Дуьне

Ша азаллера схьа йолуш,
Х1оьттинчу йозанца дог1уш,
Х1оранна аса шех йоккхуш,
Йаралуш, оьху д1а зама...

Жил-1алам кхоьлличахьана,
И кхоллар- девзичахьана,
Са дуссу, аганан г1ат т1е-
Цкъа д1адан,..ца хилча санна.

Дог1учу, доьдучу синна-
Доьллуш д1а кхолламийн ринжа,
Цу 1аршан сайратийн ирзехь
Дуьне ду, техкош шен ага.

Дахар шен бол эцна даьлла,
Дуьненна букъ тоьхна даьлча,
Дин бигча, гоьзана санна,
Йассало цхьанна и майда.

Г1уьттуш букъ т1ера дуьненан,
Оьхуш ду, синош д1а- денна.
Дуьненчохь гулдинарг эцна,
Г1ош ца го царалахь цхьа а.

Бахамех- кошан барз буьсу.
Лехамех- ахь лехннарг дуьсу.
Ахь йиннарг- хьан ц1е а йуьсу
Кху, дуьне, олучу махкахь...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии