Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

24 Газотан тIом

               
1
Бусалба умматна малхбалехьара
Кхераме ницкъ гIотту аренхойн барт хилла.
Хавазаш, Сакифаш, Хьиджазехь кхелхарш,
Шайн хилла коьрталла дендан дага деана.
2
ТIаифан сакифаш – коьрта мостагIий,
Ткъа эзар стаг юкъахь гулдина эскар,
Хьиджазан ламанца ТIаифна Килбзехьа,
Церан шайхаша доьзалшца тоьхнера туп.
3
Шайн доьзалшца тIаме хIитта барт хилла,
Шаьш вовшех цатешарна, цхьа ца вадийта,
Доьзалаш лар беш, дера берриш лета.
Царна дуьхьала бIо буьгу Мухьаммада (; .).


4
Кхунах схьакхетта ши эзар маккахо,
Керла бевлла бусалбнаш хIуьппалгахошца.
Кхаа дийнахь шийтта эзар Элчанан ;бIо,
МостагIна тIегIоьрта цу ХIинай тогIица.400
5
Хьалха ю чаккхарма гергга яхъелла,
Аренхойн акха тоба Халид шайн коьртехь.
Юккъехь – Элчанан ;мухIажарш, ансараш,
ТIехьа – юкъа кхетта къурайшийн тоба.
6
МостагIийн туьпа гергга кхача доьлча,
Халидан тоба нисло кIелонашна тIе.
Аьтто, аьрро агIонийн чIажжашкара,
Хавазхоша тохар до, аренхой Iадош.
                7
Халидан бIох къаьхкина рема хуьлу,
ХIорамо шен са дадийна, вовшийн тIехь хьоьшуш.
МухIажарш, ансараш шайца дIаозош,
Элча ;ша дIатесна – юххехь ха ца дуьсуш.
                8
–Уьш совцур бац хIинца хIордах дIагIортталц! –
Олу Абу Суфъяна безамза, кхаьрдаш.
–Совца! Схьагулло! Со ву Делан Элча (; .)! –
Мохь туьйхира Элчано ;дIауьдучаьрга.
9
Ткъа кIеда Элчанан ;аз хазац цхьанне,
Гергарчех масех стага цунна го бира:
Iаббас, Iела, Iумарс, Абу Бакара,
Абу Суфъян, Зайдан Iусама кхечара.

400 – ХIинай тогIица – меттиган цIе.


10
–Ансараш! – буьрса мохь туьйхира Iаббаса, –
Вежарий! ЧIагIонан накъостий! Схьагулло!
Элчанна ;тIедуьйла, хIай хазраджхой! –
Iаббасан озо метта балийра бIехой.
11
Элчанан ;байракх кIел хьаьлхира бIехой,
Хавазхойн эмкалшна шаьш бовлуш дуьхьала.
ГIазотехь вала кийча бIе стаг гуллой,
Цара каде тIамца хавазхой лелхийра.
12
Цхьана сохьтехь баьччанаша гулдина,
Бусалбнийн доьхна эскар далийра метта.
ЧIож чухула хьала дуьгу летийта, –
МостагIий кIелош еш, уьдура хьалхара.
                13
Хавазхоша бартахошца туп тоьхначохь,
Летча ши эскар шортта адам дужуш,
Хавазхой бевдира шайн доьзалш буьтуш,
Йоккха хIонц буха юьтий бусалбнашна.
14
Ца бухуш, дуьхьало еш, юха бевли
Сакифаш, бIе стаг воьжна, шайн ТIаиф-гIала.
Ца Iойтуш бIехой яьккхина хIонц йоькъуш,
ТIаиф схьаяккха буьгу бIо Мухьаммада (; .).
15
Сакифаш ца хIуьтту лардан кхаш, стоьмаш,
Уьш къайла боху лекха бIаьвнийн пенаша.
Салман аль-Фарасис пен бохо гIирс беш,
Ширдолаг кечдо гIали чу кхийса тIулгаш.




16
Масуьйттаза хьала бовла гIоьртира
Бусалбнаш хиттийна лекха, андий ламеш.
Лакхара оьгу кхарна тIе тIулгаша,
Лалийна дашо – тIемалой боху юха.
17
Иштта тIелатарехь Абу Суфъянан
БIаьрг боккху пенаца хьала вала воьлча.
Зайнабан, Маймонан четаршна юккъехь,
Куьйгаллехь ву Элча ;толам шайна боьхуш.
18
Цо кхайкхам бойту ТIаифан гIарбашка,
Бусалба дине бирзинарш марша баха.
ТIаккха царех дуккха бевлира сехьа,
Амма бац сакифаш шайн дуьхьало малъеш.
                19
Сакифийн шайхашна уьш сехьа бовлахь,
Даккхий совгIаташ Элчано ;кхайкхийра.
Ткъа вукхара шайн шайхаш чубоьхкира,
ТIаифхошна юкъахь дов гIаттор ца нислора.
                20
Абу Суфъяна, кхечу маккахоша,
Марехь болу шайн йоьIарий кхайкхира сехьа.
ЙоьIрий сехьа ца бевлча, Элчано ;
Омра дира, стоьмаш дерг дIахьакха аьлла.
21
Къарбала дагахь бац сакифаш бовлуш,
Цул сов хIора денца бIехойн ларар ду довш.
Хьунайнехь хилла хIонц бу екъа луурш,
ТIе бусалба бIонан – яхна цIе ю южуш.




22
Лаьмнашца бохоза бисина аренхой,
ТIаифехь хIорш мел Iа, бара корта ойуш.
Элчано (; .), и гуш, хавазхой кхойкху барте,
Ялх эзар бер, зуда йийсарера дIалуш.
23
Йийсарш мах боцуш бац дIабала реза,
Аренашца кхелхаш лелла «акха» Iарбий.
МухIажарш, ансараш тIетов Элчанна (; .),
Аренхошна шайна йогIу хIонц дIаеза.
24
Нийсоне диллича, уьш харц бацара,
Барт бо цаьрца Элчано ;ялх эмкал яла,
Кхаьчначу хIора йийсарна дуьхьала,
Кестта кара еанчу хIонцах къастийна.
                25
Шайна ма-тов дацахь, богIу уьш берта,
ХIинца кара ца кхачарна реза бацахь.
Хавазхой бу реза Элчанца ;барт бан,
Цуьнан Iедал кIел совцуш, доттагIий хила.
26
ТIаиф яра Мухьамммад ;ца везарна,
Хьалха кхо дине ехча кхуьнца гамъелла,
Сакифаш къар ца луш Iесаллехь ша йисна.
Делахь хавазахой цаьрца бартах боьхна.
27
ТIаифна го лаьцна ткъолагIа дийнахь,
Эскарца, дог дера, Элча ;юха ваьлла.
Новкъахь ансаран эмкало ког хьаьшча,
–ТIехьа саца! – олуш, ансарна шед тоьхна.




28
Iуьйранна и ансар тIевехна шена,
Важа бехкала воьду шен ледарлонна.
Элчано ;гечдар доьху собарх вохарна,
ТIе цунна езткъа эмкал ло лазаварна.
29
Хавазхошна маьхза йийсарш дIабалар,
БIехошлахь сийсаш дара, оьгIазло тусуш.
Долийра ка детта екъазчу хIонцах:
Хазийра нийсонах Элча ;воьхна бохуш.
30
ХIонц екъа лууш берш бевллера алссам,
МухIажарш, ансараш бара реза боцуш.
Юкъахь и эвхьазло ялале гена,
Мухьаммад ;вистхилира дог далхош цIенна:
31
–Делах ас чIагIо йо, Тихамин бешахь,
Хурманийн диттел дукха сан уьстагIий хилча,
Уьш дерриш шуна ас дIалур ма дара!
Вайний шуна со цкъан-цкъа, сайнна са лехна? –
32
–ТIемалой! Ас сайна цкъа ца къастийна
ХIонцах догIуш долу пхоьлагIа дакъа бен,
Кху чонан барамал, – эмкална тIера
Баьккхина, – айина куьйгахь, цо гайтира.–
                33
–ПхоьлагIа дакъа ду-кх – ас докъуш шуна!
Тилор тай ца дуьтуш, – даьккхинчух шаьш къайла, –
Дерзаде юха, цо Къемат-дийнахь,
Шаьш жоьжахатин цIерга дига ца лаахь!? –




34
ХIонцах дадийнариг дирзира юха,
ШолгIачу дийнахь хIонц Элчано ;йийкъира.
Йийсарех девллехь – дукха даьхни дара:
Герз, хаздаргаш, пхьегIаш, кхузткъа эзар эмкалш.
35
Мехала, коьрта хIума, эмкал яра,
ХIоранна кхечира йиъ-йиъ йоккха эмкал.
Ши-шийтта эмкал кхечира дошлошна,
Тоьллачунна ло – вийна мостагIчун барзакъ.
36
Дукхаллин бIалгIа ян бIаьхой бацара,
Бусалба дин чIагIдечу эскарна оьшуш.
МостагIца тасалуш, каде нах бара,
МостагIчух дисинарг – ло и вийначунна.
37
–Хьунайнехь ша вийна мостагIчух дисна,
Шена кхаьчна даьхнех, – аьлла тIемалочо:
–Ша ийцира цунах хурманаш тIехь беш, –
Дуьххьарлера аьтто бара и дахарехь. –
38
Оцу хIонцан пхоьлагIа дакъа дара,
Итт эзар эмкал Элчанна ;кхочу бахам.
Цу бахамах дендолчуьнга ладоьгIуш,
Вара массо бусалба – хиндерг ган лууш.
39
Ца кхоош цо бийкъира и берриг бахам,
Массо стаг цец воккхуш шен комаьршаллица.
Керлачу бусалбнашна кхачош алссам,
ДIабийкъира Элчано ;шена ца буьтуш.




40
Абу Суфъянна, цуьнан кIенташна тIехь
Цхьацца бIе эмкал, Сухайла ибн Iамрина.
Хьудайбиехь барт язбина гаурна,
БIе эмкал елира цо, бусалба вацахь.
41
Абу ДжахIилан Икримна елира
БIе эмкал, Т1аифан тIамехь тоба дича.
ХIетталца бусалбнийн мостагI и хиллехь,
Шен хилла мостагIий цо хьосту даьхница.
42
Аренийн тхьамданаш юьстах ца бити,
Эмкалийн реманех къурайшаш Iабий.
Ткъа белшах белш тоьхна итт шарахь шеца
Къахьегна бусалбнаш дегабааме эгий.
                43
–Нийсо яц, Мухьаммад (; .), ахь хIинца еш ерг! –
Аьллера дегабааме эгначара.
–Шу мичахь лаха дохку те нийсо,
АллахIах, Элчанах ;шеконаш еш хилча?! –
44
Жоп доцуш кхоьллина Iара бусалбнаш,
Iумарс пурба доьху церан кортош даха.
Къаьсттина боьхна ансараш хьаьвзира,
Шаьш дIатесна Элча ;къурайшашца тарна.
45
Макка яьккхича шайх херлуш хетта,
Къурайшашна чухьаьдда совгIаташ доькъуш.
Элча ;лела воьлча, моттало-кх царна,
Иза Маккахь саца воллу, дIатосуш шаьш.
               



                46
–Шен тайпанах дIакхеташ ву Мухьаммад (; .)!
Маккин куьйгаллина кIел юьгуш Медина!
Къурайшийн когашкахь Iер вай кхин дIа! –
Дог доьхна ансараш бара дуьйцуш тийна.
47
Иштта хьал хIоьттиний шена хаарций,
Элча ;воьду царна тIе – даггара дийца.
ДIакхаьчча, хастам бина АллахIна,
Мохь тухуш, вист хуьлу и мединахошка:
48
–Ансараш! Сан гIоьнчий! Ма тамехь йоцуш ,
Ойланаш ю шуна юкъахь, сох лаьцна лелаш!
Шу вовшех леташ дара со тIеоьцуш,
Шуна юкъа барт богIу, Делан некъ бевзаш! –
                49
–Шу тилла, кьинош деш, Iеса нах дара,
Со тIевеъча ийманан новкъа шу девли!
Шу къен дара – Дала шун хьелаш тоди!
Шу вовшашца дов дара – Дала юкъ яьсти! –
50
–И иштта дац аьлла, вистхила вуй цхьа?
Тап-алий ма Iелаш? Дош ала шайн делахь?
Дуьненан хьал бахьнехь – ма малде ийман,
Керла дине богIурш ас – хьолаца хьастарх! –
51
–Уьш сихха бусалба хиларе сатуьйсуш,
Леллий со-м, церан ойла Далла тIе ерзош.
Исламан некъа ас – шу дIа мел дуьгу,
Дуьненахь, эхартахь шу лардеш ву Дела. –




52
–Цара дIадуьгур ду – уьстагIий, бежнаш,
Аш шайца дIа вуьгур ву – Пайхамар ;Делан.
ЧIагIо йо аса, АллахIах дуй бууш –
Маккахь со ца винехь, – ансар хир ма вара! –
53
–Мел долу адам цхьана новкъа додахь,
Ансараш кхечу агIор бирзина болхахь.
Со хир ву – ансараш боьлхучу новкъахь,
Дала ларъеш хиларна шун тIаьхьенаш тIехь! –
54
Иштта къамел шайга Элчано ;дича,
Дегнаш дешна ансараш белха хиттира.
–Тхо токх ду, – бохура, – кхаьчначух тхайна,
Хьоьца ма ду тхан беркат, тхан ницкъ, тхан гIора! –
                55
Элчанан ;динера даьхница пайда
Боллий хиъча тIетайра маккахой динна.
Ислам дIадаржош уьш тIемашка хуьтту,
ХIуьппалгхойн пачхьалкхаш ерзош Делан дине.
56
ТIаифера юхадевлча Мухьаммад (; .)
Макки чувирзира, КаIбатехь дан Iумрат.
Кхузахь шен сардал веш Абу Суфъянан
ЦIийнахь стаг, вирзира толамца Медине.
57
Новкъахь чухьаьвза Акба олу юьрта,
Кхузахь яра дIайоьллина цуьнан нанна.
Аминат коша тIехь вилхира Элча (; .),
Бусалбнаш цец буьйлура цо лелочунна




58
–Пурба дийхира ас Деле сайн ненан
Коша тIе хIотта, – Элчано ;нах кхетийра.
–Бакъо луш, – доIа дар дихкира суна,
Гергарчух велха магорна – со вилхира. –
                59
Мединехь кхаъ бара Элчане ;хьоьжуш,
Кибтех Марията кIант винера цунна.
Воккхавеш Элчано ;хастам бо Далла,
Шен тIаьхье кхиаран совгIате сатесна.
60
–Хир дац тIаккха баха «цIагарниг» цунна,
Ойланаш хьаьвзира ирс кхаьчна коьрте.
Делан сийлахь доттагIчун, ИбрахIиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
ЦIе туьллу Элчано ;шен берана, хьоме. –
                61
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ма хилла АллахIах тешаш,
АллахIна Iибадат деш лелла болчарах.
Цуьнан дин, ислам санна, цIена хилла,
Мухьаммад ;вара ИсмаьIалан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхьенах.
62
Мухьаммад (; .), ирс кхаьчна, воькхане вара,
Амма цуьнца и доькъурш бацара дукха:
– Ирсен ненан эмгарш тIехь кхоьлина гора,
Накъостий хаало тIоьхалонна бекхна.–
63
–КIант кхиахь гонан хьал ду харца кийча,
Ден бакъо тIаккха йоьрзу цуьнан тIаьхьене.
Шерашкахь кхо дола дина доттагIех,
Схьахилча, цхьа Зайд вар-кха кхуьнца ирс декъа.–




64
–Зайд воьжна Византин дозанехь майра,
Уьттаза шайл алсамчу мостагIех леташ.–
«Шуна цхьанне ***йла дац тхойшинна,
Мел барамза вовшен дукха везаш вара!» –   
65
Зударшца Iаран раж Элчано ;ларйо,
Ца йожо и бахьанехь юкъа дегазло.
Ткъа хIара мел леранна леллехь ларлуш, –
Доьзалехь доккха дов дара дала кечлуш.
66
Динан исторехь ялх бIе ткъе уьссалгIа шо,
«Векалийн шо» аьлла цIе яхана дисна.
Макка южу, хавазхой муьтIахь хуьлу,
ТIаиф яра цкъачунна ца къарлуш йисна.
67
Юккъера, Къилбера Iарбийн ахгIайрехь
Ницкъ бац бусалбнашна дуьхьала баккха.
Цундела тайпанийн я гарийн векалш
БогIу Элчанна ;бусалба дин тIеэца.
68
ШахIадат далийна, бехкамаш бевзий,
Уьш бусалба умматан декъашхой хуьлу.
Кху мехкан юкъараллех ислам ийна,
 Iедалан куьйгалла Мухьаммаде ;доьрзу.
69
Дине баьхкинчарна тIедохку декхарш
Дара: вовшех цалетар, талораш дитар,
Дино бо бехкамаш массара ларбар, –
Мединин мостагIца тIамна кийча хилар.




70
Бусалбнашца маьрша болу хIуьппалгхой,
Хьийзабац Элчано ;дин тIеэца бохуш.
Бусалбнаш закат делчхьана бовлура,
ХIуьппалгхоша токхура барт хилла ясакх.
71
И такхар хуьлура шарахь цхьа дирхем,
ХIора синойн цIарах хIуьппалгхойн доьзалшна.
Мегаш дара такхарна ялта, даьхни,
Хурманаш, кIаденаш, тIеман духарш, герзаш.
                72
Цкъа цхьанне такхарш деш Iийна боцчу
Аренхошкара ясакх гуллур яцара, –
Шайхаша схьалучунна реза хуьлуш,
Элчано ;шеца маьрша Iахь Iад буьту уьш.
                73
Иштта гIеххьа долчу такхаршна барт беш,
Шортта кIошташ йогIу Мухьаммадан ;куьйге.
Дашна говзачу Элчанан ;векалша
Дукха адам, дов доцуш, дине далийра.
74
Малхбален агIорхьара Iарбийн ахгIайре
Ерригге  йирзинера бусалбнийн кара.
Хавазхой тешаме бартахой бара,
Машарх идда гIатафанхой богIу барте.
75
Элчанан бартахошна юкъахь бисна,
Талораш деш цара хьовзийча, тIаифхой
Дехаре богIу, ца бевллачу денна, –
Цаьрга шога декхарш кховдийра Элчано (; .):




76
–Бусалба динна тIедерзар дерриге,
Аль-Лат боху хIуьппалган шайн маьждиг дохор.–
–Пхи ламаз дукха ду, – боху векалша.
ТIе маьждиг дохор, тхоьга кхоччуш ма дайта.–
77
Сакифашна ламазийн терахь жимдеш,
Абу Суфъян воьду бIоца аль-Лат дохо.
Къурайшех аль-МугIирас ворзапца отуш,
Аль-Лат хIуьппалг йохийра – зударий белхош.
78
Аль-Лат яра шера, кIайн шогатIулгах,
Цунна тIе мел кхехьна мехала совгIаташ!
Элчане ;кхачийра дуьззина закат.
ТIаифхоша лахьийра аль-Латан гаьргаш.   
                79
Мединел арахьа Манатан маьждиг
Дара Аус-Манат тайпано дохоза.
Элчанан ;омранца иза дохийра,
Тайпанан цIе Аус-АллахI еш хийцира.
80
Иймане дерзийна башха тайпанаш,
Элчано ;цхьа уммат деш гулдира къоме.
Маршо, низам чIагIдира царна юкъахь,
Дихкира талораш, чIир, девнаш вовшашлахь.
81
–Итт-ях шо даьлча, - чIагIдора Элчано (; .), –
Бусалба зуда ша Мединера Макка
Маьрша дIалелар ю, цхьа кхерам боцуш! –
Цо дуьйцург бакъ хила ца ийшира зама.




82
Массанхьа шен векалш Элчано ;чIагIбо,
Дин хьеха, лардайта бухарчу тайпане.
Закат схьагулдайта, нийса кхел лело,
Мединехь чIагI ма-дарра, Къуръанца догIуш.
83
Низам лардаран бIо кхоллаза бара,
ЧIир йихкина елахь, вер-ваккхар лелара.
Къоланца талор деш, адам нислора,–
ЧIир эца маго дийзира эшначарна.
84
ЧIирна магош верг – куьг бехкениг вара,
Нагахь вен Iалашонца цо важа вийнехь.
Мах баккха йиш ю, цIийх мах охьа биллахь,
Дала магош бара иштта барт чIирхошлахь.
                85
Ансарашна делла дош хилира кхочуш,
Мединех хуьлу бусалбнийн коьрта шахар.
Махбаран белхаш берг бирзира кхуза,
Риба хьарам дича, Маккин хьал дуьйхира.
86
Генара совдегарш Медине хьийза,
ТIаккха Маккин махбархой Медине кхелха.
Кхуза гIоьрта алссам миска бусалбнаш,
Закатах, сагIанах тешна хене бовла.
87
ТIемаша луш хилла хIонц сецна яра,
Цо баха ховшийра мухIажарш, ансараш.
Кхеран ялтийн аренаш, стоьмийн бошмаш,
Яцара оьшшу чул рицкъа луш умматна




                88
Бусалбнийн хазнин – харжъяр совдаьллера,
Ял, закат гулдечу векалшна – алап,
Сардалшна, дин хоьхучарна до такхарш, –
Мисканаш, гIазотийн бой ду цунах тешна.
89
ХIуьппалгхойн шайхашна там бан безара,
АллахIана тIе ойла ерзийта церан.
ТIе шен гергарниш биц бойла яцара,
Хазни чу кхоччуш дерг тоьаш дац массарна.
90
Керлачу тIемаша, церан хIонцаша
ДIаяха там бара лаьтта халонаш.
ТIамна некъ цхьаъ бу Къилбседин агIорхьа,
Византин, ГIажарин хьийкъина мехкашка.
                91
Керла дине баьхкинарш Мухьаммадна (; .)
ТIеоьху, тIом бан кийча исламан дуьхьа.
Амма бу берзана, герз шайца доцуш, –
ВархIадех йисина цхьа шаьлта шайн борчехь.
92
Уьш-м кийча бара сихха новкъа бовла,
Таро йолуш, баха хевшинчаьрга хьаьжча.
Динан да – Элча (; .), царна декхар хетта,
ТIамна оьшу массо гIирс шайна хилийта.
93
Юург-мерг, тIехуург нисъян езара,
Гена тIаме гIаш вахар сонталла яра.
–Сан хьайба-м дац шуна некъана дала, –
Элчано ;аьлча, – уьш юьхьIаьржа хIуьттура.




94
ХIуьттура, шаьш кхоьллинчу цу Делан дуьхьа,
СагIийна д1аяла хIумма цахиларна.
Динан дуьхьа бечу тIамах довларна. –
Ткъа таро ерш ма бац сагIа дала тIера.
95
–Делан некъахь шайн бахам ма кхоабе,
СагIийца цIандала хьовса шайн къинойха.
Элчано ;кхайкхам бо хьал долчу нахе,
ТIамна бечу кечамна иэшарна бохча.–
96
–Байташца хьо бехвеш бухIтан до цара,
Ахь шайга бахамах сагIа ло бахарна.
Таро ерш реза хуьлу, шайна кховдош,
Бац гIо дан кийча миска-гIийлачарна. –
                97
Мел къайлах гонех хилла долу къамел,
ДIакхочура Элчане ;дистина шортта.
Дала боху: – Къайлаха до къамелаш
Ду шайтIанера – бусалбанийн барт бохош. –
                98
–Къамелаш хилийта ийманах лаьцна,
Диканаш дан, къовсаме довла сагийца.
Аш мел боккху ког, гуш ма бу Далла,
Доьрзур ма ду шу Цуьнга – дуьненан мохьца. –
99
Макка яьккхича Элчанан (; ) гергарниш,
Дийцарехь, дебна боху, уьйрех и къастош.
Накъосташна юкъа боьжнера къовсам,
Гонехь нах кIезиг бу ИбрахIим хьостуш.




100
Эццахь Элчанна ;орцах волу Дела,
Вахьи догIу: – Эхартан йоле са туьйсуш,
Кха кхио гIертачийн – дебар ду ялта:
Дуьне дезнехь  – дуьненахь, эхартах – хадош. –
101
–Нийсонах боьхна, харцо лелочарна
Лазош долу Iазапаш ду Тхан кечдина.
Ткъа Делан дуьхьа, диканаш динчарна, –
Зовкхех дуьзна беркаташ хир ду – жаннатахь. –
102
Дала Элча ;лара бохура нахе:
–ЦIе йохуш ма кхайкха, вовшашка санна,
Некъ бита цунна, маьждиге и вогIуш,
ТIевогIуш гIовтта, хьала дегI нисдеш. –
                103
Ялх бIе ткъе уьтталгIа шеран аьхкенехь
Элчанан доьзалехь дов гIотту цIеххьана.
ИбрахIиман нана, Марият бахьнехь,
КIант вича Элчанна ;сов хьоме хиларна.
104
Дийцарехь, Хьафсина кхочучу дийнахь,
Шен да, Iумар ган, иза яларна цIера,
Мухьаммад ;Маретца гой, ша цIа еъча,
Цо сий шен доьжна лору – гIарбашна хьалха.
105
И гIарбаш – езар, кIант вина хиларна,
Кхин цунна мелла бераш дан мегаш йолу,
Мила, хIун ю ца хуучух – ша хийцарна,
Тийжа йоьлла Хьафса, Элчано ;сацийра.




106
Хилларг йиш яцара нахала дала,
Элчано ;дуйнаца Хьафсина йо чIагIо:
И Марет эккхийна гучуьра яккха,
Дахарехь кхин цкъа – цунах ца хьакхавала.
107
Дела теш лоцуш, шена чIагIо йича,
Хьафса реза хуьлу нахала ца яла.
Ткъа жимма хан яьлча, – ша гIалат хетта, –
КIант, наний эккхочу – аьттонах яларна.
108
Ша дохко яьлча, Хьафсас хилларг дуьйцу
Iайшате, шен бисна эмгаршка цхьаьна.
Марет цаезарна церан барт хуьлу,
Элчанна ;цатам болу лелаян хуьйнаш.
                109
Сийлахь шина ден яра Iайшат, Хьафса,
Накъостий шаьшшинна тIехьа шортта болуш.
Цхьаъ бен воцчу цу кIентан нана эккхош,
Дов дерзийра Элчано ;ша мелла иэшош.
110
Марета кхин бераш дан тарлуш дара,
И боккха кхерам бара Элчанан ;гонна:
Маретан эмгаршна, даржаш долчарна.
Эццахь кхочу орца вахьица Элчанна (; .).
                111
Зударшца Iеран раж ларъяр тIедоьжна
Элчанна ;тIехь цахилар хоуьйту Дала:
–Хьан бакъо ю хьайн даго хоьржучунна
ТIеваха, хьайн лаамца кхин ерг дIататта.




112
–Кхечарна делахь, хьуна дац и къилахь,
Ахьа раж цаларъярх зударшца йиллина.
Уьш реза хила беза хьан харжамна,
Шун экамчу дегнийн хьал гуш Iаш ву Дела. –
113
–Ткъа хIинцачул тIаьхьа бакъо лац хьуна
Зударий бало, уьш мел хазбеллехь хьуна. –
Элчанан ;зударий бихкира Дала,
Вон лелахь – бохош уьш, кхин нисбан Элчанна (; .).
114
Элчанан ;доьзалехь дов гена даьлча,
Абу Бакар, Iумар вулу цунна юкъа.
Цара шайн йоьIарий кхетаме балош,
Дов доьрзу – зударшца юкъ Элчанан ;толуш.
                115
Керла тIамна эскар Къилбседе кечдеш,
Аьхке йойу Элчано ;нахе беш кхайкхам.
Цу агIор гIорта – ца хIуьтту бусалбнаш;
ЦIе летта ю аьхке, хурманаш хиллера.
116
–Мухьаммадна-м ;дера моьтта румашца тIом
Аренхошца бечу тIамах хир бу тера, –
Дуьйцура гулбелча: – ГIо – лууш вериг! –
ЗIенийн буржалш тоьхна гIарбаш хилла луург! –
                117
Цхьаболчара боху: – ДогIур дуй дага,
ХIокху йовхах тIамна эскар новкъа даккха?  –
–Цкъа Дала делла рицкъа чудерзийна,
Элчанна ;луург дан гIур ду-кх, – бах, кхечара




118
Бахьанаш-м шортта ду хьалхенгахь лелла,
Цу тIеман толамах бусалбнаш шек хила.
Делан некъахь балар – хеташ берш толам,
Бара Делан орцанца, толамах тешна.
119
Адамийн синош, бахамаш Дала, Ша
Эцна боху – эхартахь лур долчу зовкхех.
Делан некъан тIамехь, бала кхел хилларш,
Кхелхар бу, цахилларш – дIалелар бу сийлахь.
120
–Шу кхера эшац аьхкенан йовхонах,
Жоьжахатин цIе ю цул мелла йовха.
Хурманаш хила езац шуна дагахь, –
Дин даржочу гIулчашца гIо Далла гергга! –
                121
–Къарбалар дагахь доцу, мунепикъаш!
 Шун дегнех, цхьа дарба доцу, цамгар летта.
Лазош долу Iазапаш ду шуьга хьоьжуш,
Махьшаран майдана шу гулдеш х1иттийча.–
122
ГIазотан тIамна харжъечех ца бешаш
Болчарна, уьнца бала лур бу, бах Дала.
Делан некъах уьдурш белча, уьш боьхуш,
ДоIа дийр дац Элчано ;– эрна хиларна.–
123
Вахьишца Дала, мел тийсарх кхерамаш,
Цхьа вацара, уьш харц хетта, еш къаронаш.
Хаара Элчано ;бохург дан дезий,
ХIетте тIаме баха бацара сихбелларш.




124
Шаьш тIамах мукъа дита бахьанашца,
Чаккхе йоцу рогIе хиттира бусалбнаш.
Де, буьйса доцуш Элчане ;дехаршца:
Таро яц цхьаьннан, вукхо хIинц цIа дина;
125
Кхо зуда ялийна, нускалх дац волийла,
Кхуьнан хIусамехь доьзалца Iу вац вита.
Цхьа ансар-м зудчунах ваьлча ца мега,
Зударийн ирсана ша хиларна тIера.
126
–Горасиз, цамгаро лаьцна бисинарш
Я тIеман гIирсаш эца, шайн таро йоцурш.
Уьш Далла, Элчанна ;хьалха бу бехказа,
Ткъа кхинберш– Iазап лучу къила бу оьгуш. –
                127
ТIаме баха цалуурш алссам бовлу,
Цалуъчех-м дIабигча хир бацара бIехой.
Аренхой, Мединин мунепикъаш тIехь
Юхакхетта Къилбседе кечбечу тIамах.
128
Ялх бIе ткъе уьтталгIа шеран октябрехь,
Пхийтта эзар бIехойх кхоьллина эскарца
Византин дозане дин кхачо дагахь,
Мухьаммад ;воьду иштта гулбина бIоца.
129
Кхо бIе ах бIе чаккхарма Мединина
Гена девлча, Табукехь эскар сацийра
Элчано (; .). Кхузара насариш-Iарбий
Реза хуьлу бусалбнашна ясакх такха.
               



                130
Элчанан ;куьйга кIел еара Айла,401
Насарша Аккабан-Iомехь йина гIала.
Цул дехьа Хьассанхойн латтанаш дара,
Уьш Византин пачхьалкхан бартахой бара
131
ТIеман кхел гулйо, кхин дIа бечу некъах
Дерг къасто, Элчано ;тешаме накъостийн.
Кхоьлина Iа массо – Зайд, ДжаIфар дагахь,
Византхоша вожийна цу Мути тогIехь.
132
Делан лаам и белахь, и ца бохо,
Бист хилар доцуш Iара асхьабаш тийна.
–Тхуна хетарг дитий, Дала бохург де, –
Тийналла йохош, олу Iумарс Элчане (; .).
                133
–Делера хаам сайна хилла хилча-м,
Шух дагавийла-м со оьшур ма дацара.
Амма бац иза хуьлуш, – Элчано ;аьлча,
–ТIаккха вай дерзий цIа! – аьллера Iумара.
                134
Iумарна тIетайра гулбелларш бертахь,
ТIом дIабахьа беррише дегаза бара.
Айлехь, Табукехь яьккхина хIонц карахь,
Декабрехь Медине и эскар цIа доьрзу.
135
ХIонц халла тоънера цу тIеман харжаш
Йиначу бIехошна юха метта хIотто.
Амма кху тIеман декъахошна гира –
Шемара, Палестинин насарийн токхо.
               
401 – Айла-гIала  – Iарбийн мехкан дозанера Византин Iуналлина кIел хилла гIала
               
                136
Дин даржа деза агIо Мухьаммада (; .)
Делан пурбанца, хаьржира дукха нийса.
Ийман заьIап долу уьш цIа бирзира,
Шех гIортор ца йо къам, Далла цадезарна.
137
Элчанна ;муьтIахь болчу асхьабаша
Яккхий халонаш лайра цу гена некъахь.
Зенаш бен, шайна цхьа пайда ца хуьлуш. –
ЦIахь Iийна берш, ца бешаш, боьлура царах.
138
Хьалхе-м дара цIахь Iийначийн баккхий бер,
Цара чIогIа дарбира цу тIеман бIехой.
Дала, Ша, къастийра царна дан дезарг:
–ДIахьовзий, дIатаса – боьха хIумнаш! – олий.
                139
–Церан меттамотт цIе ю жоьжахатин,
Далла, Элчанна ;ямарт хилла бахкарна.
Тергал ма е цара яло бехказлош,
Кхин цкъа хьайца тIамехь хир боций хаийта. –
140
Бусалбнаш дIабоьрзу бевддачех тIамах,
Салам делча дуьхала жоп далар доцуш.
Маьждигехь цаьрца гIулкх цхьана ден доцуш,
ТIебаьхкича тергал уьш Элчано ;ца беш.
141
Бусалбнийн дIахьовзар сов бертахь хуьлий,
Мунепикъашна кIел лаьттах цIе яьллера.
БIаьрхишца кхоьруш цара гечдар доьхий,
Къинхетамечу Дала гечдира царна.




142
Элчано ;хаам бо бусалба бIоне,
Дала муха гечдойту цIахь Iийначарна:
Юкъара хазне массара луш сагIа,
ТIаккха шаьш мел летийна къинойх дIацIанлуш.
143
Бусалба умматна чуьра дIабохуш
Къастийначарна тIехь дан дезарг ца къаьсташ,
Шина батте дIагIоьрта гIакхбина хан, –
Шовзткъа де-буьйса даьлча, уьш доьзалх къастош.
144
Нисса шовзткъей итт де-буьйса дIадаьлча,
Дала Элчанна ;бакъо ло царна гечдан.
Юкъара хазне церан сагIа дерзош.
Цхьа IабдаллахI Iубайя таIзарах волу.
                145
ТIамера Элча ;цIа кхаьчначу хенахь,
IабдаллахI, вала воьжна, меттахь висна.
ТIехуьтту Элча ;цунна массо дийнахь,
ДIавуллу иза велча, каш тIехь деш доIа.
146
Мунепикъийн тхьамда эхарта хьажош,
Элчано ;диначух цец бовлу бусалбнаш.
–Мунепикъашна тIехь ас дина доIа
Царна йоле хьавзор долуш вац вайн Дела! –
147
Олуш, са тедира Элчано ;асхьабийн.
IабдаллахI велча тоба йов мунепикъийн.
Церан бен лаьттина аль-Дарар маьждиг
Дохийна дIашар до, латтина бух бойуш.




148
Исламна новкъарло еш цхьа да воцуш,
Бусалба низам дIахIоьттира Мединехь.
ХIинца и хьал деза арахьа даржош,
ДIадахьа исламе дирзинчу къаьмнашлахь.
                149
Ялх бIе ткъе цхьайтталгIачу шеран мартехь,
Абу Бакар коьртехь нах хьаж дан бохуьйту
Элчано (; .), цомгаш хилла ша цIахь соцуш.
Я хIуьппалгхошца цхьаьна хьаж дан ца хуттуш.
150
Абу Бакар накъосташца дIавахча,
Элчане ;мехала аяташ диссира.
Мехала хиларна, Элчано ;Iела,
Мина уьш хьажошна, дIакхайкхо хьажийра.
                151
ЦIийн сагIа даьккхина, Минахь гулбелча,
Хьажошка кхаъ боккхуш вистхуьлу Iела:
–ЛадогIал, нах, Къинхетаме Дала,
Кхочуш дан вайна тIе диллина декхаре! –
152
–Дела, Элчано ;хIуьппалгхойх, бах, дIакъаьста,
Шун барт хиллехь кхузахь, цаьрца цхьаьна хьаж дан.
Бихкинчу беа баттахь бу уьш маьрша, –
Дала Шех цатешнарш – хIиттор бу юьхьIаьржа! –
153
Кхайкхам бара иза бусалба нахе,
ХIуьппалгхошца дазар гуттаренна доьхкуш.
Бусалбнашца уьш хиларна ямарта,
Биъ бутт баьлча бакъо луш чIана баха уьш.




154
Нагахь уьш тоба деш, иймане багIахь,
Ламазций, сагIийций цIанбала хIиттахь.
ТIаккха уьш умматан вежарий хуьлу,
Бусалбнийн хьогIах уьш бита беза маьрша.
155
ХIуьппалгхошна дуьхьала и бетнаш девлча,
Дала кхайкха дойтуш дара динан гIазот.
Бусалбнашца бина барт цаларбарна,
КаIбатан хьарме уьш лелар дара доьхкуш.
156
Джихад дара Мединин дозанера,
ДIадолийна, го чIагIбеш, дIадахьа дезаш.
ХIуьппалгхошна Iамал яр хадош буххара,
Кхин орам хеца цунна меттиг ца буьтуш.
                157
Шен жайнаш диссина нахах дерг къастош,
Дала цаьрца тIом бар магий бусалбнашна.
Уьш ясакх такха реза хиллалц эшна,
Дала дерриг уммат ди декхар гIазотна.
158
ГIазотан декхар дац – берш тIаме хIиттар,
Закат луш шен хенахь, сагIийна комаьрша.
Ламаз, марха, хьаж дарца масал гойтуш, –
Динехь нисдалар ду, ийманехь сов довлуш.
159
Халкъ бертахь бакъонна тIе дерза лууш,
Аятехь аьлла Дала: – Ницкъ бар дац динехь! –
Барт боьхча, Элчане ;олуьйту Дала:
«Керста нах, шун шайн ду дин, тхан ма ду тхайн дин!»




160
–ДIахьовза царах юкъахь дина доза,
Церан Iедална кIел совцар ду шуна хьарам.
Бусалба дин аша дIадаржо деза,
ГIазотехь тасадаларх цхьа юха ца гIерташ! –
161
Дин даржочу тIамна реза Мединехь
Бацара латта лелош болу ахархой.
Хьанифийн тIаьхье ю ницкъ барна дуьхьла,
«Динехь ницкъ бар дац» бохучух хIайкал дина.
                162
Хьанифийн тIаьхьенаш шеконехь яра,
Дала тIамца дин даржор хиларх тIедожош.
–Хьенан ийман чIагIдо иштта сурато? –
Боху цара вовшашка, Элчанна ;хазош. –
                163
–Даггара тешначийн, – жоп ло Элчано (; .), –
Царна боккха, дог оьцуш, кхаъ ма бу иза.
Ткъа шеконийн цамгар йолчарна кийрахь,
Дегнаш чу ун хьаьвзина, уьш бохуш Iеса.
164
Хууш дара Элчанна ;дине кхерийна
Я са оьхьна балийнчийн ийман хир доций,
Деши санна цIена, заьIапло йоцуш.  –
Амма Iаж Iожа кIел бужу, кхор – кхурана.
165
Иштта насарийн берех кхуьу насариш,
ЯхIудийн берех бу-кха хуьлуш яхIудаш.
Нуьцкъаша хилла бусалбнийн тIаьхьенех,
Кхуьур бу заманца бакъ болу бусалбнаш.




166
Элчано ;дийцина: мацах цкъа лаьтте
Дала аьлла хилла Динан мохь тIелаца.
Iадийна латта реза ца хиллера,
Адамо динан мохь тIелаьцнера шена.
167
Элчано ;асхьабашка цкъа ца баьхна,
Динан мохь бу байн, хьехамаш царна ша беш:
–Ялсамани луш яц Дала байн мехах,
Динна къа хьега деза, эшахь – вала леш. –
168
–Дезар ду бусалбнийн дин даржо лаьттахь,
Делан некъахь тIом беш мостагIашца.
Аш мостагI вуьйр ву, цара бу бойур шух, –
Ялсаманица бекхам бо шух беллачарна! –


Рецензии