаьна,
Дала иза магийна динах ца туьллуш.
Исламан гура чохь дахар нисдина,
АллахIан бехкамашца шайн белхаш толлуш.
35
Иштта Макка ялх бIе ткъолагIа шарахь,
Пхеа тайпанах ялх стаг кхочу Ясрибера.
Къуръанан сураташ ша доьшуш дагахь,
Элчано ;динах дерг хьешашна дийцира.
                36
Хьехамехь церан тидамо лаьцнера,
Адамийн гамонашна дин дуьхьла хилар.
Доьхкуш цо хилар тайпанашка декъар,
Бусалба уммат дерг цхьа вежарий ларар.
37
Бусалба дино дац къам, тайпа къестош,
Ду коьрта Дела цхьаъ веш, Пайхамар ;бакъ вар.
Массо къам: цIен, Iаьржа, кIайн, можа – кхуллуш,
Дала Шена Iамал еш, тIедилли кхерар.
38
Бац лай я элий бусалба умматехь,
Бакъонаш цхьаъ ю церан АллахIна хьалха.
Тоба дина лай веза марша ваккха, –
Делах кхоьруш хилар, низам ду массарна.




39
Бусалба уммат ду Делан бакъонна
КIел сецна Iан дезаш дуьненан дахарехь.
ЧIирен дов, цатемаш Делан Iуналлехь,
Элчано ;луьсту динца догIу низамехь
40
Элчано ;керла дин дийцича шайна,
Ясрибхой тешна бара цу дино шайлахь,
МаслаIат дерг хиларх, тIемаш дIабаьхна –
Декъала деш Элчанца ;цхьаьна эхартахь.
                41
Тайнера царна Мухьаммад ;цу некъахь,
Къурайшашца, шек воцуш, къовсамехь хилар.
АллахIан дин даржош, ша тоьларг хиларх,
Дог тешна, къар ца луш, къахьоьгуш валлар.
                42
Ясрибан хазраджхойн и ялх стаг шайн цIахь,
Бусалба дин нахана марздан х1оьттира.
Сихдира шайн тайпа кхета ансарех,356
Дитале кхечу наха Элча ;тIелаьцна.
43
Хьаж дина шаьш девлча, шолгIачу шарахь,
Элчанца ;барт бо Ясрибан шийтта стага:
Царах итт–хазраджхойх, кхин шиъ – аусхойх,
Ясрибан коьртачу тайпанех еш чIагIо.
                44
Акба357 регIахь Ясрибера векалша,
Iарафат, Минаний юккъехь цу наха,
ШахIадат далош, дуй буу, – АллахIа
Хьарам до массо хIума дIатесна даха.
356 – ансараш – бусалба дин тIеэцна, Элчанан (; .), мухIажарийн а доладан хиттина Мединера нах
357 – Акба – Мединера наха Элчанца ;цунна мутIахь шаьш хилар чIагIдеш кехат яздеш, куьйгаш тIеIош чIагIдина меттиг. Iарафат ломана, Мина тогIина юккъехь ю Акба
                45
Цуьнца ду: зинах, къоланах къаьсттина,
Зудбераш киийта, уьш дайар сацийна.
Боьха мотт, эладита хьарам деш шайна,
Элчанна ;мутIахь хила диканехь, вонехь.
46
Маккахь кхолладелла бусалба уммат,
Ясрибхойн тайпанаша дебийра сихха.
И бара Акбахь бина хьалхара барт, –
Хьахоза шена чохь – тIом лелор дин дуьхьа.
47
ТIом беш дин даржаде ца боху АллахIа,
Нахе дин кхайкхича бехказа ву Элча (; .).
Цо кхера боху Делан оьгIазлонах,
Лур долчу Iазапех эхарта диссича.
                48
Къуръанца ясрибхошна ислам хьеха
Элчано ;вохуьйту цу гIала шен стаг,
ХIашимхойх Мусхьаб ибн Iумайра, цигара
Адамийн ма-дарра хьал, дог-ойла довза.
49
Мусхьаб вара хаа дезаш, буй кийча
Ясрибхой, бусалба маккахой тIелаца;
Элчанца ;зIе латтош, долу хьал дуьйцуш,
Тоба дина бахархойн хесап довзийта.
                50
Мусхьаба цIенна кхочуш до тIедахкарш,
ДжамIатехь Iамал ян, Къуръан шера деша
Цо Iамийра Ясрибехь тоба динарш, –
Аусхойх, Iаззад ибн Зурат, тхьамда хIоттош.




51
Мусхьаба долийра, ша волуш кхузахь,
ПIераскнехь, рузба дайта, нах вовшах тохар.
Шо тоьи бусалба дин даржа Ясрибехь,
Бусалбнашна бух кечлуш цига дIакхалха.
52
Оцу хенахь Маккахь бусалба уммат,
Дац керла декъашхоша тIекхеташ дузуш.
Цундела вара Элча ;кечдеш хIиджрат,
Муъмин тоба Ясрибехь гIаттийта стамлуш.
53
Делан цIенна, КаIбатана, букъ тухуш,
Хала ду бусалбнашна Маккеха къаста.
Цундела бара, кхалха реза боцурш,
И къовсам бара кийча – бусалбнаш бекъа.
                54
Акабехь барт хилла масех бутт баьлча,
Джабраил догIу Элча ;Далла тIе вига.
Буракъо358 Маккара Къуддусе359 вигча,
Цигара, ворхI стиглан, Делан Iарше кхачо.
                55
Къуддусера маьждигахь кхаьрга хьоьжуш
Хилла ИбрахIим, Муса, Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), кхиберш тIехь.
До цара ламаз, Элча ;хьалха воккхуш, –
ТIе кедаш кховдадеш: шура, хи, чагIар чохь.
56
Элчано ;схьаоьцу, шура чохь го кад,
–Нийса некъахь ву хьо, хьан уммат, –  элира
Джабраила, – шуна чагIар дина ду хьарам».
Маьждиг тIера, стигла ирх, лами хIоьттира.

358 – буракъ – Элча ;стигала воккхучу буса иза Маккара Къуддусе кхачо далийна дийнат.
359 – Къуддусе – Иерусалим. Цигара маьждигера воккху Элча ;стигла.               
                57
Джибрилца стигла ирх волало Элча (; .).
Хьалхарчу стиглахь го Iарбойн да ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
Цо салам ло кхаьрга шена тIе кхаьчча,
Шийтта эзар малик ду ларьеш и стигал.
                58
Элчанца ;маликаш тIекаре довлу,
Жоьжахатин да Малик гора кхоьлина.
Джабраилс олу: «Малик дац цкъа къежаш»,
Дехча цо жоьжахатин кор дIа-м диллира.
59
–Оцу корах ара туьйхира алу,
Iесачара ловш долу Iазапаш гойтуш.
Бойн хьакъ диъна цхьаъ – эмкалан балдашца,
ЦIийдина тIулгаш шена вара чухьерчош. –
                60
–Зина дина, кхечунах пхьорйоьлла зуда,
Шен майрчух ду бохуш, аьшпашца бер дарна,
Некхех чекхдаьхначу мIераш тIехь кхоза;
Хьарам бина зударий балийнарг вара: –
61
–Ши тайпа жижиг цунна хьалха Iуьллу,
Бордаха360 даа тамехь, важа – кIозйохарш.361
Сих лелхаш вара и ирчаниг дууш,
Бордахчуьнга дIахьажа, даа ца хIуттуш. –
                62
–Зуьретан да Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вара цу стиглахь,
ДIаоьхучу тIаьхьенийн синойх бIаьрг бетташ.
Декъалчу синойх схьа тамехь хIо даьржаш,
Iесачех  – хорам беш, боьха хьожа кхеташ. –


360 – бордаха – дерстина, оза ийна жижиг (дилха).
361 – кIозйохарш – деккъа пхенаш, хьорзамаш тIех долу дилха.

63
–ШолгIачу стиглахь го Iийса – пайхамар (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
Цуьнца цхьаьна цуьнан шича Закрийн (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Яхья (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).362
КхолагIа стиглахь вара хаза Юсап (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),363
ГIараваьлларг Мисрахь шен оьздаллин йохьца. –
64
–ЙоьалгIа стиглахь вара Идрис (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) лаьтташ,
ПхоьлагIа стиглахь ву Мусан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ваша ХIарон (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
ЙолхалгIа стиглахь го ша Iаьржа Муса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
ВорхIалгIа стигли тIехь го юха ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)–
65
–Кечдина доккха лекхачу  гIента тIехь,
Хиъна Iаш вара иза, чIогIа сох тера,
И вуьйцуш Элчано ;олуш хилла:
«Цо вуьгу Мухьаммад ;ялсаманин беша». –
                66
–Цигахь го Элчанна ;хIуьрлаIанех йоI,
Iаламат исбаьхьа, дегIан куьцаш бIаьрла.
Цо олу ша ма ю Зайдна кечбина кхаъ,
Ахь  везаш кхиийнчу хьан хьоме кIантана. –
67
–Пайхамарш Элчанца ;тIекаре бара,
И, шайн ваша вина, тIеэцнера везаш.
Цул тIаьхьа и соцу вайн Далла хьалха,
Вуй хууш шен Дела шаршонна тIехьа. –
                68
–Шовзткъей итт ламаз тIедуьллу Элчанна (; .),
Шен умматца дан хIора догIучу дийнахь.
Мухьаммад ;реза хуьлу дуьхьало йоцуш, –
Мусас (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) олу: «Юха гIой, лахдайта терахь!»


362 – Закарийн (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Яхья (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – пайхамарш (дай, кIанттий).
363 – хаза Юсап (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – Делан пайхамар,  Якъуб (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) пайхамаран кIант.

69
–ТIевахча, Дала пхиъ доккху тIера, –
Мусас (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Элча ;юх-юха Далла тIехьежош,
Уьссаза тIелелча лахдойтуш терахь,
Пхеанна тIе кхочу уьш, Элчанна ;эшош. –
                70
–Дийнахь пхи ламаз дар тIелаьцна,
Стиглара лаьтта вуссу Элча ;Къуддусехь.
Цигара Буракъо кхачаво Макка,–
Иштта вахна-вар чекхдолу цхьана мурстехь. –
71
–Элчано ;дийцарехь уьш стигла бовлуш,
Джибрилан тIам хьакхалой кхаба техкира.
Стиглара цIа кхаьчна, и самаволуш,
Кхабин хи Iанале, и нисъян кхиира. –
                72
Элчанан ;къамел Iайшата дийцина,
Стиглахула ша кхерсташ леллачу буса:
–ДегI дац шен, меттах хьовш, и некъаш бина,
Делан лаамца лелларг ма дара шен са. –
73
«Сан бIаьргаш наб кхетта, хьаббина бара,
Ткъа сан дог цу хенахь Iаш дара сема».
Элчано ;дийцинарг массарна хетта,
Тамашийна болх – кхетамна дукха генахь.
74
Буьйсанна инзаре шен кхарстарх лаьцна,
Элчано ;дийцира, асхьабаш цец бохуш.
ЛадоьгIуш болу уьш биснера боьхна,
Баккъалла ду те и я ю те гIан – набарш!?



75
ТIаккха тIе дуьйцуш верг – Пайхамар ;хилча,
Инзаре хIума дойтург – АллахI Ша хилча,
Мел цатерг дан Дела – ницкъ болуш хилча,
Шек хуьлийла яц – иза Делан болх хилча!
76
Цаьргара долучух вериг шеконца,
Дела цхьаъ веш, Мухьаммад ;Элча хилар
Бакъ динехь, ийманехь чIагIвелла лай вац:
Бусалба дин цу бух тIехь – чIагIдина ду лард.
77
Баккъалла Делах тешначийн дегнашкахь,
Йиса езаш яцара Элчанах ;шеко.
ХIетте шайтIано хьоьхура къайлаха:
«Куддусе ваха, ван – шиъ бутт хан оьшу».
                78
Элчано ;ерг буса ца бина и некъ,
И мурстехь кхиъна стигланашца и некъ бан.
Абу Бакар ваьллера и хезча-м акъ:
«И-м эладита ду, – олуш, – Элча ;бехван!» 
79
Амма тIеоьхуш бусалба вежарша,
Хезна шайна аьлча, Мухьаммада ;дуьйцуш, ,
Абу Бакарс чIагIдо, волуш дог тешна:
«Цо бахахь – иза бакъ ду, цхьа шеко йоцуш!»
80
Кхин дIа цо олу: «Цец дуьйлу шу стенна?
Делера вахьи шега мурстехь схьакхочу,
Элира цо соь. Вайн хенаца дуьстича!
И-м дац тамашийна вайна хезначулла?»   




81
Элча ;стигла валарх шек берриш бара,
Уьш тешо мехала делилаш дацара.
Бусалбанийн кхеташо гулйира цунна,
Ма – дарра довзуьйтуш хиллариг цу буса.
82
Iарбаша Къуддусехь долчу маьждигах
«Генара маьждиг» олура шайна юкъахь.
Маьждиган куц-сибат Элчано ;дуьйцуш,
Абу Бакарс чIагIдо  цо дуьйцург междлисех.
                83
Абу Бакар оцу маьждигехь хилла,
Цундела цо бакъдо, мел дуьйцурш чIагIонца.
Шеконаш дIайохуш, ийман ледарчийн,
Хоуьйтуш лелла болх – буй Делан ницкъаца.               
                84
Абу Бакарх лаьцна аьлла ду эццахь:
«Абу Бакар – Сиддикъ ву хьо, муъмин ваша».
«Бакъонан теш» бохург ду и церан маттахь,
Цо бехира асхьабаш шеконех марша.
85
Элча ;стигала ваккхар доккха зер дара,
Бусалбанийн ийманан барам къасторехь.
Цу зерех юьхькIай чекхваьлларг цхьаъ вара,
Абу Бакар – хиларна тоьлла ийманехь.
86
Цу стеган ийманна генахь бара,
Кхинболу асхьабаш бусалба тобанца.
Халонаш йолчохь, уьш гуча бовлура,
Дегнаш ца дузарна исламан марзонца.




87
Цо гойту: Делан ницкъах, юхадендарх,
Барт хаттарх, эхартан дахарх тIехь цкъачунна,
ШахIадат далийнарш хилар шеконехь,
Цундела бевла шек, Элча ;вигарх стигла.
88
Шеконийн цамгарех къаьстина бевлла,
Уьш Элчанца ;мел хилларг бакъдина совцу.
ХIинца уьш кийча бу хиндериг доькъуш,
Элчанна ;луъург деш, мостагIашца къовса.
89
Дала «генара маьждигехь» дайтича ламаз,
Имам вой Шен Элча ;массо пайхамаршна.
Циггахь дIахIоттийча стиглара лами, –
Го, Маккел, Къуддусе – хилар Дала хьоме.
                90
Элчано ;цу буса биначу некъахь,
КаIбатан сий ойуш цхьа хилам бац гуш.
ХIинца хала хир дац хIорш къаста Маккех,
КаIбатал сийлахь дерг хилча Дала гойтуш.
91
Ясрибе дIакхалхар хьахаделчхьана,
Шина декъе къаьстина лаьттина уммат,
Элча ;стигла вахна-вар бакъ дичхьана,
Ясрибе хIиджра дан хилира нехан барт.
92
Далла тIе вахна, цIа вирзинчул тIаьхьа,
Ламазан къилба хьаьвза «гена маьждигехьа».
ХIуьппалгийн бенна – КаIбатна букъ тоьхна,
Элчанций ;дIабоьрзу асхьабаш катоьхна.




93
Ялх бIе ткъе шолгIа шарахь Макка хьаж дан,
Ясрибера бусалбнаш баьхкина бара.
ХIуьппалхошца КаIбатахь хьаж кхочуш дина,
Минан тогIехь туп тоьхна, гIурба ден кечло.
94
Хьалхарчу буссехь Iамалш яр дирзича,
Ясрибхой къайлах Акабан регIа боьлху.
Цигахь уьш ларбеш Iаш Мухьаммад ;хилла,
Цигахь кхузткъей пхийтта стагаца барт хуьлу.
95
Хазрадж, Аус тайпанех нах бара уьш,
Яра цаьрца шиъ зуда (цец дийла эшац).
Ясрибан зуда, маккахойл ю маьрша,
Йиш йолуш божарийн кхоьлехь дакъа лаца.
                96
Цигахь барт хилира дуйнашца чIагIбеш,
Ясрибо умматций Мухьаммад ;тIеоьцуш.
Хьеший – мух1ажарш, бухара – ансараш.
Мухьаммад ;коьртехь волу цхьа уммат хуьлуш.
97
Iибадат Далла деш, Элчанна ;муьтIахь,
Тешаме хила чIагIо йо ансараша.
Пайхамар (; .), мух1ажарш – ца хуьлчу далахь,
Ларбан шайн доьзалш санна, тIамца герз карахь.
98
Герз карахь вовшашна гIо дан барт хилар,
Кхелхачийн, бухарчийн мехала барт бара,
ТIеман хьал хIоттахь, цхьана бIоне доьрзуш.
Нехан эсехь бисна и, «тIеман барт» олуш.




99
Элчано ;йира ансарашна чIагIо,
Царахь дIа ца къаста, хIуъа хилла латтахь.
«ХIинца дуьйна шун цIий – сан деган цIий ду,
Со шун ву, шу дирриш кхин дIа – сан цIийнах ду!»
100
Ансарех шийтта стаг уггаре сийлахь,
Элчано ;хаьржира наибаш364 бина.
Iаббас тIехь хилла Акабан гуламехь,
ХIашимхойх Мухьамммадан ;верасан цIарахь.
101
Тоба даза хилла Iаббас цу хенахь,
(Элчанал ;ши шо бен и воккха вац хенехь).
Цо хоуьйту, вешин кIант тешош ансарех,
ДIаваларна, и ларван – уьш буй жоьпаллехь
                102
Бакъдериг дийцича-м цхьа кхо шо хьалха,
Тайпано шайх дIакъастийна вара Элча (; .).
Науфалхойн365 тхамда волчу Мутимас
Телоцу и, къурайшаш хIиттабеш холча.
103
Цу хенахь ХIашимхойн тхьамдалле вогIу
Абу ЛахIаб, Элчанан ;деваша – мостагI.
Цундела Акабехь Iаббас хилла бохург
Шеконца ду – бакъдериг хууш ву АллахI.
104
Элча ;виэлла баьрза хилла къурайшаш.
Цо Макка яьккхича булу ийман дилла.
Ца бевлла тоба дина, сийлалле кхочуш,
Шаьш бусалба пачхьалкхийн паччахьаш хIуьттуш.

364 – наибаш – бусалба динан тоба дайта Элчано  ;шен векалш бинарш.
365 – Науфалхойн тхьамда Мутима – ХIашиман вешех Науфалах доладелла горан баьчча.
                105
Ясрибца бина барт къайлаха бара,
Бартахой цу буссехь дIабуьйхира тийна.
Ткъа уьш цхьаьнакхетар ца долу къайла,
Элча ;ларвеш къурайшийн айкхаш хиларна.
106
Цхьаьна кхетча хилла барт бовза лиъна,
Ясрибхойх цхьаъ лоций хьавзаво, дIавоьхкий.
Лаьцначух ца даьлча пайдехь дерг шайна,
Къурайшаша дов ца дан, вуьту и хоьций.
107
Элчанах (; .), ясрибхойх шек шаьш хиларна,
Сингаттам сов болу къурайшашна юкъахь.
КIелонна уьш кечлуш хетало царна, –
Дуьхьала Iотта дац-кх гучу даьлла бахьна.
                108
Къурайшаш Iаш бара ладоьгIна сема,
Кхин дIа кху Макки чохь бусалба нахана
Дебаре сатуьйсуш дацара Iайла, –
Элчано ;хIиджрат дан бакъо ло умматна.
109
ХIиджрат доладелла хан иэсехь йисна,
ЯлхитталгIа июль, ялх бIе ткъе шолгIа шо.366
Бусалба умматан шех рузма хилла,
Дейтта бIе шарахь сов Латта ду бохуш го.
110
Яцара кхелхачу бусалбанашна,
Цкъачунна хаалуш дуьхьалонаш жимма.
Цара ларво шен доттагIашца Элча (; .), –
Кхара моттуьйтура шаьш дагахь дац кхалха.

366 – ЙолхитталгIа июль ялх бIе ткъе шолгIа шо – бусалбанийн хIиджрат доладелла хан. Цигара схьа долало бусалба умматан рузма  (602 год, 16 июля – время начала мусульманского лунного календаря).
                111
Хьабаше кхалханчух дерг тера хеташ,
Башха саготта бацара къурайшаш цкъачунна.
Яссалуш гича гIалин динна каппаш,
Къурайшаш сихбелира гIовтта зуламна.
112
Кусай ибн Кулабан хIусамехь, Маккахь
Гулбелира къурайшийн тхьамданаш цхьаьна,
ТIаьххьара сацам бан Элчанан ;хьокъехь,
Ясрибера дуьхьала гIаттале тIамца.
                113
Маккара бусалбнаш кхелхина бевлча,
Къурайшашна хиъна уьш Ясрибехь дебний:
Мухьаммад ;кхалхале царах дIакхета,
Иза вийна дIаваккха кхел цара кхайкхий.
                114
Къурайшаш хьело, цхьа мера ца волуш,
Мухьаммад ;вер цхьаммо, шена тIе ца лоцуш.
Эххара – ворхI горах цхьацца стаг хоржу –
Цара цхьаний Элчанна ;герзаш тIе тухуш.
115
ЧIир лело аьтто ХIашимхойн дIаболу,
Ницкъ хир бац церан ворхI горах тийсабала.
ТIаккха дов доьрзур ду – цIийна мах токхуш,
Къурайшаш реза бу – цIийх мах царна бала.
116
Буьйсанна хан яьлча, кхел кхочушъярхой,
Элчанан ;цIенна го лоцуш, дIахIиттира.
Чохь, къайлах хьаьвсича, маьнги тIехь стаг гой,
Хьоьжуш Iа – иза арахь вуьжуш хиларна.367 

367 – иза арахь вуьжуш хиларна – Мухьаммад арахь даима вижар долуш хиларна, и вен баьхкина мостагIий иза араволу ларвеш Iийна. Ткъа вен чулилхича, меттахь Iела карийна, боьхна дIабахана.
                117
Сахуьлуш шайн тарраш баттара даьхна,
Лилхира уьш цIа чу, Мухьаммад ;вен дагахь.
Меттара гIаьттина Iела го царна,
ДIавахнарг, хIорш битина, шаьш боьхна Iаччохь.
118
Делера хаамца Джабраил деъча,
Маккара Ясрибе дIакхалха омра деш.
Шен оба тIехь Iела шен чохь вуьтий,
Абу Бакарх кхета Элча ;бода булуш.
119
Цу буссехь уьш къайлах Маккара бовлу,
Ясрибехьа ца гIоьрташ, бIостанехьа боьлху.
Саур ломан хьехахь кхо буьйса йоккху,
Буса рицкъ, хи дохьуш царна орца кхочу.
                120
Кхо де-буьйса даьлча Маккин го таллар,
Къурайшаша сацийра, хIорш генахь леха.
ТIаккха Iамира368 ши эмкал ялийра,
Некъана кхарна оьшург тIехь долуш шайна.
121
ТIаккха уьш ца боьлху Ясрибан агIор,
ЦIен хIорда тIе оьхьна некъ бо цара генна.
Къепалийн некъашна уьш хуьлу нацкъар,
IабдаллахI ибн Аркъат369 ву хьалха ваьлла царна.
122
Дукха хьолахь берриг некъ беш буьйсанна,
Ясрибе уьш кхочу ялх де-буьса долуш.
Къубаъ олучу меттехь уьш севцира,
Ялх бIе ткъе шолгIачу шарахь, июль бутт бовш.

368 – Iамир – Абу Бакара эцна марша ваьккхина лай.
369 – IабдаллахI  ибн Аркъат – къайлахчу некъийн говзанча, къайлах
некъашкахула Абу Бакарца Элча ;Медине хIиджрат деш дIакхачийна стаг ву иза
                123
Элчанан ;хIиджра дар хилира кхочуш,
Ясрибан лаьтта тIехь, Къубаъ олу меттахь.
Гуш яра кхузара бахархойн гIишлош,
Ялта дIадерзийна кхаш, хурманийн дитташ.


Рецензии