18-дакъа ТIом
1
Ялх бIе ткъе кхолагIа шо. Март беттан де.
Мединера ара волу ткъе итт сов стаг.
Царах ах гIаш бу, ткъа биснарш эмкалш тIехь,
Уьш Маккара мухIажарш бу Хьамзат коьртехь.
2
Даима духучу барзакъца бу уьш,
Таррашца гIодаюкъахь, пхерчий букъ тIехьа.
Дошлойн карахь ю гуш еха гоьмукъаш,
Хьошалха боьлхуш ду Iарбашкахь и герзаш.
3
Эмкалшна тIехь болу маьххьашна юкъахь,
Бара тIамна кечбина тIеоьшу гIирсаш:
ГIагIанаш, геманаш, турсаш, чхьонкарш тIехь,
Хьамзатна тIехула кIайн байракх го лесташ.
4
Элчано ;Хьамзате ша кара елла,
Бусалбнийн дуьхьарлера байракх ю иза.
Цо хьовсийна уьш бара ЦIен хIордехьа,
Къурайшйн къепалаш меха лела некъа.
5
ЦIен хIордний, Мединина юккъехула
Лелаш яра даима къурайшийн къепаш.
Уьш йовлу Мединина уллошхула,
ЦIа кхача кхо бIе чаккхарма генахь йолуш.
6
Масех дийнахь Хьамзатан тоба кхочу,
Къурайшашна чIогIа кхерам болу метта.
Амма дуьхьал кхарна тIамана кийча,
Абу Джах1лан бIо нисло, къепалан метта.
7
Абу ДжахIил кечло тIелата кхарна,
Амма Джухайн тайпано сацаво иза.
Уьш дуьхьала бара шайн махкахь тIамна,
Шаьш шина агIонца маьрша хиларна.
8
Оцу бахьаница цхьа эшам боцуш,
Дов доцуш цIа йоьрзу Хьамзатан тоба.
Атталла вовшашна пха кхоссар доцуш,
ДIадоьрзу дуьхьарлера дуьхьала кхетар.
9
Цул тIаьхьа денош девлча, Мухьаммада (; .)
Везткъа стаг юкъахь тоба яьккхира новкъа.
Iубайд бин Хьарис вина коьрта тхьамда,
ЦIен хIордах хитталун Хьиджазан лаьмнашка.
10
Кхузахь хIорш тIенисло къурайшийн бIона,
Коьртехь Абу ДжахIилан Икрима волуш.
Мединехь шайн айкхаш болуш хиларна,
Дара маккахой бусалбнех ларбалар гуш.
11
Пха кхоссал бен юкъ шайна юкъахь йоцуш,
Дуьхь-дуьхьал нисбелира мостагIий арахь.
Iубайд цIа вирзира кхоссар яр доцуш,–
СаIад ибн Ваккаса хецна пха ца ларахь.
12
Дуьххьара дин дуьхьа хIуьппалгхойн цIий,
Эмкалан туьта тоьхна доккху СаIада.
ХIинца шен бIаьхочун амал цо гайти, –
Пха-м цхьаннех ца хьакхлуш хIорш дIасакъаьста.
13
Ялх бIе ткъе кхолагIа шеран май баттахь
Мединера йоьду СаIад коьртехь тоба.
ЦIен хIорда тIекхаччалц биначу некъахь,
Къурайшийн къепал, бIо ца нислуш тIекховда.
14
И юьхь яра къурайшаша гамонца,
Вовшашлахь. дин бахьанехь, болочу тIеман.
Иштта тIом бацара хьакхалуш ансарех,
ТIе Дала дац бохуш, дин тIамца чIагIде.
15
Кхойтта шарахь дин дашца даржош,
Делера омранца вара хIинццалц Элча (; .),
ЦIий Iанор исламехь дихкина долуш,
Ларлора бусалбнаш тIамца баха чучча.
16
Цундела тIеман байIат377 деш вац Элча (; .),
Делера цунах лаьцна хаам ца хилча.
Гуш дара Далла, хьал далар холча,
Къурайшийн къепалш кхарна хьанал ца йича.
17
Делера вахьи кхечира Элчане (; .):
–Баккъалла, АллахIа ларбо Шех тешна леш.
Шаьш цIийнах даьхначаьрца довла тIаме,
Тхо теш хиларна – шух цара дар мухIажарш!–
377 – тIеман байIат – тIом болоран я сацоран омра дар, приказ командующего по военным действмям
18
–ТIаме хIитта бакъо ло мухIажаршна,
Къурайшаша хиларна хIусамех бохийна.
И луш ю Дала нийсонан бакъонна,
ХIусмех ца боьхначарна яц бакъо тIамна.–
19
Дала боху: «Вайх тешна нах, Iесачара,
Iибадат КаIбатахь лелорах хадийна.
Вай Ваьшна муьтIахьчийн гIо деш ца хилча,
Тхан цIенош-маьждигаш дохийна хир дара».
20
–Делан Iибатан маьждиг марша даккха,
Цуьнца цхьаьна боьхнариш хIасмашка кхачо,
Шайн ги мухIажарша мохь билли боккха,
Цаьрца ву Дела, царна везарна Элча (; .). –
21
Цу шарахь йолхалгIа тобанца воьду
Элча ;ша, кхузткъа стагана хьалха ваьлла.
Кхузза ара бевлча уьш, юха боьрзу,
Ца нислуш къурайшийн къепал я бIо гойла.
22
Къепалш ца гинехь, амма таро хуьлу,
Ад-Дамра, Мадлидж аренан тайпанашца
Тешаме хьошалла, гергарло дузуш,
Юкъахь цхьа Iотта-баккхам ца нисбан тIамца.
23
Ялх бIе ткъе кхолагIа шо. Сентябрь баттахь
Курз аль-фихрм тайпано до даьхнина талор.
ТIаккха бусалбнаш, Элчанца ;коьртехь,
Даьхни цIа дерзо, церан махка баьржира.
24
Элчанан ;бIох лата уьш ца хиттира,
Амма цул тIаьхьа сацийра шайн талораш.
ТIеман хьолехь ламаз эца магийра
Дала бусалбнашна, цIена гIум тIехьоькхуш.
25
Магийра хан хийца, и дар дIавоьдуш,
Тобанашка декъалуш, роггIана дехкар.
Хийцалуш вовшашна гIароле хуьттуш,
МостагIна дуьхьало йоцу гIакх378 ца хила.
26
Магадац тIам тIе боьлхучу нахана,
Марханаш кхабар, церан хьуьнар дожарна.
ТIаьхьатоттуш дара – уьш кхабар царна,
Могаш-маьрша тIамера цIа берзахь декха.
27
Ялх бIе ткъе кхолагIа шеран Еза хан,
ТIекхечира кху Iарбийн ахгIайрин махка.
Марша болу Макка боьду некъ хьаж дан
Баха, я механ хьашташна яккъаш ехка.
28
Бусалбнийн бIо тIамехь зер ца нисдели,
Оцунна хIорш бовларх мосуьйттаза новкъа.
Делахь кхеран мостагIна гучу дели,
Мухьаммадан ;бIо хилар тIамана кийча.
29
Цу хьоло босту аренийн тайпанийн
Мехкашца болу некъаш Элчанан ;бIона.
Ца теба аренхой даьхнина Мединин.
Ца гIерта уьш бусалбнашца тIаме бовла.
378 – гIакх – герз нийса кхосса Iемаш Iалашо лаца дIаюгIуш йолу хIума (мишень).
30
ТIамна ара буьйлуш бусалба наха,
Шаьш-шайн зоьра некъан халачу хьелашкахь.
Боттучу малха кIел, доцуш хи, напха,
Некъ бо цара, тем боцуш буьйсанна, дийнахь.
31
ГIамарийн гуьнашна тIехьара тешха,
МостагIийн къелонна дуьхьало ян кийча,
Некъ бо бусалбнаша, шаьш чIагIлуш башха,
Болат санна, Элчанан ;уммат деш дахча.
32
Чекхдовлаза дара дихкина бетнаш,379
Элчано ;IабдаллахI ибн Джахьш Нахле хьажош.
Тобано дан дезарг ма-дарра дуьйцуш,
Шина дийнахь некъ бича, дIадеша кехат луш.
. 33
Шина дийнахь некъ бича Джахьша кехат,
ДIадаьстина дийшира, дан дезарг къастош:
«Къепална тIелата аьлла ду байIат,
Кхочуш дан луург бен, тIелата ца вуьгуш».
34
БайIатан чулацам бIоне ца буьйцуш,
Накосташна тIевоьрзуш кхайкхира Джахьша:
«Дин бахьанехь вала луург соьца вуьсуш,
Ца луурш юха цIехьа берза бу маьрша».
35
БIехой хуьлу реза дин бахьнехь бала,
Джахьша уьш берзабо Нахла боьду некъа.
Эмкал яр бахьна дой, шиъ дIакъаьстира,
Еза хенахь ца хила – талоран декъахь.
379 – дихкина бетнаш – зуламашна, талларна дихкина бетнаш: Ражаб, ШаIабан. Рамадан.
36
СаIад ибн Ваккас осалчех вацара,
Эмкал цо ядийта Iад йитнера хецна.
Талорна цIий Iано и цахIуттура,
ЮьхьIаьржа ца хила, маьрша хан йохорна.
37
ХIорш Нахлахь сецнариг Рамадан бара,
Кхузахь кхарна къурайшийн жима къепал го.
Веа стага ларъеш ялх эмкал яра,
Накъосташца Джахьш сецира царна гено.
38
ХIорш маьрша хьаж дан догIу адмаш хетта,
Буьйса яккха совцу къепалхой шек боцуш.
Цу хенахь бусалбнаш къовсамехь бара,
ТIелатар кхочуш дарна, цIий Iанор доцуш?
39
Къовсаме бовлу бусалбнаш вовшашца,
Къепална буса тIелата барт ца хуьлуш.
ТIом бихкинчу лаьтта бовлу уьш кхана,
Ткъа буса цхьаъ вер нислахь, – тIе къила булуш.
40
Хьем хиллехь тIелата барт хуьлу церан,
Ка далахь къурайшаш байина дIабохуш.
Йийсаре уьш балор-м пайдехь хир дара, –
Дегнаш ма дара кхеран бекхамна догуш.
41
Рамадан тIаьххьара де дара кхана,
Йихкинчу хенан денош чекхдовлуш цуьнца.
Теш воцуш тIелатар чекхдаккхар хилча,
Мел динарг доьрзу, бехк боцчу, сийлаллица.
42
ТIелатар дуьхьало йоцуш чекхдолу,
Къепалхойх пха кхетарна цхьаъ валар нисло.
Цхьаъ водий дукха сихха къайла волу,
Важа шиъ йийсар во, цаярна дуьхьало.
43
Лазийна цхьа воцуш бусалбнаш сихха,
ЦIа боьрзу Джахьша хIонц новкъахь дIасайокъуш.
ПхоьалгIа дакъа Элчанна ;дуьтуш,
Хьалха хиллехь тхьамдина – доьалгIа кхачош.
44
Бихкинчу баттахь, бусалбнаша цIий Iанош,
ХIонц йохьуш цIа кхачар – тIеоьца тIех шийла.
Къурайшийн тIамах кхоьрура ансараш, –
Делах – мухIажарш, шаьш маьрша хан йохорна.
45
Элчано ;къурайшийн къепалийн некъаш,
Довзийта хьажийна яра тоба Джахьшан.
ТIелата, цIий Iано Iалашо йоцуш, –
Цундела цо къастийна хIонц схьа ца эцна.
46
Цхьабакъду, хилларг хилла лаьтташ дара,
Ялийна къепал, йийсарш Мединехь бара.
Стаг верна гIуда луш, къепал дIаяла,
Масех де дIадаьлча, барт хуьлуш бацара.
47
–Хьоь хоьтту йихкина хенан тIамах,
Шеко яц, къа ду иза инзаре доккха.
Керстано муъмин нах бахар Делан цIийнах,
Бакъо луш ду шуна, шайна динарг декха. –
48
Вахьица цIий Iанор бихкинчу баттахь,
Доккха къа лору Дала, Шен низам дохош.
МухIажарша динарг бекхаман бIаьрзехь,
Деза къа дац – КаIбатах бахарга кхочуш.
49
Делера и вахьи боккхачу кхоъца,
Хазахеташ тIеоьцу бусалба наха.
Декъалъеш Джахьшан толамца тоба,
Элчано схьаоьцу хIонцах долу дакъа.
50
Цхьа йийсар мах лой верасо дIавуьгу,
ШолгIаниг марша волу иймане воьрзуш.
Хьалха Iарбаша тхьамдина до дакъа,
Дара цо юкъара хьашташна дIахьовзош.
51
Элчано ;шена хIонцах кхаьчна дакъа,
Шен миска умматна доькъу цхьа ца къастош.
Ансараш ца бицбо, белахь уьш миска,
Къепална тIелатарна ца хиллехь декъахь.
52
Бусалба умматехь массеран бакъо
Цхьаъ юй хоуьйтуш дара нийсо яр тIехь.
Къурайшех кхийринчу ансарашна го.
Дин дуьхьа цаьрца тIом хилар шайна санехь.
53
Ши кIира хьовзале бусалбнийн ойла
ТIеман хьал гIаттийна ю къурайшех лета.
Цул тIаьха кхо кIира даьлча гIарйолу,
Цхьа эзар эмкалца Макка йогIу тоба.
54
Механа деза кир, герзашца цхьаьна,
Бу хаам, цу къепалца хIонц хилар шортта.
Элчано ;олу, мухIажарш гулбина:
«Деле орца дехна, вай деза тIелата!»
55
Кхоъца тIеийцира дукхаммо хаам,
Реза боцурш бевлира, макхбелла хьоьжуш.
Кхо бIе сов стаг волу, болуш шайн лаам,
Тоба гулло, Делан Элча ;коьртехь волуш.
56
Масаб ву байракхца Элчанна ;юххехь,
КIайн кIадех ю иза, гоьмукъ тIехь къевлина.
Асхьабийн байракхаш ю Iаьржа басахь,
Цу хенахь беттан сурт байракх тIехь дацара.
57
Герз лелон охIла берш бевлира новкъа,
БархI бIе сов бIехо хуьлу – уьш вовшах кхетча.
Авситех, хазраджех ансарийн тоба
Яра шайн тхьамданашца къаьсттина йогIуш
58
Ибн Iубаййа, кхин болу мунепикъаш
ЦIахь совцу бехказлонна бахьанаш далош.
ТIехаа цхьа эмкал – веанна кхочуш,
Беркъачу герзашца уьш тIаме бу боьлхуш.
59
Напхица ледар бу, бац тIамна говза,
ГIаш тIемалой бу берриш, бац говрберенаш.
Уьш боьлху Бадран тогIенгхьа Малхбузе,
Къурайшин къепал цигаш яла езарна.
60
Цу къепалан коьртехь вара хьал долу
Мухьаммадан ;луьра мостагI, Абу Суфьян.
Мединера цунна тIе хаам кхочу,
Бусалбнаш кIелонна кечбеш бIо бу аьлла.
61
Цо сихонца Макка геланча хьажош,
Хехой дIасахьовсийра, некъах бIарг бетта.
Цу хехошна Бадран тогIене кхочуш,
Керла телла эмкалийн пхьожах бIаьрг кхета.
62
Пхьожца кегийра легнаш хиларна,
И лаг долу хурманаш Мединехь яра.
Бусалбнаша и лар йитиний хиъна,
Тхьамдано шен къепал ЦIен хIорде ерзийра.
63
Бусалбнашна ца гуш уьш нацкъар бовлу,
Дукха тайпанийн рицкъа къепалца дара.
Цундела исс бIе сов стаг орцах волу,
Тайпанийн тхьамданаш болуш шайна хьалха.
64
Къурайшийн орцанна ваьллера хьалха
Абу ДжахIил – Мухьаммадан ;луьра мостагI.
Орца новкъа даьлла, ши-кхо де даьлча,
Царна тIе геланча кхочу, кхерам бац аьлла.
65
Бусалбнаш Iехийна, хьаьвзачу некъахь,
Хоуьйту цара гергахь дуй шаьш Маккина.
И хезча цIа доьрзу орцин цхьа дакъа,
Абу ДжахIил ялх бIе гергга стагца витна.
66
Бисинарш бара хьал долу маккахой,
Механ некъ цIанбан Iаш бусалбнийн кхерамах.
Iаббасца цхьаьна цаьрца бу ХIашимхой,
Ши бIо тIеттIа кхочу цу Бадран тогIенехь.
67
Къепало некъ хийцар хууш вац Элча (; .),
Цул сов шайца лата – бIо тIебехна хилар.
Хаам бо цуьнга аренан Iарбаша,
Бадре дIакхачале хьалха цхьа бIо хиларх.
68
Эццахь Iела кхочу шиъ йийсар валош,
Уьш Бадрехь гIу чуьра хи оьцуш лецнера.
Цара хоуьйту шаьш, орцанна далош,
Волчу Абу ДжахIлан хилар бIон юкъара.
69
Царах ца тешаш, уьш етташ хьийза бо,
Абу Суфьянан къепал мичахь ю бохуш.
Цаьршинна еттар сацадо Элчано (; .),
Абу ДжахIлан бIох дерг ма – дарра дуьйцуьйтуш.
70
Дийр долчух бIон сацам хилале хьалха,
Ансарийн дагахь дерг хаа дезаш дара.
Цара чIагIо йира Элчанна ;хьалха,
Йохье девлла, къурайшех доггаха лета.
71
Туп тоьхна совцу, сацам бина Бадрехь,
Массо гIу дIаюкъу – мостагIий хих хадош.
ГIуш чуьра бухдуьйлу дерриге хьосташ
Дерзийра цхьана Iоме, гонехь ха хIоттош.
72
Iомехь Элчанна ;хурманех бун йира,
Асхьабаш тIамна кийча севцира гонехь.
ТIом бар ду хIинца къурайшашна дисна,
Я хьийзош хьогалло, дIагIортар Маккехьа.
73
Хьесапна шозза сов волчу мостагIца,
ТIом бан дIахIиттира Элчанан ;асхьабаш.
Дийхира Элчано ;Деле доIанца,
Буса Цо жоп ло – догIанах латта Iабош.
74
Кху тIамехь цIийнан нах там бу нисбала,
Вовшашна тIе герз тухуш, Iажалле берза.
Дин толош болчарна Дала мулк елла,
Ялсаманахь гIовттор бу, барт хаттар доцуш.
75
ДогIано бусалбнийн наб тойинера, –
Къурайшашна меттах бовла еш новкъарло.
Iуьйренций бусалбнаш ламазаш дина,
Рицкъех кхетта кхиира, шайн кийра бузо.
76
Ши-кхоъ бен чаккхарма юкъахь юкъ йоцуш,
Къурайшийн бIоно йоккху кху тогIехь буьйса.
Хьогалло хьийзабеш, тIом бан шовкъ йоцуш,
Цаьрца бара гергарчех лета дегазниш.
77
Iуьйранна гIамаран гул дехьа бевлча,
Го царна: хи тIе некъ шайна хилар хаьдда,
Бусалбнаш байина ца даккхахь гече.
Эмкалш тIера буьсуш уьш боьлху тIелата.
78
МогIанаш нисдина бац уьш тIебогIуш,
Тайпанийн тобанаш ю баьччанаш коьртехь.
Церан буьйр дац цхьаммо кхочуш дан оьшуш,
Беригге бIон куьйгалла ду Абу ДжахIлехь.
79
ТIамехь могIанаш лардар тIедожийра
Элчано ;шен бIона, сиз хьокхуш нисбеш.
Къурайшийн дегнаш чу кхерам боьссира,
Сил буьрса тIеман бIо гича хьалха лаьтташ.
80
ТIом болош Iадат ду цхьацца лотуьйтуш,
Къурайшех Утбица Шайба юкъа волу.
ТIаифехь Элчанна ;го дина бу уьш,
Утбин кIант вогIу схьа, цаьрца дIахIуттуш.
81
Бусалбнех кхо ансар дуьхьала волу,
Ткъа вукхара къурайшаш латийта шайх, бах.
ТIаккха Хьамзат, Iубайд, Iела схьавогIу
ТIе дуьйхина – гIагI, гIалакхаш карахь.
82
Утбина дуьхьала Iубайд дIахIоьттира,
Шайбица тасавалар Хьамзата хоржу.
Утбин кIант тIаккха Iелина кхечира,
Суйнаш туьйсу ткъес хилла, герзийн гIов даьржа.
83
Хьамзата Iелица, сихха, ца хьелуш,
Вожийра шаьшшинна кхачийна ши мостагI.
Iубайд вожийра Утбас, ког боккхуш,
Иза веле Утба воь Iелас, Хьамзата.
84
Бусалбнийн баккхий беш елира гIовгIа,
Чов хилла Iубайдца накъостий схьабоьрзуш.
Ца хьелуш цу чевнах Iубайд дIакхелха,
Элчане (; .), шен валар гIазотехь дуй, хоттуш.
85
Элчано ;ду олу – валар гIазотехь,
Ялсаманин зовкхашка кхачавеш Дала.
Дог ир-кара хIоттош тIеман дераллехь,
Пхерчий кхийса долийра тIаккха вовшашна.
86
Пхерчаша зенаш до шина агIонна,
Цул тIаьхьа тIом вовшашца чукаре боьрзу.
Бусалбнаш каде бу шайчарна гIонна,
Къаьсттина мухIажарш леташ бара дера.
87
Шаьш къиза хьийзина мостагIашна бекхам
Бан хьаьгна, летара мухIажарш кху тIамех.
Леш, оьгуш болчийн яра яххьаш екхна,
Дала дIанисбеш хиларна ялсаманехь.
88
Бусалбнийн кхайкхам бу: «Цхьаъ ву и Дела!»
Теша уьш шайна кхачарх маликийн орца.
«Хьайзум»380 говра тIехь Джабраил го царна,
ХIуьппалгхой отуш стиглара бIоца цхьаьна
89
Юьхьанца шозза сов болу къурайшаш,
Кхиамца кхечира йиш йолчу хи мала.
Цул тIаьхьа буьрса тIетаьIий бусалбнаш,
ХIуьппалгхойх дера дуьллуш, уьш боху юха.
380 – «Хьайзум» – Джабраил маликан говрана тиллина цIе.
90
Iажалле берзош къурайшийн кIентий,
Церан тIех луьста хилла тоба лелха йоккху.
МуIад ибн Iамрас Абу ДжахIил вожий,
Цуьнан кIанта МуIадан аьрру пхьарс боккху.
91
Чкъура тIехь кхозу пхьарс, когаца хьаьшна,
И дегIах къастийна, цо кхин дIа бира тIом.
Цу чевнех товелла, лийлира тIемашка,
Кийрара дог саццалц шен, кхин боцуш тем.
92
Абу ДжахIил чевнаша гIелвой вуьсу,
Накъостий бовдарна ша цу тIеман арахь.
Бусалбнех цхьаммо, тIехволуш вевзина,
Корта беккхира цуьнан, къастабеш дегIах.
93
Бусалбнаш тIетаьIна, тхьамда вожийча,
Къурайшаш тIеман туьшахь эмкалшна тIехь го.
Цул тIаьхьа юм оьцу, Макка дIакхача,
ТIоьхала чан хьйзаеш шайтанан мохо.
94
Шовзткъей итт вийнера къурайшийн агIор,
Царна юкъахь гар, некъийн тхьамданаш болуш.
Тоба доьхначаьрга кхаьчнера балар,
Итт-ях стаг йийсаре веънера тIом боцуш.
95
Аьрру куьг ойуш, кара баьхкинчарна,
Кхочуш бара йийсарш, церан дола бавлуш.
Уьш бара пайдехь, верасо эцарна,
Кхо-виъ лай оьцуш болу, базаран мах луш.
96
Цундела шайн йийсарш ларбора дайша,
МостагIий белахь, атта бойуш бацара.
Къурайшаш безац бусалба гIарбашна,
Цара шаьш хьалхенгахь дин бахьнехь хьийзорна.
97
Билалас эццехь шен хилла хьолада,
Йийсаре валийнчу дегара воккхий,
Цхьацца меже йоккхуш, са къастталц аьтта.
Кхечара хьийзабеш къурайшех дог Iабий.
98
ХIетте и экхаллин дералла яра,
Адмашлахь и къизалла езара ехка.
Цо бусалба динна зен дан тарлора,
Некъ боьхкуш луучарна иймане бахка.
99
Цундела Элчано ;кхайкха до кхетош,
Хоуьйтуш – газотан тIом – чир эцар доций.
Тоба дина йийсар ву марша волуш,
Бусалбнех дIаэрна, церан ваша хуьлий.
100
МухIажарийн карах беллера дукха,
Бадрунгахь эгна къурайшийн майра кIентий.
«Делан лом» боху цIе Хьазатан яьккхи,
Iелина «Исламан тур» боху цIе кхачий.
101
Восашка бовлу хIонц йоькъуш асхьабаш,
Кара кхаьчна хIонц Элчано ;гулъяйтира.
БIе пхийтта эмкалца ейтта говр, герзаш,
Цхьацца пхьегIаш, тIе ялтийн сурсаташ дара.
102
Ерриг хIонц гулйича, Элчано ;олу:
«Дала боху пхьоьлагIа дакъа дIадаккхий,
Йисина хIонц массарна дIаекъа нисса,
Цара тIамехь гайтина хьуьнарш ца лоьруш. –
103
Ансарашна тайра иштта хIонц екъар,
Дегаза кIел совцу мухIажарш сацамна.
Белла къурайшаш ор чу боьхкира,
Элча ;цаьрца буса къамеле велира.
104
Байинчу къурайшийн ура тIе хIоьттина,
Элчано олу: – ХIай уран охIланаш!
Утба, Шайба, Iумеййа, Абу ДжахIил!
Шу кхеттий хила дезарх АллахI цхаъ веш! –
105
– Со теша Цо Iазап лург хилах шуна! –
Асхьабаш цец бевлира и къамел хезча.
Цо цаьрга олу: «Хезаш ву со царна,
Шуна санна, амма дац – жоп дала пурба».
106
Шайн белла асхьабаш лаьтте лой, хьоьгуш,
Ялсаманин зовкхашка уьш хиларна кхаьчна.
Лийча ца беш, духаршций дIабухку уьш,
Къемат-дийнан теш церан – хир ю цIийн тача.
107
ТIом дIабирзина шолгIачу Iуьйранна,
Медине бахка новкъа бовлу асхьабаш.
Цаьрца бу къурайшийн мехала йийсарш,
Дукхахберш бу царах Элчанан ;гергарнаш:
108
Абу Суфьянан кIант, Iаббас, шиъ шича,
ЙоI яхна нуц, Iабдуль Iас, Зайнабан майра.
Элчано ;йийсарш ца бохуьйту эрча,
Бакъду, динан мостагI верг Iеле воьйтура.
109
Цаьрца вара Iукъба, Элча ;вен тебна,
Вен вуьгуш Элчане ;цо хоьттуш хиллера:
«Мухьаммад (; .), сан бераш ахь дуьту хьанна?»
Жоп делира: «АллахI ву дола дан царна!»
110
Элчано ;Къуръан чохь гIажарийн шира
Туьйранаш, дийцарш дуьйцу баьхна Надра381
Iелас цкъа тур тоьхна, ши ах еш вожийра,
Кхин лелар вац и цкъа Элчанах ;кхаьрдаш.
111
Медине цIа боьрзуш, билгалчу меттехь,
ХIонц йийкъира, дIакхелхнарш декъах ца бохуш.
АллахIа ма-хьеххара: «ХIонц» суратехь,
ТIаьхьенашка дIакхачош гIазотийн дакъош.
112
Ницкъана шозза сов мостагIий хьаьшна,
Дейтта шарахь къахьегча бусалбнийн толам,
Кхаъ бара Делера ислам-дин толийна,
Дуьнен чохь кхин дIа цуьнца хIоттийта низам.
113
Толамо гайтира Мухьаммад ;хилар,
Делан Дош даржадеш, бакъ луьйш волу Элча (; .).
Цо Дала шаьш тIамехь толор ду алар,
Бакъ хили, къурайшийн бIо кхарал эшча.
381 – Надра – Элчанах ;кхаьрдаш байташ яьхна, уьш яржош лелла стаг.
114
Эзар эмкалшна тIе боьттина мохьца,
Кхузткъей итт стагах тешна къепалца нисбеш,
Бусалбнашна дуьхьала Дала эццахь,
Оцу санал, мелла сов, толам белира.
115
Далла ца лиънера дуьненан са яккха,
Бусалбнашка тIом байта, дин дуьха доцуш.
Дала и къепал яккхийтира къайла,
МостагIашна хаийта бусалбнийн дуй гIора.
116
Къурайшашна моттара кIелонгара,
ТIелеташ лелар бен, кхин ницкъ бац цу нехан.
Ткъа Дала бусалбнийн довзийта гIора,
Дуьхь-дуьхьала нисбо уьш, шайн ницкъаш зейта.
117
Шега гIо дехнариш Дала толийра,
МостагIна моьтташ дерг бакъ доций хоуьйтуш.
Гуш доцу маликийн орца летара,
Iадийна хIуьппалгхой асхьабашца отуш.
118
Уьш Делах къаьсттина, Элча ;харц варна,
Леларна дуьненахь и юьхьIаьржа хIиттош.
Хир ду церан эхарт Iазапе лаьцна,
Элчанца ;Дала зIе латтийна и нисвеш
119
–ХIай ийман диллинарш! – бах юха Дала, –
АллахIна, Пайхамарна ;хилийша муьтIахь.
Ма – хуьллу ийманехь хьовса чIагIдала,
Оха зуьйш дерш шаьш хилча диканехь, вонехь. –
120
–Вай бохург деш вериг – кхочур ву ирсе,
Дакъаза ма довла – иблисан бIох тешна.
Дуьненан хьошалхахь ма хила бIаьрза,
Шун эхарт нисдо Оха къа, мела оьзна. –
121
Дала чIагIдеш ду Шен массо суратехь,
Пайхамарх ;масал деш ийманехь нисдала.
И ма вац дуьненан бахам, дарж дезаш,
Эхарт дар-кха цо доьхуш умматна, шена.
122
–Бусалбнаш гIовттабе гIазотан тIамна,
Хьуна Ша магийна тIамехь дакъа лаца!
Хьалхенгахь дац иза цхьанне магийна,
ТIаккха хьан бакъо ю, хIонцан декъа ваха! –
123
Йийсаршца кIеда-мерза хила боху
Дала, Шегарчу йоле делахь сатуьйсуш.
Ца вала мостагI – иймане вогIур ву,
Эшна болчу тIамехь дуьхьалонаш йоцуш
Свидетельство о публикации №225090200766