На -Нохчи-Чеченском- языке
"Целитель душ".
**********НИЙСО**********
Нийсо боха ахьа тахана?
Ахьа х1у нийсо йуьйцу?
Хьуна маца гина нийсо? Мичахь?
Самаха йе г1енах...?
Хьо мила ву ван мукъане?
Хьуна хьайна хаьи хьо хьена-мила ву,
х1у лелош ву,
стенна веана хьо кху дуьнен чу?
Муьлхачех ву хьо?
Селхана хьена накъост вара хьо?
Бензин, мак-анаша лелош болчаьрца-м вацара хьо?
Йе къо'ланаш-талораш дечаьрца вара?
Нефть леч1къош, йе дагош болчаьрца вара?
Маршо, Нийсо, Байракх - бохаш, мохь-эшарца хиллачаьрца-м вацара хьо?
Йе царна мотт беттачаьрца вара? Хьаьнца вара хьо?
Воккха-хьаькам - лам бакъочаьрца-м вацар хьо?
Йе кхайкхана т1ом балийна ведда-леч1къанчарах хила мегара хьо?
Х1аааааааа.... ка тоха майралла ца хилла,
керта т1е хиъна, са тоьхчарах ву моьтту суна хьом... 'довдалаш' бохаш.
Вуй?
Дийцахь ц1къа мукъане бакъдерг...
Суна гина стаг-м вац хьо....
Зударшна юккъехь суна хьо гойла дац подвалаш чохь.
Хьуна со воьвзи?
Мичара, йе маца, йе мичахь гина хьуна со?
Вайшана некъаш цхьана даьхканехьара-м са хаттарш хуьлийла-м дацара хьо санначаьрга.
Дела вар-кх сан накъост.
Хьо-м вацара.
Хиллехь-м вайн халкъ-мохк багийна-чахчийна а ма хир бацара....
Схьа хьажахь....
Х1инца мукъане хьажи вайша вовший б1аьра,и нийсо х1у ю, йе и муха хуьла хаа.
И хилийта вайна х1у оьша?
Барт-барт-барт бахарх ма ца хуьле и барт, ца хуьли-м хиънера вайна.....
Хьажахь... и Нийсо......
Нийсо хьай чохь йалой хьоьга тахана? Цициг дуй хьан ц1ахь?
Цуьнца лелалой хьоьга нийсо?
Собар дехьа цкъа...
И цицаг цицаг ду - вай адамаш ду бах ахьа?
Ткъа адамашкахь адамалла хила йеза бохи ахьа?
И адамалла йоцчаьрга нийсо д1а кхехьа лур йуй?
Нийсо йоцчохь бусалбаналла дебар йуй?
Ткъа ахь х1у йуьйцу йийцане?
Х1аааа... нохчоллай?
Собар дехьа.... хьай хот1е хьажахь....
Хат1 ма дац хьа нохчочуьна...
И гай-тингар оьхьаш неха саг1и к1ел хийжа 1амийна...
Хьуна хьайна хьо х1орс-тоъ хетарх, хьуо нохчи ву аьлла хета хьуна?
Йеее гуора меттаг я1.
Нана кхаба вассалус.
Ма кетар ю хьо я-м х1ай....
Ц1онтройн Насруди
*******Х;ОРСТОЪ********
Лаилах1а Иллаллах1 Мохьаммад Расулаллах1 - бохаш, Даймохк ларбеш г1азотехь иэгначу вайн йижарел-вежарел дЕза х1умма хаьий хьуна???
Нохчийн чу бала боьссана, т1ехула хьийзаш бера болу кеманаш бухахь,
тиэма деш динчу ламаз мах хаьи хьуна???
Мостаг1 герга веача, т1амна кечлуш дина ч1агара-зуькара шовкъ йевзий хьуна???
Т1ема к1уьрлахь динчу х1орстоъ-хелхара мах хаьи хьуна???
Нагахь хьуна, мискачу неха до1анаш ца довзахь, нагахь цара мостаг1ашна дуьхьал лестийначу сийначу байракха бос хьайна бицбеллехь,
ма алахь соьга хьайна Даймехка чам бевза...
Нагахь хьо шело-мацалла 1аьвшана, хьай дег1ах мерцахагаш дийланЗа валахь,
ма г1ертахь со хат1е ван хьайн матта говзаллица.
Нагахь Нана-Декъаста хазлуш, ц1анлуш, хьо самукъа долаш вацахь,
ма ала соьга хьо Нохчо ву, бусалба ванне а....
Ма алахь соьга, Мехка-Къонахий баккъаш т1оьхала хьала йевлла,
цера майраллех четарш дина, дуьне мад-ду бевд-да баханчера хьайна мах хаьа,
ма алахь соьга....
Ма баха соьга т1ом беш тоьлларг сийлахь ву....
Де х1инца мукъане мук1арло, т1ом сацийнарг сийлахь веш...
Лаилах1а Иллалах1 Мохьаммад Расулаллах1..........
Хасу Ибрех1ама Исрудин Насруди....
************
.
Свидетельство о публикации №225090401245