Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

23 дакъа Макка яккхар бусалба наха

I
Хьудайбиятехь чIагIонаш яйтале
Гондхьарчу пачхьалкхийн паччахьашка яздо
Элчано, иймане боьху кехаташ, –
Эфиопе, Византе, ГIажаре, Шема.
2
Яздо Мисара, Йемане, Оммане,
ХIидрамауте, кхечу мехкашка олуш:
– « Мухьаммад – АллахIан пайхамарера»,
Юха мехкан паччахьан цIе дIаязйойтуш. –
3
Цул тIаьхьа кхайкхам беш хилла цо цаьрга,
Бусалба дин тIеэций, шеца та бохуш:
«Мареман кIант, Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), ву лай АллахIан,
Цул тIаьхьа пайхамар, да воцуш кхоьллина»               
                4
И хьехам Элчано ;бо насаришна.
ХIуьппалгхой цхьана Деле цо берзор товш,
Мухьаммадца ;уьш ца гIерта оч бийла,
Мисрара паччахьо-м доуьйту совгIаташ.
                5
Цу юкъахь – жовхIаршца моз, даьтта, духарш,
КIайн стен вир, кIайн бIарза,394 тоьлла тIехуу дин.
ТIех хаза, къона, исбаьхьа шиъ гIарбаш,
Къибтех395 йолу ши йиша – Марем, Шарений.
6
Элчано ;езар еш Марем къастийра,
Цуьнан йишех совгIат ди асхьабех цхьанна.
Магадац дино ши йиша шехь йита,
Цундела и ши йиша вовшех къастийра.

394 – бIарза – кхел говро вирца лелла йиначу бекъанах бIарза хуьлу.
395 – кибтех (кибташ) – Iарбийн махкара къам, насарийн динехь хилла.
                7
ГIажарийн паччахь Хосрой Ануширван
ОьгIаз вахна боху иштта кехат дешча.
Кехат дера этIадеш, цо омра дина,
Йеманехь шен куьйга кIел волчу сардале:
8
–Хаам бу соь хилла, телхина цхьа стаг
Айавелла лелар, пайхамар ву бохуш.
Схьакхачаве иза я цуьнан корта,
Кехат соь даийтарна, ша соьца нисвеш. –
9
Хосровс йинарг яра эрна куралла,
Нисса шо далале и вийра шен кIанта.
ГIажарийн пачхьалкхехь кегарий баьржа.
Бусалба динна некъ боккхуш вара Дела.
                10
Маккарчу хIуьппалгхошна гIажаршкара
Хир дац гIо – накъасталла Мухьаммад ;сацош.
Элчано ;тIаккха массеран меттанашкахь
Яздойту кехаташ иймане нах кхойкхуш.
11
Iарбийн, шемахойн, желтошца гIажарийн
Меттнашкахь йозанчашка Элчано ;олуш,
Яздойту Iарбийн тайпанийн шайхашка,
Бусалба динан бехкамашца кехаташ:
12
–Джухайран, Джурмуз тайпанийн тхьамданаш,
Нагахь шу тоба дина бусалбнаш хилахь,
Кху динан бехкамаш ларбан дIахиттахь,
Закат луш, Далла, Элчанна ;муьтIахь долуш; –




13
–Кхаьчначу хIонцах, пхоьлагIа дакъа луш,
Элчанна догIу пхоьлагIа дакъа къастош,
Бусалбнаш хилар даккхахь аш гуча шаьш,
Хир ду шу Дала, Элчано ;Iуналла деш.
14
Ялтина, даьхнина ло зактан барам,
Шен гулделла, IаьIначух уьтталгIа дакъа.
Тайпанийн ницкъе хьаьжна бу чулацам.
ТIеэгон бехкамаш къастийна луш тIаккха.
15
МагIнан Джанбах тайпанна, яхIудашна,
ХIара кехат Делан Элчанера ;дIакхачарций,
Шуна кхерам бац тIекхача цхьанхьара, –
Шу лардеш хиларна АллахI, Цуьнан Элча (; .). –
                16
Элчане ;доьрзуш ду шун тоьлла духарш,
Шун гIарбаш, шун говраш, шун мел долу герзаш.
Зударийн тоьганех ду доьалгIа дакъа,
Цул тIаьхьа кхин долчу такхарех ду мокъа.
17
–Харис тайпанан, Неджранан мозгIаршка,
Мареман Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) пайхамар лоручаьрга,
Даккхийн, кегийн маьждигийн белхахошка,
Шу тхоьца маьрша мел ду, кхерам бац шуна. –
18
Мединина гонаха массо маь11е
Ишттачу Элчанан ;кехаташца векалш.
ДIасабоьлху Элчанан ;кхайкхам баржош,
Ясакхций, закатций Мединехь го къепалш.




19
Хурманаш, ялта, якъийна кIалдаш тIехь,
Уьш гулъеш гIишлош ю юкъара хьашташна.
Герз эца, байшна, къенчарна эшахь,
Тешаме бух бу и бусалба умматна.
20
Эгначу гIазотийн миска доьзалшна
Цкъацкъа мур богIура хурманийн меттана,
Церан легнаш бен яла хIума йоцуш, –
Мецачу хенахь уьш аьхьна, хьокхам батта. 
21
Ялх бIе ткъе борхIалгIа шеран шолгIа ах,
Керла шеран юьхь чекхйолу Элча ;цIахь Iаш.
Лаьмнийн Недждехь, малхехь йогIу Тихаме
БIо хьежош, бертахь боцу аренхой къарбан.
                22
ХIора бIо цо доIанца новкъа боккхура,
БIонан баьчче дIалуш кара тIеман байракх.
Уьш бу вежарий Башир, Абан ибн СаIад,
ТIеман ка долуш волу Хаттабан Iумар.
23
Къурайшийн бартахой хьебац цкъачунна
Мухьаммада ;тоба де, ясакх ло бохуш.
Къурайшаш бу ларбеш хилла барт кхуьнца –
Меха дIасалелийтарна маьрша шайн къепалш.
                24
ТIекхочуш лаьттара хьаж даран зама,
ХIинца ю коьрта гIайгIа – КаIбате кхачар.
И Делан цIа хиларх яц кхин цхьа шеко,
ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), ИсмаьIала (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) и дендарна.




25
Джабраила Делан пурбанца хьоьхуш,
Йоьттина цаьршимма КаIбатан и гIишло.
Адамал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхьа тIавап цаьршимма до,
Хьаждаран гIиллакхаш царна Дала хьоьхуш.
26
Хьаж даран белхаш къовсаме бовлар дуьйцу,
ХIинццалц уьш тайпанаша башх-башха барна.
ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) санна хьаж дан лаьа Далла,
Кхин дерг ду «зулам» хIуьппалгхоша даржийна.
27
Массарел саготта ву Делан Элча (; .),
Виллина ламазехь доIанашкахь доьхуш.
Хазаре сатуьйсуш сужуде вахча,
Джабраил даре шена, вахьин дош хазош.
                28
–Хьаж дарна къастийна ду беттанаш,–
Лерехь дека, – лиъначо цу хенахь хьаждан,
Зударех кхетарх, девнех къаста веза,
Хьаж дина юха верззалц йолучу ханна.
29
Буса шена Дала кхачийна хаам,
Элчано ;бовзуьйту Iуьйренан ламазехь:
Шавваль, зу-ль-къаадан, зу-ль-хьиджан баттахь, –
Хьаж ден долу догIмаш къаста деза вонех. –
30
Бусалбнашка Дала юха бо кхайкхам:
–Делан некъахь тIом бе шайца и бечаьрца.
Шаьш хIусамех дохийнарш тIенислахь байа,
Ца кхоош бохабе уьш – шаьш дохийнчуьра.




31
Дихкинчу маьждигехь тIом ма бе цаьрца,
Цигахь уьш шайна дуьхьал тIамца ца бовлахь.
Ткъа наггахь уьш цигахь тIом бан дIахиттахь,
Сутара байа уьш – иза хьакъ ду царна. –
32
–Ас ¬– Сафа, аль – Марват – билгалош Делан, –
Царна юкъахь дIасаидар ду чIогIа мелехь.
АллахIе диканаш хилалаш доьхуш,
Дуьненан дикъанел сов – хиндерш эхартахь. –
33
–Къенчо шен тароне хьожжий доь гIурба,
Цомгашчо я коьртаца хьоьгучо бала,
Такхар до мархица я сагIа делла.
Кортош ма даша шайн, хьайба даллалц дийна. –
                34
–Хьаж деш волчуьнан духар ду ихрам,
Тоьгуна деш маха бац цунах хьакхалуш.
КаIбатахь гонаш доху и тIехь долуш, –
Го баккхац духарца я дерзана девлла. –
35
–ТIаьххьарниш цIарматло ю лоруш Дала,
Маьхьарий, шакарш, тIараш деттар санна.
И хIумнаш бусалбнашна хьарам дина, –
ДоIанаш дарца Къуръан дешар магийна. –
36
–КаIбатахь хьаж дина шайн цIа чубоьрзуш,
Iарбийн корехула Iадат дара бовлуш.
Эмкалшна, хьелашна я уьстагIашна
Дехаршца текъар396 дора, цаьрга гIо доьхуш. –
               

396 – даьхнега дехарца текъар  – боьлхуш, даьхнега доIанаш дар.

                37
–Энжаде хIуьппалгхойн Iеса Iадаташ,
Уьш даккхий къинош дуй хоуьйту Дала.
Цу Муздалифахь, Iарафат лам тIехь Iар –
Парз хилар Минахь шаьш шайтIанна тIо 397 беттар. –               
38
Ялх бIе ткъе уьссалгIа шеран март баттахь,
Ши эзар бусалба стаг Элчанца ;коьртехь,
Буьйлало къилбехьа боьдучу новкъа,
Массо тайпа даьхни шайца дайа Маккахь.
39
Стерчий ду, уьстагIий, гезарий, эмкалш,
Уьш кечдина шаьш тIулгех дина туьтешций,
Зезагийн, кIаденийн асанаш йоьхкуш. –
Хьажошна тIехь ихрам ду, таррашца тIоьхлахь.
                40
Цхьа да вац хIинца кхарна новкъа гIерта,
ХIуьппалгхоша хьаж дийр ду ши кIира даьлча.
КаIбатан хьарма ю яссийна кхарна,
Кхаа денна кху хьармин да вара Элча (; ).
                41
Бусалбнаш чубогIуш бахархой Маккин,
Ара бовлаза – бисинарш, чохь тийна Iара.
МаьI-маьIнера уьш леранна хьоьжура,
Бусалбнаша, хьаж даран барамехь, хIун до.
42
Маьждиге нислуш Элчано ;ихраман
ТIам аьрру белше тосу, аьтто пхьарс боьллуш.
Iаьржа тIулгний, неIарний пенан юкъах,
Накха таIош, воду и маьждигна гонах.

397 – Минахь шайтIанна тIо беттар – хьажоша кхаа джамаратехь кузза ворхI-ворхI тIулг кхуссу меттиг.

43
Уьдуш, кхо го боккху цо КаIбатана,
ХIора гонехь хьакхалуш Iаьржачу тIулгах.
Бисна биъ гонехь лела гIулч лагIйина,
Цу тIехь коьрта билгалош кхоччуш хилира.
44
Къурайшашна тайра Элчанан ;лелар,
Маккахойн чух терра тIавап хиларна деш.
Элчано ;гIурба доьй, дIабошу корта,
МIараш лоргу, ихрам тосу, – хьаж чекхдоккхуш.
45
Элчано ;динарг дира асхьабаша,
Бусалбнийн хьалхара хьаж иштта дар нисло.
Умматан ницкъ мелла стамма бархьамма,
Iаббаса шен стунйиша Мухьаммадна ;юьгу.
                46
Сийлахь Маккин горах яра Маймунат,
Iаббас санна, къайлаха бусалба хилла.
Цу тойнехь стунцахой иймане берзо
Дагахь, Элчано ;шен той Макки чохь дира.
47
Амма кхуьнан мостагIий бара сема,
Кхо де-буьса даларций ара бохуш хIорш.
Стунцахой ца баьхьи той цхьаьна даздан,
ХIорш Маккел ара бовлу, хилла барт ларбеш.
48
Хьудайбиятан барт ларбо Мухьаммада (; .),
Цу тIехь делларг кхарна кхо де бен дацара.
Кхин цхьа сахьт я минот тIе тоьхна доцуш,
Цундела уьш дIабоьлху Маккин хьармера.




49
Дозанал дехьа Мухьаммадца ;мах бой,
Керла хьажойн дегнаш хьостуш, дуьйлира той.
Цул тIаьхьа шайн нигташ кхоччуш хиларна,
Дог реза шайн цIа боьрзу Элчанца ;хьажой.
50
Эрна дара Маккин тхьамданийн къахьегар,
ГIажаршкара гIо лоьхуш, Мухьаммад ;эшо.
Сасанида некъийн Iедалан дожар
ГIажаршна бале долу, кегаре гIаттош.
51
Сих ца ло Мухьаммад ;хуьлуш дерг хууш,
Макка йожа йиснарг йоккха хан йоций.
Къурайшийн бартахой – ГIатафан тайпа,
Генахь дара доьзалшца кхелхина лелаш.
52
Шайн векал Эфиопе хьажийнера
Къурайшаша, мотт говза Iамр ибн аль-Iас.
КаIбатан хIуьппалгийн гIо дац Маккина,
Къурайшашца ца тай Эфиопин негус.398
                53
Кхетамна, хьекъална каде къурайшаш,
Гуш бара бусалба дин хилар Делера.
Цундела уьш къайлахь бара тоба деш,
Мухьаммадца ;бертахь кхалхара Медине.
54
Абу Суфъянан йоI Маймунат йигча,
Некъ болу къурайшашна Медине бахка.
Цундела дукхахберш стунцахойн цIарца,
Цхьа кхерам боцуш шайна лелара дIаса.




55
Хьаж дина бусалбнаш юха бирзича,
Халид бин Валид вогIу кхуза дан тоба.
Iамр ибн аль-Iасан тIехь нисло вар цуьнца,
ЦIа ца воьдуш, Эфиоперан схьавеъна.
56
Къуръан чохь Дала неIалт кхайкхинера,
Халидан дена Валид аль-МугIирина.
Маймунатан йишин кIант Халид вара,
Элчано ;хазахеташ и тIеэцнера.
57
ТIалхан Iусман, барт бинчу Сухайлиниг,
Хьенехан, минехан – мел бара уьш уьдуш!
Маккара деналлех боьттина кIентий,
Дайн харц дин дитина, бусалбнех схьакхеташ.
                58
ХьагI йолчу наха Iоттар еш олура:
–Мухьаммад ;поэт ву, адмах чекх са гуш.
Жин дулу цунна чу, похIмалла доссош,
Адамийн дегнаш чохь дерг цунна схьагойтуш. – 
59
Ткъа цара дуьйцучуьнца доьзна доцуш,
Халиде, Iамре леранна хьаьжча гора:
Элчанах (; .), цIенчу даггара уьш тешар
АллахIан дин дуьхьа летта бала кийча.
60
Хьалхалера цатемаш хIинца кегон
Мегаш дац, эшац церан дегнийн шовкъ йохо.
ЖехIала заманан къиношна гечдо
Дала, бусалба хуьлуш, стаг ваьллехь дохко.

398 – Негус – паччахь, куьйгалхо.


                61
СовгIаташ деш, уьш хьаьстира Элчано (; .),
Халидца Iас во бусалбнийн бIонан баьчча.
И шийла кхаъ сихонца дIакхачийра
Къурайшашка, хIуьппалгхойн каде геланчас.
                62
Хьалхе дуьйна динан байракх кIел болуш,
Леллачу асхьабашна товр доций хууш,
Элчано ;гайтира и ши стаг лоруш,
Ша сий деш хилар – хьекъал долу говзанчаш.
63
Элчано ;хоуьйту: харц динах хаьдда,
Къурайшаш дохко бевлла, бусалбнаш хилахь,
Далла лууш цахилар уьш хIаллак хила,
Лаьа Цунна нисбала исламан некъахь.
                64
Хиъний те Элчанна ;оцу Халида
Исламан дин кхачор дуй Китайн дозане?
Ткъа Iамран дошлоша йоккхур юй Мисар? –
Хьийзаш шен ойланехь цхьа Iарбийн ахгIайре!            
65
Iарбашна дин хьеха ваийтар хууш,
Византин, ГIажарийн карара лаьттанаш
Дагахь ду Элчанна ;уьш марша дахар,
Оцунна цо гулдо цига хьажо эскар.
66
Ялх бIе ткъе уьссалгIа шеран аьхка,
Цо эскар кечдо Хьассанхошна дIадекха.
Шен кехатца веъна векал цара верна, –
Ерриг хIонц, закат цу кечамна хьажийна.




67
Хьассанхой Византин бартахой бара,
Вийначух цаьргара беза мах богIура.
Сентябрехь кхо эзар стаг гулвелира,
Цу тIамах Мухьаммад ;цамгаро къастийра.
68
Х1айбаран дIаьвшан хьу ца къаьсташ дегIах,
ГIорасиз виснера сий долу Пайхамар (; .).
Эскар цо тешийра Харисан Зайдех,
ГIоьнчий беш IабдаллахI Равах, шича – ДжаIфар.
69
Цаьрга бен ца дуьйцу эскаран декхарш,
Iаьржа чалба, гIовтал тIехь уьш новкъа боху.
МухIажарш, ансараш, аренца бехарш, –
Бусалба байракх кIел хиттинарш доггаха.
70
АллахIу Акбар! Ша цхьаъ ву Дела!
Маьхьаршца чекхйовлу тайпанийн тобанаш.
Иштта тIемаш бан марзделла Iарбашна,
Элчано ;Халид вира коьртехь дошлошна.
71
ГIайгIанца боьрзу бусабнашна и тIом,
Иордан хина юххехь Мута тогIенехь,
Кхарна тIелета бIе эзар тIемало,
Византхой хьассанхошца – цIеххьаьна бертахь.
72
МостагIийн дукхаллех – де оза ца луш,
Лийтира бусалбнаш – ткъей иттаннех – хIора.
Бирзи т1ом Зайд, ДжаIфар, IабдаллахI вужуш,
Биснарш юхабоху дошлошца Халида.




73
Куьйгалхой эгча тIеман шовкъ йоьжна,
Бусалбнаш бIаьрзалле оьгуш шена гича,
Халида дошлошца даьккхира гечо,
ГIаш бIехошка омра дира: «Юха довла!»
74
Иштта мостагI сацош, накъостий ларбеш,
Ткъе шийтта бен цу тIамехь кхелхинарг воцуш,
Халида Медине дерзийра эскар,
Элча ;вара Халидна ял Деле йоьхуш.
                75
ГIайгIа йоьсира Элчанан ;коьрте,
Дукха везаш кхаьбна кIант, Зайд, тIамехь вийча,
Тешаме шича, ДжаIфар, цигахь воьжча, –
Элчано ;Iалаш дан – дош ло церан байшна.
                76
Зайдан воккхах волу кIант мара къуьйлуш,
ЧIагIо йира Элчано ;Зайдан чIир эца.
Зайд, ДжаIфар, IабдаллахI тIехь гIазоташ бина,
Дала Жаннатан зовкхашка нисбина уьш.
77
Хьалхара, тIаьххьара эшам бацара,
Дала белларг бусалбнашна Мутин тогIехь.
Толамехь, эшамехь зуьйш бара Дала,
Динан серло йоржуйтуш кху Iарбийн махкахь.
78
Итт шарахь тIом ца бан шен къурайшашца
Хилла барт бу новкъа Маккица дерг къасто.
Цу бартан кехат тIехь ю Элчанан ;цIе, –
Йиш яцара дуьненна хьалха и йожо.




79
Элчанан ;дашах тешна берта бог1у,
ТIом ца беш бусалбнашца насариш, яхIудаш.
ХIуьппалгхой Элчанан ;кехатех теша,
Уьш Делан, шен цIарах цо яздеш хиларна.
80
Элча ;берахь дуьйна дешан да хилла,
Цундела шен ма-хуьллу ша барт ларбора.
Шен цIе ца йожийта цо зенаш лайна,
Ямартло гайтталц шеца барт биначара.
81
Дукха хан ялале бахьана долу,
Къурайшийн хьешаша Бану Бакр тайпано,
Бану Хузаанхой бойу чIир оьцуш,
Ткъа таьххьарнаш бара бусалбнийн бартахой.
                82
Цул сов болх лелла Маккин лаьтта тIехь.
Юкъахь барт хиларна, шайна кхерам ца гуш,
Бехаш бара Бану Хузааш цигахь.
ТIе оцу девнан декъахь хилла къурайшаш.
83
Хьудайбиятан барт бохор гуш дара,
Къурайшаш декъахой хилар тIедолуш.
Цо Абу Суфъян Медине вадийра,
Дов сихонца Мухьаммадца ;дерзо лууш.
84
Элчанна ;бацара хIинца барт оьшуш,
Цо Абу Суфъян тIе ца витира шена.
Абу Бакарх, Iумарх, Iусманах кхетча,
Цара къамел ца до – Элчанах ;ца туху.




85
Ур-атталла шен йоIа Умм Хьабибас,
ГIилкхах ца йоха бен чу ца вуьту иза.
Цо бехйо бохуш, хIуьппалгхо хиларна,
Ерг хIусам, ша тIехула волало кузца.
86
Иштта лору-кх Абу Суфъян шен йоIа,
Вац кхузах, иза везаш, цунна гIо дан цхьа.
Iелас, къа хетий, йо ишар – цIа хьажош,
ТIаккха Макка воьрзу и хилларг хоуьйтуш.
87
Оцу хенахь Мединехь, цуьнан гонехь
Элчанан ;омранца гуллуш ю тобанаш.
Кхеташ бу бусалбнаш, кечамаш барехь,
Хууш шаьш динна некъ баста вовшах деттар.
                88
Амма дац цкъа хууш, муьлхачу агIор
Хьовсор ду: Къибседе – Зайдеран чIирна,
Малхбале – ГIатафан тайпанаш къардан,
Я къурайшаш – хуьппалгхой – иэгабан гора?
89
Мединина гонаха ягош цIераш
Аренан Iарбий бу буьйсанаш йохуш Iаш.
Элчанан ;омрано схьагулбина уьш,
Хуьлуш дерг Элчанан ;гонна бен дац хууш.
90
Элчанан ;гоно хиндерг мел хьулдинехь,
Беш болчу кечамо гучу йоккху къайле.
Маккина тIедоьлху некъаш дIалоьцуш,
ТIаккха кхета, тохар деш хирг хилар – Макка.




                91
Ламазийн доIанехь Элчано ;доьху:
–Я АллахI! Къора, бIаьрза бехьа къурайшаш,
Тхо чударжийта царна дагахь доцуш.
Ца хуьлуш къурайшашна хуьлучух хаам. –
92
ДIасадоьду адам чIогIа лардора,
Хехоша, мел гинарг Элчанна ;тIекхачош.
Хатиб ибн Абу Балтаъ Жарадате
Кехат деллера, къайле тIехь Макка дахьа;
93
Хоуьйтуш шаьш тIамца Макки чу догIий,
Цу хенахь «стиглара аз хеза» Элчанна (; .):
– Шайн  къайле Макка хаьий шуна йоьдий? –
ТIаккха цо кехатна тIаьхьа воккху Iела.
                94
Новкъахь тIаьхьа кхиъна, сацийра Iелас
Жарадат, ларчанах чекх хьожуш леранна.
Кехат дац, – харц хуьлийла дац стиглан аз! –
Кехат схьада олу, яккхале ерзана.
95
Iелас иштта аьлча забарна доцуш,
Кхералой цо шен кIажарлахь долу кехат,
ДIакховдийра Iелега, куьйгаш дегош,
Iелас и дIакхачийра Элчанна ;хьалха.
96
Кехатан да, Хатиб, валийра кхоьле,
Цо олу, ша зулам дан гIерташ вацара.
Къурайшийн оьгIазлох ларбан шен доьзал,
Царах уьш ловчкъийта, вай догIуш дуй хиъча.




97
Iумарс и ве олу, ямартло ярна,
Ткъа Элчано ;гечдира Хатибна олуш:
«Бадрунгара бIехой безаш ву Дела,
Воьйла дац Хатиб, доьзал дукха безарна!»
98
Ала хIума доцуш леттера Хатиб,
Бадрунгахь, цул тIаьхьа – шен деналла гойтуш.
Зуламхо вац и, бакъду, кху итт шарахь,
Маккахь болу доьзалшна хилла са гатлуш.
99
«Гергара, цIийнах болу хIуьппалгахошка
Озабезам байна дукха буй бусалбнаш?
Дукха буй Делан мостагIашца дерг хаьддарш,
Иштта сиркхо йоцуш, вайлахь дIацIанбелларш?»
100
–ХIай ийман диллинарш, – Делан дош кхочу, –
Сан, шайн мостагIий доттагIий ма лецийша.
Уьш лору аша, ткъа уьш бац шух бешаш, –
Шу махках дехи цара Делах тешарна. –
                101
–ХIинца Делан некъахь, шайн бакъо толо,
Шу тIаме хиттича Вайгара гIо доьхуш.
Шух къастац хIинца – цаьрга болу безам, –
Церан меженаш ю шуна зулам лоьхуш.–
102
–Дела-м ницкъ бу, шуна юкъахь барт чIагIбеш,
Шуна юкъахь дIахIитто безаман уьйраш.
Бахац Дала, дин бахьанехь дов доцчаьрца,
Гамлой лелла я харцо лелае цаьрца.–




103
Ишшта хьехам бара Элчане (; .)) кхаьчна,
Макки чу боьлхучаьрна бовзийта Дала.
Дуьхьалонца берш – байар, боцурш – хьастар,
Иймане богIуш берш – безамца тIеэцар.
104
Рамадан бутт кхочий, марханаш лоцу,
Дукханна моьттира Макка дахар доьхна.
Исс марха дIаделира уьтталгIа дийнахь,
Элчано ;омра до – довла меттах аьлла.
105
И, цхьана дена, дагахь доцург дара,
Ур-атталла юххерчу накъосташна тIехь:
Элчанна ;ларча кечъечу Iайшатна,
Юххера накъост волчу Абу Бакарна.
                106
Ялх бIе ткъе уьтталгIа шо. Январан юхь.
Итт шо хьалха Хадижат дIаяьлла денош.
Эскарца Мухьаммад ;вахара Макка,
Мисран паччахьо совгIат дина бIарз хохкуш.
107
Цунна гонах бу юххера накъостий,
Цунна тIехьа хьалха – дика зийна бIехой:
МухIажарш, ансараш, аренан кIентий,
Кхарна ясакх луш, кхаьрца тайна бартахой.
108
Бусалбнаш кхобуш бара марханаш,
Буса серло гIелйина йогIура цIераш.
ЦIуз декор, вата тохар дихкинера,
ХIуьппалгхой цец бохуш, цIеххьана тIекхача.




109
Марр аз-Захран олучу метта кхаьчча,
Макка дIакхача шина дийнан некъ бисча,
Марханаш ца кхобуш, туп туху совца,
Омра дира  – дерриге некъаш дIалеца.
110
Дан орца доцуш, бусалбнашна хьалха
Ю къурайшаша Элча ;эккхийна гIала.
Боьхна маккахой хьал хиъча шайгара,
Рамаданан вуьрхIитталгIа де и дара.
111
Бадрунгахь хIорш эшна денца нисделла,
КIезиг болу бусалбнаш цигахь туьйлира. –
Тахана итт эзар стаг ву го лаьцна, –
Макки чохь бу кхаьрца тан кийча нах шортта.
112
Къайлах кхочу Iаббас бусалбнийн туьпа,
Цо тоба до Дела цхьаъ веш, къобал веш Элча (; .).
Цо динарг дан кийча ю йоккха тоба,
ЦIий Iанахь хиндерг го тхьамданашна хIинца.
113
Цу эскаро Макки чу тIамца даржахь,
Аренхоша талор ду мел долу хIума.
МухIажарш чIир эца хьовсур бу доггах,
ТIом боцуш карадахар ду дисна дарба.
                114
ТIеман хьолехь тхьамдалла тIехь хиларна,
Абу Суфъян шеца шен жима кIант валош,
Хузаах – Элчанан ;доттагI Будайлца,
Бусалбнийн туьпа воьду, гIаролех лечкъаш.




115
Элчанан ;четарна кIел гуора воьжна,
Абу Суфъяна ша шахIадат далийра:
АллахI Дела цхьаъ веш, Мухьаммад ;Цуьнан
Элча, пайхамар и хилар тIе къобал деш.
116
Цабезамца Iумар хьаьжира цуьнга,
Кхоьлина ю чохь болчу ансарийн яххьаш.
Кийча бу дукхахь берш хIорш ахьа,
Абу Суфъян леткъаш ву, бехкашна къера:
117
–Хьо вуохо, иэшо гIирти со ма-хуьллу,
Ткъа хьо, хьуна Iуналла деш волу АллахI,
ХIара дуьне дерриг дуьхьала далахь,
Шу эшо цхьа вац, цунна ас тешалла до-кх.
                118
–Мухьаммад (; .), юха до аса тешалла,
Сайн дел, ненал хьо суна дукха везаш хиларна.
Со тешна, кхин деланаш хиллехьара,
Цара тхуна гIо дийр дара – уьш ца хилла! –
119
–Вац цхьа АллахI воцург –-кхин цхьа Дела,
Тхан иэшар – Цуьнгара ду, шун толам – иштта.
Сан даг чохь кхин шеко яц цунах лаьцна,–
Мухьаммад (; .), къинхетам боьху къурайшаша! –
120
–Уьш кийча бу, Элча (; .), бусалба хилла,
Хьо везаш, ларарна, муьтIахь хила дош луш.
Уьш кийча бу АллахIан динан некъахь,
Долу даьхнеш я синош ца кхоош лета.




121
–Ас чIагIо йо хьуна, ахь тхуна гечдахь,
Къурайшех дуьхьала цхьа да ца валийта. –
«Къинхетаме, къинхетам беш ву АллахI!
ДIагIо, муьтIахь кIел совцучарна – бац кхерам»; –
122
–Хьан хIусамехь хьулбеллехь, Абу Суфъян,
КаIбатахь левчкъинарш хир бу шуна маьрша.
Шайн хIусамаш чохь болчарна бац кхерам,
АллахIан мостагIашна гечдар дац цхьанххьа! –
123
Цу бехкамашца гечдира Элчано (; .),
Гучубевлла Делан мостагIий боцчарна.
Iуьйренций, кIант кхузахь закъалтна вуьтуш,
Абу Суфъян цIа воьду, къурайшаш кхето.
124
Го цунна генна яржина лаьтта,
Гуо лаьцна бусалбнийн эскаран тобанаш.
ХIоранан билгала шайн байракх йолуш,
Итт эзар сов тIемало омране хьоьжуш.
125
Iаббасций цIа воьрзий Абу Суфъяна
ДIакхайкхира: «Къурайшаш, ладогIа соьга!
Мухьаммад ;Iуьйранна чувогIу Маккина,
Со волчохь, маьждигахь, хIусмашкахь Iе тийна!»
126
И сацо ницкъ бац вайн дуьхьала баккха,
Цуьнан Iедал къобал деш, вай совца деза.
Шайн чохь Iе массо, герз гуча ма даккха,
Мухьаммада ;дош делла, вай чIана ца даха.
               



                127
–ЦIахь Iа кхоьруш берш сан хIусаме гулло,
Кхерам бац КаIбатахь гулбелла Iачарна.
Герз карахь Элчанна ;дуьхьало ечо –
Дуьхьало яр лору къурайшин тайпанна.–
128
–ТIом беш бусалбнийн бIо Макки чу багIахь,
Мила ву Iалаш дан вайн зударий, бераш?
ЦIий Iенар ду вай сонта дуьхьало яхь,
Корта боцчу нахе вай хIаллак ма дайта.–
129
Аренхой Макка, вай дуьхьало ца яхь,
БогIур бац вайн хIусамаш, бахамаш тало.
Цунделла тоьлларг ду – вайна Iар тийна,
Мухьаммада ;деллачу дашах дог тешна.
                130
НаьIалташ, сардамаш Абу Суфъянна
ТIехоьцу маккахойн гулъелла тобано.
ХIара бахьанехь чуьрнаш байинчара, –
ХIетте до массара долчунна мукIарло.
131
ТIом боцуш къарло бухара къурайшаш,
Мухьаммад ;даима хиларна дешан да.
И Делан Пайхамар ;хилар бакъдинчийн,
ХIумма дац галдолуш, – хилар бен нислуш дIа!
132
Маккина юьстахо, Зу Т1ува меттехь,
Эскар Мухьаммада ;кхаа декъе доькъу:
Аьрру агIоне аз-Зубайра хIутту, –
Аьттонгахь – Халид ву аренхошна коьртехь;




133
МухIажарш, ансараш юккъехь нисбира,
СаIад вой коьртехь, байракх цуьнан кара луш.
ТIех воккха верца СаIада аьллера:
«Тур хьокхчу дийнахь – Еза Меттиг яц кхоош!»
134
И олуш хезча, Элчано ;дIавоккхий,
СаIадан метта, Iела во юкъан тхьамда.
Дуьхьало йоцчарна зен дар доьхкуш,
Юх-юха лерга мехий массарна дохуш.
135
Къурайшаша йина дуьхьало йоцуш,
Макки чу деара бусалбнийн доккха эскар.
Мархин беттан ткъоьссалгIачу дийнахь,
ХIиджра дина борхIалгIа шо доьдуш долуш.
                136
ЦIийн тIадам ца божош, талораш доцуш,
ГIали чохь мухIажарш, ансараш совцийна,
Важа эскар дерриг даьккхира ара,
Элчано ;делла дош, дуьззина деш кхоччуш.
137
Дош кхочуш дан рагI къурайшашка йирзи,
Тобанашца, цхьацца тIеоьху Элчанна (; .),
Божарий ас-Сафа лам тIе дан тоба,
ВуьрхIитта шо хьалха кхо кхайкхам биначе.
138
Эмкал тIехь ву Элча ;леранна хьоьжуш,
Тоба деш чекхбуьйлу къурайшийн яххьашка.
Левчкъина Iа кхуьнан луьра мостагIий,
Бегош тIеоьху кхунах кхаьрдинарш хьалха.




139
Бага доггург олуш тIехтохам бинарш:
ЦIагарниг, иэгIийнарг, туьйранча ву баьхнарш, –
ХIинца Дела цхьаъ во, хIара во къобал,
АллахIна, Элчанна ;муьтIахь хила дош луш.
                140
Кхуьнан керта боьха нехаш юхкура,
Новкъа вогIуш, къайлах тIе хатташ кхуьйсура.
ГIекхвора КаIбатан хьармара луьра,
Эххара, вен дагахь, барт шайлахь бира.
141
–ДIагIо шайна маьрша! – Элчано ;бохуш,
Хьалхахула дIаоьху кхунна вас йинарш.
Кхо куьг дIакховдийча цунах хьакхалуш,
Баккхий беш дIабоьлху болар дайделла.
                142
КIурайшийн зударшка ас-Сафа лам тIехь,
Тоба дойту Дела цхьаъ веш, ша къобал войтуш.
ЧIагIо йойту къоланех, зинах дIакъаста,
Ларбан динан бехкамаш, бераш ца дойуш.
  143
Элчанна ;хьалхарчу, хи чохь пхьегIан чу,
Тоба дой, куьг Iуттуш, чекхбуьйлу зударий.
Цу хих пIелгашца хьакхалора Элча (; .),
Цара динчу тобанна ша тIехь теш хIуттуш.
144
Абу Суфъянан зуда, кура Хинда,
Хьамзатан докъна тIехь къизалла лелийна,
ЧIир оьцуш Элчано ;ша ерна кхоьруш,
Тоба дан еара, шен юьхь дIалачкъийна.




145
–ГIарбаш йоцу, маьрша зудчунна тарлой,
Зина деш ю ала, шен дегIан да  хилча? –
Хиндас хотту, Элча ;юьхьIаьржа хIоттон!?
Жоп: «Бусалба зуда хила еза оьзда!»
146
И хезча, Хиндас, ша зина ца лело
ЧIагIо йо, и динан бехкамех цхьаъ хилча.
–Тхайн бераш ца дайа, – олу Элчано (; .).
–Оха до уьш, ахь дойу – Бадрунгахь дуьйна!» – 
147
Iумар хьожу Хинде оьгIазе, дера,
Элчанан ;уьшарца гIалакх тоха кийча.
Элчанна ;хиира и Хинда юйла, –
Цу зудчун матто иза собарх ца вохийра.
                148
«Исламехь ницкъ бар дац!» –аьлла ду Дала,
И бакъо яцара – хIинца цкъа хийцина.
Тоба дан ца лиънарш тиларехь буьтура,
Мухьаммадехьара ;шайна кхерам боцуш.
149
Дика шайн таронаш йолу маккахой,
Дин тIеэца сиха бац, шаьш дитча паргIат.
Дукхах долу халкъ тIедоьрзу тоба дой,
Хуьлуш цхьа вежарий – бусалба цхьа уммат.
150
Маккара хьал долчу совдегархоша,
Тоба динчара и ца деш Iийначаьрца,
Духалург даккхий ахчанаш делира
Элчане (; .), и шайна юхалург хиларна.




151
И ахча дIаса дийкъира бIехошна,
Шовзткъей итт дирхем кара хIоранна кхачош,
Макка талийча, кхочу хIонц тIемлошна,
Элчано ;дIакхачий массарна ахчанца.
152
Хамталлаш ца хуьлу АллахIан омра
Кхочуш дан воьлча Элча ;– КаIбат дIацIанъеш.
ХIуьппалгаш чулестош тхевнан буьххьера,
Кхоамаза шаерриш отуш лар йойуш.
                153
КаIбатан хьарма хIуьппалгех цIанйира,
Церан сибташ нахана дицло хан яьлча.
Мича хенахь царах деланаш бина,
Уьш лоруш хилла ламасташ дара дайна.
                154
КаIбатан догIанаш Iела вара доьхуш,
Уьш Iабд ад–Дар гарехь Элчано ;дитира.
Дайшкахь дуьйна уьш цаьргахь дара дуьтуш,
Замзам-хи дитира Iаббасан тIаьхьенехь.
155
КаIбатаца доьзна кхин долу даржаш
Ца дуьту Элчано ;юкъахь къурайшашна.
Элчанан ;къинхетам, нехан чул тоьлла,
Цо гечди мостагIашна – вен тебначарна.
156
Гечди цо ша вен кIелонаш йинчарна,
Шаьш эша баллалц тIамна юкъ йихкинчарна.
КаIбатехь ламаз дан ца витинчарна,
Йемане лечкъаш ведда волчу Икримна.399

399 – гечдира Икримна (Икрима) – Элчанан ;луьра мостагIчуьнан, Абу ДжахIилан,  кIантана, шена дуьхьала Макка йожжалц тIом бина волчу, гечдинера
                157
Цо йогIу кхел йира, бусалба хилла,
Юха динах хедаш, адам дийна шинна.
Цхьаммо шен де – бехк боцу лай вийнера,
ХIуьппалгхойн Iадатехь и мегаш хиларна.
158
Бусалба динца шена кхел ца яйта,
И дин тосий, Макка воду Мединера.
ШолгIачо, ца хууш, шен ваша вийнарг
Воь, хьалха цуьнгара мах оьций чIирна.
159
Цул тIаьхьа цу шолгIачо Макка воьдий,
Мухьаммад ;сийсаз веш байташ яьхнера.
Шен шина гIарбашца – эшаршна говза,
ХIуьппалгхойн синкъерамна, цаьрца лекхнера.
                160
Оцу шина стагана вен кхел кхайкхийра,
Къурайшаша иза нийса кхел лерира.
Ткъа гIарбаш зударех цхьанна гечдира,
Важа йоь, цуьнан дола динарг ю аьлла.
                161
Аль-Хувайрас, Хаббар ибн аль-Асвадна
Вен кхел кхайкхинера, цо шен йоьIаршна
Къизаллица еттарна, оста бохуш,
Шена да цавезар, йоьIаршна тIехь окхуш.
162
Уггара луьра Элчанан ;мостагIий
Левчкъина, гучу бовла ца баьхьаш лелаш,
Церан векалш бу, доттагIий тIетуьйсуш,
Царна гечдар доьхуш, уьш дохко бовларна.
               



                163
–«Гечдехьа царна, уьш дохко ма бевлла,
ЛадогIахь цкъа цаьрга, тIаккха кхел кхайкхош».–
Доьху цуьнга доттагIаша, зударша,
ЛадогIа дош делира цо доьхучарна.
164
Дуьхьала хIоьтти IабдаллахI ибн СаIад, –
Йозанча, Элчано ;сураташ яздойтуш,
ДоттагI веш, теш винарг – ша аьлларг дIаяздан.
Веддариг Макка эладитанаш даржош.
165
АллахIна, Элчанна (; .), бусалба динна
Ямарт хилла, Къуръан ша Элчанца ;цхьаьна
ХIоттийна бохуш, эладита даржийна,
Цу хIуманна гечдар доьху – Iусмана.
                166
Цхьана зудчун некхах векхна хиларна,
ДоттагI,  нуц волчу – и ваша ви – Iусмана.
Iусманан доьхьа Iа Элча ;ладоьгIна,
СаIадан латкъамашка, бехкала воьжна.
167
Ца ваьлла ла доьгIу Элчано ;цуьнга,
СаIада санна и Iехийна, ма вац – цхьа.
Уггаре лазаме тохар цо дира, –
Делера Къуръанах нехан шеко яккха.
168
Эххара СаIадан бехказлош кхачий,
Юьхь кхоьллина Мухьаммад ;вац алалуш дош.
Ца теша СаIадах, ву чIогIа холчахь,
–ДIагIохьа, – олу, юьхь макхлуш, дегI тохалуш.




169
Гечди цо СаIадна, шен гоне олуш:
–Со Элча ;ву, дацара сан ца гечдойла!
Аш хIунда ца баьккхи те цуьнан корта,
Со вист ца хуьлуш, дикка вахвелла Iийча? –
170
Эхь дуссу массаьрга шайн ледарлонна,
Элчанан ;деган къовсамах – ца кхетарна.
Элчанан ;декхарал – адаман лаам,
Шайггара иза толо – дага цадарна.
171
СаIадна гечдаро ир-кара вина,
Хьамзат вийна Вахьши вогIу гечдар деха.
Тоба дина, и ву дин даржо дагахь, –
Элчано ;дийцийтира хиллариг хIетахь.
                172
Ма-дарра хаздеш, шен деналла гойтуш,
Цо дуьйцу Хамзатана гIортарх тIекхача.
И вийча лоллех ша волура марша,
Цундела ша доггаха вара и лоьхуш.
173
ТIамехь иза, пийл санна, къаьсташ вара,
Буьрса вара Хьамзат, цунах берш уьдура.
Амма ша майрра цунна тIехьаьдира,
Боца мукъ болу гоьмукъ ворти чу тухуш.
174
Са долуш вужу и Вахьшин когашка,
Кхо накха батIош, дог даьккхира кийрара.
Деттало дог Хиндина тIе даьхьира:
«Гечдехьа, Элча (; .), Iеса хенахь динчунна!»




175
Хьамзатан чIир хIинца екхаза яра,
Бекхаман декхаро дог огуш ду, дера.
ТIе чIирхо Хьамзатан ву лаьтташ хьалха,
Элчано ;халла: «ДIагIо, Вахьши, – элира.
176
–Кхин суна дуьхьала цкъа ма нислолахь,
Сайх жоп далалур дац соь, хьо юха гича.
Маьрша ву хьо хIинца вежаршна юкъахь, –
Йисна хан Вахьшис токху динан тIемашкахь.
177
–Ма дукха езаш хилла вина меттиг,
Иэсехь лаьтта ца йицлуш къоналлин зама.
ХIара везаш, дог хьистина Хадижат,
Дуьххьара дин кхайкхош шен нахала валар.
178
–Синошкахь бусалбнаш цIанлора хIетахь,
Я АллахI, Хьох тешара, даггара кхоьруш.
Халкъ нисдан динан мукъ бацахь тхан карахь,
Дуьненахь исламан нур даьржар дуй хууш. –
179
Мерза ойланийн юкъара и воккхуш,
Хузааш кхочу шайн чIир екхийта аьлла.
–Екхна чIир къурайшашна Дала ма-бохху,
Адман цIий Iанор – кхин дIа доьхку Цо кхузахь.–
180
Кхайкхийра Элчано ;массарна хезаш,
ТIаккха текхира шен хоржах хузаийн цIий.
Дов доьрзу, Элчанна ;берг реза болуш,
Макке кхунан безамо ансараш кхолош.




181
–Тхо дIатаса волуш ву те хьо, Элча (; .)? –
Хотту ансараша аз гIайгIанах дуьзна.
–Акабехь ас шуна чIагIо ца йира? –
Олу цо, – Шу – сан, со шун ву – къаьстар дац цкъа! –
182
Къурайшашца долу дов дIадирзина,
Дала хир ду мел аьлларг, гуш хилла даьлла.
Делан бакъоно Макка ялий иймане,
Кху чохь кхин Iан эшац, ца баха хIорш кура.
183
Макка яьккхина нисса ткъа де даьча,
Малхбале агIорхьа шен эскарца цхьаьна,
Элча ;дIавоьду, кхин дIа, ислам-дин даржош,
Делан дин Iесачу дуьненна довзийта.
          


Рецензии