22 дакъа ХIуьппалгхошна тIаьххьара

кхоийна дог»
1
Малхбузехь ЦIен хIордан бердех дIагIоьрташ,
Къилбседехь Неджд-ломан воьда бохь тIе болуш,
Малхбалехь ГIатафан тайпанан шуца
Iуьллу мохк дола деш бара бусалбнаша.

2
Сел боккха махкахь дехаш долу адмаш,
Мединица тайнехь – дара маьрша даха.
СовгIаташца аренан тайпанийн шайхаш,
Iа Элчанца ;машарна дан дезарг къастош
3
Тамехь къамел деш аренхой бахлора,
Байташца тайпанийн деналлаш шайн дуьйцуш.
Элчанна ;дагахь дерг хаа гIертара,
Пайдехь я зене ду тIехиндерг шайна.
4
–Со, шу санна, адам ду, –  олура цо,
Со, Дала бохург деш, ву Цуьнан геланча.
Цо сайна тIедуьллург ас кхоччуш ма до,
Шен ойланаш суна Цо яхац ерш гуча. –
                5
–Дала хьоьхучу новкъа нисбелла боьлхурш,
Кхочур бу толаме, ницкъ Делехь хиларна.
Мел леранна чекх хьежарх цу шайхашна,
Элчанан ;къамелехь карадац харц хIумма.–
6
Элчанан ; .) бIаьргаш, тешамах дуьзна аз,
Ду Делаца йолчу уьйрах – шеко йоцуш.
Шена тIебоьжна мохь, мел белахь беза,
Го царна цо иза ловш, доггаха дIахьош.
7
Гуш бара шайхашна бусалба динца,
Элчанца ;ийгIинчарна хуьлу иэшамаш.
Бусалбнийн хьал толуш дара Делан гIоьнца,
Цунна бара Элчанца ;шайхаш барт лоьхуш.




8
Шайн деланех ца бовлуш, Элчанца ;тан
Лууш бара аренан тайпанийн шайхаш.
Иштта барт бора Элчано (; .), наггахь уьш
Шеца, шен бартахошца хир белахь маьрша.
9
Элчанан ;бартахошца марша бовлуш,
Ширачу чIирашна дан дезара такхарш.
ЙогIучу хенийн дов Элчане ;кховдош,
Оцу бартан кехат тIе шайн куьйгаш теIош.
10
«Мухьаммад – Делан Элча (; .)» тIе яздина,
Датон мухIар дара Элчано ;тIетаIош.
Кехатан барта тIе, дешна вацарна,
Цхьана жамIе баьхкича, совцуш къийсамаш.
                11
Бусалба дине цхьа марзо йоцуш,
Тайпанийн тхьамданаш бовла агIо лоьхуш,
БогIура тоба дан, динан бехкамаш,
Шайна малбеш гечонаш Элчане ;доьхуш.
12
 «Дела цхьаъ хиларх теша, – олу цаьрга
Элчано (; .), – юххе кхин накъостий ца туьйсуш».
«Дика ду», – олу цара, богIалуш тIе, –
 «И бен кхин хIумма дуй? – чаккхене сатуьйсуш.
13
«Ламазаш де, цаьрца бен дац дин, – хьоьху
Элчано (; .), кхетош иза коьрта парз хилар.
«И дича довлий тхо?» – тIебоьрзу шайхаш,
«Закат даккха, сагIа ло», – до цо тIетохар.




14
Закат, сагIа бохучух дика кхеташ,
Цуьнан барам лахбар дара коьрта царна.
Ягарйо цара нисъелла халонаш:
Хьайбанийн цамгарш, ледара дежийлаш.
15
Элчанан ;эс дара Iаламат ира,
Гонахарчу тайпанийн хьал девзаш шера.
Бакъ, харц къасто – хала дац цунна:
Хаьа – уьш хIонцийн доьхьа, кху дине гIертий.
16
Цундела закат дала бу уьш реза,
Хууш са хир юй хIуьппалгхошца тIемашкахь.
Дин церан дегнех хиларна дIаэза,
Уьш нисбан безаш бара динан ийманехь.
                17
Элчанна ;дагахь дерг дац цхьанне хууш,
Амма хаьа и сацам хир буй Делера.
Элча ;вара сема – стигла ла доьгIуш,
Керла шеран мархин баттахь кхаъ кхечира.
18
Ялх бIе ткъе борхIалгIа шеран февраль бутт,
Оцу баттахь нисделла марханаш кхабар.
Элчанна ;тIе гIенах Джабраил хутту,
Хоуьйтуш: Дала бутт бовш хьаждар тIедожор.
19
Дала КаIбате хьаждан гIо бохура,
Шайца цхьаьна урс хьакха хьайбанаш дуьгуш.
Хоуьйтуш Шен маьждиг дуй бусалбнашна
Маьрша кху бетнашкахь Iумрат тIера даккха.




20
КаIбате – бусалба динан бух хилар –
Адаме (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Iамалш яйта лаьтта доссийна,
ИсмаьIална (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIера гIурба дер долийна,
Хьаждаран рукнашца Маккахь дендина.
21
Маккин доьжна сий курайшийн бехкана,
Элчане (; .), дола деш, айа боху Дала.
Къурайшашна – барт бан некъ буьтура,
Бусалба дин тIелаьцна, мах лело маьрша.
22
Аренан тайпанаш реза дац хьаждан,
Царна хаьа, и Маккица тIом буй кийча.
Дуккха мединхой бац туьгуш Iумрат дан,
Ткъа Элча-м ;кечло, Делан лаам кхочуш бан.
                23
Мунепикъаш, хIуьппалхой кхоьле белла,
Царна Дала бен болу бекхам кхайкхийна,
Делан лаамна реза мел берш эцна,
Эзар сов стагца Элча ;велира новкъа.
24
Ен новкъа яьккхина кхузткъей итт эмкал,
Массарна тIехь ду тIеман барзакъ – герз ду карахь.
Хьаждаран арканаш яцара билгал,
Цундела Элчано ;диннарг до массара.
25
Некъ бина дуьххьара садаIа севцча,
Элчано ;лийчина тIе ихрам дуьйхира.
Цунна тIехула туьрца доьхка доьхкуш.
Асхьабаш цо динарг деш кечбелира.




26
Барзакъаш шайн эмкалшна тIе дехкина,
Гатанан кIайн духаршца, гIодах таррашца,
Макка боьду новкъа Iалашо лаьцна,
Уьш хьаждан боьлхура Делан цIахь Iамалшца.
27
Кхаа дийнахь некъ бича, хаам кхочу,
Къурайшаша чIагIо ярх новкъахь хIорш совцо.
ЧIожан чеккхенехь, хIорш чухула богIу,
Некъ къевлина Халид вара говрберешца.
28
–ГIайгIа, бала латтийла къурайшашкахь,
ТIамо бууш-м бара уьш денна кхоъмаза.
Мел бохку техьа уьш, латта вайн некъахь? –
Элчано ;олу, дегайовхох къастаза.
                29
– Со вен церан ка далахь я со толахь,
Тобанаш еш богIур бу-кх уьш ислам-дине!
Делахь уьш, ницкъ мел бу, летар бу дера,
Къарлур вац со – лаам толийна бен Делан! –
                30
Элчано ;ломан сакхмакхаш девзаш
Омра до стаг каро, хьаьвзаш Макка даха.
Иза карийча, уьш бахара хьаьвзаш, –
Лам хадийча кхочу уьш Хьудайбията.
31
Хьудайбият тогIехь, дIатесна гIунехь,
Бусалбнаш севцира хьажойн духар тIехь.
Хузаан тайпа дара дехаш цигахь,
Элчанан ;– хьеший, къурайшашца барт белахь.




32
Хузаан тайпано хаам бо Макка,
Бусалбнаш Элчанца ;Хьудайбиятехь Iар:
Ихрам тIехь, хьайбанаш кечдина дайа,
Шун пурбанца маьждигехь лууш бу хьаждан.
33
Къовсамаш бовлу маккахошна юкъахь,
Кху чуьра бусалбнаш, кIадбелла хIуьппалгхой,
Дог дилларна тIамца Мухьаммад ;къарварх,
Абу Суфъян тIехь вара реза хьаж дайта:
34
–Аренан Iарбашна хьалха къурайшийн
Сий лардина бехкамаш хIиттийна царна,
ТIаккха вайн карахь буьсу мукъ куьйгаллин,
Зен, зулам доцуш, вай боккху толам ваьшна. –
35
КIадбеллачара дийцарх иштта хаза,
ЧIагIбелла хIуьппалгхоша дуьйцу гург шайна:
–Мухьаммад ;вай кхойкхуш веъна вац кхуза,
ХIинца и чувитар ду, къардалар – эшна. –
36
–Мухьаммадан ;дагахь дерг дац хууш цхьанне,
Чукхаьчна ваьлча цо тIом болабой кху чохь.
Вайца тIом бан и маьрша ву миччанхьа,
Шен Дала бакъо елла кху езчу хенахь. –
37
ЧIагIбелла хIуьппалгхой догйовха бара,
ТIамца сий дожийна, гора йожо Медина.
Къовсамехь чIогIачийн лаам туьйлира, –
Халидан говрбереш Макки чохь чIагIбира.




38
Элчанна ;моьттинарг ца нисло кхузахь,
Ницкъ ца кхочу Маккахь халкъ гIатто накъостийн.
Эзар сов стаг цхьаьна хIорш севцча гергахь,–
ТIаккха дог-м ца дуьллу цо Макки чу кхачарх.
39
Шена тIе Маккара дийцаршна векал
Къурайшаш ца баьшча маслаIат дан хьажо,
Элчано ;Iаффанан Iусман во билгал,
Къурайшашка шайн маьрша лаам дIахазо.
40
Текхаш, сингаттаме йоьдура зама,
Ши де даьлча хаам бо, Iусман вац аьлла.
ХIорш хIинца беза те къарлуш цIа берза,
Я тIамца дуьхьалонех беза чекхбовла?!
                41
Вахийтина векал велахь вийна,
Машаран дийцаршка яц сатуьйсийла.
Элчано ;кхайкхийра тIаккха шен омра:
МостагIий эшийна бен, юха ца вала.
42
Шеца болу накъосташка цо йойту
ЧIагIонаш, са чохь мел ду доггаха лета.
ЧIагIо Далла тIехь еш хилар хоуьйту
Хьалхахула шена чекхбуьйлу нахана.
                43
ХIораммо Элчанна ;тIе дугIий бIаьргаш,
ЧIагIонан дешнаш олу, цуьнан куьг лоцуш.
Дахло и гIуллакх – эзар сов чекхволуш,
Масех стаг бен дуйнна юкъара ца волуш.




44
Макки чу тIамца даха дезар тайна,
Шовкъе бевлла бу дукхах болу асхьабаш.
ХIинца дуьйна хьаждар тIамца дозарна,
Делан цIийне некъ баккхар тIехь хIонце далош.
45
Бусалбнийн туьпахь гIар - гIовгIа дIатийра,
Маккахь хьевелла Iусман дийна вуй хиъча,
Цуьнга-м КаIбатахь тIавап де баьхнера, –
Элчанца ;бен цо и ша дийр дац аьллера.
46
Iусмана шаьш тешийча хьаждар дагахь,
Кхин тIехьа биллина цхьа тешнабехк боцуш,
Делан декхар бахьанехь Iаш хиларх кхузахь,–
ТIаккха цара Сухайла воуьйту барт бан.
                47
Сухайл ибн Iамра ларвеш шен ха далош,
Бусалба наха туп тоьхначу кхечира.
Го цунна урс хьакха кечйина эмкалш,
Асхьабаш ихрамна тIехула таррашца.
48
Го цунна бусалбнийн низам, цIеналла,–
Iарбашлахь цунна хIинццалц ца гина хIума.
Элчанан ;ларам бар, паччахьан санна,
Лаьтта цуьнан, аттал чо, божа ца буьтуш.
49
Сухайла-м тамаша ца бечух лела,
Шех Элча ;тешо гIоьрта, – дов тIаме далахь:
Цо балийна бIо – бедда бовр бу панахь, –
Маккахой летар бу КаIбате уьш гIортахь.




50
Дахделла къамелаш тIоьхале яра,
Iусманца ший агIо реза барт хиллера.
Иза кехат тIе баккхар оьшуш дара,
Коьрта долу хIумнаш билгала дохуш.
51
Сухайлас къурайшийн цIарах кховдийра:
Итт шарна машар бина, дов доцуш дахар.
Хьаж ца деш кхушара хIорш юха берзар,
Юха шарахь, кхаа денна, хьаждан схьабахкар.
52
Элчано ;ца къуьйсуш тIеоьцу и барт,
Iела кехат тIе иза дIаяздан хаош.
Дукхах болу бусалбнаш дарбелла кхехка,–
Iумар тIехь вара оцу бартах кхаьрдаш.
                53
–Бина барт бу хIара: итт шарахь маьрша,
Вовшашца тIом, Iотта-баккхам боцуш Iан.
Бусалбнийн хьаждар юха шаре теттина,–
Кхаа дийнахь КаIбатехь буьтуш шаьш шайн хьаж дан. –
54
–Аренан Iарбий маьрша бу харжам бан,
Элчанца (; .), Маккица шайн лаамехь барт бан.
Бусалбнех схьакхета Хузаан тайпа, –
Элча ;кхаьбна ненахой Маккица Iийра. –
55
–Маккара ша волчу бевдда бусалбнаш,
Элчано ;юха ло уьш, бевддехь бертаза,
Шайх жоп луш болчу тайпанийн верасех. –
Бусалбнех Макка веддарг вац верзош юха. –
               



                56
–Реза бац бартех оцу харц бехкамна,
Элчанан ;асхьабаш, къаьсттина мухIажарш.
Делахь дине нехан марзо гуш шена,
Элчано ;юьту «иштта са» къурайшашна. –
57
Цу бартан бехкамаш буьззина ларбеш,
Элчано ;тIеэцац Маккара бевдда берш.
Ткъа цара кхоьллира, лаьмнашка гуллуш,
Шайн гIеранаш, талаян, къурайшийн къепалш.
58
Иддачу бусалбнийн гIеранашца ца ларош,
Къурайшаша аьрзнаш до Элчане ;царна.
И нах цахиларна умматна юкъахь,
Элчано ;царах жоп дац олу, шен дала.
                59
Дан хIума ца хуьлий бевдда бусалбнаш,
Хьайх тохий, совцо хьажа, элира цара.
ТIаккха вахьи кхочу, цунна – тIедожош:
Къурайшех бевдда богIу нах тIеэца бохуш.
60
Кхин цхьаъ дара Дала билгала дина:
Тоба дина зударий Макка цахьовсор.
Марошший, верасаш хIуьппалгхой белахь,
ХIуьппалгхойн, бусалбнийн захалош ца магош.
61
И бехкам бахьанехь бийзира боха,
Тоба дазчу зударех бусалбнаш къаьсташ.
Iумаран дийзира шина зудчух шен вала,
Шаьш битча, уьш сихонца бирзира Макка.




62
Машаран барт къурайшашца хилча,
Элчано ;кху Маккин дозанан шухь олу:
–Дика хир ду кхузахь хьаждар дерзийча, –
ТIаккха КаIбате воьрзий ламазе хIутту.–
63
ДоIа дой, эмкална тIулган урс хьокху,
Цул тIаьхьа Кихаш ибн Омейяс бешира
Борзанан уьрсаца ша цуьнан корта,
Цо динарг, цо ма-дарра, кхечара дира.
64
ГIурба дер КаIбатан маьждигна генахь,
Баккхаза ворхI го, Замзам-хих Iабаза,
ТогIи чохь Минан буьйсанаш яхаза,
Юхадерзар массеран дог этош дара.
                65
Дог дохар бахьанехь кортош ца бошуш,
Цхьаболчара бен доцуш лергира шайниш.
Элчано ;доIанехь къинхетам боьхуш,
Хьахийра корта баьшнарш, лергинарш буьтуш.
66
Лергинчийн мохь баьлча шаьш хьахо лиъна,
КхозлагIчу доIанехь цо лоцу уьш юкъа.
Дечух шек боцуш баьшначийн ю хьалххе,
Шек болчийн дегнаш чохь,– цо олу – ю мекха. 
67
Таррашца КаIбате некъ баккха кийча,
Бусалбнаш дегза бара иштта ца боьрзуш.
Харжаш йина яккхий, хьажцIа ца кхечи,
Юха дерза дийзи-кх, тIе хьаждар доцуш.




68
–ХIинца тхох ма кхаьрдар бу-кх мунепикъаш,
Уьш цIахь Iий, юьхьIаьржо езац шайна аьлла.–
–Макка кхоий Дала, чуьра бусалбнашца, –
Элира Элчано (; .), – вайн таррех уьш ларбеш. –
                69
Дуьненан Iаламех къинхетам байта,
Дала велла Элчано ;кхин хIун эр дара?
Ша вина, кхиъна гIала, тIе шен тайпа,
Шена дезаш хилча, хIаллак ца дайталла.
70
Къепалшца мах лелош, кхин къаьмнаш девзаш,
ГIалахь бехаш болу хIуьппалгхой – къурайшаш,
Гергахь бара Элчанна ;динах кхетча,
Iадаташ цIийх доьлла «бусалба аренхойл».
                71
Цундела гIерта и, уьш хIаллак ца беш,
Уьш мелла собарца, накъостий бан динан.
Цу ойланехь Дала некъ бойту сецош,
Оцунна ца магош тхуна тIамца хьаж дан.
72
ХIорш хьаж цIа ца бахкийта къурайшаш Дала,
ЧIагIбира бусалбнех летта бала кийча.
Бусалбнийн ийман зоь чIагIонца тIамна,
ХIетте Шен къинхетамца, юкъ кIадйо барт беш.
73
–ТIамна чIагIо еш чекхбевллачара, –
Аьллера Элчано (; .), – иза йи вайн Далла.
Эхартан къинхетам къастий Цо царна,
Кестта сийлахь толам, хIонц яла дош делла. –




74
Оцу вахьих кхаъ хуьлу асхьабашна,
СовгIатна шайна лой хиъча Х1айбар-гIала.
И яккха гIур бу беккъа дуйнаш биънарш,
Иштта лаам Элчане ;кхайкхорна Дала.
75
Дуйнаш биъначаьрга и кхаъ беънера,
Уьш муьтIахь хиларна шайн Далла, Элчанна (; .).
Хьудайбиятан барт толам хиларна,
Дала хадий къурайшаш х1айбархойн бартах.
76
Х1айбар доккха совгIат ду бусалбнашна,
Цо кхин тIе сов боху асхьабаш ийманехь.
Битац цара божа коьртан чо лаьтта,
Цо хедош лахьайо Элчанан ;мIараш тIехь.
                77
Хьаж дар ца нисделлехь, воьрзу толамца
Медине Мухьаммад ;бартах воккхаверца.
Баттахь са даьIна, шена дуй биъначаьрца
Х1айбар яккха воьду, эзар виъ бIе стагца.
78
Бусалбнийн бIо бара низамехь толуш,
ХIора бIаьнна коьртехь нисвина шайн баьчча.
Буса дIакхочу уьш, масех де даьлча,
Дозанехь садоIу, тIелета са хилча.
79
Марха яра бIона тIехула лаьтташ.
Малхехь лепа массаьргахь чал дера герзаш.
Турсашца гемаш, таррашца гоьмукъаш,
ТIехула ю техкаш кIайн, Iаьржа байракхаш.




80
Iуьйренций шайн кхаш тIе бевлла ахархой,
Маьхьаршца дIасабовду белхан гIирсашца.
«Мухьаммад!» – цIе йохуш, аре Iадийна,
 Уьш левчкъа гIалин пенна тIехьа сихонца.
81
–АллахIу Акбар! – Мухьаммада ;олу, –
Хьехамна къорачаьрга кхачор бу бала.
Юьйжи Х1айбар! Орца дац цунна дала,
Зен, зулам доцуш иза яккхийтахь Дала! –
                82
–Стигалан, лаьттан, Iаламийн, тхан, Дела!
Тхуна хьнал совгIат бехьа кху гIалин бахам,
Кху чуьрчу вонех хьекъал ло лардала,
ЦIена ислам-дин дуьхьа луш тхуна толам! –
                83
ГIалина гонахара кегий бIаьвнаш
Кара йоьрза башха дуьхьало йоцуш.
Итт дийне яхъели еш дуьхьалонаш,
Х1айбаран чIагIонан гIап, бойуш бусалбнаш.
84
Салман аль–Фарасис дан дезарг хьехна,
ЧIагIонан гIопан пенашна тIе йохуьйтуш,
Саьнгарш йоху пен бохош хен тIе бига,
Цу хенца аьтто болу пенах ков даккха.
85
Цул тIаьхьа кхаа дийнахь ца южу гIап,
Цкъа Абу Бакар, юха Iумар гIортарх яккха.
Iелин болу аьтто ринжех чекхвала,
Шен доьжна турс меттана – гIопан ков лаьцна.




86
Оцу тIамехь ткъе пхиъ бусалба вужуш,
Къарбели х1айбархой кхин дуьхьало йоцуш.
Лулара Фудак юьртан бахархоша
Барт бо, шаьш ясакх яла – хурманийн стоьмаш.
87
Кхузахь кара кхаьчнарг йоккха хIонц яра:
Дешин, детин хаздаргаш, духаршца ялта.
ТIеман герзаш, чуьра пхьегIаш, хIусамаш,
Мел долу даьхни, шортта гIарбашца латта.
88
ХIонцах ца Iебаш цхьаболчара лоьху,
Жуьгташа тIаьхьалонна дIахьулйина хазнаш.
ТаIазар дарх шайхаша къайле ца юьйцу, –
Элчано ;хIонц йоькъу эзар бархI бIе декъе.
                89
Хьудайбиятехь чIагIонаш йинчарна
Кхачий цхьа дакъа, дошлошна кхин шиъ луш тIе.
Йийсар хилла София юьтуш шена,
Элчано ;тIаккха стамдо гIазотийн дакъа.
90
Толамхойн болало кхузахь той – барам,
Ахчанца долу ловзарш, маларш дац магош.
ЦIеран виран жижиг даар ду хьарам,
Берах болу йийсарех – стаг кхета гIортар.
91
Йийсар йина зудчух дерг даллалц къаьстина,
Собар дан деза и зуда юьтуш маьрша.
И цхьалха хилар гучу даллалц шерра,
Я дегIаца долчунах и яллалц паргIат.




92
И ца дахь дIаоьр ду цIена дерг, боьха,
Шен цIийх доцчу беран, да цхьа ца хилийта,
ХIиттийна бехкамаш бара уьш Дала, –
Уьш ларбеш-м ца хилла массара цхьатерра.
93
Молуш берш хилла, дIаьIахкех ловзуш берш,
Виран жижиг, нелан дилха бен цахетарш.
Бакъду, уьш дерриш нахах лачкъийна деш,
ХIинца шаьш къиношла дулуш дуйла хууш.
94
Гуттара бIона юкъахь ара бовлуш,
Деа шарахь тIемашкахь болу асхьабаш,
ТIамна говза бIехой хилла дIахуьтту,
Кхин мах бан, латта лело я дагахь боцуш.
                95
Бел, меттиг я мангал дац царна дагахь,
ГIевттина малх кхетале кхаш тIехь къахьега.
Царна тIом гIенах го, дин доьхьа леташ, –
Лахь  – гIазот, висахь дийна – хIонцан да хуьлу.
96
Кхелхина кхузара дIагIур ду аьлла,
Байаза битинчу х1айбархошна хаьа,
Толамхой шаьш ховшур боций кхуза баха, –
Цара Элчанца ;барт бо, Фудако санна.
97
Делан Элчанний (; .), х1айбархошна юкъахь,
Кехат тIе дIаязбира хилла болу барт.
Шайн динехь буьту уьш, ясакх елчхьанна,
Гулйинчу хурманийн стоьмийн ах барам.




98
ЦIа дерза кечлуш тIаьххьара деношкахь,
Элча ;вен гIоьртинера цхьа гIарбаш – зуда.
Байинчу гергарчийн чIир эца дагахь,
ДIовш тоьхна Iахаран тIа диллина хьалха.
99
Элчано ;тIах доккхуш жижиг кхаьллира,
Iаьвшича чам ца тайна кхоьссира охьа.
Бишру аль-Барасас жижиг диира,
Цо иза вийра, тухуш тIеман гIазотех.
100
–ТIано хаийтира шеца дIовш дуйла, –
Элчано ;асхьабашна дийцира тIаьхьа.
Бехкен зуда дIало Бишран верасашка,
Элча ;дийна вуьсу, догIучу лазаршца.
                101
Элчанан ;могашалла гIеллуш южу,
Х1айбарера Медине дирзича дуьйна.
Жуьгтех Сафият новкъахь шена юьгу,
Тоба дина, Элчане ;ян лиъча цунна.
102
– Сийсара, ахь со санна, Аюб, Дала,
Хьо ларвойла юьхьIаьржонах, тешнабехках! –
Асхабан дог оьцуш, Элчано ;аьлла,
Вайн дахар дуй хаарна Кхоьллинчун карахь.
103
Медине бусалбнийн цIа дерзар дара,
Боккха, сийлахь толамца доьттина хIонцах.
Элчанах ;шек хилларш дохко бевллера,
Юхакхеттарш чIагIо ярх Хьудайбиятахь.




104
Х1айбаран тIамах Элчано ;къастийна,
ДIабаьхна мунепикъаш, аренан Iарбой.
Дуй биъначех бара тахана хьоьгуш, –
Дала гечдо царна, уьш дохко бовларна.
105
Дала гечдарна Элчано ;уьш къуьйлуш,
Олу: – Шун дезар ду майра къаьмнех лета.
Дала толам лур бу шуна, сий ойуш,
Шу Делан дуьхьа летахь, шеко эккхийна.
106
Х1айбарехь тIом болуш Эфиопера
Юхайоьрзу тIаьххьара бусалбнийн тоба.
Ткъе итт стаг, зудий, бер – Элчанан ;шича,
Абу ТIалибан ДжаIфар шайн коьртехь волуш.
                107
МухIажарш хиларна цIа баьхкинчарна,
Х1айбаран хIонц кхачийра кога бахийта.
Цаьрца хиллера Абу Суфъянан йоI,
Майра ведда йисна йолу Умм Хьабиба.
                108
Пхийтта шо хьалха дуьйна тоба дина,
Бусалба яра иза мухIажар яьлла.
Майра ведча дуьйна яра мах бина,
ЦIа йирзича Элчанна ;ялор ю аьлла.
109
Цундела Элчано ;кхин хьем бар доцуш,
Иза ялийра Омейядийн цIийнаца
ДIахаьдда гергарло таре сатуьйсуш,
Умм Хьабиба декъал еш, маслаIат лоьхуш.
               


Рецензии