25 дакъа Ас валар хаьржи
I
ХIуьппалгхошна Дала ойла ян белла,
Биъ бутт хан тоьира, тIом боцуш, тоба дан.
Бертахь тоба деш зударий, божарий,
Шайхаш, бераш, гIарбаш тIехь – баьхкира дине.
2
ХIиндойн Iапказан бердашка гIоьртира,
ЦIен хIордера дIадаьржина бусалба дин.
Къилбседера Iарбийн махка тIе кхочуш,
Iарбийн ахгIайре яра карахь бусалбнийн.
3
ХIуьппалгхойн маьждигаш, зиярташ, жIараш
Йохаеш дIахьаькхира дамар дарц дина.
–Делан дин дендели, шен маргIал хоьцуш,
Воккхаве Элча ;Далан бакъо толорна.
4
Жима хIуьнан буьртигах хьала кхии,
Бусалба динан беркатах дуьззина дитт.
Адамийн тобанаш син кхачех хьаьгна,
Гуллуш ю цунна кIел лоьхуш шайна беркат!
5
Дахаро бакъ дора Элчано ;аьлларг,
Талорхойн гIеранаш, Хьиджазехь левчкъина,
Бусалба хуьлуш низаме яьхкира, –
Шайн Iесачу хенан къиношна гечдарна.
6
Насариш, яхIудаш шахьаршкахь баьхна,
Муьлхха Iедална ял такхарх уьш боьллера.
Церан дахарех бац цундела хийцам,
–ХIинца бусалба Iедална и ясакх такхарх.
7
Церан динна, дахарна юкъа Элча ;
Ца гIертара, уьш баьхчхьана шайн жайнашца.
ХIуьппалгхойн дин дара бийца бух боцуш, –
И леш дара адмашлахь, Iадаташ дуьтуш.
8
Ялх бIе ткъе цхьайтталгIа шеран чаккхенехь,
Элчано ;шен кара дерзийна мехкашкахь,
ХIуьппалгхойн дин доьжна, къарделла долу, –
Византина бусалбнаш тIелата кечлуш.
9
Византин дозанехь Iаш болу Iарбий
Насарийн дин лелош, бара царах ийна.
Лаамехь берш царах иймане берзош,
Бисинчарна ял такхар тIедожо дезара.
10
Данан тхьамдин сийлалла юьйлуш лакха,
Iедалан урхалла ю Элчанан ;жимлуш.
Умматехь дукхах дерг дан дезаш дара,
Асхьабех биначу векалшна тIе дуьллуш.
11
Элчанан ;юххера го боьлла бара,
Дечу гIулкхийн куьйгалла тIедилларх шайна.
ТIеман баьчча, сардал, ял йоккхург хоржуш,
Цигахь шен тобанах стаг веза хIоранна.
12
Iелин тобанах стаг дарже хIоттийча,
Абу Бакар Iумарца хамталлехь гора.
Шайн тобанах чунна иштта дарж делча,
Дегазло кхечаьрга йолу бовлуш Iора.
13
Мухьаммад ;Абу Бакар, Iумар вуьгуш,
Византин тIаме вахча, Iела цIахь вуьтуш, –
Цунна ша лахвеш хета, – мел динарг довш, –
ЦIахь вита везаш хуьлу и реза воцуш.
14
Йемане Iела хьажийра цул тIаьхьа,
Цигара тайпанаш иймане хьовзийта.
Реза боцу нах гучубовлу тIаккха,
Уьш кхетош Элчанан ;къахьега дийзира.
15
Хьаж деш, ялх бIе ткъе цхьайтталгIачу шарахь,
Абу Бакар винера боьлхучийн тхьамда.
Делан мехала вахьи кхайкхо Маккахь,
Iела хьажийра Элчано ;тIаьхьа царна.
16
ЦIа веъча Абу Бакара балхийра,
Шена хилла цатам, иштта вахьи шега
Кхайкхадайта цамагар теша, бохуш,
Леранна цунна тIаьхьа Iела ца хьажош?!
17
Дебнера Элчано ;дендина уммат,
Дела гIоьнца и даржош накъостий бара.
Дин даржор йохье долу асхьабашлахь,
Даьржинчохь, коьртехь царна, шайн-шайн нах бора.
18
Маккара къурайшаш бусалбнаш хилча,
МухIажарийн хилла барт баьллера хера.
Дино къастийна – хилла гергара нах,
ХIинца цIийн, тайпанийн озаршка бевллера.
19
Хьалха коьрталла лелийна тобанаш
ЦIийнан нах тIеозош хьал тодан боьллера.
Бала бу царна шайн массо гергарчийн,
Гарийн, некъийн – шайн цIийнан нахах хиларна.
20
Максулхойн, науфалойн, Iумайядийн402
Тобанаш хIайтталлица кхоллало динехь.
Царна юкъахь бу Къуръан хуурш дагахь,
Элчанан ;хьадисашца кхел къасто хуурш.
21
Ткъа церан тхьамданийн исламах кхетам,
Бакъо, нийсонна тIекхийдар – къаьсташ дара.
Абу Бакаран, Iумаран, Iусманан,
Iелин, аз-Зубайран тIехь – щайн-шайн – кепара.
402– максулхойн, науфалойн, Iумайядийн тобанаш кхоллало, уьш куьйгаллехь чIагIло – дин дендина мухIажарш, ансараш юьстаха тоьттуш, цIийца болу озабезамаш денлой, пачхьалкхийн куьйгалхой хуьлуш.
22
Ялх бIе ткъе шуьйтталгIа шеран январехь,
ЦIеххьана жима ИбрахIим цомгаш хуьлу.
ХIетталц и онда хьалакхуьуш хиллехь,
Ког боккхуш дуьххьарлера дешнаш олуш.
23
Элчано ;хьостуш и оьцура кара,
Самукъне хьоьжуш, къовлура мара.
ДегIах хьожа йохура, нанас санна,
Бер, Дала деза кхуллуш, совгIат хиларна.
24
Кхераме цамгар кIантах кхетта яра,
Цуьнан кхерам Элчанан ;дагчу боьссира.
Ма-хуьллу кIант тован Элча ;гIоьртира,
Марет, кхин зударий гонаха хьавзийра.
25
ЦIе летта вогуш волчу ИбрахIимна,
Бецех дина молханаш мийлош, тIехьоькхуш,
Бохкура зударий, Элча ;Iаш юххехь,
ДоIанашца ИбрахIимна голе йоьхуш:
26
–Я Аллах! Стигланийн, латтанийн – Серло, –
Бохура Элчано (Делера маршаллла хуьлийла цунна. с), – Хьайн серлонга дигахь,
Тхуна дарба хьоьхуш, хIара сан цхьа кIант,
Юхуш Хьайн кхел яцахь, вахийтахь дуьненахь! –
27
Буьйсанаш уьду хьакхаран чиркх богуш,
Элчано ;Деле доьху – са хуьлуьйтуш,
Иза дойтуш Ницкъ Болчуьнга доIанца:
Лардар жинийн, шайтIанан хьу юха тухуш.
28
Молханех, доIанех гIоле яц хуьлуш,
ИбрахIим леш хилар гуш дара массарна.
ТIаккха Элча ;вулу цунан са тедан:
Хьен ца луш, со вогIур ву, кIант, хьуна тIаьхьа. –
29
Цхьаболчара бехк – буьллура Элчанна (; .),
Делан кхоьлана иза реза воцуш хетта.
ХIоранан оьмар ма ю Цуьнан карахь,
Шена лаахь вахийта, лиънехь – дIавига.
30
Элча-м ;реза вара Дала динчунна,
Хамталлин Iаьциг цкъа хиланза шен сица.
– Гергарчунна велха магийна Дала, –
Жоп лора Элчано (; .), – эккхош кхаьчна бала.
31
Дийцарехь, ИбрахIим дIакхалхар хилла
Ткъе ворхIалгIа январехь бодане дийнахь.
–Стигланаш гIайгIане эгна ю, Элча (; .),
Хьан кIентан валаро, – наха бохуш кадамехь.
32
–Малх, бутт, седарчий лаамехь ду Делан, –
Жоп лора Элчано (; .), – адамийн кхолламца
ХIумма дац церан доьзна, базлуш бала, –
Наха бац-кх хуьйцуш шайн шира, Iеса кхетам.
33
Элчано ;мел хьехарх – Далла дан сужда,
Iац нах Цо кхоьллинчу хIумнашка ца кхийдаш.
ХIуьппалгийн заманан Iадаташ дисна,
Цу сакхтехь дIакъастаза нах бара нислуш.
34
ИбрахIим дIаверзош тезет чекхдаьлча,
Синтеме вогIу Элча (; .), вахаран жамI деш.
КIант валар лору цо – Делера хаам, –
Ша кхоччуш дина валар – дуьненан декхарш.
35
Дала ша дIавоьхуш хиларх и кхетта,
Гург хиларх ИбрахIим ялсаманехь кестта.
Цигахь схьагуллур бу Хадижат, Зайда, –
Безаш мел хиллачаьрца гуттара шена.
36
Кху лаьтта тIехь дуьсу Фатима, Iайшат,
ТIе Iела вуьса, Хасайнца Хьусайнан да.
–Со кестта лийр ву, – олу цо Фатиме,
И елха юьйлира, мела ладар хилла.
37
–Ма елха! – велало Мухьаммад ;тIаккха, –
Харжам сайга кховдийча, ас валар хаьржи, –
Хьо хьелур яц хьуна, со волчу кхача, –
Олуш са тедира цо шен хьоме йоьIан.
38
–Сол хьалха луур дарий яла хьуна? –
Хаьттира Элчано ;тIе кхойкхуш, Iайшате.
–Яцара! – жоп ло цо, ойла яр доцуш,
–Со дIа йоьллина, хьо каш тIехь ца велхийта! –
39
–ДоIанехь Деле суна жаннат ехна,
ТIаккха хьайн зударшна тIе хьо ца эхийта.
Суна йоьгIна буьйсанаш цаьрца токхуш,
Суна тIаьхьа сагатдеш хьо ца лелийта! –
40
Iайшата дийцарехь, и вела къежа,
Iажаллех лаьцна къамел кхин ца ди цара.
Iайшат яра цунна гергара, езаш, –
Хадижата-м жоп – цо санна лур дацара!
41
ИбрахIим дIакхалхарх бахьана даьлла,
Дахаре болу чам Мухьаммадан ;бужу.
Лазарш оьхура коьрте, цамгар чIагIло,
Х1айбаран дIаьвшан цIе – яра кийра боттуш.
42
Дала и хаьржи, пайхамар, Элча ;веш,
АллахIан лаам берг цо кхоччуш бин теша?
Оьшург диний те, дин нахе дIакхачош,
Халкъ нийса новкъа цуьнга Дала доккхуьйтуш?
43
Элчанехула ;Дала халкъашна хьийхи,
Нийсонца бакъо ларъеш, ийманехь даха.
Дуьненахь диканаш дан йохье довлуш,
Эхартан токхо лаха, вочунах ларлуш.
44
Ламаз дар шардина, марханех болий,
ШарIаца кхел ян хаьа, шарет до нийса.
Мах лелор, зудчун мах – ц1ена бар хьийхи,
Доьзалехь, лула-кулахь магаре хьовзий.
45
Зударшций, гIарбашций нийса юкъ латтор,
Духарца, даа-маларца бехкаллийн сурт.
Бер ненас шех кхето оьшу хан цхьаьна, –
Цхьа хIума ца диц деш – доссий Дала Къуръан.
46
Дахарехь адмашна мел болу кхерам,
Элчанехула ;Дала къастош дIагайти.
Хиъна дац олуш, цхьана ден барт хоттуш,
Бехказло яц яло, летийнчу къиношна.
47
ХIинца диснарг ду даржадар дин гонех,
ДIадахьар, хIара дуьне мел ду лардеш.
Исламан бакъо ю магийнарг лаьттахь,
Дала емал бина Шен Жайнаш дохийнарш.
48
Хьалха жайнаш диссийнарш ямарт хилла,
Дуьненан са лоьхуш, дохош Жайнийн маьIна.
Уьш бусалбнийн куьйга кIел хила беза,
Ислам хилийта церан харцо хьаьшна.
49
Дукха нах бац кхеташ Делан хьикматах,
ТIом магабарна Цо диссийнчаьрца жайнаш.
Хаьа Цунна исламо уьш хьаьшна бацахь,
Цара уммат доькъур дуй, вовшашца гам деш.
50
Машар тоьла бохучарна дац хууш,
Къам дебча цунна шен мохк гатлур буй мелла.
ТIаккха уьш вовшашна чугIерта къуьйсуш, –
Дин даржочу тIамца Дала токо йоьзна.
51
Динехь лору коьрта, мел долу декхарш,
Дала Элчанехула ;дIакхачий нахе.
Элчаллин ;декхарш чаккхене гIоьртина,
ХIинца бац сатеснарш керлачу вахьига .
52
«Динехь сов мила ваьр, кхин сурат доссахь?»
Шаьш бисча, олура бах, адмаша шайлахь.
Иштта хаам хуьлу Элчане ;хийла,
Хьаж даран кеп яра Элчанна ;къастаза.
53
ХIинца, дукха хан йоцуш, хии цунна,
КаIбатан маьждиг доцург, Маккин хьармехь кхин
Далла сий дан лууш метигаш юйла,
ХIуьппалгхоша лоруш ларйина мехаллаш.
54
ХIуьппалгхойн мехаллаш ялаяр юкъа,
Кхочуш яйта хьаж даран ламастех тоьхна,
Реза бацара Элчанан ;юххера накъостий, –
Вахьишкахь Дала и хьахийна дацарна.
55
Стохка хьаж дар хьехнарг ву Абу Бакар,
Виъ бIе гергга накъост шеца цхьаьна волуш.
Цо санна хьаж дар – дац масал нахана,
Элчано ;гайта деза хьаждар ша кхоччуш.
56
Ша коьрте хIоьттина нах хьаждан бигча,
Хаьа Элчанна ;шена хьоьхур дуй Дала, –
Муьлхарш ду ша лардан деза ламасташ, –
Шен коьртан, деган Iу Кхоьллинарг хиларна.
57
Ялх бIе ткъе шуьйтталга шеран март баттахь,
ТIекхочу бусалбнаша хьаждаран зама.
Мухьаммад – пайхамар ;ша хьалха волу, –
Цуьнца хьаждан тIаьхьа долу дуккха адам.
58
Мединера хилла, бах, кхузткъа эзар,
Кхинберш ца лерича, цуьнца новкъа бевлла.
Юххера накъостий, шен иссе зуда,
Элчанца ;цхьаьна гIовтту оцу декхарна.
59
Новкъахь цхьа буьйса шаьш яьккхин чул тIаьхьа,
Шен духар Элчано ;хуьйцу ихрам доьхна.
Эццахь дуьйна и Далла дуьхьала хIоьтти,
Дуьненан зовкхаш дерг хьарам дина шена.
60
Цо динарг дан массо тохало сихха,
Дайа бежнаш далочарна цо пурба ло,
Шайн духарх къаьстина ихрам тIедуха,
Цхьаболчу наха, зударша и кхоччуш до.
61
Ихрам тIедуьйхина Элчано ;олу:
–Сан Дела! Со Хьуна лолла деш ву-кх кхузахь!
Хьоьца нисдан дац-кх хIумма! Хьо ву Паччахь!
Хьайниг бен нийсонан бакъо яц дуьненахь! –
62
Ширачу доIица и дешнаш хилла,
ХIуьппалгхоша хуьйцуш, долуш дохийна.
Элчано ;хьалхарчу кепе далийра,
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Деле кхойкхуш ма - хиллара.
63
Далла ма – лаъара хьаждаран Iамал,
Иблисо дайшна хьехна сакхтех дIацIанъеш,
Элчанна ;тIехь дисна цхьа декхар дара,
И кхоччуш до цо – Iумрат тIера долийна.
64
Iумрат я хьаж деш гIаш вацара Элча (; ),
Цамгар чIагIъяларна, цо КаIбатахь гонаш
Эмкал тIехь доху, Iаса тIулгах Iуттуш,
Ас-Сафан, аль-Марват юкъаш иштта волуш.
65
И шира ламасташ ша дечу хенахь,
ДоIанаш до цо Деле ша нисвар доьхуш.
И Iумрат даран кеп – цIанйой Iесаллех,
Исламан мехаллех Iамал йина юьтуш.
66
Iумрат дина ваьлча, Элчано коьртах
Хьаькхира даьтта, хьожа хаза, чо кIадбеш.
ГIурбанна урс хьаккхалц ца бошу кортош,
И дале кхин ю лара еза метигаш.
67
Iумрат дIадирзича ихрамах къаьстий,
Шен духар тIе доьхна, са доIу Элчано (; .).
Ихрамций дIакъаьста хьаждаран бехкамаш,
Хинца ву и маьрша дуьненан хьашташна.
68
Iумарс ца магийра Элчано ;динарг,
Элчанах ;ца кхеташ кхин бара асхьабаш.
Са доIуш Iай, юха тIе ихрам доьхна,
ЦIанъян воьду – Мина, Муздалиф, Iарафат.
69
Уьш ю Iарбаша лерина меттигаш,
Массара КаIбате санна лоруш хилла.
ХIуьппалгех цIанъелча, уьш ларар Дала
Парз дира, бусалбнашна хьаж дечу хенахь.
70
Минан, Муздалифан тогIенаш хадийна,
Эзарнаш хьажой шена тIехьа хIиттийна,
Iарафат цу ломе кхечира Элча (; .), –
ХIара ю – нах Делан юьхье богIу меттиг.
71
–Iарафат-лам берриг, – олу Мухьаммада (; .), –
Далла дуьхьала хIуьттуш меттиг ю даима!
Кхузахь до, Кхоьллинарг ас лолла Хьуна! –
–Оха до лолла Хьуна, – хьажоша олу.
72
«Лаббайку йа рабба» боху и дешнаш,
Мохь бетташ Iарбаша дукха баьхна кхузахь.
Делкъан ламаз дина, цу лома тIера
Элча (; .), эмкал тIехь волуш, вистхуьлу нахе:
73
Элчано ;мел аьлларг дIакхайкхош вара,
Зевне аз долу Рабия ибн Iубайя:
–ХIай адамаш! Элчано ;ду шуьга хоьттуш,
Хаьий техьа шуна хIара муьлха бутт бу? –
74
–Сийлахь, беза бутт бу! – хьажоша эли.
–Дала деза лери шун гIурбанаш, даьхни,
ХIара де, хIара бутт, кху хьаж дарца цхьаьна. –
Шена дуьхьала шу дахккалц йолчу ханна.
75
Элчано ;мел аьлларг Рабияс кхайкхош,
Дукха генахь болчарна шера дIахеза:
–ХIай нах! – олу Элчано ;– вац со хууш,
Юха шарахь вай кхузахь кхин гур ду ала! –
76
– Дуйнаца тешийнарг дерзаде дега,
Шайна биънехь я аша нахана биънехь.
Дала дуйнийн чIагIонаш емал йина,
Рибаца юкъаметтиг йи Дала хьарам!
77
–Ахчанна тIе ял яккхар, хьарам ду шуна,
Iаббас ибн 1абд аль МутIалибан са – яйна.
Деллачул сов даккхий шай ма ло цунна,
Iеса хенийн чIир екхар Дала дихкина! –
78
–ХIай нах! ШайтIанан бакъо йов шун махкахь,
Далла Iамал еш болчу бусалбнашна тIехь.
Ткъа шу Iибадат иблисна дан хиттахь,
Дала дакъаза дохур ду Шена гергахь! –
79
–Хан Делан карахь ю – кхуллуш дуьйна,
Тахана иштта ду, хир ду йогIу хенахь!
Дала шеран хан шийтта батте екъна,
Кхин хIумнаш юкъа туьйсурш бу кхоччуш тилла! –
80
–Шайн зударшна тIехь – шуна бакъо елла,
ТIе зударийн бакъо ю – шуна тIехь лелаш.
Шун бакъо ю сий цаьрга бех ца дайта,
Бакъо ю – чубоьхкина, уьш кхето тухуш! –
81
–Етташ къизалла, магош яц царна тIехь,
Нислахь, церан бакъо ю, шуьга шаьш кхабийта.
Зударийн гIалаташна гечдеш хила,
Уьш-м шун йийсарш бай, шайгахь совца урх йоцуш! –
82
–Делан бакъонца уьш шун дола бевлла,
Аш церан дола де Дала ма-хьеххара.
Бусалбнаш вежарий бу цхьана умматах,
Вежарша доггаха лург – аша схьаэца! –
83
–Шу кхеттий, адамаш, дуьйцучух шайга? –
–Тхо кхетта, кхийти тхо! – дуьхьала хеза.
Дела ву-кх теш, шу кхетийна хиларна,
Ларделаш чIогIа аса хьехнариг шайна! –
84
–Шу галл девр дац – ас дуьйцучух тасалахь:
АллахIан къамел тIехь Къуръан ду шуна.
Барт хатта дендийриг хиларх, делча Дала –
Тешалаш, эхартан гуттаре – вайн къастош! –
85
Ас хьехна, лелийна масалш ду шуна,
Къуръанна, сан масалшна хера ма довла!
Делча дендан дезарх тешалаш чIогIа, –
Диканаш деш, сагIина сутара хила! –
86
–Теший шу, кхеттий шу, – боху Элчано (; .),
–Тхо кхетта, тхо теша, муьтIахь ду АллахIна!
МуьтIахь ду, хIай Делан Пайхамар (; .), хьуна! –
Элчано ;мел аьлларг церан дегнех ийна.
87
Малх буза кечлуш, аненгахь лахбелча,
Тохало хьажой, Iеса хенахь санна,
Муздалифана гонехь цIераш лето,
ДIалечкъачу малхана маьхьаршца тийжа.
88
Хьажойн хьал ца гучха, Iаш вара Элча (; .),
Иштта ламаст бусалба динца цадарна.
Нах совцу. Элчано ;малх буззалц Iийна,
Шаьш гIовттийна диггаллц Муздалифан-ломе.
89
Маьхьаршций, шакаршций, тIе тIараш детташ,
ГIовгIа йоккху хьажоша, ломан чIож Iадош.
Хьалха Кузахе403 йоьхура йочана,
ЦIерашций, маьхьаршций, вата, шакарш етташ.
90
ТIе хIинца Кузаха лаьттинчу меттера,
Хьажой дагахь хиллера АллахIе кхайкха.
Элчано ;и, ца дойтуш, уьш совцийра,
Муздалифан хьарма талбиян404 хиларна.
91
Муздалифа юй Делан юьхьехь меттиг,
Хоуьйту Элчано ;«Лаббайкалля» доьшуш.
Малх кхетале буьгу цо хьажой Мина,
АллахIна хастам баран талбия бохуш.
92
Март баттахь Элчанца ;хьаж дина барам,
АллахIна, малхана, Кузахица цхьаьна,
Керла дин девзинчарна Iамал хеттера, –
Кестта Дала вахьи до, гал кхетам нисбеш.
93
Дала дихкира хьаж даран хан хийцар,–
И еза хан даима бIаьстенца нисъеш.
Шеран заманашца лелар ду хьаждар,
ХIуьппалгхойн Iадатех шеца хIумма доцуш.
403 – Кузаха – Iеса заманахь Iарбаша йочана йоьхуш хилла КаIбатан хIуьппалг.
404 – талбия – «лаббайкалля» бохуш хьажцIахь Далла хьаставалар
94
Цхьана наха Элчане ;аьрзнаш дора,
Аьхка хенахь хьаждаран халонех лаьцна.
–Хьаждар ду шех сагIа дар Делан дуьхьа, –
Олу Элчано (; .), ткъа и – дац атта хуьлийла. –
95
Минахь йитнера кхоъ хIуьппалг йохоза,
Царах еш иблисан билгалонийн рамза.
Шен хенахь ИсмаьIалс (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIе тIулгаш детташ,
Кху Маккин хьармера хиларна дIалелхош.
96
И ламаст кхоччуш дар тIехь ду хьажошна,
Цу хIора джамаратна405 ворхI-ворхI тIулг кхуссуш.
ТIулг кхоссарций: «АллахIу Акбар! – олуш,
Кхаа дийнахь хIоразза ткъе цхьаъ тIулг кхуссу.
. 97
Талбиян дешнаш хилла кхузахь олуш,
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) гIурбанна вен гIортарна шен кIант.
Кхузахь дара бежнаш хьажоша дойуш,
Цул тIаьхьа, кортош даьшна, ихрамах къаьсташ.
98
–Даалаш, малалаш, ма-тов зовкх хьега,
И Дала вайна хIинца ю елла бакъо, –
Олу Элчано (; .), гобаьккхина къега,
МаггIара дIахиттийна, четаршка хьожий.
99
Махбархой, пелхьонаш, бозбуунчалхой,
Илланчаш, яздархой Iарбийн махкара,
Бара кхуза гулбелла хьуьнарш шайн гайта,
ГIурбанан жижиг ду даа мискачарна.
405 – джамарат – шайтIанан рамза деш боьттина кхо тIулг Минан тогIехь. Царна кхаа дийнахь ворхI– ворхI тIулг кхоссар парз ду хьажошна
100
Элчано ;кхузткъей кхоъ эмкал йийнера,
Ша мел ваьхначу шерийн хьесапехь цхьацца.
Шен зударийн цIарах дайира бежнаш,
Йеманера хьаждан кхуза Iела веъча;
101
Iелина тIера тIехь йийра Элчано (; .),
Эца эцна ткъе вуьрхIитта эмкал кхузахь.
Оццул хан кхаьчна вара шича, дийцарехь,
Цара сагIа даьккхира дерг адам дузош.
102
Шен шичин, невцан хир долчу дахарна
Балехь хилла Элча (; .), цуьнца го эгIарна.
Ша майра, дог цIена Iела хиларна,
Аренхошна везарна шайн синойл дукха.
103
Аренца галдаьлларг цо дерза дора,
Царалахь шортта керла накъостий карош.
Элчано ;Iелица шен гIурба дийра,
Хьасейн, Хьусейнан да – шена везар гойтуш.
104
Минара Элча ;юха Макка воьду,
КаIбатехь тIавап дина, Замзам-хи молу.
ТIаккха корта боший, ихрамах къаьста,
Хьаждар чекхдаларций, Медине цIа воьрзу.
105
Элчаллин ;шен декхар чаккхене кхаьчний,
Хууш вара Мухьаммад ;дегIан иэшамца.
Цундела цо олу нахе: «Тахана
Дала чекхдаккхийти соь дин хьехар шуна.–
106
–Дала Шен къинхетам вайна тIебоссош,
Нисбала луучарна Ислам – дин делла.
Делан Къуръанах, Элчанан ;суннатех
ЧIогIа тасалолаш, ца лаахь галдовла.
107
Де-дийне мел долу дегI оьшуш дара,
Коьртан лазарш дара чIагIлуш, луьста догIуш.
Ткъа Элча-м ;вац тем беш, ву денна воцуш,
Маьждигехь хутIба деш, ламазаш ша дойтуш.
108
Цо кечам болийра керлачу тIамна,
Византин дозане бусалба бIо хьажо.
Оцу тIеман баьчча цо во Iусама,
Дукха везаш кхаьбначу Зайдан доьзалхо.
109
Византин дозанехь Зайд вожийнера,
Элчано ;сацам бо кIенте чIир эцийта.
Ткъа шо кхаьчна Iусамел-м хьакъ бериш бара, –
Реза боцурш бара Элчанан ;сацамна.
110
–Зайд шайл лахара хетара сан гонна, –
Ойла йора Элчано, гуш церан яххьаш.
–Зайдех цабашар кховдий теша кIанте,
Лай хилла ден кIантехь – куьйгалла ца дезаш?–
111
Май бутт бале Iусама воккху новкъа,
Шен бIоца Урдан-хин,406 Византин агIорхьа.
Элчанан ;цамгар гуш, бIо балац гена,
Цхьана дийнахь некъ бича, совцу туп тоьхна.
406 – Урдан – хи – Иордан цIе йолу хи Iарбийн махкара.
112
БIо новкъа баьккхина шолгIачу дийнахь,
Цамгаро хьовзийра и, кхетамах воккхуш.
Беллачийн маьхьарий хезаш ду лерехь,
Шаьш Деле доIица кхуьнга деха бохуш.
113
Иштта гIан гуш ша сама ваьлча, чIогIа
И холча хуттура, ша Делан тIедахкарш
Кхочуш даза висна хиларна кхоьруш,
Цундела ша кешнашка цо вигийтира.
114
–Соьга омра дина, – олу цо Дала, –
Беллариш кешнашкахь Шега беха бохуш. –
ГIарбашо гIо деш и воьду кешнашка,
Бутт буьзна, седарчийн буьйса яра иза.
115
Элчано ;доIанаш ша дина ваьлча,
Элира: – Марша Iе, хIай кешнийн охIланаш!
Шу ирсе ду шуна, делла хиларна,
Баланийн тулгIенаш хиларна тIегIерташ.; –
116
–Керланиг хьалхачул тIех буьрса йолуш! –
Гуш хилла Элчанна ;йогIу хала зама:
ХIуьппалгалла доьжнехь, гIовту маьI-маь11ехь
Харц пайхамарш, шаьш Дала хьовсийна бохуш.
117
Къилба Йеманехь чIагIвелира Асвад,
Масламас Малхбален Йеманехь туп туху.
Ши харц ву, шолгIачо-м шен «къуръан» доккху,
Зуда – Саджах, стаг – ТIалха кхечанхьа гIовтту.
118
ТIе аренхой бац реза закат дала,
Тобанашка бекъало бусалба Iарбий, –
Динах болу кхетам шайн-шайн хиларна,
Коьрталла шайхь дезарна, къовсаме бовлий.
119
Могашаллин хьал Элчанан ;доьжнера,
Маьждиге ламазна дукха халла воьдуш.
Эххара вужу – Маймунин хIусамехь,
Кхетам бовш, метта веъча, кхин гIаттар доцуш.
120
Iайшатан Iуналлехь ша вита аьлча
Элчано (; .), зударшна тIехула ца лелош,
Iаббасан кIанта, Iелас и дIаваьхьира,
Цуьнгара царна цхьа накъосталла доцуш.
121
Маймуна гIоьртира цунна лело дарба,
Эфиопера шеца цIа деъна долу.
Магадац Элчано ;и дарба шена, –
Мединин ворхI шовдан хи тIедотта олу.
122
Цо боху хи тIекхачийра цунна,
Коьрта тIе доьттира, и хаийна охьа.
Хала лайра цо иштта долу дарба,
ХIетте гIоле-м яцара, хилла де цунах.
123
ШолгIачу дийнахь гIатталац ламазна,
Сацош гIо до цунна хица ламаз оьцуш.
Ирахь ша нисвича, са маллой вужу,
Юха ира хIоттаварх, вац шен дегI лоцуш.
124
Шен ламаз дехкийта хьал дацарх кхетча,
Цо Iумар векал во шен метта дIахIотта.
Ткъа и-м ца хIутту и декхар тIелаца,
Абу Бакар волу джамаIатна хьалха.
125
Элча ;леш хиларан шеко яцара,
Умматан бакъо яра цуьнгара юьсуш.
ХIинца цхьа адам дац цунна тIе дуьтуш,
Юххера цуьнца хилла накъостий боцурш.
126
Умматна гIайгIане бара бусалбнаш,
Ислам-дин кхин дIадахьа безара корта.
Элчанна ;шен метта гIовс – мила хетта,
Вацара цхьа хууш я цуьнга хаьттина.
127
Кхетам чу ваийтац цамгаро Элча (; .),
Харцлере воьжна, къамел дар соцуш.
Йозанан гIирс боьху, цкъа метта веъча,
Чохь болчех цхьа вацара меттах хьалуш.
128
Цул тIаьхьа цо цхьаьнгга дехар ца дира,
Боьхна бара бусалбнаш, хеташ дерш дуьйцуш.
Цхьаболчара Элча ;дийна вац бохуш,
Вукхара и валар дацара тIедуьтуш.
129
Абу Бакарс, Iумара ара волуш,
Элча ;толуш ву олу, нехан са тедеш.
БорхIалгIа июнехь Iайшатан цIийнан
НеIарехь гойту и дийна, ирахь волуш.
130
Нахана-м цуьнан къажар къаьстинера,
Нахехьа вирзина, цо куьг ластийнера.
Цул тIаьхьа, неI чIогIуш, и волу къайла,
Са тийна нах шайн гIулкхашна дIабуьйхира.
131
Цул тIаьхьа ца хьелуш Элча ;дIаволу,
Iайшатан настарш тIехь цуьнан корта болуш.
Цуьнан дайна хьажар бIаьргаш чохь соцуш,
Iайшатан мохь хезча, зударий чухьолхуш.
132
Цара шайн белхаршца Iадийра хIусам,
МIарашца яххьаш йору, иэтIаеш бедарш.
Зударийн тийжаро баржийра хаам,
Элчанан ;дIакхалхарх Мединин охIланна.
133
Массо дIахьоду ламазан маьждиге,
Элча ;дIавалар бакъ деш Iумар вацара.
И даржочийн кортош ву даха кийча,
Цо воьрзур ву, бах, и Делах дага ваьлла.
134
Iайшатан чувахна Абу Бакарна
ГIуш дара Делан Элча ;хилар дIаваьлла.
Цо Iумар сацаво, мохь тухуш аьлла:
–ХIай адмаш! Баккъалла, вайн Мухьаммад ;велла! –
135
–Мухьаммадна ;Iамалш еш хиллачарна
Хаийла, кхин нах санна, и вуйла велла!
Вай Iамалш еш волу, АллахI ву дийна,
И лаьттар волуш ву, даима Цхьаъ – дийна! –
136
–ХIай нах! Дага лаца Делан аяташ,:
«Мухьаммад ;ву пайхамар. Цул хьалха хилла
Пайхамарш белла, эхарта бирзина.
И вехь я лахь шу дохку иэга Iесалле!?»
137
Иштта дешнаш дагIахь, ца дагIахь дага,
Гулбеллачийн гIовгIанаш лагIлуш дIатийра.
Денлуш и юха вогIург хиларх дог дуьллуш,
Iадийнера мел верг – дан дезарг ца хууш.
138
Элчанан ;керт-ков и чохь Iуьллу хIусам,
Сихонца дIакъевлира, чу цхьа ца вуьтуш.
Буса къастийра Элчанан ;гIовсалла,
Шайна тIелоцуш и дIакхехьа хьакъ бериш.
139
Зубайрас, ТIалхас Iела векал вира,
Абу Бакар, Iумар хила луурш гIовтту.
Ансарашна СаIад ибн Iубайд веза,
Амма шолгIа ши тоба ансарашца тов:
140
Цу буссехь Iумар, Абу Бакар цхьаьний
Ансарашна тIе боьлху накъостий буьгуш.
–Тхо гIоьнчий ду Делан! – бах ансараша, –
МухIажарш, шу хIинца тхоьх цхьа дакъа хилла,–
141
–Умматан коьртехь вай ансар ван веза! –
–Аш дуьйцург бакъ ду дерг, – Абу Бакарс олу, –
Къурайшех верг бен вац-кх –Iарбаша къобал!
Ас Iумар я Абу Iубайд во шуна векал. –
142
–Шу-шайн, тха-тхешан гIовс хила веза! –
Вист хуьлуш ансарех цхьаъ вуьйлира юкъа.
–Схьакховдаде хьайн куьг, хIай Абу Бакар! –
Iумарс олу, куьг лоцуш: «Ас хьо во-кх къобал!» –
143
Цунна тIаьххье мухIажарша во и къобал,
Цара динарг дира тIаккха ансараша.
–Тхо эццахь кийча дара реза воцург,
Тхайн куьйгашца вуьйр волуш, – олу Iумара.
144
Эрна аьлла дацара Абу Бакара:
«Къурайшех вериг бен вац-кх 1арбаша къобал!»
МухIажаршкахьа ер ю ерг Макка,
ХIинца цара ислам-дин лар дийр ду цхьаьна.
145
Ткъа хIинца хIоьттина лаьттачу хьолехь,
Хьикмате, ларлуш волу Абу Бакар тов –
Массарна, Делан Элчанан ;гIовс даржехь, –
Сацамна Iаьрхачу Iумарал, Iелел сов.
146
Цунна ансараш тIетов мухIажаршна,
МуьтIахь хила цара бертахь чIагIонаш йо.
Шен тобанца Iелас ви иза къобал,
ШолгIа дийнахь чIагIво Мединин охIлано.
147
Делан Элчанан ;дуьххьарлера гIовс веш,
Бусалба уммато шен коьртехь чIагIвича:
–Суна муьтIахь хила, со мел ву муьтIахь, –
Вайн Далла, Элчанна (; .), – Абу Бакарс олу.
148
Умматан дола дан халиф хаьржича,
Элча ;дIаверзоран белхи бара коьрта.
Пайхамар дIаволлар ду кхарна керла,
Къуръан чохь цунах дерг хьахоза хиларна.
149
Iелас, Iаббаса Мухьаммад ;личийра,
Цунна тIера бедарш тIера дIа ца йохуш.
Кхо чкъор марчонан кIади тIехьарчийра,
Юха са даьллачу метта охьа вуьллуш.
150
Шинарийн дийнан шолгIачу эхангахь,
Болало Элчанах ;нах къостуьйту барам.
Цкъа божарий, юха зударий, бераш,
ТIаьххьара чекхбовла тIе битира гIарбаш.
151
Iайшатан хIусамна чухула бовлуш,
Массара олу цара доIанан дешнаш.
Сихха дIабоьлху уьш, са дале кхиийта,
Беригге бусалбнаш бовлита кадам беш.
152
Масех эзар бусалбнаш сарале ларий,
Элчанан ;некъ дика бан и валарх тешаш.
ДIавуллу меттиг елира къовсаме,
Абу Бакара дош аллалц иза къастош.
153
–Элчано ;аьлларг суна дага догIу:
–Шайн са даьллачохь дIабоьхкина пайхамарш.
Делан неIалт кIел ду церан кешнашна
Iамал-Iибадат до бохуш, лелаш долу къам. –
154
Иза бакъ деш я харц деш цхьа вацара,
Делан Элчано ;аьлларг бакъо яра кхин дIа.
Са даьлла чохь ша дIаволла цо аьллехь,
И тIехь Iуьллу маьнги кIел каш деза даккха.
155
Маьнга дIахилийна каш доккху цунна,
Кхарин буса Мухьаммад ;лахьти чувуьллу.
Каш чу латта хьокху, жимма барз боккхуш,
ХIусаман цIенкъа дIашаръеш хьалха санна.
156
Шортта бара исламан болх дIабахьа
Элчано ;кхалхале кечбина накъостий.
Абу Бакарс хьо и дукъ шина шарахь,
Закатна дуьхьала болу аренхой совцош.
157
Шаьш «пайхамарш» кхайкхийна нах, зударий,
Цо хьошуьйту, хIаллак беш, зуламхой санна.
Харц «пайхамар» - Мусайлим Вахьшис вийра,
Ухьудехь тIом болуш Хьамзат вийна Вахьшис.
158
–Ас вийна адмашлахь уггаре тоьлларг,
Юха вен сан ка долу уггаре вониг. –
Бохуш цо дуьйцура, леташ дин толо,
Хийла дегIах гIаж кхеташ, муьйлуш хиларна.
159
Молуш вара аьлла тIемалочун сий
Дожийна вацара Вахьши дийна волуш.
Бусалбнашца массо тIамехь и хилла,
ДIакхалхар тIехь нисделла цуьнан гIазотехь.
160
Шина щарахь халиф Iа Абу Бакар,
Тоьхна хан чекхйолий Деле воьрзу иза.
Бусалба наха халиф хоржу Iумар,
Дерриге Къуръан и хууш вара дагахь.
161
Цо бохура зина дина стаг, зуда,
Шена хезна Элчано ;шен барта олуш:
ТIулгаш деттачу таIзаре озаде, –
И аят долу меттиг Къуръанехь юьйцуш.
162
Таллам бира яздина Къуръанашна,
Элчано ;лардайтинчу Хьафсехь долчунна.
Цу тIехь ца карийра и аьлла аят,
–Сацам хуьлу – дехкаша и диъна аьлла.
163
И аят дагахь доьшучу Iумарна,
Ша шера деша, яздан говза волушшехь,
Элча ;волуш яздина дара аьлла,
И юкъа косса шеггара ца деъна дага.
164
Башха бара Iумаран динах кхетам,
Иза лардеш боцчаьрца таIзарна шога.
Муъминчаьрца дог кIеда, – кхоьлехь нийса,
Шена са ца лоьхуш умматан даьхнеха.
165
Шен гергарниш эгийтац декхарийла,
Карахь даьхни IаьIчу даржашка хиттош.
Бусалба исторехь дукха бац иштта нах,
Шийтта шарахь до цо умматна Iуналла.
166
Iумаран заманахь дин даьржа Шема,
Мисара. Ливе, Палестина, ГIажаре.
Халифатан доза дикка дIа шорлуш,
Iарбийн ахгIайренал генна ара долуш.
167
Iумарал тIаьхьа халиф хоржу Iусман,
Мухьаммадан ;нуц, Хадижатан вешин кIант.
Цуьнан хенахь къарйо ГIажарийн пачхьалкх,
Дагестан дIалоцу ка туху Византех.
168
Iаффанан Iусманца очбовлу бусалбнаш,
ТIеман хIонц, закат, сагIа гал даьккхи бохуш.
Гергарниш са йолчу хиларна нисбеш,
Керла схьалецначу мехкийн беш сардалш.
169
ТIеман баьчча волчу Iамар ибн Iаса
Мисарахь сардалан дарж карахь шен долчу,
Хьовсийна цIена бусалбнаша и воь,
Iусманан цIий дуьххьара Къуръан тIе Iенаш.
170
Iусмана чекхдоккху Къуръанан гулдар,
Зорбане цха жайна деш Делан Дош даккхар.
ТIемашкахь леш бара и дагахь хуурш,
Наха шайгара дакъош галдаха тарлора.
171
Сураташ тIедаьхна, мел хилла гIирсаш:
ЦIока, гIаш, поппаран экъанаш, даьIахкаш,
ЧIепа кхеранаш, кIаденийн цуьргаш, –
Гулдина, хьафисашца уьш хIуьтту литта.
172
Къуръан цхьаьнатоха гулйина тоба,
Элчанан ;йозанан белхаш лелийна нах тIехь,
Дика хьаьвзий гулло и Делан Калам.
Цу юкъа ца бахна гIирс берриг бо хIаллак.
173
Наха дезаш доIа дина «Фатихьат»
Хьалха язди, цул тIаьхьа деха сураташ.
Дацдаларца сураташ тIехьа тоьттуш,
Доцачех чаккхе еш, бIе дейтта уьш нисди.
174
Цу Къуръанца шайн дахар дIанисдина,
ПхуьйтталгIа бIе шо хан ю бусалба наха,
Цхьа хьаьрк ца хуьйцуьйтуш лардеш и Дала,
Цуьнца дIанисбелла Шен леш бо декъала.
175
Iусманал тIаьхьа халиф Iела хоржу,
Цуьнан зуда, Фатима дIакхелхинера.
Элчанний ;цунний юкъа ши шо дулу,
Весет до цо, дена юххе йолла аьлла.
176
Цуьнан дена юххе ши накъост вуллу:
Абу Бакар, Iумар – хьалхара ши халиф.
Цу даржехь шина шарахь Iела хулу,
Ша къобал ца вечу къурайшийн нахаца.
177
Зубайраца ТIалха Iайшатца бертахь,
Iелина дуьхьала бовлу барт бохийна.
Шемара сардал Абу Суфъянан кIант,
Муавий, Iелин куьйгалли кIел ца вогIу.
178
Iелас бIо эшийра ТIалхан, Зубайран,
Муавийн бIо тоьхнера кхиамца юха. –
Галъяьллачу тобанан муридех стага
Вийнера Iела тешнабехк бина шен чохь.
179
ПхоьалгIа бусалба умматан халиф
ДIахIутту ша Абу Суфъянан Муавий.
Цо долий Iумайян некъийн баьччалла,
Иэбеш цу баьччаллех дуьненан безамаш.
180
Муавий ца везначу заманхоша
Цунах лаьцна дитина дастаме дийцарш.
ХIуьппалгхойн илланчашца цо сакъоьруш,
Боьха бага еттарх, цаьрца маларш муьйлуш.
181
Нахана ца гучохь и хиллехь Iеса,
Царна хьалха, дийцарехь, и «малик» хилла.
Къуръанций, Элчанций ;йоккху гIулч юстуш; –
Куьйгалхошка ца хьоьжуш ислам даьржира.
182
Итт зуда яра Элчанан ;дIакхелхаш,
Х1айбарехь цо царна нисдинера дакъош.
Халифаша царна дара луш сагIа,
Керла маре царна Къуръано дехкарна.
183
Умматан ларам боккха бара цаьрга,
Церан дийцарш Элчанах ;мехала дара.
Царах дагабовлура Iеламнах, суьдхой,
Царна таIазар ца дора питна дича.
184
Элчанна ;Дала ялор тIедожийна
Оьзда бухера яра беркате Зайнаб.
БархI шарахь ехира Элчанал ;тIаьхьа,
ДIадоькъуш мискачарна шен даьхни, ахча.
185
Шовзткъей итт шарахь Элчанал тIех яьхна,
Х1айбарехь йийсар еш ялина Сафиййат.
Кхиъна шен бахам мелла сов дебийта,
Гергарчарна бIе эзар сов дирхем дита.
186
Пайде делира тIорказ чохь леранна,
Хьафсас лардина Къуръанан кьуйга йоза.
Цхьа жайна гулдеш хиллачу тобанна,
Таханлера Къуръан деш, зорбане дерзош.
187
Элчанна ;башха езаш хилла Iайшат,
БерхIитта шо долуш яра Элча ;кхелхаш.
Цуьнан оьмар хилла карзахе, еха,
Халифашна дуьхьала болчарна гIо деш.
188
Зубайра ир-кара цо хиттош хилла,
Iусманна, Iелина и дуьхьала вохуш.
Цо диц ца до Iелас – алар ша йита, –
Туьтеш дайна ша эскарх хаьддачу хенахь.
189
Зубайрин, Iелин ши бIо тасбаларх
Iайшатца доьзна «эмкалийн тIом» аьлла.
Эмкал тIехь йоккху и тIамна юкъара, –
Зубайрин бIехойн иза – яхь уьйуш хилла.
190
Буьрса цIий Iанор и къевсина хилла,
«Бусалбнийн нана» ларъеш кхузткъей итт велла.
Iелин бIо тоьлла, Iайшатан эмкал юьйш.
Iайшатахь йийсар йо, – Зубайр, ТIалх воьжна.
191
Бусалба ши бIо Iелас цхьаьна тоьхча,
Муавий вохавайта Iайшат гIоьртира.
Цо бохучунна тIе Iела ца тайра,
Iайшат цо дIаюьгуьйту Медине юха.
192
Элчанах ;лаьцна дукхах долу дийцарш,
Цхьа эзар ши бIе хьадисаш Iайшатера
Девзина гулдечу Iелам нахана.
Царах беркат даьлла Элчанан ;Суннатна.
193
Элчанан ;заманхойх шортта ду дийца,
Цуьнца хилла эзарнаш дин дуьхьа летта.
Африке, Испане кхаьчна и гинарш,
ТIаьхьенаш ю церан Европехь дин даржош.
194
Дукхахберш цу нахах Къуръан дешаза,
Хилла тешна АллахI бен Дела цахиларх.
Мухьаммад ;Цуьнан лай, пайхамар хиларх,
Къуръанал нийса кхин цхьа – бакъо цахиларх.
195
Дала гайтинчу бакъонан цу некъахь,
АллахIан дин даржош бечу тIамехь валар, –
Хаьа царна дуй кхачош ялсамане,
Ткъа иза бара дуьненан дахаран толам.
196
Адамийн исторехь дукха нисделла,
Кхерстачу аренхоша шайл кхиъна къаьмнаш,
ТIамца хьаьшна уьш шайн кога кIел далош,
ТIаккха тамаш бойла юй Iарбаша динчух.
197
Тамашена хета диначун тIаьхье –
Цул хьалха я тIаьхьа жIарахойн407 тIемаша,
Ца кхоьллина шаьш хьаьшна къаьмнашлахь,
Керла, лекха оьздаллин цивилизациш.
198
Iарбаша кара дерзийна мехкашкахь,
Бусалба динан юкъаралла кхоллина.
Цуьнан коьртех ву Маккара Мухьаммад (; .),
Шовзткъа шо долуш Дала Шен Элча ;вина.
199
Бусалба умматан и юкъаралла
Кхуьуш ю дуьненан массо кIажа кхоччуш.
Мисарболато408 аьчган хIума санна,
Къуръанан хьехамо тIеуьйзуш адамаш.
408 – мисарболато мисарболат) – муьлхха ачган хIума тIеузуш йолу аьргалла (магнит).
407 – жIарахой – бусалба пачхьалкхашна тIелетта Европин пачхьалкхийн керстанаш (крестоносцы).
Свидетельство о публикации №225090400502