19 дакъа ТIеман тасадаларш марсадовлар

1
Шен бIонал де хьалха Медине кхочу
Мухьаммад ;ша ларвеш болчу асхьабашца.
ГIорасиз цIахь бисна мухIажарш болчу,
Геланчаш хьовсийра цо толаман кхоъца.
2
Iаффанан Iусманан зуда дIаерзош,
Элчанан ;йоI, Рукъият, цу кешнийн хьармехь.
Кхечира и хаам гIайгIа дIаойуш,
ТIамах дерг ма-дарра даьржира Мединехь.


3
Дала гIо ца дича и санна толам,
Хуьлийла цахиларх тешнера – шек хилларш.
Элчано ;мел баьхнарг, кхочуш ди Дала-м,
Сий ойуш, тешар луш, цIа берзий бусалбнаш.
4
Ишттачу кхетаме мединхой боьрзу,
Элчанах ;шек хилларш и къобал ван хIуьтту.
Къурайшех кхийринарш деналле богIу,
Дин доцчу къурайшийн сакхташ гучу доху.
5
Цу тIеман йийсарш деккъа беркат дара,
Iаббасах шийтта эзар дирхем делира.
Хьолахойн берех йоккха ял кхечира,
Бакъду, нуц-м, мах боцуш, дIахеца вийзира.
                6
Ца лиира невцана бусалба хила, –
Цу стагца йоI марехь юьтийла дацара.
Дехар дира Элчано ;асхьабашка,
ЙоI йитахь – цIа ерзош, нуц маьхза дIахецар.382
                7
Невцо цIа кхачарций Зайнаб кечйира,
Да волчу сихонца Медине яхийта.
Бусалба хилла, шен даьхнех ца вала,
Иза реза хуьлу шен зудчунах къаста.



382 – нуц маьхза дIахецар – тIамехь тоьллачу Элчанан ;бIоно йийсар вина цуьнан йоI, Зайнаб, яхана нуц, Абуль Iас. Иза дине вогIуш цахиларна, йоI цуьнга йитийтина, Мединате схьаяло езаш яра. Ткъа йийсар хиллачу невцах мах бала безаш бара гергарчара. Цундела цуьнца барт бинера – иза мах боцуш дIахеца, цо Зайнаб йитина  кху Медине схьакхачораг хиларна               


                8
Къурайшашна Зайнаб оьшура Маккахь, –
Иза закъалт дина – Элчанах лардала.
Къурайшех Хаббара йо чIагIо, ялахь
И новкъа, гомукъ чекхйоккхуш охьа йилла.
9
Ца хьоьжуш и новкъа яларе, кхерош,
Цо йиттира Зайнабна кийра талхош.
Iиллира и дийнахь меттах ца йолуш,
Цул тIаьхьа цо делла бер до, оста йолуш.
10
Хаббара йоIна тIехь лелийнарг хиъча,
Элчано ;буьйр дира иза сихха ваго.
Амма Делан бекхам хиларна цIарца,
Цунан корта баккха аьлла, буьйр дира цо.
                11
Абуль Iасас къайлаха йоккху Зайнаб
Дозане Маккин, юха Зайдега дIалуш, –
Элчано ;кIант веш, кхаьбначу асхьабе, –
Цо и, йиша санна, Элчанна ;тIе юьгуш.
12
Лаамаза ден цIа ялийна Зайнаб,
Захалош тIекхийда дарх маре ца йоьду.
Шен дахар дIанисдан дас юьту паргIат,
Ткъа ялх шо даьлча Iас юха йийсар хуьлу. 
13
ХIинца шен къепалций нуц карахь вара,
Дукха харж йинера цо цу новкъа волуш.
Зайнаба и цавер дега дийхира,
Дукхах дерг, бахьана – цуьнан даьхни долуш.




14
Йитинчу зудчо ша валарх ваьккхича,
Абуль Iас, тоба дина, бусалбнех кхета.
ТIаккха дас мах бира йоI цунна кхачош.
Йийсарлех Суфьянан кIант велира атта.
15
Абу Суфьяна цхьа асхьаб йийсар во
Цу йийсарх хуьйцуш дIавелира цунна кIант.
Дукхахболу къепалхой шаьш дине боьрзу,
Ткъа къен-миска къепалхой мах лург дIахоьцу.
16
ДIахецна йийсарша чIагIонаш йира,
Бусалба умматна герз дуьхьала ца даккха.
Асхьабаш йийсаршца шога бацара,
Уьш етташ, гIарбаш санна, хьийза ца бора.
                17
Iеса къурайшашца тIом берзар дац гуш,
ДIахецна йийсарша юха тIом бан мега.
Амма юха садоьхккина летар бац уьш,
Бусалбнийн шаьш юха карабахарх коьруш.
18
ШолгIа кара баьхкинарш буьсур бу кхаьрца,
Тоба дина, бусалбнийн могIанаш стамдеш.
Рукъият елча Iаффанан Iусманца
Го Элчанна ;гергарло гIелделла доьдуш.
19
 Майра воьй гIазотехь Iумаран Хьафса
Жоьра юьсу, берхIитта шо бен хан йоцуш.
Абу Бакар и йига ца хоьттича,
Элчанна ;тIе Iумар вахара дог доьхна.




20
Абу Бакар воккха хиларна ханна,
Хьафса, да санна, амал аьрха хиларна,
Кхералой, ша цуьнца тар ца валарна,
Юхакхетча, Iумарс – цавашар лерина.
                21
Шен гонехь гуллуш йола дагазаллаш,
Сацийра Элчано ;Хьафса шена ехна.
Iумаран дегбаам  юьхькIоме болуш,
Гергарло чIагIдеш, цара там-мах къастийра.
22
Сийлахь маренна Хьафса хуьлу реза,
Iайшатний, Совдатний юккъехь цIа до цунна.
Элчано ;доладар ду цуьнан мерза,
Иза бахьнехь зударшлахь нислушшехь хуьнаш.383
                23
Элчанан ;даг чохь Iайшатан меттиг,
ДIалоцуш цуьнан зудрех ца кхаьчна цхьа.
Ткъа Хадижатах-м Iайшатехь яц Iаьциг, –
Сураташ чохь тIорказ лардар дара Хьафсехь.
24
Iаффанан Iусманехь Рукъият елча,
Зуда йоцуш и хиларна, шен шолгIа йоI,
Умм Кульсум, йохуьйту Элчано ;маре, –
ЧIагIа ца ялийта шайн гергарлонан неI.
25
Тешаме, деналлехь болу асхьабаш,
Элчанна ;оьшура дагавийла юххехь.
Ишттачу нахаца захалош дебош.
Гергарлош чIагIдо цо, дин толочу некъахь.

383 – хуьнаш – резабацарш, Iотабаккхамаш лелор зударша вовшашна юкъахь.

26
Хиллачу толамо дебийра бусалбнаш,
ЧIагIделира Iедал, динан низам хIуттуш.
Сингаттам кхочу Мединера гауршка,
Iубаййа коьртехь волу мунепикъашка.
27
Уьш Макка хьаьлхира тешо къурайшаш.
Мединин бахархойн цаьрца хьагI яц аьлла.
Юьстах бу тIамна насариш, яхIудаш,
Хоуьйтуш, орца лоьхий, шаьш балех довла.
28
ХIинца мунепикъаш, яхIудаш, насариш,
Реза бац шайгара куьйгалла дIахеца.
«Мединхой, вай бехди бусалба наха, –
Бохуш, – къурайшийн бекхам кхочур бу хIинца!»
                29
Бусалбнех нах къаьхка  болу байташ
Яржош волу Каабаль Ашраф – илланча,
Ан-Надир тайпанан шайх Макка кхочу,
Къурайшийн хьагI юла – бекхамна Элчанна (; .).
30
Маккахой эшамо чIогIа цец боху,
Амма бац уьш боьхна я Iадийна хьийзаш.
Мелхо цара барт бо – чIир оьцуш гIовтта,
Къепалийн некъаш ду цара даста дезаш.
31
ГIоьртира Iиракъца хьаьвзачу новкъа,
Къурайшаш шайн къепал чекхъяккха го тосуш.
Амма Зайд летира царна тIе новкъахь,
Детех йоьттина къепал Медине кхачош.




32
Маккахойн механ болх сецнера кхоччуш,
Къурайшийн барт бохар юкъахь даржийна,
Мухьаммад ;хIаллак вар шайн декхар лоруш.
Къурайшаш кечлуш бара боккхачу тIамна.
33
Тхьамдалла Абу Суфъяне дирзира,
Абу ЛахIаб, дегI дахкочу, цамгаро вийра.
ДIаволлар доцуш, дикка цIахь Iиллира,
Наха юьхь яьхча – кIенташа  тема дира.
34
Тхьамдалла кхаьчначу Абу Суфъяна,
Хууш, шайн иэшар, мостагI ледара хетар дуй,
Ца гIоьрта сихха халкъ гIатто бекхамна, –
ЧIир екхна бен-м ца лийча, цо биира дуй.
                35
Беллачарна белхарш доьхку цо Маккахь,
Гергара нах дIабохккалц, чIир екхна йолуш.
Верасаш, доттагIий белхар дац гIилкхехь,
Цундела ю Хинда384 нах тIаме кхойкхуш.
36
Цуьнан да, деваша, кIант вийнера тIамехь,
Бусалбнашна шаьш кхоьруш доций хоуьйтуш,
Абу Суфъян хIеттехь Мединина гергахь,
Ансар вуьйш, талорашца лела кхаш дохош.
                37
Хьошалла цунна деш, яхIудехь долчу,
Ан-Надир тайпанан тхамданаш хиллера.
Цара Абу Суфъян веза тIеоьцуш,
Дог-ойла къурайшашца хилар гайтира.

384 – Хинда – Элчанан ;дешичин, Абу Суфъянан, зуда. 


                38
Цу надирхошкахь буьйса йоккхуш Iийна,
Iуьйренций талор деш, хурманех цIе тосий,
ГIеххьа кхиъна мекхах шайн галеш дузий,
Дисна кхаш хIаллак дина Маккехьа бахна. 
39
Къурайшийн талор хааделча шена,
ГIеххьа тобанца Мухьаммад ;волу тIаьхьа.
БIо тIаьхьа буй хиъча, мохь охьа тесна,
Уьш катоьхна бевлира дозанал дехьа.   
40
Цара даьхьна ялта Медине дерзош,
Мухьаммад ;цIа вирзира, мостагI эккхийна.
Мохь юкъахь хилла: кечйина савикаш, 385
Арара мукх, дама, якъийна хурманаш.
                41
Хоуьйтуш деналлех шаьш доций доьхна,
Къурайшийн Бадрунгахь доьжна сий айа,
Талорца гайтира Абу Суфъяна,
Шаьш догIург хилар кхуза боккхачу тIамца.
42
Маккахь тIеман бIо Iамо болийра,
ГIалакх, тур, гоьмукъашца мостагIех лета.
ТIахъаьлла бIаьхошка дIалуш коьрталла,
Халид ибн Валид ви говрберешна тхьамда.
                43
Шайн алссам болу ницкъ тоьаш ца хетта,
Аренан Iарбашца барт бо къурайшаша,
Шайца тIом бан кийча, бусалбнаш бохо,
Керла ялх бIе ткъе пхьоьалгIа шеран бIаьста.

385 – савикаш – мекхан жоржах даьтта, моз, хурманаш эеш кхехкийна, юха дакъош кечдина некъан даар
44
Мухьаммад ;вацара эрна хан йойуш,
Мединехь, гондIахьа ву Делан дин даржош.
Дин емал дечу мунепикъех цIанлуш,
Асхьабаш, ансараш тIамна кеч болуьйтуш.
45
Элча (; .), цуьнга дуьссуш долу сураташ,
Вара Абу Афак байташкахь емал деш, –
Кхойкхуш къовсаме аусхой, хаздраджаш,
Элчане ;шайн дин, сий ма хьешийта, бохуш.
46
Шен Iеса, зуламе байташ яржорца,
БIе шо кхаьчна илланча бале ваьллера.
Элчано ;и сацо хан кхаьчна аьлча,
Верасех цхьаммо иза шен чохь вийнера.
                47
ТIелаьцна стагна сий доьхкина бохуш,
Байташкахь мединхой йохье кхайкха йоьлча.
Iеса ялар хуьлу Марванан Асмин,
Цуьнан, шен чохь, верасо йийра иза туьрца.
48
Ансар вара Асма ен вахнарг буса,
«Хьо АллахIан, Элчанан ;ву 1умайр гIоьнча,
Кхерам бац чIир хьеян валарна верас, –
ЧIир тIехь яц исламан мостагI ахь вийча».
49
Олуш цуьнга Элчано ;хаам бича:
Iуьйранна Асмин майрчо, пхеа кIанта,
Церан цIийнах шича, маьхча, мел волчо,
Тоба дира – бусалба умматах кхеташ.




50
Мединехь бусалба дин хилар чIагIлуш,
Гуш дара, шайн цIийнан Iеса нах бойуш.
Бусалбнийн доьзалш хиларца цIанлуш,
ЦIийнан нехан вер-ваккхар чIире ца доьрзуш.
51
Элчанан ;омри кIел совцучу нехан,
ЧIагIлуш дара Мединехь динан гергарло.
Дахаран урх юьтуш Элчанехь ;Делан,
Бусалбнаш кийча бу гIазотан тIамна.
                52
Мединехь йоьхку Iесаллин Iамалаш,
Iеса хенан Iадаташ, эвхьаза забарш.
Беламна зударий сийсаза бахарш,
Сакхташ цадуьтучарна – уьш бале довлуш.
53
Кайтукан тайпанан говзачу пхьеро
Бусалба зудчун кучан юх, Iаш и хиъна,
Къайлаха мехаца курах386 тасаро,
И гIоттуш гучу бовлу берзана гаьънаш.
                54
Базар ела йоьлча, юьхьIаьржа зуда,
Ша йолчохь лахъелира хиллачух кхетта.
Цунна орцах волу бусалба ваша,
Цо тур тоьхна дожийра дастаме къутIа.
55
Кайтукан верасо цигахь чIир оьцуш,
ТIехьашхула тур тухуш вийра бусалба.
Элчанан ;уммат дерг тIамна гIоттуш,
Кайтукхойн тайпанан куп лецира юкъа.

386 – курах (кур) – зударша коьртан месаш гулъеш, царах бина шед.


                56
Шайн бIаьвнаш чохь хьулбелла кайтукхошна,
ГIо дан гIоьртира царах дог лозурш, –
ЯхIудаш, мунепикъашца барт хилла,
Делахь ца баьхира уьш Элчанца ;иэгIа.
57
Шина кIиранах гонна юкъахь Iийна,
Къар ца белча, шайн кхин дIа де доций хиъна,
Кайтукхой богIу Элчане (I. с.с.) дехарна, –
Жоп: тоба де я кхалха, – бахамаш тесна.
                58
Шайн цIенош, бахамаш дIатесна кхалха,
Реза хуьлу кайтукхой цу Х1айбар-гIала.
Цигара баьхкина кхеран дай хьалха,
Дезаделла Мединин беркате лаьтта.
59
Кайтукхойн базар, йисна хIусамаш,
Бусалбнашка йоьрзу, ансарийн мохь байлуш.
Цу нахах йисна хIонц массарна кхачош,
ДIасайийкъира миска ансараш ца бицбеш.
60
Элчанна ;кхечира турс масех туьрца,
Ткъа коьрта толам бара ибн Iубаййа хьашар.
ВархI бIе сов накъост цуьнан дIакхолхуьйтуш,
Дала гIорасиз бой, кечбо царна эшам.
61
Дала вахьица Элчанна ;тIедуьллу,
ДIаала бохуш: – ХIай, иймане даьхкинарш!
Насарих, яхIудех доттагI ма лаца,
Лаьцнариг ву шуна ша царах дIакхеташ! –




                62
–Тилабелла уьш бу вовшен накъостий,
Харц лоь нах вац нисбеш Дела нийса некъа.
Шун гIоьнча ву АллахI, Цуьнан Элчий,
Бусалбнашца леладе чукарений дакъа! –
63
–Шайн динах кхаьрдачех ма бе накъостий,
Хьалха жайнаш диссинчех, хIуьппалгахойх тIехь.
Шайн динах боьлучех хилалаш къаьхкаш,
Ийманехь диса лаахь, кхералаш Делах. –
                64
Исламан мостагIий бацара совцущ,
Къаьсттина Iеса наха лоруш илланчаш.
Царалахь цIе яхна Кааб аль Ашраф,
Медине юхавоьрзу даржадан питнаш.
65
Къурайшаш Элчанна ;дуьхьала баха,
ТIамна уьш меттах баха и Макка кхелха.
Ткъа хIинца Мединехь и волу карзах,
Иблисан байташца марздеш хIуьппалгалла.
66
Вен атта дац иза – хехой бу сема,
Нахана хоуьйтуш и воьйла дацара.
Хехойх и дIакъасто оьшура хIилла,
Тешнабехк беш вен, верасаш ца хIуьттура.
67
Динан мостагI сацо хIилла магиний,
Шайна хиъча, верасаш Каабца «тайра»,
Элчанна ;чIогIа луьйш, хIиллане бовлий,
Буса кIело йина иза цара вийра.




68
Делан динна шайн муьтIахьалла гойтуш,
Теш хIоттон илланчийн кийрара дог дохьу.
Цу хьоло хIуьппалгхой – тоба дан сихбеш,
Дукха доьзалш Мединехь бусалба хуьлу.
69
Бадрунгахь хилла бусалбнийн толамо,
Мединин доьзалшна юкъа буьллу къовсам:
ХIуьппалгхоша до тоба, я буьгу Iожалло,
Хиларна уьш болуш къурайшашка безам.
                70
Гуш болу бусалба динан мостагIий,
ДIабохуш бара тоба динчара шайлахь.
Iесачийн аль-Дирар олу маьждиггий,
Аль-Манат зиярт ду хIуьппалхойн долахь.
                71
И гIишлош йохаян вац цхьа тIегIоьрташ,
Бусалбнийн яц цу Iеса баннашца гамо.
Насариш, яхIудаш бу юьстах лаьтташ,
Мединин урхалла-м дац Элчанца ;къуьйсуш.
72
Дин даржо арабовлар луьста нисло,
Пхи бIе гергга стаг гуллора Элчанан ;кертахь.
ГIалина урхаллехь цхьаъ вуьту Элчано (; .),
Ваханчуьра цIа верззалц йолучу хенахь.
73
Талор дина Абу Суфъян эккхийна,
Ялх бIе ткъе доьалгIачу шеран май баттахь,
Неджде ГIитафан тайпа долчу Элча (; .)
Воьду уьш буй хьажа къурайшашца бертахь.




74
Цу шарахь Хьиджазе бахара бIоца,
Шина баттахь цигаш лелла цIа боьрзу уьш.
Iиракъе йоьду къепал Зайдас лоцуш,
Шо доьрзу – тIамца дуьхьала цхьа ца волуш.
75
Сий деш тIеоьцу Элча ;шен бIоца,
Аренан Iарбаша цхьа дуьхьало йоцуш.
Гур бац уьш хIинца бертахь къурайшашца, –
Лулахошца иэгIар ду гуш бале долуш.
                76
Ялх бIе ткъе пхоьалгIа шеран март беттан
ЦхьайтталгIа дийнахь, Маккара ара долу,
Шеца кхечу тайпанийн бIехой болуш
Эскар, тIехь куьйгалхо Абу Суфъян волуш.
77
Шайн толамах къурайшаша тешийна,
Эфиопин ондда бIо тоьхнера юкъа.
Кхо эзар сов бIехо бусалбнаш хьаша,
Эзар сов говрберешца бевлира новкъа.   
78
Бадрунгахь байинчийн болуш гергара,
Шовзткъей итт зуда ю бIоца, Хинда коьртехь.
Бадрунгахь шен кIант, да, деваша верна, –
ЧIирна дегнаш тусу цо тIемалойн кийрахь.
79
Шайн сийлахь «делийн» хIуьппалгаш,
КаIбатара къурайшаша новкъа йоху.
Эмкалийн баккъаш тIехь яра уьш техкаш,
Тийжачу зударийн ловцашка ладоьгIуш.




80
Абба юьрта кхочуш, даръелла Хинда,
Каш даьстина Аминат сийсазъян гIоьрта.
И дечуьра и сацийра шен цIийндас,
СовгIат дан дош луш – еллачун кIентан корта.
81
Ткъе хьалхара мартехь, итт денна юкъахь,
Медине схьакхочий, кхеран кхаш тIехь совцу.
Хьайбанаш дажош хьакхаза мекха тIехь,
Стом хедош, гонаха талораш дан хIуьтту.
82
Элча ;шен бIоца тIеваре хьоьжу уьш,
Къурайшийн ницкъах дерг хууш дара кхузахь.
Тийсабала аьттонна меттиг къастош,
Мединин къаношца Элча ;дагаволу.
83
Баккхийчарна тIом бар гIали чохь тара,
Кхаш, стоьмаш чIана даьхна хиларна девлла.
Къоначарна лаьа – тасалуш арахь,
МостагIашна некъ бехка, ког баккха гIала.
                84
Делкъан ламаз динчул тIаьхьа, Элча(; .)
Ша баккхичийн лаамна тIе таьIна хиллехь,
Реза хуьлу къурайшашна тIелата, –
Мединин бIо пхьуьйрехь бу мостагIна гергахь.
85
Луьста стоьмех, боданах пайда оьцуш,
Бусалбнийн цхьа дакъа кхочу Ухьуд-ломе.
Цу ломан басехь соцу Элча ;чIагIлуш,
Къурайшийн эскар дерг лоцуш шайна юкъа.




86
Элчанца ;кхузахь вархI бIе стаг вара, 
Къаьсттина тешаме мухIажарш, ансараш.
Кхечаьрца 1убаййа Iа ларъеш гIала,
Амма уьш ца хиллера толамна тебаш.
87
Шоьтан де. Ткъе кхолагIа мартан Iуьйре.
Бусалбнаш Ухьудан басехь бу чIагIбелла.
Элчано ;шена тIелоцу баьччалла,
Шен башха тур кадечу Кузмане387 делла.
                88
Нийса пха кхуссуш шовзткъей итт бIехо
Нисвира мостагIийн говрберешна дуьхьлахь.
Омранза меттах бовла йоцуш бакъо,
Цхьа агIо-м кхеран ларъеш, боьранаш дара
89
Тур, шаьлта, гоьмукъаш карахь асхьабаш,
ДIахIиттира кхераме ларъян бIонан юкъ.
Бусалбнийн бац хIинца тIамна говрбереш,
ГIагI дуьйхина, коьртахь гIем йолуш, вац бIе стаг.
90
 Ухьудехь басешца бусалбнаш гича,
Хьесапна шаьш алсам хиларна баккхий беш,
Къурайшаш тIелата хуьтту бан кечам,
Хьалха баьхна болатан гIагI, гIемаш доьхнарш.
                91
БIонан юкъ. Къурайшийн байракхна уллохь
Баьчалла дIахьош вара Абу Суфъян ша.
ТIемалошна тIехьа хIуьппалгаш букъ тIехь
Эмкалш го, цец яьхна зударийн эшарша.

387 – Кузман – бусалба дине ваза, амма бусабнашна тIамехь гIо деш хилла онда Iарбий.
               
92
Хинда ю царна коьртехь вата етташ
Маьхьарца: «Дарлолаш Iабд ад-Даран кIентий!
МостагIий аталаш, Бадрун чIир оьцуш!
Сийлалла турпалшна, юьхьIаьржо кIиллошна!»
93
Говрбереш Халид Икримица коьртехь,
Бусалбнийн пхерчашна бара гено лаьтташ.
Къурайшийн берриг ницкъ тIетаьIа юккъехь,
Дуьхьало хуьлу царна – уьш юха лохкуш.
                94
Къурайшийн байракхца болу тIемалой,
Хьамзата шаьш отушшехь, летара дера.
Кузмана, Iелас цоьстура хIуьппалгхой,
Мангалхоша цанашлахь буц хьекхарх терра.
95
Къурайшин бIонан юкъ юха таьIира,
ТIелетта говрбереш пхерчаша совцийча.
«АллахIу Акбар! – бусалбнаш маьхьарца,
ТIетаьIира мостагIна лоьмех дарбелла.
96
Къурайшаш оьшуш сурт хIоьттира хьалха,
Ида боьлча мостагIий сихбелла юха.
Говрберешна дуьхьала хIиттийна пхьаьрчий,
«ХIонц, хIонц», – маьхьарца, бевлира меттах.
97
Меттах ма довлалаш шен пурба доцуш,
Элчано ;аьллашшехь, тIеман низам дохош,
ХIонце дIахьаьлхира шайн гече дуьтуш,
Секха-Iадца пха нийса туху асхьабаш.




98
Секха -Iадхой дуьхьлара бевлча, Халида
Баьржина говрбереш каде тIегулбина,
Марша яьлла агIор тIелатар дина,
ТIехьахула бусалбнаш болийра атта.
99
ТIеман хьал хийцалуш, бусалбнаш буху,
Халидан кхиамо ницкъ белла къурайшаш,
Уьдчуьра совций, дуьхьала боьрзу,
Бусалбнаш Ухьуде юхабовлу оьшуш.
                100
Мохь болу цхьаьнгара: «Мухьаммад ;вийна!»
Цо Iадийна тIемалой чаболе бовлу.
Элчанах ;тера, Мусаб вара воьжна,
Цуьнан карара байракх Iелас ларйира.
101
Мухьаммад ;цу хенахь, кхин бIехой санна,
Леташ вара гоьмукъца къурайшаш эгош.
Ширдолагца388 хецна тIулг юьхьах кхетта,
И вуьйжира цIеххьана кхетамах волуш.
102
Юьхь йохош, халхара церг йоккху цуьнан,
ГIеххьа ког лазош, чIишталгах чIу кхеттера.
Теш ву Дела, йоцуш еза чевнаш кхин,
Шаьш оьгуш, асхьабийн хано и ларвира.
                103
МостагIий тIекхача мегаш хиллера,
Юхабевлла бIехой тIекхаьчна ца хиллехь.
Элча (; .), гIеххьа бIахой лам тIе бевлира,
Къурайшаш ца гIоьртира царна тIекхача.

388 – ширдолаг – тIулгаш кхуьйсуш долу шира герз (праща).


                104
Шаьш къайла девлча къурайшийн кхерамна,
Хьесап дан хIуьтту уьш хиллачу дарашна:
Кхузткъей итт асхьаб вара Iуьллуш вийна,
Ши бIе гергга бIехо вара чевнаш йина.
105
Къурайшийн бIонах ткъе виъ бен ца вийна,
Царах итт Элчанан ;туьрца ша Кузмана.
Еза чевнийн Iазапца юьстах ваьхьча,
Iожалле воьрзу и шен пхенаш хедийна.
                106
Элчано ;хестош Кузманан деналла,
Воьрзур ву олу и – жоьжахатан цIерга.
Диканашца эшалац хIуьппалгалла,
Бусалба хила веза Деле гечдайта.
107
Кхо мостагI вийнера каде Хьамзата,
Цо санна къурайшаш охьаоту Iелас.
Iумар, Iусман, Абу Бакар чевнашца,
МостагIна яхь ца луш, лийтира майра.
108
Исламан Лом аьлла цIе яхна Хьамзат,
Ухьудехь гIазот хилла вуьйжира майра.
Эфиоп-гIарбаша Вахьшис и вийра,
Гоьмукъца – хьоладас маршо лург шена.
109
Бусалбнийн декъаша юьзначу арахь,
Къурайшаш тойне хуьтту, базбеш шайн толам.
Бадрунгахь беллачийн чIир оьцу цара,
Бусалбнаш къурайшел байинера алссам.




110
Байина бусалбнаш берзана бохуш,
Тоьллачара хIонц гулйо вовшашца къуьйсуш.
Эрча доху декъий, меженаш йохуш,
Къаьсттина Бадрунгахь байинчийн зударша.
111
Абу Суфъянан зуда Хинда яра
Ден, кIентан, девешин чIир декъашна йоькхуш.
Бусалбнийн лергех шена туьтеш дина,
Даа долийна Хьамзатан дог духа Iеттош.
112
И дерриг сурт гуш дара Ухьудера,
Кху тIамехь эшначарна дан хIума доцуш.
Абу Суфъяна хезаш дездеттара:
«ТIеман ирс керчи – Бадрал тIаьхьа Ухьуд  луш!»
113
Къурайшийн баккхий бер цIерхазам бара,
Бусалбнаш къарбина бохийна ца хилча.
Ухьудехь берш-м бохалур бара цаьрга,–
Iубаййа тIелетар воций шайна хиъча.
114
Тасалуш тIом дIабахьа аьтто боцуш,
Шина бIона юкъахь нисбелла къурайшаш,
Туьпара гIовттий буьйлало ка тухуш,
Мединин го талош, бара Макка боьрзуш.
115
ТIеман Iалашо кхочуш хилла аьлла,
Кхайкхам бира маккахошка Абу Суфъяна:
«Бусалбнашна шозза сов бекхам хилла,–
Мединхошца даима вайн машар лаьттина».
               



                116
Бусалба вежарша мостагI дIавахча,
Шайн кхелхина гIазоташ берзийра лахьте.
Шишша-кхоккха цхьаьна, лийчавар доцуш,
Таррийн IидагIаш кIел яккхарна жанната.
117
Вилхира Мухьаммад ;девешин докъа тIехь,
Меженаш маьI-маь11ера лахьйна евлча.
Цуьнан гIайгIа яйло, Джибрила лерехь:
«Хьан деваша ворхIалгIа стиглахь ву,– аьлча.–
                118
–Хьакъ хилла Хьамзин сийлахь цIе дуьненахь,
«Исламан Лом» олуш ю йоккхуш цу стиглахь.
Кху тIамехь кхелхинарш бу ялсаманехь,
АллахIан йоза ду массарна лелаш тIехь». –
119
Джибрилан кхаъ сихонца дIаса баьржа,
Дала шаьш толамца, иэшамца зоьй  хии.
ЦIа воьрзу Элча ;дог доьхна, юьхьIаьржа,
Амма бу бусалбнаш – сих яхь ийна хIинций.
120
Цу Iумаййан мунепикъийн тобанна,
Кхаъ хиллера бусалбнаш Ухьудехь иэшарх.
Дела орцахь ца ваьлла, бохуш Элчанна (; .),
Эладитнаш даржош бара уьш нахалахь.
121
ТIом сецна шолгIачу дийнан Iуьйренций,
Элчано ;Мединехь кхайкха дойту омра:
«Ухьудан тIемалой кечло сихонца,
МостагIна бекхамна дерриш тIаьхьа довла.




122
Бусалбнаш къарбала цахилар дагахь,
Бусалба дин толош бен, шаьш мел ду са чохь.
МостагIна гойтуш шаьш дуйла гIоралахь,
Гойтуш дара иштта байIат – бусалбнийн яхь.
123
Ухьудехь тIом боьдуш, цу юкъахь боцуш,
Iубаййаца гIалахь Iийначарна тийна.
Элчано ;мостагIна тIекхиа шайца,
ТIаьхьадовлар дихкира тешам байарна.
                124
Бусалбнаш шайна тIаьхьабовлар хиъча,
Къурайшаш тIом бан цаьрца новкъахь ца хуьтту.
Мелхо шайн болар сихдира цIа кхача,
Хилла толам цкъачунна кхачаме хетта.
125
Ши де гIу Хьамра аль - Асад йолчохь
Даьккхира Элчано ;къурайшийн бIо лар беш.
Кхузза сов болу уьш тIелата ца тигча,
ЦIа воьрзу Элча (; .), царна тIаьхьа ца гIерташ.
126
Мухьаммад ;хIаллак ван динций дог хилла,
Баьхкина къурайшаш цхьана ханна тоьлла.
Бусалбнийн Ухьудехь аьтто ца баьлла,
Ткъа шолгIа тIом хьебича шайга уьш бевдда.
127
Кхузткъа сов аят Элчане ;дуссу,
Мунепикъаш бехкен беш Дала цу эшамна.
ГIали чохь дIатийна уьш Iарна хьоьжуш,
Бусалбнаш оьшуш гуш, орцах ца бовларна.




128
Ухьудехь тIом бар хьехнера Дала,
Мухьаммаде ;ладоьгIнарш ийманехь бара.
Бусалбнаш толийта Делан бакъо яра, –
Амма лиъна мунепикъаш баха Iора.
                129
ЦIена дин толорна тIехь ойла сецна,
Бусалбнаш леташ, Дела уьш толош вара.
Толам шайна къежча, – са тосий хIонце,
Пхерчаша шайн баьччийн омра шаьш дохийра.
                130
Цундела тIеман ка Дала сацийра,
Толаман ирсан кхаж къурайшашка хьовзош.
Гал бевлла бусалбнашна бекхам кхечира,
ТIаккха Дала къа хетий хIаллак ца бойту.
131
Шен динах, Элчанах ;мел теша хьожуш,
Ухьудехь лелла хьал бусалбнийн ийман зуьйш,
ХIоттийнера Дала, муьтIахь леш къастош,
Кхин дIа долчу зерашна кеч балийта уьш.
132
–Баккъалла Шех тешнарш толаме бало,
Дош ду Делан, уьш Элчанна ;муьтIахь хилахь.
«Мухьаммад вийна!» – аьлла, мохь хьаькхначо
Иблисца товш бохийра накъостий хьолах. –
133
–Элча ;адам ду, нах санна, лийр долуш,
И велча бусалбнаш Iеса бовла беза?
Цуьнан хан ю стиглах шен йоза долуш,
Дин толо беш бу тIом, – бац Элча ;вахийта. –




134
–Пайхамар кхелхича дин латта деза,
Иза наха дIадахьа дезаш ду лардеш.
Юьсур яц лаьтта тIехь меттиг и кхачаза.
И Делан лаам бу, кхочуш хила безаш.
135
«Ухьуде ца дахнехь цхьа лийр вацара», –
Бохуш мунепикъаш къийсало Элчанца (; .).
«Лийр бара, – боху Элчано ;дуьхьала, –
Амма хир дара и церан – къинойн цIарца».
                136
–Ткъа тIаме хIиттина, турпала эгнарш,
Уьш кхелха дIа ислам-дин толоран некъахь.
Уьш Делан хьошалхахь оьцуш бу зовкхаш,
Кхин кхерам хир боцуш эхартан дахарехь.
137
Цхьа бахьана долуш юха дуьнена,
Бевр бара уьш мостагIех динан дуьхьа лета.
Кхойкху уьш дуьненахь бисинчу вежаршка:
«Ийманехь чIагIлолаш  лаахь тхох схьакхета».
138
Кузман, Iела, Хьамзат санна турпала,
Ухьудехь массо майра хьаьвзина хиллехь.
Халидан динбереш зене бацара,
Делан дин диц дина берш – хIонце ца хьаьвддехь.389
139
Бадрунгахь, Ухьудехь хIиттинарш тIаме,   
Шайн лаамехь вовшахкхетта бIехой бара.
Церан низам дара хьаьжна шайн кхетаме,
Цундела тIом бан ца бан, уьш хуьлу маьрша.
389 – хIонце ца хьаьвддехь – Ухьудера тIамехь, Халид бин Валид коьртехь къурайшин говрберешна дуьхьала хIиттийна бусалба пхерчий кхуьйсу асхьабаш, шайн эскар тоьлла моьтташ, байинчу къурайшех йисина хIумнаш (хIонц) схьалахьаян ца хьаьлхинехьара, Дала эшийтина хир бацара
                140
Дац кхузахь пачхьалкхийн эскаршкахь санна,
Баьччийн буьйр дохийнарш жоьпе узу низам.
Пачхьалкхийн салттий мостагIелла чIогIа,
ТIехиттийна хьаькамех кхоьруш бу алсам.
141
Делан некъа бевллачаьрга Элчано (; .)
Боху: «Кхерийша Делах, дерриг гуш волчу.
Цуьнан долахь ма ду вай, Цо рицкъа ма ло.
Ша бохург деш верг Цо ялсамане вуьгIу».
                142
Бусалбнийн низам ийманах ду доьзна,
Довш доций хууш Делан доьхьа хьегна къа.
Делан лаам кхочуш беш Элча ;хилча,–
Цо бохург кхочуш деш уммат хила деза.
                143
Эхартахь хиларх дахаран гуттаре,
Дуьненахь йоккху зама гIан хиларх кхетош,
Дала гойту Элчанна ;ялсамане,
Ша цу чохь кечдина дерриге беркаташ.
                144
РогIерчу вахьенгахь кхаъ боккху Дала,
Керлачу тIамехь – толам лой хоуьйтуш.
Цу хенахь нисдели Умм Салам ялор,
Эфиопехь кхелхинчу мухIажарх йисна.
145
Хьалха и йига гIоьрта Абу Бакар,
Захало Iумара хьединера цуьнга.
Царна цо хоуьйту реза цахилар,
Элчанна ;ялийра цо хамталла шога.




146
Верасех коьрта вара Абу Суфъян,
Мах барна и магац хIуьппалгхо хиларна.
Цуьнан шен кIантаца дийзира мах бан.
(Нийса цIе-м оцу зудчун Хинда хиллера).
147
Шен кIентан, Салман, цIарах дIахоьттина,
ДIаяхна цуьнан цIе «Салман нана» аьлла.
Элчанера ;цIелиг, гоьнаца маьнга,
ТIулгийн кохьарца яй, кад кхаьчнера цунна.
148
Маре дан къена ю, ду даккхий бераш,   
Хьегаран хьу ю шеца, бахарах чIогIа.
Элчано ;Деле дийр ду олу доIанаш,
Цу сакхташна дуьхьала кхетийта догIа.
149
Элчанан ;зударий хазачех хилла,
Цу могIанехь Умм Салам яцара ца товш.
Уьш балор Iалашо – доьзалшца дар дола,
Эмгаралла, хуьнаш церан собарца ловш.


Рецензии