20 дакъа Ислам динца баьхкина дахаран хийцамаш

1
Сирла шекъа басахь Ухьудан бохьца
Малх боьлча шен зIаьнаршца  Медина къаго.
Iуьйкъехь дуьйна Iамалшкахь волу Элча (; .),
Буса диъ сохьтан темах390 ву хуьлуш кхачо.
2
Iуьйренций рагIу  кIел мухIажарш гулло,
Доьзалш боцу – кегий, баккхий, миска нах бу уьш.
Деш, дуьтуш дац церан я дан бац охIла,
Элчанца ;уьш рагIу кIел Iа цхьацца дуьйцуш.
390 – деа сахьтан темах (тем) – дегIе садаIийтар, набарна товжар.
                3
«Ансараш шайн кхаш тIе, бошмашка гIора,
Доьзалш болу мухIажарш базар бовлура.
Элчанан ;напхех тоам бора оха», –
Дийцина рагIу кIел дукха хьийзинчара.
4
Цу рагIу кIел Iийна хьикматхо, миска,
Къахьегнарг, цахьегнарг – цуьнан рицкъ

ех тешна.
Элчанан ;Iаьнаре уьш хьийзи луьста,–
Теш хуьлуш Элчане ;вахьин зама ярна.
                5
Элчане (; .), бос бойуш, кхочура хорша,
ТIе хIумнаш таса езаш хуьлура шортта.
ГIаьттича – дагахь гулделла жовхIарш,
Къуръанан сураташка доьрзура барта.
6
Ала деза, наха хан йолуш, йоцуш
Хьийза вора Элча ;де, буьса доцуш.
ЦIе йохуш мохь бетта, неIаре хуьттуш,
Набарна воьжча бен мукъа хан ца юьтуш.
                7
Ша висар оьшура Элчанна ;наггахь,
И къайла вуьйлура Хьира-хьеха Маккахь.
Теме хьал дара Хадижатан хIусамехь,
Кхоьлахо, баьчча вацара и цу хенахь.
8
Мединехь-м шен чохь яцара лечкъийла,
Я цIера волийла гIуллакхийн дукхалла.
ТIе гавурш бу шортта, вен чIагIо йина, –
Эххара маьждиг хоржу цо къайла вийла.




9
Маьждигехь четар дугIу цунна къастош.
Цу чохь цо Iамалш еш ши-кхо де доккху,
Наха шайн гIулкхашна юкъах ца вохуш,
Динца халкъ дIанисдан Дала дарс хьоьхуш.
10
ТIеман хIонцаша бусалбнаш токхбира,
Мацалла, беркъалла шайна гена йоккхуш.
Зударшна-м цуьнан жовхIарш дезара,–
Элча ;вац-кх тоьлла духарш я даарш оьшуш.
                11
Асхьабийн чул духар дац цуьнан тоьлла,
Дац баьччин даарш чохь цунна хIоттийна шун.
Поппаран цIенош чохь бу цуьнан доьзал,
Тоьлла хьал дацара нисдина тхьамдина.
12
Элчано (; .), зударша лардора кхоччуш,
Доьзалехь динца долу декхарийн низам.
ХIоранца роггIана де-буьйса доккхуш,
Элчано (I..с.) цхьатерра бо зударийн тIалам.
13
Гена дIасаваха и новкъа волуш,
Зударех цхьаъ Элчанца ;йолура новкъа.
Эмкал тIехь бун яра уьш дIаса буьгуш,
Новкъа йолу зуда кхожо гуча йоккху.
14
Доьзалехь зударшца нийсо лелорна,
Умматна дара иза схьаэца масал.
Цхьатерра ларам, хама беш хиларна,
Йижарий санна, уьш бара бертахь доьзал.




15
Нийсонах Дала дог дуьзна Элчано (; .)
Даре до, цхьана стеган ницкъ – хир бац олий:
Зударий цхьатерра безаш чекхвала, –
Хууш шен озабезам Iайшате хиллий.
16
Цхьатерра совгIаташ дан таро цахиларна,
Массарна дала дацахь жовхIарийн туьтеш.
Зударшлахь Элчано ;делча Iайшатна,
Бисинчарна дегазло ю даг чохь юьссуш.
                17
Зударийн весаш цIерачаьрга йовлий,
Верасаш юкъа булу маслаIат хоттош.
Хийлаза уьш кхетош синтеме балий,
Собаре Элча ;хиларна, гергарло ца дохош.
18
Делера вахьи цу хьокъехь кхечира:
«Зударшлахь шуна лаарх ялур яц нийсо.
Эмгараллех уьш ца цIанбарна Дала. –
«ХIуьрлаIанаш хир бац цу амало хьийзош».
19
– Бусалба стагана яло йиъ зуда
Магийна Дала. Амма тIе ца дожийна.
Уьш реза беш цаьрца тарвала хаахь,
Делера ял, мулк хир ю – уьш Iалаш барна.
20
Делахь ду тоьллариг цхьаьнца чекхвалар,
ТIекхуьу тIаьхьенаш ийманехь хуьлуьйтуш. –
Ткъа еанга кхаччалц магийна балор, –
Зударшка ца харжийта цIармата некъаш.




21
Ухьудехь иэшаро Элчанна ;хьалха
Сихха къастам бан безаш нисйо халонаш:
Шарет деш дIанисдан гIазотийн бераш,
ТIе бисинчу зударшна Iуналла нисдеш.
22
Бобераш – ши бIе сов, тIе кхузткъа зуда
Биснера гIад дайна, карахь рицкъа доцуш.
Уьш кхабар умматна беза мохь бара,–
Дала Шен Элчане ;диссийра сураташ.
                23
Ялх бIе ткъе пхоьалгIа шо. Апрелан де.
Ах сахьт даьлча, Билала ламазе кхайкхира.
Элчано ;жамIате баьхкинчу нахе
Мимар чуьра кхайкхийра керла аяташ.
                24
Боберийн шаретах, зударшца мах барх
Лаьцна дерш къастош бара Делан хьехам.
Боберийн даьхнина къилахь деш тебар,
Верасаш къохкуьйтуш бара керла кхайкхам.
25
ГIеметта хиттинчу боберийн даьхни
Верасо, гуш тешашна, дIакхачо деза.
Кхетамна эргIаднаш, шен доьзалш санна,
Дуьненахь, мел беха, шеца бита беза.
26
Iарбашлахь да велча доьзалан бахам
Дола дан боьрзура цIийнан тхьамдийн кара.
Сутарчу Iуьно бан там бара хьулам,
Цундела Дала шарет диллира юкъа.




27
–КIант, йоI ду бисинчу бахамна декъахь,
ХIоранна кхоччуш болу барам къастийна, –
Шина йоьIан дакъа кхочу кIантана, –
Ткъа сов уьш белахь – кхолагIа дакъа – цхьанна.–
28
–КIант, йоI бен дацахь, ах – ах ду царна,
Бер цхьаъ делахь – дений, наний хIоранна
Кхочу йолхалгIа дакъа, – важа буона, –
Бер дацахь – кхочу йолхалгIа дакъа нанна.–
29
–Веллачун нагахь верасаш кхин белахь,
ТIаккха нанна йолхалгIа дакъа ду кхачош.
Диснарг деца, вежаршний ду юкъахь.–
Шарет ду цIийнан нахах, божаршкхьа узуш.
30
Сутарчу верасо боберийн даьхни
Латтийта карахь, бо-йоI маре ца лора.
Я шира Iадатца нуц керта вуьтий,
Шех тешийна йоьIан даьхни дууш Iара.
31
Шен даьхнин дола дан яц таро йоьIан,
ТIевеъна майрачун яц бакъо тIекхийда.
Кхузахь-м мах зударшца хан тоьхна бора,
Шарана, баттана, кIиранна я денна.
32
Мах бина масех стеган долахь зуда,
Масех стагца зударий мах бина ханна,
Хила тарлуш дара, де иэхьен доцуш,
ЦIарматло яра кхузахь яьржина шортта.




33
Маре деш йоьIе, бахам шен ден цIера,
Эшош, майрачун доьзале ца бахьийта,
БIаьрмециг верасо я сутара дайша
Зударшца мах бар зинага дерзийнера.
34
–Шаретан декъах зударий бахарна,
Лаьтташ дара Iарбашлахь и боьха зина.
Дала, майрчун цIахь Iа еза, бах, зуда,
Коьрталла доьзалехь цIийнан дехь дитина; –
                35
Азаллехь дуьйна схьа – божарий толош,
Зударшна тIехь Iуналла марошкахь дуьтуш,
Кхоьллина Дала юкъаметтиг церан,
Берашца уьш кхабар – стеган декхар долуш.   
36
Ийманехь болчу зударша шайн догIмаш
Шаьш ден цIера маре дIабигначарна бен,
Дац доьзал болоран безамна магош, –
Шайна догIуш долу даьхни шайга кхачош.
                37
Байн даьхни лардеш болчу тхьамданашка
Дала боху: «Кхечанхьа маре дIалойша
Я шаьш бигийша бо-йоьIарий шайна,–
Царна догIуш долу даьхни цаьрга кхачош.;–
38
–Байшца нийса чекхдовларх шаьш шек делахь,
Еанна тIекхаччалц балабе хазбелларш.
Реза беш уьш Iан, шайн ницкъ кхочур бацахь,
Ницкъ берриг ялош, дайх диснарг дита цаьргахь.–




39
Эшначул тIаьхьа Ухьудехь бусалбнаш,
Бутт бузуш кхочу Делера иштта вахьиш:
Шарет дарх, бало мега зударех дерг – къастош,
Доьзалехь хIоранан декхарш гучу дохуш.
40
Гергара зударий мегаш дац бига:
Шайн наной, йижарий, йоьIарий, вешин йоI,
Йишиниг, кхаьбна нанна, дестеш, нус,
КIентехь, вешехь цкъа мацца хиллариг марехь.
                41
Ткъа шичой балор дац кхоччуш дихкина,
Стоьчан йоI яло магош дац ненан майрчо.
Арахьара валийна кхаьбна кIентехь
Хилларг яло мегаш ду – кIант кхаьбначо.
42
Стаг, зудий дIасакъастар мах бохийна,
Магош ду шиннах цхьаьннан – лаар сов даьллехь.
Бакъду, цхьа бехкам бу царна хIоттийна,
Уьйр йоцуш, цхьаьна Iан деза кхаа баттахь.
43
Вовшех ирс эцаза тоьхна хан яьлча,
Зуда юьту майрачо – урдо дIакхачош.
Цо шеца ден цIера мел деънарг дIалуш,
Зударийн сий ойуш бара и хийцамаш.
44
Эвхьазлонца ийна Iадаташ доьхкуш,
Элчане ;Дала доссий бакъонан низам,
Дукхаммо Мединехь дезаш тIеоьцуш,
Емал йира акха Iадатийн къизалла.




45
Тайпанна са лоьхуш даьхна Iадаташ,
Харцонан ницкъаца кIел харчош бакъо,
Кхоьллина дахар – шен буххера хуьйцуш,
Дала магийна кеп тIеоьцу уммато.
46
Элчанна ;Дала хьоьхуш ма-хиллара
Кога доьду даьржаш бусалбнийн дахар.
Дахаран цу кепе тайпанаш хьовзош,
Iарбийн къам эххара цхьана дине доьрзу.
                47
Адамийн бакъонаш, декхаршца цхьаьна,
Тайпанах я къомах ца доьзна исламо.
Бусалба дино цхьа низам хIоттийна,
Делаца дов лоцу иза дохош волчо.
48
Къоман цIийх доьлла цхьадолу Iадаташ,
Исламца берта далош – нисдина Дала.
Эцна я йийсар беш нисбелла гIарбаш-
Зударех, езар ян магош, – мах беш яло.
49
Амма чIогIа доьхку цу хьолахошна,
И зударий-гIарбаш зинана тIе тетта.
ГIарбашийн берийн ду шеретан дакъа,
ТIе зударий, везар велча, бовлу марша.
                50
Зударшца ханна беш болу мах бехкар,
Ца тайра къепалшца меха лелачарна.
Наггахь дийна шаре болучу некъахь,
Муха Iир ву, бохуш, зудчун ирсах хаьдда?




51
ХIусамех къаьстина лелар долчарна,
Мах баран я белхан, я тIеман гIулкхашна,
Магийна бохурш бу и мах зударшца,
Ца магош Iелам нах бу чIагIбелла шортта.
52
Бусалба хилале кхоьллина доьзалш,
Исламан бехкамашка бирзинехь кхоччуш.
Цу хенан гIалаташ дац къилахь лоруш,
Цундела иштта доьзалш бац боха безаш.
53
ЖехIала заманахь зударшца лелла,
ЦIармата боьха белхаш магош бац Дала.
И белхаш ца буьтуш дIакхоьхьучарна,
Эхартахь кечбина цIергахь хьега бала.
54
Кхахпа божаршка йоьIарий бахийтар,
Магадац Дала, кхахьпа зударий балор.
Доьзал кхолларх болчу динан нийса новкъахь,
Мединехь бусалба нах кога бахара.
55
Ухьудехь иэшар Элчанна ;Iеткъара,
Шеца ворхI бIе бен тIемало цахиларна.
Мединехь кхо эзар стаг юьстах Iарна,
Орцах ца бовлуш, шайн гIала ларъечарна.
56
«Са йолуш къурайшашца болучу тIамехь,
Хьехамца мединхошна хIун ду ца тоьаш?
Царах дагавала дезар ду хIинца,–
Ойла йо Элчано (; .), – уьш тIаьхьа бахкийта»




57
Бусалба наха кхоъца тIеийцира,
Делера доьссина дахар хуьйцу вахьи.
Зударийн, боберийн дог оьцуш дарна,
Шеретан декъашхой берг билгала бохуш.
58
Адаман долахь дерг гIарбашца цхьаьна,
И дийна мел ду, ду цуьнан бакъон тIехь.
И лахь, гергарниш бу шератан декъахь,
ГIарбаш дIахецар ду Далла гергахь мелехь.
                59
Мединхойн рицкъа дара доьзна лаьттах,
ТIаккха царна кхаш лело оьшура гIарбаш.
Уьш бацор къилахь дац бусалба наха,
Совнаха ницкъ ца беш, уьш кхаьбчхьанна бузош.
60
Мединхой-м уьш бохка дегаза бара,
Элчано ;мукъа воккху Салман аль-Фараси.
ГIарбаш дIахеца царна дара хала,
Хаарна шайн бахам гIарбаша сов боккхий.
61
Бусалбнаш кIеда бара шайн гIарбашца,
Кериста наха лелочу къизалле хьаьжча.
ГIарбашна ницкъаш беш уьш цахиларна,
Дала шаьш лелочух беркат дора царна.
62
Закат дала декхар ви бусалба стаг,
Шен даьхнина тIера иза массо шарахь.
Цуьнан барам бахаме хьаьжжина къаьста,
Амма сагIа – хIораммо ло шен лаамехь. 
               



                63
Юкъара банк ю бусалба умматан
Закатца тIеман хIонцан пхоьалгIа дакъа.
Юкъара хьолах гIо хуьлу къенчарна,
Къаналлой, цамгарший лецна бисинчарна.
64
Закатан декъа ца богIу болх ца безарш,
Балхана мало еш, даа-мала дезарш.
Дала рицкъа ло болчарна къахьоьгуш,
Къа хьегча, аьтто ца хуьлачийн йо терго.
                65
Делан вахьишца нисдина дахарна,
Реза бара мухIажарш, ансараш чIогIа.
Ткъа тIеман кечамна харж тIекхетарна,
Ансараш бу духьла цу тIеман харжашна.
66
Шайн синошца даьхни тIамна кIел тийса,
Ца лаьа ансарашна, Iажаллех кхоьруш.
Мунепикъаш-м хьалххе бевлира юьстах,
Бусалбнех ийча шайн коьрталла дожарна.
67
Бусалбнаш вежарий бина бу Дала,
Цундела уьш, цхьа къам санна, баха беза.
Реза бац оцунна хаздраджаш, аусхой,
МаслаIат дац цара – вовшен чIир эцаза.
68
Бехк боцуш стаг верна чIир ю магийна,
Ткъа маслаIат дар Дала цул деза дина:
Бусалбнаш вовшашца маьрша хилийта,
Бодане Iадатийн къизаллех хадийта.




69
МуьтIахь ву Элча (; .), баккха цхьа бехк боцуш,
Декхарш дIадаржорехь Дала тIедехкина.
Массарна бечу бехкамашца цхьаьна,
Дала цунна дина ду тIедахкарш шенна.
70
Уьш дара бусалба умматна юкъахь,
Цуьнан ларам, сий дар хила дезарх лаьцна.
Цо лечкъош делахь, шен деган кIоргехь, –
IатIаршка, зударшка безам – эхь ларарна.
                71
–ХIай Элча (; .)! – олуш, кхочу вахьи Делан. –
ХIуна магий Оха хазбелла зударий,
Делахь хьан ден, ненан гергарчийн бераш
Я хIонцах кара кхаьчнехь, йийсараш боькъуш; –
72
–Я хуьлийла шаьш хьоьга берза луурш,
Ойла тIехьаьвззинарг – яло ю хьан бакъо.
Иштта бакъо хилар бахьана долуш, –
ГIазотийн байшна гIонна буьгу церан наной.
73
  Доьзалан коьрталла зудчуьнгахь долуш,
Iарбашлахь лаьттина хьалхенгахь цхьа зама.
Цу хенан Iадат ду – зудчо стаг харжар,
Бусалба дин чIагIдаллалц Iарбашлахь лелла.
74
Иштта долу маренаш дехказа хенахь,
Ялийра Элчано ;Хузайматан Зайнаб.
Ткъе итт шо долуш юьсу и мухIажарх,–
Ах шаре балале, хедаш церан кхоллам.




75
Ухьудан иэшамо аренан Iарбий
Шек баьхнера Элчанан ;умматан ницкъах.
Адал, аль – Кара тайпанийн векалша
Дин, Къуръан шайна хьеха накъостий боьху.
                76
Элчано ;мухIажарш хьовсийра цига
Ялх асхьаб, оцу балхана Мурхьад веш коьртехь.
Новкъахь, ар – Раджи гIунехь, тешнабехк бой,
Къурайшийн хьешаша го бойту пекъаршна.
                77
Бусалба ялх асхьаб йийсаре вало,
Хузайлин тайпанан нах бара тIелеттарш.
Мурхьада кхин шимма йира дуьхьало,
Уьш кхоъ вийра, висна кхоъ Макка дIа хьажош.
78
Маккахь шайх дендерг йийсаршна хаьа,
Накъосташца беллехь царна гIоле дара.
Новкъахь васталой мостагIех летта,
Цхьаъ ле, ша Маккахь къиза хьийза ца вайта.
79
Висна шиъ хузайлашца мах ца къуьйсуш,
Къурайшаша чIирна цаьргара схьаоьцу.
Ухьудехь шайн беллачу верасийн метта,
ТIулгах дина урс хьоькхуш, КаIбатехь бойу.
80
Геннара схьа – бежана дуьйш сагIийна –
ТIулган урс хьоькхуш, хIуьппалгхойн Iадат дара.
И Iадат шайн делийн парз лору цара,
Доккхучу сагIин мохь – сихха кхачош стигла.




81
Къиза бойучу бусалба пекъарша
Боху: «АллахI ву Дела, Мухьаммад – Элча (; .)».
Шаьш къобал дина динах доггах тешна,
Къурайшаш цец бохуш, деналлица кхелха.
82
Иштта ямарт хилира Амир – тайпа,
Бийхира дин хьоьхурш шайна церан шайхо.
Герз долуш бусалбнаш хьовсийра цига,–
Бир – Мауна гIунехь йойту царна кIело.
                83
Сулайм – тайпа дара царна тIелеттарг,
Амирхойн дозанехь бойуш бусалбнаш.
Тобанах шиъ бен вац дийна виснарг,
Цхьаъ Iазапца валийта – веринчохь вуьтуш.
84
Важа хилла церан эмкалаш яжош,
Йийсар вой, и дIахоьцу коьртан чоьш кхаьдда.
ДIахоьцу – лай винехь – шаьш витна маьIнехь,
Шайна тIехь лелийнарг Мединехь дийцита.
85
Медине вогIучу пекъарна новкъахь,
Дуьхьала вогIуш го маьрша шиъ амирхо.
Цо и шиъ вийна – чIир оьцуш накъостех –
Ша цIа кхаьчча, деригге Элчане ;далхош.
86
Амирхошца бертахь бара бусалбнаш,
Бусалба векалш цара ца байинера.
Сулаймхой бара асхьабаш байинарш, –
Байинчу амирхойх гIуда такха дезара.




87
Я бина барт бохош, том бан безара,
ТIом ца бан Элчано ;мах балар тодира.
МаслаIат юкъахь дан надирхой хиттош,
Элча ;ши накъост эцна цига вахара
88
Амирхойн лулахой бара надирхой,
Бусалбнашца такхарна уьш декъа бало,
Кхаьчнера Элча ;кхуза накъосташца,
Шайхаша, шун хIоттийча, олуш дерг къасто. 
                89
Абу Бакар, Iелий Элчанца ;цхьаьна
Хьоьжуш Iаш бара, цхьа гуча ца волуш.
Элча (; .), сихха гIоттий, волало цIехьа,
Медине кхочу уьш, хилларг цо ца дуьйцуш.
90
Ша башха хуьлу ламанца долу цIенош,
Лахарчийн цIенойн тхов – лакхарчийн – уьйтIенаш.
Барт хилла – иштта тховх – чухеца тIулгаш,
Надирхой буй хоуьйту Элчане ;Дала.
91
Хьалха вийна поэт, Каабаль – Iашраф,
Надирхойн стаг вара, чIир екхаза висина.
И чIир уьш Элчанера ;эца гIортарх
Тешна уммат дара кийча цаьрца тIамна.
92
Элчано ;надирхошна тIедожийра,
Бала гIерташ бацахь, итт дийнахь дIакхалхар.
Долахьчу хурманийн бакъо ю царна,
Ткъа лаьттан дола дар хоуьйту довш хилар




                93
Аусхойн бакъонца Iийна уьш цигахь,
Бусалба дино дIабоху и бехкамаш.
Мунепикъ-аусхой, Iубаййа коьртехь,
ГIоьртира надирхой совцо дIа ца кхелхаш.
94
Iубаййас шайна гIо дийр ду моьттина,
Надирхоша хоуьйту шаьш реза дацар.
Го баьккхина, пен боьттинчу юьртана,
Бусалбнийн бIо дIахIутту итт де хан тоьхна.
                95
IубаййагIеран гIо дацара кхоччуш,
ВорхIалгIа дийнахь церан хурманаш йогу.
Кхин довла шайна агIо боций хууш,
Олу цара, шаьш дIакхалхаран бехкам тIелоцу.
96
ТIаккха Элчано ;кхин бехкам кхайкхира:
Мел долу герз, хIусамаш, хурманийн дитташ
Бусалба нахана дуьтуш дIакхалхар.
Уьш цунна реза хуьлу, хIумма ца къуьйсуш.
97
ТIаккха шаьш эмкалшна тIехь йийбар йолуш,
Доьзалшций, гIарбашций гIаш юьртах бовлуш,
Элчанна ;боьхна, гIайгIане ца гойтуш,
Х1айбаре, Шема боьлху уьш эшарш лоькхуш.
98
Надирхойх тешаме накъостий хуьлу,
Бусалбнаш къарбан тIом кечбечу къурайшийн.
Оцу нахах йоккха хIонц буха юьсу,
Амма и дIаекъа Дала ца магийра:




99
–Шух цхьанний цхьа тIадам цIийн ца божуьйтуш,
Говрашна, эмкалшна аш гIело ца еш,
И Дала цу нахе совгIат ду дойтуш,
Шен Элчанна (I..с.с.), боберашна, гIийлачарна; –
100
–Элчано ;кхачор ду цу хIонцах дакъа,
Иза догIуш болчарна АллахI теш волуш.
Цо шайна лучунна дог реза хилла,
Дихкинчух лардала хьовса Делах кхоьруш. –
                101
Цу хаамца Дала билгала дира:
Кхин дIа йолчу ханна иштта нисъелла хIонц,
Бина тIом боцуш кхин бахьна хIоьттина, –
Цо юза езар умматан юкъара фонд.
                102
Цу Делан сацамна хилира реза,
Бусалба нах шаьш хиларна Делах тешаш.
Хаарна Элчано ;лелор юй нийсо,–
МухIажарш дай бира цо надирхойн гIишлойн.
103
ХIусамаш бошмашца шайн дола евлча,
Уьш бакъонца Мединин бахархой хуьлу.
Ансарийн мохь байло, уьш шайна баьхча,
Кхаа шарахь уьш шайгахь кхобуш Iаш болу.
104
Рицкъа лаха, мах лело аьтто болуш,
Хилира мухIажарш шайн доьзалшца баха.
ТIеман хьаште хьовзош хурманийн стоьмаш,
Кхин дIа шайн дахаран дай хилла хан яккха.




105
Надирхойн герзаш массарна кхечира,
Ансарех шина стагана делира латта.
Надирхойн ши доьзал дине бирзира,
Мединехь бисира уьш бусалбнех кхетта.
106
Мединехь ислам - дин даржош гIо дина,
ТIаьхьа, мунепикъ ваьлча, Iубаййас йина
Ямартло юьйцу Дала шен Элчане (; .),
Надирхой дуьхьалонна  хиттош ир-кара.
107
–Гуш бацара хьуна ши юьхь йолу нах,
Къайлаха Iеса динехь болу шайн вежаршка,
Шу тIамца махках даха Элча ;гIортахь,
Шун накъостий ду тхо – летта дала, бохуш. –
108
–Цкъа ца хилла мунепикъ шен дешан да,
ГIо хир дац цаьргара аш лохкуш болчарна.
Дезац шу шинхьарчарна бIаьрга дан,
Барт хир бац церан шуьца тIаме бовларна.–
109
–ХIуьппалгхойн, яхIудийн, насарийн яра
Дахарехь са лоьху башха Iалашонаш.
Бусалбнаш цабезар-м ду бIаьрза церан,
Дегнаш хуьлу церан – вовшашца Iаш гома.–
110
Надирхошна го лаьцна Iачу хенахь,
Дар, дитар шайн доцуш, денош мукъа текхаш,
ЧагIарца эвхьазло яьржира туьпахь.
Оцу хьокъехь Элчане ;кхочу аяташ:




111
–Марзлуш долу ловзаршца 391 вахон маларш, 392
Иблисера дIовш ду шун хьекъалш талхош.
Цара питанаш до, динна хера дохуш,
Уьш хьарам до Оха бусалба умматна.–
. 112
Ялх бIе ткъе пхоьалгIа тIемаш лайна шо,
Бусалбнаш чIагIлуш доьрзу, надирхой лохкуш.
МухIажарийн ю закат дала таро,
Мединхой Элчанна ;буьсу бага хьовссий.

                113
Ялх бIе ткъе йолхалгIа шеран апрелехь
Механа, тIамна кийча Элчанца ;йоьду тоба,
Муьлхха буьйр кхоччуш дан, Элчано (I.с с ) алахь,
Бадрунгахь шарахь цкъа хIотточу базара.
                114
Ши эзар къурайшех хIуьппалгхойн коьртехь
Абу Суфъян вогIу цига шайн ницкъ гойтуш.
Аренан Iарбашца мах бина кхузахь,
ЦIаццIа боьрзу ши бIо тасадалар доцуш


Рецензии