Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

17 дакъа МухIажарш, ансараш а

1
Къилбаседа агIор Ухьуд – лам гIаьттина,
Исбаьхьа хаза меттиг ю Ясриб-гIала.
Хурманийн бошмаша гIалин юкъ юьзна,
Гонаха тIулгийн лекха керташа кхаьлла.370
2
МостагIех лардала кегийн корашца
Цхьана я шина гIотан гIишлош ю йоьгIна.
БIаьвнаш ю гонехь гаттий баролашца,
Яра уьш чутарлуш динна тайпа тIамна.
                3
Лаьттаца ду кхузахь рицкъа адамийн,
Дежийлаш тIехь кхаба таро яра бежнаш.
«Мадинат ан-Наби» хьешаша олий,
Тахана Ясрибах ду Медина олуш.
4
Дикка хан йоккху Элчано ;Къубаэхь,
Уьйр чIагIъеш – мухIажарш, ансараш гулбина.
Цу хенахь схьакхелха бисинарш Маккахь,
Iела тIехь цигара гIулкхаш шайн чекхдаьхна.
                5
Маьрша ду Iибадат лело Къубаэхь,
Дуьххьарлера маьждиг до Элчано ;цигахь.
Тхевнан метта хIурманийн гIаш ду тIоьхлахь,
Iамалаш йо цу чохь, иза волуш коьртехь.

370 – лекха керташа кхаьлла – куьце ялош, тойина, хазйина.
                6
Баккъалла, къаьстича, Ясрибан къаьмнаш
Пайхамар ;тIелаца хьаьгна, Iаш буй хиъча,
Мухьаммад ;Къубара Медине валош,
Цу гIалин дерриг халкъ дара ара даьлла.
7
Элча ;вара шен Касва эмкална тIехь,
Абу Бакар, Iела, ансараш гонаха.
БIеннаш хIуьппалхойх, насарех, яхIудех
Нах бара Пайхамар ;декъал веш доггаха.
8
«Динехь цхьа ницкъ бар дац!» – бохуш кхайкхамца,
Воьссира Мухьаммад ;кху Медина – гIала.
И Делан лаам бу кхаьчна вахьица,
КIайн байракх яра кхаьрца, гуш ловза яьлла.
                9
Цу меттехь хурманий стом бакъош хиллера,
Боберийн долахь дара и декъа латта.
Цара маьхза воткъана371 – и  луш дара,
Элчано ;и байшкара мах лой оьцуьйту.
10
Элчанна ;цIенош, маьждиг дан и меттиг
Ийцира массара гулдинчу ахчанах.
Белхеш беш маьждигца цIенош дуьйгIира,
Элча ;вара, нах санна, цу белхийн декъахь.
11
–Эхартахь хиндерг бен, дац кхин бакъ дахар,
МухIажарш, ансараш ирсе бойла Дала! –
Цу назмин дешнаша гIитта деш хьуьнар,
Бусалбнашна гIо хуьлу белхан ка дала.

371 – воткъана – юкъараллин хьашташна шен долахь йолу хIума дIаялар мах ца боккхуш.

                12
Къубахь дина маьждигах тера дира,
Мединехь маьждиг – чуволийла кхоъ йолуш:
Махбархошна, Элчанна (; .), т1е зударшна –
Ламаз оьцу хьашташ – гонаха леладеш.
13
Еха хан йийзира маьждиг чекхдаккха,
Иза дина делира шарахь къахьегча.
Iамалш яр-м чохь дара, далале дуьйна,
ЦIа доцчийн хIусам яра, маьждиг гIад дайча.
14
Элчанан ;цIенош дIахутту маьждигах,
Масех чоь яра уьш пенашца поппаран.
Шен-шен неI йолуш, йоьллуш цхьана кертахь,
Фатимин, Совдатан, ялочу Iайшатан.
                15
Маьждиг, шен хIусамаш йовллалац йина,
Элча ;Iа Абу Аюбан тIекIел цIийнехь.
ХIусамдай лакхахь – хIара лахахь – лиъна,
ХIусамдас бохуш: «Элча ;товш вара – лакхахь!»
16
Ца лиира Элчанна ;хьала вийла,
Шена тIе леларна диллина адамаш.
«Хала ду царна хьала, охьа  лела,
Массарна дика хир ду, со лахахь волуш».         
17
Цу ойланца Элча ;сецира бухахь,
Кхача цунна кечбо цу хIусамехь денна.
И вара ца бууш саьмарсекх, хоххий,
Цунна хьалха даьхьна шун дуьсура динна.
               



                18
Элча ;чувирзира кхин нахехь ца Iаш,
Веъна шо кхочуш, хIусамаш йина евлча.
Цул тIаьхьа той до, Iайшат цунна ялош,
Шовзткъей итт дирхем нускалах урдонна372 луш.
19
Той дIадаьлча масех бутт денцIахь боккхий,
Iайшат Совдатан лула хIусаме кхелха.
Шеца цо массо ловзаргаш схьакхачий,
Дечиган говр цхьаьна, Сулимин (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)373 дин цIарах.
20
Iайшата дийцарехь Мухьаммад ;хилла,
Оцу берийн ловзаргех самукъа долуш.
Сулимин (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) говро дохуш дог шен тIома,
И ловзура, баккъалла, бералле вужуш.
                21
Iайшатан сий, пусар деш хилла Элча (; .),
Ша дийна мел ву, иза къаьсттина езаш.
Цундела, да бахьанехь, тIе жима хилча,
Зударшлахь Элчано ;яра иза лоруш.
22
Элчанан ;шега болу безам буста,
Деган къайлеш вовшашна йостучу меттехь. 
Iайшата хотту: «Хадижатан метта
Кхаьчний со хьан ларам-безаман барамехь?»
                23
Байттамал, маржа яI! Жоп дара шога:
«Хадижатан метта кхочур яц цхьа зуда!
Цуьнан меттиг ю дагчохь – цо тоьхна догIа!» –
Iайшатах хьаьрчира эмгараллин гIуда!

372 – шовзткъей итт дирхем йоIах урдонна луш – Iайшат (Далла къинхетам бойла цунна.) Элчанна ;ялош механа делла ахча.
373 – Сулимин (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) говр – Iайшата (р.I.) цIахь ловзош хилла говр.
               
                24
Iайшатан, Элчанан ;той дIадоьрзушшехь,
Элчанан ;йоI, Фатима, Iелина йоьху.
Ца хьелуш Фатима дешиче йоьду,
И нисло Элча ;чIогIа къевелла хенахь.
25
Ловзаран барам бара церан гIийла,
Шуьрица хурманаш яра кхеран тойнехь.
Пондар - вата дац, дац хелхарш, маларш, –
Уьш хьарам динера бусалба умматехь.
26
Нускалан мотт бара дIабаржийна кхакха,
Ткъа там бу: ши юбкий, йовлакхца гIайба,
Хи молу чами, ши датон хIоз кохьарца,
Цхьа жима цIестан яй, царна тIе ши кхаба,.
                27
Дог цIеналла Фатимин шен ийманца,
Хадижатан, Мареман374 чул дацара эшна.
ХIетте барт оьгIура цуьнан Iелица,
Элча ;юкъа воьлча бен ца хуьлуш тайна.
28
Ца хьелуш цаьршинан бераш хилира,
Элчанан ;дуьхьарлера шен берийн тIаьхе.375
Царна Хьасайн, Хьусайн цIераш техкира,
Элчанна ;вара и шиъ инзаре хьоме.
                27
Iарбийн иллеша Медине Элча ;вар
Дуьйцу, наха халиф веш тIеэцна бохуш.
Холкъалахь и вара Делан пайхамар (; .),
Дахарехь царна юкъахь нийса дерг хьоьхуш.

374 – Фатимин дог цIеналла дацара Хадижатан, Мареман чул эшна – цо гойту иза лакхара ийман долуш хилар.
375 – Элчанан берийн тIаьхье – Фатимин, Iелин а (Далла къинхетам бойла цунна.) ши кIант.

30
Бусалба дин даьржаш, денделча уммат,
ХIоьттинчу юкъараллина оьшу баьчча.
Дала Ша къаставо куьйгаллин тхьамда,
Халкъана куьйгалла дан, хьакъ воллу паччахь.
31
Делан динан бехкамашца ког боккхуш,
Оцу динца дIанисдеш дахаран гечеш,
Вовшашна юкъахь цхьа хьаг, гамо йоцуш,
Керла уммат кхуллург Ша халиф хоржуш.
32
Элчанна ;чул дика и уммат кхолла,
Хуур долуш вуй цхьа, Дела хилча хьоьхуш.
Дерриге куьйгалла Дала цундела,
ДIаделла ду Элчане ;Шен вахьиш диссош.

                33
Iесачу нахехь лаьттина куьйгалла,
Схьадерзо дезаш дара бусалбнийн кара.
Цу хенахь бусалба массо нах Дала
Декхар бо – схьакхалха кху Медина-гIала.
34
ХIусамаш юьтуш Медине кхелхина,
МухIажарш Элчанан ;коьрта гIортор яра.
Ансараш гергахь бу цу дарже кхача,
Уьш йохье цаьрца бохуш Пайхамар ;вара.
35
Мединел арахьа болу бусалбнаш,
Кху гIала кхалххалц бухарчаьрга бац кхочуш.
Кхайкхам бу Элчанан ;массанхьа баржош,
Берш схьакхалха декхар ду шайн ийман гойтуш.
               


                36
Маккара бусалбнаш кхалха ца буьтуш,
Къурайшаша нуьцкъаша совцийра цигахь.
Схьакхелхина мух1ажар ву бIе сов оьккхуш,
Герз карахь дIах1отто мегаш бIона юкъахь.
37
Доьзалшца лерича-м масех бIе бу уьш,
Дукхаммо дин тIеэцна ю итт шо сов хан.
Iибадат ду цIена, бехкамаш лоруш,
Бу хIайкалшка дерзош берш, дешнаш Къуръанан.
38
Шеко яц хиларх дарбане Дош Делан,
Амма яц дIатоьттийла молханийн дарба.
Жинийн цамгаршна дарбане ду Къуръан,
Хьу йоьлла дархочунна и юххехь дешахь. 
                39
Исламан бехкамаш цIена ларбайтар,
Асхьабаш лууш бара  Элчано ;кхайкхо.
Къаьсттина хьарам дуй чагIар хаийтар,
Марзделла и зулам гуттаренна сацо.
40
Маларах дIахада деналла доцуш,
Бусалбнех цхьаберш бара чагIарах кхеташ.
Ламаз дар чагIарах шаьш кхетта долуш,
Доьхку царна Элчано (Делера маршаллла хуьлийла цунна. с.) динах ца хадош.
41
Хаттабан Iумар – чагIаран мостагI,
Шен кIант цо веза воккху, мелла вуй хиъча.
МухIажаршна тайра, цо кIант вар астагI, –
Дац малар доьхку вахьи Элчане ;кхаьчна.




42
ХIуьппалгхоша барта кхоьллина иллеш
Ца дезара Элчанна ;уьш Iеса хиларна.
Бусалба илланчех самукъа долуш,
Ла доьгIуш Iара и екхалой ойланаш.
43
Цхьаболу асхьабаш, цаьрца Iумар тIехь,
Поэташка ладегIар къилахь деш бара.
Кхечара до денна марха кхабар мелехь,
Я буса Iамалш яр набарна тем боцуш. 
44
Шен динан бехкамаш нахе базбайта,
Ца кховдина Дала тIе Iибадат дегI дуьйш.
Бусалба дин толо могашалла оьшу, –
Ткъа  вукхо эшам я Iажалла кхочуьйту.
                45
Халачу шераша къен бира мухIажарш,
Механ болх дIа ца боьду кхеран Мединехь.
Латта лело говза бац, бац бан белхаш,
ДIанисбан дукха бу нах, кху жимчу гIалахь.
46
Дийцар ду: Iелас рицкъа лаха гIерташ,
Кибарчигаш ечарна кхехьарх хи мехах.
Черма хи тIедеъча, цхьа хурма мах луш,
Ялхийтта хурма цо яккхарах цу балхахь.
47
БархI хурма елира Iелас Элчанна (; .),
Кхин рицкъа ца хуьлу царна цу дийнахь,
«ЦIе латтор доцуш, – дуьйцура Iайшата,
КIиранашка довлуш – бепиг, хурма, хи тIехь,–




48
–Наггахь тхуна жижиг сагIийна лора,
Нислора масех де баьпкан цастар доцуш.
Хала дара тхуна кху дахарх дола, –
Дуьйцура Iайшата хилларш дага лоьцуш.
                49
Мединехь дерриге хийра ду царна,
Сагатдо шайн малхо тIех йоттучу Макка.
Дог лозу сийлахь, курачу маьждигна,
Хьаьгна ду дарбане Замзам-хин чам баккха.
50
Мединехь тIуьна хIавао ницкъ бора,
МухIажаршна сих-сиха хорша тIехоьцуш.
Дагаро цхьаберш кхетамах бохура,
ГIелбора, ламазашна – говтта гора доцуш.
                51
Цомгашчара ламазаш хевшина дора,
Дархошна тIехуьттуш Элчано ;олура:
«Цамгарна ца къарлуш, ламаз де гIовттуш,
Хиъна Iаш ден ламаз ду шуна дорах!»
52
Цамогурш гIитта беш гергарчара,
Ламаз оьцуш, иза деш гIо дора царна.
Кхеран гIилкхашна бац реза мухIажарш,
Къаьсттина – хецна шайн зударий битарна.
53
МухIажарш кхоьрура церан зударша,
МуьтIахьчу шайн зударшна тIеIаткъам барна.
Церан зударех кхара шайниш ларбора,
Я маре ца буьгу, лоруш уьш телхина.




54
Элчанна ;гуш яра хIоьттина херо,
МухIажарш ансарашца дIаэн ца буьтуш.
Цо доьхура Деле Медине марзо,
Сов йолуш, йижийтар мухIажаршна дагчу.
55
Изза доьхуш-м мухIажарш бара Деле.
Шаьш доггах хиларна Элчанна ;муьтIахь.
Амма бац кхоллалуш безам Медине,
Хьулъелла херо яра лаьтташ дегнашкахь.
56
Ишттачех хьал дара юьхьанца Маккахь,
Иймане даьхкинчу тайпанашна юкъахь.
Хьалха хилла юкъаметтиг бахьанехь,
Вежарий шаьш хилар, дацара Iаш коьртехь.
                57
Бусалба декхар ву динан вежаршна,
Шен хьаштел сов даьлларг сагIийна дала,
Мецачунна, хIусам йоцуш волчунна,
Диканаш дан сутарниг ву муьтIахь Далла.
58
Бусалба нехан важаралла дуьйцуш,
Сураташ дуьссура  Элчане ;Делера.
Хоуьйтуш цахилар и цIийца дозуш,
Хилар Дала кхайкхина низамна тIера.
59
МухIажарш тIелаьцна ансараш тIаккха,
Бу вовшен вежарий дино цхьаьна тоьхна.
Гергарло деза Делан некъа даккха,
И ца дахь ийманан хьал ду церан доьхна




                60
Адмашна юкъара важаралла къастош,
Хьехадац хIинца тайпа, тукхам я цIий.
Хьабаши – Билала, параси – Салман,376
ТIе Элча ;бу мерза бусалба вежарий.
61
Бусалбнийн хоржах Салман мукъа воккхуш,
Элчанан ;уммато дукха харжаш йира.
Хьоладас цунна тоьхна гIуда токхуш,
Бусалба наха дийгIира хурманийн синтарш.
                62
Иймане веанчу Салманах башха
Бусалба умматна хуьлу майра ваша.
Мединхой дине богIу девнаш доцуш,
ИйгIина вовшашца гергарло ца дохош.
                63
Кхузахь дин дезаш тIеоьцу къехоша,
Коьрталла Мединехь къуьйсу тайпанаша.
Аусхой, хазраджхой урхалле гIерташ,
Къаьсттина бу шайн-шайн нах тобане балош.
64
Иймане баьхкира миска нах санна,
Бахам болу хазраджхой, аусхой – цIарна.
Коьрталла шайгахь хирг хиларх догйовха,
ХIокху динца шайн дахарна зен цагарна.
                65
Мединехь хьал долчу ансарийн тхьамда
IабдаллахI ибн Iубаййа вара цкъачунна.
(Хьалхенгахь аусхой лаьттира коьртехь).
Хинца и ву дашо таж коьрта тиллина.

376 – параси Салман – гIажарийн Салман (таханлера иранхо).               



66
Иштта и леларна бехкен во наха,
Мединин эла и хила гIерта бохуш.
Хазраджхойх, аусхойх биснарш бу Iеса,
Иймане дахказа кхин дара тайпанаш.
67
Кхузара хIуьппалгхой бацара девне,
Бацара бусалбнашца тIамна бIо кечбеш.
«Нуьцкъаша тIеверзор дац цхьана динехь!» –
Элчано ;дIакхайкхор дара кхузахь лардеш.
                68
Аль-Манат маьждиг ца дохош дитира
Элчано  (; .), хIуьппалхой девне ца бовларна.
Бакъ ду, бусалбнех аьрха кегийрхоша,
Къайлах церан хIуьппалгаш йоха-м йора.
                69
Кхин чIире дагзаллаш яцара юкъахь,
Коьрталла деза Iубаййан тобанца бен.
Гулъеллера и – хьал долчу ансарех,
Царех лаьцна Делера вахьиш ду денна:
70
–Уьш динах турс деш, бу шайна са лоьхуш,
Эхартан ял яц и, бу дуьненан пайда.
Мунепикъийн хьу ю ишттачех юлуш,
Церан цамгар чIагIъеш ву, гуш волу Дела. –
71
–Нах санна тоба дай тIедерза динна,
Шайга аьлча, ма дуда дуьненчу зулам.
Хетарна сонта тIеберзар нах санна,
Гойту цара шайн хьекъале кхаьчна эшам.–




72
–Бусалба нахе шаьш тешаш ду бохуш,
ДIасакъаьстича, царах шаьш кхардар дуьйцуш.
Тиларан хьу ю церан мелла кIарглуш,
Дела ву говза, царна духьала волуш. –
73
–Мунепикъ нах гIерта хьан уммат декъа,
Цул тIаьхьа цунна тIехь леладан куьйгалла.
Мухьаммадах ;тешна дин дендеш дара,
Цундела цуьнгахь ду урхаллин жоьпалла.–
74
–Иймане баьхкинчийн дагахь дерг ала
Бакъо ю, вовшах кхетта, кхел ечу хенахь.–
Сацаман дош ала, декхар ву Элча (; .),
Цу дашна бусалбнаш хила беза муьтIахь. –
                75
И ду Дала динехь къастийна низам:
«Далла, Цуьнан Элчанна ;хилийша муьтIахь!»
Кхайкхош ду Къуръан чохь мосуьйтазза,
ТIе юьхькIай бан дош луш, цуьнца хилларш бертахь.
76
БIаьрмецигло еш – дIалучу сагIина,
Хьал долу ансараш къасталац бахамах.
Ибн Iубаййа ву тобанца дIатебна,
Элчанах ;хервелла, дIакхетта мостагIех.
77
Рицкъанаш массарна яздина Дала,
Бахамаш гулбарехь нах буьтуш маьрша.
Вац тIаккха массо – хьашташ шен нисделла,
СагIа дазди Дала, адмаш дан комаьрша.




78
Амма и комаьршо йоссац хьаьнг-хьаьнга,
Ийманах шен дог дуьзна, Делан лай вацахь.
ЯхIудаш, насариш бац жимма хьаьгна,
Бусалба дин лелош ялсамане кхача.   
79
Дала боху Элчане ;Шен сураташкахь: 
«Насариш, яхIудаш хир бац хьуна реза,
Хьо шаьш деш долчунна тIаьхьа ца вазахь.
Ала цаьрга: – Исламан цхьа некь бу нийса! – 
80
Насариш, яхIудаш буьйлало бертахь
Бусалба дин нахалахь дастаме даккха.
Уьш жайнаш дохийна хилар харц некъахь,
Шен сийлахь Элчанна ;Дала гучу доккху.
                81
Цундела уьш Дела цхьаъ варах хаьдда,
Цара Делан доьзал би Маремах, Iийсах (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
Цу боьха кхетамца – уьш Iеса бевли,
ТIаккха церан жайнаш дац дозуш Къуръанах.
82
Маккара илланчех тарбала санна,
Мунепикъашца тай кхузара поэташ.
Беламе харц байташ кхолла хIиттира,
Бусалба динца Элча ;сийсаза гойтуш
83
Поэтех Iехалуш дара шортта адмаш,
Къаьсттина Делан динах дIахаьдда бевлларш.
Цара йо Элчанна ;яккхий дуьхьлонаш,
Мединехь, ма-луъу, дин чIагIдан ца вуьтуш.




84
Кхайкхам бойту Дала Элчане ;олуш:
–ХIай Товрат юха Инжил доссийна адмаш!
Кхетаме дуьйла, Къуръанна тIедоьрзуш,
Iибадат Далла де, юххе цхьа ца туьйсуш. –
85
–Цхьа Паччахь, цхьа Эла ву шун массеран,
Цо кхоьллина шадерриг, ду шу Цуьнан леш.
Бахам берш ма базбе аш даржехь элийн,
ИбрахIиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дин ду шуна Дала дендеш. –
86
–ИбрахIимал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхьа диссина жайнаш,
Мусага (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), Iийсага (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) цхьаъ бен воцчу Делера.
Амма шун мозгIарша къахьегна уьш дохош,
ИбрахIиман динехь верг ву Делах тешаш. –   
                87
–ХIай жайнаш диссош къастийнарш Дала,
Бакъдериг харцонна кIел хьарчо ма гIерта.
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) хьаниф хилий хаьа шуна,
Насарийн, яхIудийн дин дуьненчу дале. –
88
–Дала Шен накъост винчу ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
Лелийна цIена дин доссий Мухьаммаде (; .). –
Хьанифийн цхьа тоба хилла Мединехь,
Абу Iамир боху стаг шайн волуш коьртехь.
89
Амма цу тобано вац Элча ;къобал,
Хьанифийн динах тера ислам ца лору.
Цундела уьш тхьамдица Макка дIакхелха,
Цул тIахьа шайн баьчча Византехь дIавуллу.




90
Медине кхелхина цхьа ах шо долуш,
Жайнаш дохийнчаьрца Дала доза туьйхи.
Куддусера къилба Маккехьа дерзош,
Бусалбнаш харц динийн къилбанах къастийра.
91
–Ахь лаьцна къилбанца Оха хьо вуьтуш,
Зийра жайнийн охIла, цуьнца хьо кхетош, –
Тхан пурбанца бен вац цхьа динехь нислуш,
Тхайн дин Оха дацара дIатесна дуьтуш. –   
92
–Стиглане ахь доьгIна хьажар гуш Оха,
Вонашна хьарамчу маьждиге верзий хьо.
Ламазна мичхьара цунна тIе дерза, –
Элчане ;боху Дала, луш кхоан йовхо.
                93
–Мел доккха Iаламат ахь гайтарх царна,
Уьш боьрзур бац хьуна хьан динан къилбехьа.
Бакъо яц хьан, церан къилбан некъа вала,
Ткъа валахь – хир ву хьо, сий дайнчийн декъахь. –
                94
Шен маьждиг хIуьппалгех дIацIандан лууш,
Дала къилба бусалбнийн Макка дерзийра.
КаIбата исламан сийлахь бух болуш,
Делан дин толамца чIагIдала дезарна.
95
Тайпанийн, Iеса динийн тобанашка
Декъалуш, Iарбийн къам дара барт боьхна.
КаIбата йоьттинчу дайн некъа бохуш,
Дала Iарбийн къомана Элча ;воссийра.




96
Ялх бIе ткъе доьалгIа шарахь хийцинчу
Къилбица яздо Мединин халкъан низам.
МухIажаршка, ансарашка лардайта,
Мухьаммад ;Делан элча хилар деш къобал.
97
Цу Конституци тIехь билгала йина,
Мединин бахархойн хIоранан бакъонаш.
Вон дарна догIу гIуда къастийна,
Зуламхо вац цхьаммо тIома кIел лоцуш.
98
Бусалбнийн шайлахь вер-ваккхар дихкина,
Эладита лелош берш зуламхой лору.
Чолхе дов шайлахь – Делан кхоьле дуьллу,
Цо вахьица Элчанна ;нийса кхел хьоьху.               
99
ТIеман, машаран сацам бан шеггара,
Бакъо яц. Ткъа хилла барт ларбо массара.
ЯхIудех лаьцна бара цу тIехь могIа:
Бусалбнашца тайна Iахь – уьш болуш маьрша.
100
Медина-гIалин да вацара Элча (; .),
Пайхамар (; .), умматан да, кхоьлахо-м вара.
ТIом, машар кхайкхош, закат юкъа даккха,
ХIинца цкъа цу дарже и кхаьчна вацара.
101
Мединехь коьрталла дIалаьцна бара,
Мунепикъ-ансараш, хIуьппалгхой, яхIудаш,
Мухьаммадца ;оьгIу насариш цхьана,
И дарж даккха-м уьш – товр бара къурайшашца.




102
Хала ду мухIажаршна хене бовла,
Ансараша кхийдочу сагIанах тешна.
Дов дацахь, уьш шога, гамбелла гора,
Хьал тодеш сацам бу хIинца кхузахь эшна.


Рецензии