21 дакъа Къурайшаша Мединина го лацар

1
Шайн ницкъ боций хиъча Мухьаммад ;иэшо,
Къурайшаш бац цуьнца тасабалар лоьхуш.
Барт бой, цара вовшах туху боккха бIо,
Мединин довхойх верг – цхьа юьстах ца вуьтуш.


391 – марзлуш долу ловзарш – адамийн юкъаметтиг эвхьаза, девне йоху ловзарш.
392 – вахош долу маларш – адамийн кхетам, эхь-бехк галдоккхуш долу маларш, кхиндерш а

                2
Цу бIоца ду кхелхаш лелла тайпанаш,
Латта лелош яхIудийн дин долу Iарбий.
Мединин лулара хIуьппалгхой, хьоьстуш,
Хир йолчу йоккха хIонцан совгIатех, теший.
3
Х1айбарехь долчу тайпанашна хаьа,
Бусалбнаш чIагIбалар кхераме дуй шайна.
Кайнукхойн, надирхойн аьтто белира,
Шайн тайпанийн х1айбархой бахкийта берта.
4
Башха дIоггара тIемалой бацара
Латта лелош, мах барций беха х1айбархой.
Герз, барзакъ, рицкъан гIо оьшура цаьргара,
ТIе ахча дара цаьргахь иэца аренхой.
                5
Дош делира х1айбархоша аренца
Кхелхаш долу тайпанийн тхьамданаш тешош.
Кхачо ян мехкан хурманийн стоьмашца,
Медине тIом бан мел воьду бIехо вузош.
                6
Кхин тIе цара дош делира Мединехь,
Бисна шайн динан вежарий тIамна гIовтто.
Бану Курайза тайпа дара кхузахь,
Бусалбнаша дечунна айкхалла лело.
7
Цхьа эзар ах эзар бIоца Бадрунгахь
Элчано ;гойту бусалбнийн тIеман гIора.
Дош доккху – ца хила къурайшашца бартехь,
ЦIен хIордаца дехачу тайпанийн горех.




                8
Цул тIаьхьа Мухьаммад ;биъ-пхи бутт баьлча,
Воьду тайпа Г1атафан долчу, уьш кхеро.
Къурайшашца хилла барт церан бохо,–
Тасадалар доцуш ши бIо дIасаболу.
9
БIоца виъ бIе бен вацара тIемало,
Бусалбний-м Iалашо яцара уьш къарбан.
МостагIий ца хIитти – дов хьалха доло,
Уьш йохьца дIасабовлу, шовкъ йоцуш тIамна.
10
Ялх бIе ткъе йолхалгIа шеран гуьйренца,
Эзар стагца Мухьаммад ;воьду Шемехьа.
Къурайшийн бартахой иэшабан тIамца,
Дуьхьалонза хIонц лахьош хIорш боьрзу цIехьа.
                11
Ялх бIе ткъе йолхалгIа шеран чаккхенгахь,
Мухьаммад ;юха воьду ЦIен хIордан берде,
Цигахь долу Бану Мусталикъ тайпа
Ду бохуш хезна, латта кечлуш Мединех.
12
Бусалбнаш цIеххьана тIелетча шайна,
ТIамна кечам боцу нах хьалхара бевдда,
Шайн доьзалш, бахамаш мостагIна битна,
Бусалбнашна йоккха хIонц йиснера екъа.
13
Цу тайпанан тхьамдин йоI, Барра, кхаьчна,
Ансарех шина веше – шех йийсар хилла.
ЙоIа кехат ло – дIахецча, мах бала, –
Вежарий, лург механа, ца хуьлу реза.




14
ТIаккха вежаршна арз до цо Элчане (; .), –
ЧуйогIуш Iайшатна иза еза ца луш.
Безам хьодуьйтуш боьрша стеган даге,
Хаза яра и – гонаха серло хьоьрсуш.
15
Хин долчух Iайшатан дог кхиъна хилла,
Элчано ;элира цуьнга кIеда, мерза –
Шега ягIахь ша оьцу хьо, мах белла,
Йоъ реза хилира иштта захалонна.
16
Масех де далале керла цIе туьллуш,
Элчанна ;юьгу и – Джувайрят хуьлуш.
Шен тайпанна, и санна, пайда бохаш,
Iарбашлахь кхин зуда цаялар ду дуьйцуш.
                17
Тайпанан тхьамда шен йоI эца веъча,
Невцаца тоба деш – иймане вирзира.
Йийсарша тоба дира шаьш мукъа дитча,
Мусталикъ тайпа дерг бусалбнех схьаийра.
18
Керлачу вежаршца тIеман барт бира,
Толамна кхоччуш йолу хIонц шайца йолуш.
Пачхьалкхаша мах бечу некъан дай хилла,
Бусалбнаш цIа бирзира хилла зен доцуш.
                19
Бусалбнашна кхаьчнарг йоккха хIонц яра,
Амма дуккха ансараш бацара реза,
Шайн бIаьрг тIехь сецна хилла болу йийсарш,
Элчанан ;стунцахойн цIарах дIахецарна.




20
Цкъа новкъахь хи мала севцначу меттехь,
МухIажарца ансаран дош даше долу.
Ансарехьа бовлу шайнаш герз карахь,
МухIажарна – мухIажарш орцанна кхочу.
21
Багахь тIом болийна уьш чуьчча бахча,
Герзе дов дерзале Элчано ;сацийра.
«Мединехь хьовсур вай, муьлхарш бу баьрччехь,
ГIаролехь муьлхарш бу!?», – Iубаййас кхоьссира.
22
Мунепикъийн тхьамдас, Iубаййас олу,
Шаьш девлча юьстах, ансарашка бехк боккхуш:
«Мел Iа дохку те шу царна садетташ,
Куьйгалла, бахамаш, латта цаьрга тесна?»
                23
–Вешан мехкан дай – вай ду хила дезаш,
Вайн латта, вай схьадаккха деза катоьхна.
ТIаккха гур ду вайна, цара букъ тухуш,
Медина-гIала вайна ваьшна йитина. –
24
Иштта къамел-м цо шен гонехь динера,
Шийтта шар чохь кIанта Элчане ;и дуьцу,
(Цу тIамехь бIехошна и гIо деш хилла)
Баккхийчийн къамеле ладоьгIна волчу.
25
–Чалтаче и вейта! – олу Iумара.
– Бойуш ву Элча (; .), шен накъостий бахийтий!?
– Олу Элчано. – Iубаййа лоручу
БIон дог цIена, ансараш тIехь вайх шек бахий? –




                26
 «Собар! Хьанна хаьа кIант нийса кхеттий?
Жима ву и баккхийчийн къамелах кхета.
Иштаниг дийца цхьа хуттур вацара, –
ЛадугIуш дика хир ду, теллича гIуллакх». –
27
IабдаллахI Iубаййа веран меттана,
Буьйсанна сецна бIо Элчано ;гIаттийра.
Некъо гIелбинехь, бусалбнаш ца хуьтту,
Элчанан ;буьйранна хамталлашка бийла.
28
Цу буса са хиллалц, делкъалца дийнахь,
Некъ байтира цаьрга, жимма сацар доцуш.
Делкъехь дойту кIеззиг соцунгIин тема,
Кхо сахьт даьлча некъ бойту, Медине кхачош.
                29
ЦIа кхаьчна бIехойн яц коьртехь кхин ойла,
Са даIа лаар бен – сихха охьа эгна.
IабдаллахI ибн Iубаййа гIатта волахь,
Ши-кхо де оьшу гIовтто набаро хьаьшнарш.
30
Са доIчу деношкахь дегабаамаш,
ОьгIазлош ансарашна чуьра яйнера.
Уьш Элча ;везаш бу хьалха чул чIогIа,
Дуьйцу наха, Iубаййан кIанта алар:
31
–ХIай Элча (; .)! Делан бакъ волу пайхамар!
ЧIир екха сан дезий, вехь да кхечу стага?
Сайн ка далахь и вийнарг, ас ву вуьйр.
Пурба лой, вейтахь соьга и сайн да сайга! –
               



                32
–Гой хьуна,– Элчано ;олу Iумаре,–
IабдаллахI, буьйр дина, ас вейтина хиллехь,
Дукхах берш соьца гамбелла хир бара.
Амма хIинца – дукхаммо бакъ вийр ву вейтахь.–
33
Гечдира Элчано ;шен довхочунна,
Бакъду, иза бехказа вала тIевеъча:
«Шен дешнех кIант ца кхетта жималлина,
Ансараш гIиртира ша дераллех къасто. –
34
– Элчанна ;муьтIахьчийн ницкъ хилар ду гуш,
Царна духьала гIертарш бу гIорасиз, тилла.
Цундела хIуьппалгхой бу денна оьшуш,
Бусалба умматна гIо дарна цу Дала».
                35
Цу кепехь Элчанна (Делера маршаллла хуьлийла цунна. с.) бехкала воьду,
Ца ваьлла къарваларца хазраджхойн баьчча.
Цундела цунна Элча ;къинтIера волу,
IабдаллахI хуьлу кхин дIа бохург дан кийча.
36
Бану Мусталакъ тайпанах къаьстина,
ЦIа кхаьчна жимма денош девллачу хенахь,
Элчанан ;доьзалх эладита даьржа,
Iайшатан цIе бехъеш, гIибатца нахалахь.
37
Цу ара довларехь Элчанца ;новкъахь,
Цуьнан хьашташна Iайшат хилла кхаж баьлла.
ЦIа доьрзуш нишка392 и юьстах яьллачохь,
Кочара лахьарчех 393 дина туьтеш эгна.

392 – нишка вахар – ламазан цIанонна юьстахь валар.
393 – лахьарчех (лахарча) – хIордан этмаьIагаш (ракушки).

                38
Уьш эгний ца хууш и четар чуйолу,
Хиллачух кхетча, и дIахьода уьш леха.
Ларъечу гIарбаша и чохь ю моьтташ,
Цуьнан четар тIехь эмкал дIаюьгу цIехьа.
39
ДIабахнарш четарчохь ша йоций хиъча,
Ша лаха богIур бу, бохуш буьнна хьалха,
Де токху Iайшата цу пана арахь,
БIох хаьдда вогIу асхьаб, Совфан, тIекхаччалц.
40
Цо шаршох хьаьрчинарг Iайшат юй хиъча,
Шен эмкал йожийра цунна хьахха охьа.
Цо эмкал гIаттийра иза тIехиъча,
Ша урх лаьцна, гIаш воьдуш, тIекхаччалц бIона.
                41
Садаьржаш кхуьу уьш эскарна тIаьхьа,
И ца гуш ца дуьссу Элчанан ;довхошна.
Цара Iайшат боьха зударех тоьхна,
Дастаме хабараш Мединехь даржийра
42
Эццахь каде хьаьвза Элчанан ;шича,
Элчанехь ;марехь йолу Джахьшан йоI, Зайнаб.
Шен эмгар, Iайшат, кертара эккхийча,
Сатесна озабезам тIехьавзо шена.
43
Ша лаьцна Iалашо кхоччуш хилийта,
Iайшатах лаьцна йоху кхардаме байташ.
Байтех беш синкъерам пхьоьханаш лаьтта,
Цу балхо йожийна, Iайшат ю цIахь Iаш.




44
Дог дохош сингаттам Элчане ;кхочу,
Цомгаш Iачу Iайшатца Iар долуш шийла.
Iарбийн мохк хеташ берг – беламе баьлла,
Долахьчу зударийн – яьлла дог кхаьрдийла.
45
Цу дIовшен хабарша нахалахь даьржаш,
Чолхе шад хилла дов Элчане ;кхачийра:
Я хIинццалц мел динарг – хаьрцаш бакъ дича,
Бакъ ца деш Iад Iийча, волуш бакъонера.
46
Цкъа делахь, езачу Iайшатах волуш,
Абу Бакарца йолчу марзонах хеда.
Бусалба вежарша хеташ дерг хьоьхуш, –
Цхьа Дела бен вацара бакъдериг даста.
                47
Буьйсанна тем боцуш, латкъам беш Деле,
Хан токху Элчано (; .), шена гIо дар доьхуш.
Дала вахьица ло жоп, веш синтеме,
Iайшат бехкен яр – доккха къа дуй хоуьйтуш:
48
–Кхул тIаьхьа бусалба зуда, йоI бехъеш,
Бехкен бархочунна – уьш цIена бац бохуш,
Виъ теш вацахь дIахотто – иза бакъ веш,
БIозза гIаж я шад еттар догIий хоуьйтуш.–
49
Iайшат – цIена хилар, бакъ дича Дала,
Эмгаршлахь хьалхачул лакха йолу даржехь.
Элчанан ;дагчуьра бедира бала,
Эладита даржийнчийн гIаж кхеташ догIмех.




50
Харц байташна похIма гIаьттина Зайнаб,
Шича елахь, ца юьту, гIаж кхетарх хьалха.
Дохучех эладитнаш Дала ларби,
Вахьица зударий цIарматчу цу бехках.
                51
 Амма зина лелош гучу бевлариш
Къасто беза доьзалех, махкаха бохуш.
Мацбеш чубухку,  шед етта, неI дулуш.
Магадац тIулгаш детта, пхьоьха тIе хьоьжуш.
52
Ялх бIе ткъе йолхалгIа шарахь бусалбнийн
ТIеман кхиамаша лахбира къурайшийн
Мединина тIелата кечбина бIо,  –
ХIетте ду тайпанаш цаьрца бертахь дисна.
                53
Ясрибна малхбалехь дара ши тайпа –
Г1атафан, Сулайман Бир-Маун гIу йолчохь,–
Цара дин хьоьху векалш хьийзийра къиза,
ТIе Маккахь байита боьхкинера мехах.
54
Элчанан ;омранца накъостий кечбой,
IабдаллахI ибн Iубаййа Х1айбаре вахна.
ХIилланца надирхойн шайх юьстах воккхий
Воь, мединхойх лата бIо кечбеш хиларна.
55
Юха изза воьду сулаймхойн махка,
Элчанца ;гамделла тайпанан шайх вийна,
Цара йинчу ямартлонан чIир эцна,
Медине цIа воьрзу, шех тешам чIагIбина.




56
Баьччанаш шайн байарх юха ца делира
Къурайшашца бина бартах и ши тайпа.
Ялх бIе ткъе ворхIалгIачу шеран бIаьста,
Итт эзар бIехойх лаьтта бIо вовшахкхета. 
57
Цу Маккин бIонан коьртехь ву Абу Суфъян,
Виъ эзар стаг ву цуьнан шен бIона юкъахь.
Халид бин Валид ву говрберийн баьчча,
Уьш кхо бIе сов стаг вара бахчийнчех тIамехь.
58
Малхбалера сулаймхой, г1атафанхой
Мединехьа гIоьрта шайн дошлой кечбина.
Iалашо – хIаллакбар бусалба динхой,
Зулам даржийна волу Мухьаммад ;вийна.
                59
Мухьаммад ;вацара ледара хьийзаш,
МостагIийн ницкъах дерг хууш дара цунна.
Кхераме хир бу кхарна говрберенаш,
ЧIогIа ницкъ оьшура царна дуьхьалонна.
60
И ницкъ Фарасийн Салманна карийра,
Мединин кхо агIо ларйора лаьмнаша.
ЙоьалгIа агIо ю говрашна маьрша,
Оцу агIор саьнгар яккхар цо кховдийра.
61
Хьалхенгахь дуьхьало йогIар Iарбашлахь
Юкъа даьлла дацара тасадаларшкахь.
Цу балха Мединин халкъ дIахIоьттира,
Цхьа Бану Курайза тайпа Iийра юьстах.




62
Белхан гIирс зIокбергаш, метигаш бара,
Ши чаккхарма меттиг яра ахка езаш.
Говрберийн гIо доцуш, Элчанна ;хаьа,
ГIаш бIоца тIелатахь оьшур буй къурайшаш.
63
Беккъа гIаш бIоца, хууш дара шера,
Къурайшаш Медини чу гIоьртара боций.
Бусалбнаш гIаш бIонах тасало дера,
Дошлой тIелетча бен юха ца бовлуш.
                64
Хала болх бара иштта саьнгар яккхар,
Элча ;ша вара кхузахь белхан жигархо.
МухIажарш, ансараш доцуш цIа бахар,
Бу кхузахь долуш шайн иэгабар набаро.
                65
Юург тIекхоьхьу зударша, бераша,
Элчанан ;бакъонца бен ца бовлу дIаса.
Цундела мостагIий кхачале кхуза,
Шера аре саьнгаро хадийна яра.
66
Малхбале, малхбузе, къилбанан агIо
Ларьеш дара буто, мокхаза, лаьманаш.
Къилбседехьара ду чудогIу гечо,
И пурхнехьа хадийна саьнгар яра Iаш.
67
Саьнгарний, Медининий юккъехь лаьтта,
Сал олуш болу лам, тIапа бохь болуш.
Цу тIехь йо Элчано ;баьччин туп-хьаьтта,
МостагIна дуьхьало ян бIо кийча латтош.




                68
Ткъе цхьайтталгIа март беттан дийнан делккъехь,
Къилбседехьара тIебогIу Мединина,
МостагIчо кечбина эскаран бода,
Хьалха шена саьнгар, дехьахь бIо гой соцу.
69
Ухьудехь хилла ворхI бIе стаг вац хIинца,
Герз лелолла мел верг ву дуьхьала ваьлла.
Хийцамийн низамо Делан лаамца,
Мединин бахархойн дин бахьнехь барт бина.
70
Делахь мунепикъаш болуш бара хIинца,
Къурайшаш тола лууш, бусалбнаш эшна.
Уьш лууш бара барт бан къурайшашца,
Реза хуьлуш цара бечу бехкамашна.
                71
Элчанца ;йиллина ечу Iамалша,
Цуьнга Дала схьакхачочу вахьинашца,
Хоуьйту Шегара кхочур дуй орца, –
Бусалбнаш толарх тешна кийча бу лаьтташ.
72
Ткъе итт эзар бIехо дуьхьалахь сецча,
Цхьаболчийн дегнаш чу хьаьдира шело.
И гучу Дала хоуьйту вахьица:
–Уьш баьхкина дIахIуьтту, шуна лоцуш го. –
73
–Ледарниг, мунепикъ билгала волу.
Довда деза бохурш бу: ларьян хIусамаш,
Iехий вай Элчано (; .), Делан гIо дуьйцуш!
ХIетте бара Элчанах ;тешна берш алссам. –




74
Бусалбнийн бIо даг чохь шен хIуъу делахь,
ГIорийча санна лаьтта, нисдина могIанаш.
Лаьтта бIаьрг боьгIна бац уьш лаьтташ юкъахь,
Бусалба уммат дара Къуръано дахчош.
75
Бусалбнийн бIон низам, барт, шайна гича,
Къурайшийн бIоне Дала боссийра кхерам.
Маккахойн механ болх толо гIоьртина,
Кхузахь бала аренхойн бацара лаам.
76
Аренхоша лоьху атта хIонц тIамехь,
Иза кхузахь гуш яц говрберийн гIо доцуш, –
Уьш бойур бу саьнгар чу гIортахь,
Кхузара къовсам бу пхерчий дIасакхийсар.
                77
Толаман дегайовхо говрберех йоьзна,
Юй хууш, Абу Суфъян ша хуьлу къера.
Мединхой бац, хьалха санна, барт боьхна,–
ТIе Бану Курайзхой кхаьргахьа бацара.
78
Ялх чаккхарма генахь Мединина дехьа,
Туп тоьхна дехаш дара Курайзхойн тайпа.
Царна тIе бохийнчех надирхо воьду,
Бусалбнех латта уьш меттаха бовлийта.
79
Тоьлла бен дIагIур боцчу къурайшаша,
Ца гIовтахь шу дохор ма ду, цаьрга бохуш,
Надирхо хилар шена гучу даьлча,
Элчано векал вой Нуайм хохку цига.




80
Нуайма къайлах тоба дина вара,
Г1атафан тайпано ша лоруш шайх волуш.
Къурайшех тешамна аманат веха,
Нуаймас аьллера Курайзашка шайна.
81
Юха и сихха къурайшашна воьду,
Цаьрга олу, Курайзхоша закъалтана –
Шух лараме нах йийсарна ло боху,
Шу иэшначул тIаьхьа Элчане ;дIабала.
82
Элчано ;Мединера аусхошна
Барт бар тIедуьллу г1атафанхойн шайхашца:
Мединехь гулбинчу  хурманийн стоьмаш, –
Ах царна дIабала  – цара го дIахецахь; 
                83
 Къурайшехь дIакъаьсташ, уьш гIортар цIехьа.
И гIуллакх къурайшех дIакхеттера сихха,–
Къурайшийн тешам бов шайн бартахойх,
ДогIнашца Iалам долу Элчанна (I..с.с.) орцах.
84
Апрелехь шело цкъа ца хиллачу кепехь,
Шийла мехаш, догIанаш дуьйлало маса.
Маликийн тобанаш евлира орцах,
Омранца шаьш гIовттадарна Iаламийн Дас.
85
ХIуьппалгхой барт боьхнехь, ца хьийза боьхна,
Иштта доккха эскар шайн гIорасиз диснехь.
–Къурайшаш, – аьлла, бах, Абу Суфъяна, –
Тешаме бух бац вайна тIетовжа кхузахь. –




86
–Ямартло йи Бану Курайзахоша,
Вайн эмкалш, говраш ю денна мацалла леш.
Вайн четарш чухьийза йочане меххаш,
ДIасадоьлху хан тIекхачна, цIехьа некъ беш.
87
Бусалбнийн эскаро сагатдеш доцуш,
Къурайшаша хIуьппалгхойх вовшахтоьхна бIо
Маккин сий дожадеш белира юха,
Хоуьйтуш исламна даржа ялар маршо.
88
Абу Суфъянна, кхин болчу шайхашна
Хууш дара хIинца Элчанца ;барт оьший.
Са йоллучу агIор цуьнца тан дезий,
Къобал дина, ца тешахь, цуьнан Элчалла (; .).
                89
Къурайшаш ялх бIе ткъе ворхIалгIа шарахь,
Бусалбнаш тIамца къарбан гIиртина белхаш,
«Саьнгарехь тIом» аьлла бисна Iарбашлахь,
Исламан терза цигахь толаме таьIаш.
                90
ХIуьппалгхойх Мединин го марша баьлча,
Джабраил кхечира Элчанна ;вахьица:
–Хьем боцуш Курайзахошна го лаца,
Ламаз дар хьарам деш – тIом боцчарна цаьрца!–
91
Шайн тIулгийн бIаьвнаш чохь хьулло и тайпа,
Цхьанхьара орца тIе дан цхьа агIо йоцуш.
ВорхI бIе стаг ву церан дуьхьала лата,
Дуьхьало ярх бац царна толам хир болуш.




92
Шайх дендерг къастош дагабовлуш болу
Бусалбнийн барт бохар, дара оьшуш царна.
Элчанна ;лаьа – уьш иэша, тIом боцуш, –
ХIонцан тIаккха ансараш декъах бовлура.
93
МаслаIатна аусхойх цхьа сийлахь шайх
Курайзахошна тIе Элчано ;хьажийра.
Цо ямартло йира тешначунна шех:
Лаг тIе куьг хьокхуш – цара хиндерг хаьттича.
94
Ир - пурх шаьш леш хилча, Курайзахоша
Жоп ло, шаьш летта, дала кийча ду олий.
Ямарт шайх Элчанах ;маьждигехь лечкъа,
Хан яьлча воккхуш Элча ;къинтIера, вогIий
                95
Тайпанийн Iадаташ дацара дуьтуш,
Бусалба дин тIеэцнехь, шахIадат далош.
Аусхойн Iуналлехь бара Курайзаш,–
Шайна кхел аусхоша кхайкхаян лууш.
96
Зулам ца дожийта умматна юкъа,
Аусхошка йийсар бойту Курайзахой.
Кхоьлана векал во СаIад ибн МаIуд,
Аусхоша сий деш волу церан тхьамда.
97
СаIад бин МуIад кхоьлахо вуй хиъча,
Гона юкъахь ткъе пхиъ де даьккхин чул тIаьхьа,
Курайзахой, герз дIалуш, кара бахча,
Бихкина буьгу берриш Медине кхел кхайкхо.




98
СаIад бин МуIад вир тIехь схьавалаво,
Ца вуьсу чевнаш хилла вара и тIамехь.
Ша вуьйш ерг лоруш Курайзхойн ямартло,
Цо царна ца моьтташ йолу кхел кхайкхийра.
99
–Боьрша нах – байар, вукхарах – гIарбаш бар,
Бахамаш даьхница – бусалбнашна бекар.
Уьш бойу гIалин майданахь – малх-аккъар,
Йоккха саьнгар чу бохуш, тIе тарраш детташ.
100
Цу майданах олу «курайзхойн базар»,
СаIад бин МуIад вара цу балхе хьоьжуш.
Ялх бIе стаг вийра оцу дийнахь цигахь,
СаIада кхайкха беш Дала бина сацам.
                101
Курайзахой байина масех де даьлча,
СаIад ле, ясталой тIамехь хилла чевнаш.
Самукъне къажарца хьала хьоьжу Элча (; .), –
Стиглан гIап еллалуш, дегийча Делан Iарш.
102
Ларам би СаIадан, Дала къастийна,
ХIинцалц ца бина ишттаниг цхьанне.
Сий деш и Элчано ;ваьккхира новкъа,
ДоIанашца кошахь тIехь вехарца Деле.         
                103
СаIадан кхел наха Элчанчух ;юстуш,
Цо къиза, шога яр царна гуча долу.
Элчано ;Кайнукхой, Надирхой лохкуш,
Шайн дегнаш лаьттачу кхелхина бохуьйту.




104
Iарбашна цу кхоьлийн дустарша гойту,
Элчано (; .), йина кхел, хилар къинхетаме.
Элчанах ;тешнарш, доьхна хьал тIехIоттахь,
Теша дуьгург цахиларх Iажаллин кхоьле.
105
Мухьаммад ;собаре, тIех къинхетаме,
Хилар дIасадаьржира, Iарбийн мохк мел бу.
Ирсе деш дуьненца эхарт исламо,
Дахаран новкъа халкъ дигар дара чIагIлуш.
106
Бану Курайзхойх бисина бахамаш,
ГIарбаш хилла зударий, бераш цхьаьна,
Кхаа декъе бийкъира, мехехь нисбеш,
Кхожо кхачийнарг – дола доккхуш хIоранна.
                107
Курайзхой байина бутт кхоччуш болуш,
Ша кхиийна кIант, Зайд, волчу Элча ;нисло.
Цуьнан зудчо, Зайнаба, дуьйцу йоьлхуш,
Шайн къаьхьа дахарх лаьцна, йоцуш цхьа йовхо.
108
Ткъе берхIитта шо долу, тайна Зайнаб,
Элчанан ненайишин йоI, шича, яра.
Шеца вогIуш хеташ яцара Зайда,
Ша элех хиларна, ткъа и – хиларна лай.
109
Ша кхаьбна кIанте Элчано ;бертаза,
Йигнера и  цуьнга бусалба дин дуьхьа.
Маренан хьолах и юьсу йолаза,–
Уьш ирсе бан дезара маслаIат лехна.




110
Зайд вогIу Элчанна ;шен сацам бийца,
Цо хоуьйту ша иза йита волуш вуй.
–Тан хьажахь зудчуьнца, йитар ма дийца, –
Олий, Зайд вохуьйту Элчано ;са тедой.
111
Зайд сонта вацара, Зайнаб йовзара,
И шича везаш юй хууш дара цунна.
Юкъахь бер доцуш, шаьш хийра хиларна,
Цо йитира Зайнаб, шена хьарам йина.
112
Мацах шен бехкана цо маре дарна,
Зайнаб хIинца Элчано ;ялийра шена.
Реза ду уьш кхуьй а шаьш дина чунна,
Цхьа Iайшат йоцург – керлачу эмгарна.
                113
Бало мега зударий билгала беш,
Дала бина бехкамаш бохийна аьлла,
Цхьаболу бусалбнаш бара бехк буьллуш, –
Кхаьбна кIант Зайд хиллехь, – нус ялийна бохуш.
114
–Харжам бац бусалба стеган я зудчун, –
Баху Дала, – Тхан кхоллам бохалац цхьаьнгга.
Элча ; ву Делан лай, Вайн лаам кIеллахь.
ХIетте реза бац цхьа нах цу захалонна. –
115
–Айхьа кхаьбначуьнга элира ахьа:
«Хьайн зудчуьнца бертахь Iе, вайн Делах кхоьруш!»
Ахь нахах лечкъош дерг Дела гуш вара.
Зайдас йитча, Вай декхар ви хьо – и яло; –
               



                116
–Бусалба наха далош кхаьбна берийн
Зударех, несарий беш ца къехкийта,
Вай хоуьйту и бераш шун цIийх доций, –
ЦIийх схьабевлла шайн дайн цIарах уьш лелийта. – 
117
–Вай ялийра хьуна иза!» – алар Дала,
Элчанца ;Зайнабан хиллачу кхолламна.
Зайнабан дозалла дара эмгаршлахь,–
Ша цхьаъ бен ца хеташ – сийлахь царна юкъахь.
118
Делан вахьинах дош хьулдан йиш хилча,
Зайнабах лаьцна могIа цо эшор бара.
И меттиг мехала делила лоруш,
Iайшат деш яра, бах, Элчанна ;тешалла.
                119
Зударий балоран бахьанаш дара,
Делан дин даржоран хьелашка хьаьжжина.
Эхь дац цо, цара кIант варе сатеснехь,
Ша болийна динан болх баржош дIакхехьа.
120
Мухьаммад ;пайхамар адам ма хилла,
Цунна лиъна хир ма ду, шен кIентий кхиа.
Iарбашна хетара стаг эрна ваьхна,
ТIаьхье дийна латтийта кIант воцуш велахь.
121
Элчанна ;чул чIогIа зударшна лиъна,
Элчанна ;кIант варца, деза совгIат дала.
Ткъа Далла лиънарг бен дац доьгIна лела,
Боьрша тIаьхье Элчанна ;ца хилла йоьгIна.




122
Зайнаб ялийча хоттийра той-ловзар,
Бара схьакхайкхина дукха беза хьеший.
Уьш буса хан ялаллалц Iа дууш, молуш,
Элчанан ;зударшка цхьацца забарш кхуьйсуш.
123
ТIех эвхьаза, маьрша лелара хьеший,
Элчанан ;хIусамехь шаьш хилар дицдина.
Абу Бакарс, Iумара юкъа волий,
ДIабохийра галбаьлла боьду и белхи.
124
Дог Iаббалц сакъийрина болу хьеший,
ДIабоьлху цу тойнах эрна хабарш дийца.
Аьтто болу эццахь Элчане ;ала:
«Нахе хьо, хьайн зударий ларийта кхоччуш!»
125
 Элчано (; .): Вай дерриш ма ду вежарий». – Iумарс: «Хьо ларарца вожаралла  деба!
Зударшца тхо хилахь экаме, иэхье, –
Тахана умматан хьо да хиларх терра!» –
126
Дукхахберш тIетов Iумаран къамелна,
Абу Бакар, Iусман кхинболу накъостий.
Дан дезарг АллахIа хьоьхур ду аьлла,
Тойнера дIабуху тешаме доттагий.
127
Делера вахьи цул тIаьхьа хье ца луш,
Элчане кхечира, цо нахе дIакхайкхош:
–ХIай бусалба нах! Кхайкхина дацахь шаьш
Ма юза пхьоьха еш, Эчанан ;х1усамаш; –




128
–Рицкъанна кхайкхинехь – довларций диъна,
ДIасаго – йист йоцу хабаршка ца довлуш.
Шух бехк лоьцуш, куьйла хуьлу Элчанна (; .),
И бакъдерг, цо санна, вац Дела шух лачкъош;–
                129
–Цуьнан зударшка цхьаъ еха хьашт хилча,
Шаршонна тIехьа уьш буьтуш шу дистхила.
Иза цена ду шинхьарчийн дегнашна,
Ма бийлийта бохамаш шайгара цунна;–
130
–ХIай ийман диллинарш! Бакъо яц шуна,
Элчанехь ;хилла зуда аш маре йига.
ЦIахь зуда хийрачух шаршонца хьуллахь,
ДегI хьулдеш бедар тIехь, ара яла еза;–
                131
– ХIай Пайхамар (; .)! Хьайн йоьIаршка, зударшка,
Бусалбчаьрга дIаала – хьулъе шайн яххьаш.
Шайна маре дан магийна божарех,
Эвхьаза забарех ларлур ду шу тIаккха. –
132
–Элча ;волчу гуллахь, Делан дин кхайкхош,
Умматан куьйгалла, кхоьлан болх лела бар.
Дала доза туху, бусалбнаш кхетош,
Кхайкхина шаьш дацахь и витийта паргIат. –
133
–Элчанна ;Далла, Цуьнан маликаша
Салават ду дуьллуш, декъал веш диллина.
ХIай ийман диллинарш! Диллийша аша,
Салам – салават, шаьш долчохь, алссам цунна! –




134
–Шайгара Элчанна ;оьгIазло йинарш,
Дала Шеца эгIарна неIалте узу.
Дуьненахь лоьлуьйту юьхьIаьржа хIиттош,
Эхартана кечдина Iазапаш долуш. –
135
Бусалбнийн гIора стамлуш доьду денна,
Мунепикъийн ницкъ, де-дийне мел долу, оьшу.
Элчанна ;Делера гIо хиларх тешна,
Мединера тайпанаш иймане доьрзу.
136
Курайзхойн бахамех, зударех, берех
ДIабухкуш ийцира герз, говраш, эмкалш.
Оцу балхо бIеннаш кечбира бIехой
Говрберешца цхьаьна, гIагI, гIемаш тIехь йолуш.
                137
Эзарнаш къегачу тIеман духаршца,
Говрашний, эмкалшний тIехь некъана кийча,
Элчанан ;багара омра даларций,
Хьаьгна бара тIемалой мостагIех хьарча.
138
ТIеман хьоле хьаьжжина хийцамна каде,
Низамах доьлла, дин толош дала кийча.
Цу ханна тоьлла эскар дара иза,
Шел ницкъ берг цу махкахь хила йиш йоцуш.
139
Къурайшийн къепалшна шаьш некъаш доьхкуш,
Цу некъашца долчу тайпанашца барт бо.
Кехат тIехь чIагIдеш Маккица барт бацар,
Тайпанийн мухIаршца чIагIдойту Элчано (; .).




140
Аренан Iарбашна бусалба хилар
Ду уггар тешаме Элчанца ;гергарлош.
Делан дин даржош, цуьнан бIох кхетар,
Къен, мискачарна закат, сагIа дIакхачош.
141
Мискачийн хьашташна, тIеман гIулкхашна
Элчано ;дойу закат, шен хIонцан дакъа.
БархI баттахь шуьйттаза бусалбнаш бахна,
Ямарт даьлла тайпанна тешнабехк бекха.
                142
Элча ;ша воьду шозза бIонан коьртехь,
Амма шоззе хIуьппалгхой тIаме ца бовлу.
ВорхIазза Зайд воьду таллам бан арахь,
Даима толамций, хIонцашца цIа воьрзу.
                143
Дика баьчча, майра тIемало ву и,–
Цуьнан бIонах дIакхета кегийрхой гIерта.
БIехошна везаш, ийзалуш мостагIий,
Турпалхо хуьлу Зайдах, шех масал гайта.
144
Элчано Абу Бакар, Iумар, Iусман,
«Исламан тур» аьлла цIе яьккхина Iела,
ТIемашка ца ийзош, хьикмат дан битна,
Динан хьукма умматна юкъахь чIагIдай


Рецензии