ДештIаьхье

ХIай Веза-Воккха Дела! ХIара жайна яздеш ас яьккхина хан Хьайн дуьхьа  къахьегна лоруш, мелане елахь сан, Айхьа дуьненахь, эхартахь юьхькIай бинчарах тухуш. Хьо, Хьайн Элча ;везаш, лоручарах  тохалахь со, Шу хьехо, хесто могашалла, ийман, хьекъал лолахь, Хьайна муьтIахь хиллачу лайн тобанах велахь со, сан цIийнан охIланаш, Айхьа барт хоттучу халачу дийнахь.
АшхIаду алла илахIа иллаЛлахIу ас тешалла до (цхьана тайпана даг чохь шеко йоцуш) АллахI воцург кхин Дела цахиларца (шена Iибадат дан хьакъ волуш), ва ашхIаду анна Мухьаммадар-расулуЛлохIи (аса юха тешалла до Мухьаммад (да IабдаЛлахI волуш, нана Аминат йолуш, Къурайшийн цIийнах, ХIашиман тайпанах волуш, Маккахь вина, Мединатахь дIавоьллина волуш, цIена дин адамашна дIакхайкхо ваийтина – АллахIан Элча хиларца). Иштта кхуза шахIадат далийна муьлхха къомах долу адам бусалба хуьлу, цул тIаьхьа лело деза парзаш, суннаташ тIелацахь декъала хиларан новкъа волуш. Ма доккха совгIат ду иза Дала вайна, Шен Мухьаммад пайхамарехула ;дина.
Алла хIумма соьлли Iала Мухьаммадин ва Iала, али Мухьаммадин ва салима. Къинхетаме Дала гIо дойла вайна Элча ;веза ма-веззара веза, лара ма-веззара лара, хесто ма-веззара хесто!
Хастам бу Далла вай бусалба кхолларна, Элчанан (; ) умматах дарна. Дала бусалбнаш долуш дуьненахь дахийтийла вай, бусалбнаш долуш эхарта дерзийтийла вай. Амин!

                ТIетохар :
«Элчанан (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийлла цунна) ВЕСЕТАШ».

           (50 ВЕСЕТ)» жайнин мехала йозанаш.

Весеташ зорбане дахар къобалдина
Нохчийчоьнан бусалба динан урхалло.

«Элчанан (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) весеташ» цIе йолу жайна магийна Нохчийн Республикан дешаран, Iилманан Министерствос. Кху жайнах пайдаэца мегар ду «Динан баххаш» («Основы религии»), «Вайнехан гIиллакх - оьздангалла» («Вайнахская этика») цIераш йолу Iилманаш хьоьхучара, шайна уьш Iамочара, аьлла.

              БисмиллахIи ррохьмани ррохьийми
                ДЕШХЬАЛХЕ
Iаламийн Да волчу Далла хастам бу. Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла вайн эла волчу, сийлахьчу Мухьаммадана, цуьнан доьзална, цуьнан асхьабашна а, Цо цаьрга маршалла лойла.
Цул тIаьхьа: Аса дийшира хьадисаш тIехь долчу жайни тIера, Пайхамарера (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) деана долу цхьадолу весеташ, шен асхьабашка (Дела реза хилийла царна) цо дина долу. ТIаккха суна лиира царах цхьадерш жимачу жайни тIехь гулдан. Аса схьахаьржира шовзткъе итт весет: Аль - Хьафиз аль - Манзарийн «ат - ТаргIийб ват - ТархIийб», имам ан - Нававийн «Рияд ас - Салихьийна», ткъа иштта «ат - Таж аль - Жами! лиль-усул» цIерш йолчу жайнашна тIера.
XIapa сийлахь весеташ, цхьаболчу асхьабашка дина делахь а, цара чулоцу берриге а бусалбанаш. Цара хаздо Iибадат дар цIенна Делан дуьхьа (Лекха, Ц1ена ву Иза), Цунна декъахо цавар а. Цара билгалдо «ЛаилахIа иллаллахI» аларан а, Сийлахьчу, Везачу Далла сужда даран а, мархин а, ламазан а, тахIадджудан (Iуьйкъа ламазан) а, Iилма Iаморан а, сагIин а, тасбихьан а дозаллаш а, да - нана реза дар а, хаза гIиллакхаш а, гергарло лелор а, лулахошца бертахь вахар а, сагIина яа хIума ялар а, миска нах бузор а - уьш санна, кхийолу дика Iамалш хазъяр а.
(Пайда  совбаккхаран  Iалашонца,  цхьайолчу   меттигашкахь аса гергара маьIна  долу  масех хьадис хьахийна). Деле доьху аса: ерриге вайн Iамалш, дика а йолуш, къобалъяр а, Цо уьш цIенна, Шен сийлахьчу юьхьан дуьхьа яр а, оцу весеташкахь деанчух Цо вайна пайда бар а, цаьрца вайга Iамал яйтар а, Ша гойту нийса некъ къобалбайтар а. Дала къинхетам бойла вайн элчанах Мухьаммадах ;а, цуьнан доьзалех а, цуьнан асхьабех а, Цо цаьрга маршалла а лойла.

Нуьре Медина.   Мухьаммад Хьамзат Солихь Iужаж.

Нохчийн матте весеташ гочдина    Хатаев Хизирин Руслана.
Жайна зорбане даьлла Гуьмсе гIалара Кадыров Ахьмад – Хьажин цIарахчу «Путь» типографехь 2009 шарахь.


Рецензии