Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

БисмиллахIир рохьманир рохьийм

                ХЬАЛХАРА ВЕСЕТ
           «Ла илахIа иллаллах!» аларан дозалла
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина xlapa: - Аса хаьттира: «ХIай Делан Элча, Къемат-дийнахь, хьоьгара шафаIат бахьана долуш, декъала хин верг мила ву?» - аьлла. Делан Элчано (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) элира: «ХIай Абу ХIурайрат, суна хаар-кха, хьол хьалха цу хьадисах лаьцна сайга цхьаммо хоттур доций, хьо хьадисашна тIехь чIогIа сутара волу дела. Къемат-дийнахь соьгара шафаIат бахьана долуш декъала хинверг - даггара «Ла илахIа иллаллахI» аьлларг ву.I
Буьззина пайда хилийтархьама, даладо вай цул тIаьхьа догIу хьадис.
Самитан кIанта Iубадата (Дела реза хилийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира, аьлла: - АллахI воцург кхин дела вац, цхьаъ ву Иза, Шен декъахо а воцуш, Мухьаммад - Цуьнан лай, элча а ву, Iийса - Цуьнан лай, элча а ву, Цо Марьямана даг чу тесна дош, Цуьнгара са а ду, ялсамане хилар а бакъ ду, жоьжахати хилар а бакъ ду, аьлла, тоыпалла динарг - Дала ялсамане вохуьйтур ву, иза муьлххачу Iамална тIехь велахь а. Ткъа Хьубазата (Дела реза хилийла цунна) тIетуьйхира:-...ялсаманен бархIе неIарх - шена луъуче вохуьйтур ву, - аьлла.2
Муслима, Тирмизис а дийцинчу кхечу хьадисехъ ду:
- Делан Элчано (Делера кьинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезна суна: «Аллах! воцург кхин дела вац, Мухьаммад Делан Элча ву аьлла, тоьшалла динарг – Дала жоьжахатина хьарам вина».

I  И хьадис аль – Бухарис далийна
2  Иза Бухарис, Муслима дийцина


ШОЛГIА ВЕСЕТ
Дела цхъаъ варан хьокъехь
долу юкьара весеташ
Ибн Iаббаса (Дела реза хилийла цунна) дийцира: - Цхьана дийнахь, Пайхамар (Делера кьинхетаммий, маршаллий хуълийла цунна) хьалха волуш, тхойшиь воьдуш, цо элира: «ХIай кIант, хьуна цхьа дешнаш Iамо воллу со: «Дела Iалашве ахь, цо хьо Iалашвийр ву; Дела Iалашве ахь, Иза хьайна хьалха карор ву хьуна; айхьа доьхуш, Деле деха, айхьа гIо доьхуш, Деле гIо деха. Хьуна хаийла, нах хьуна цхьа пайда бан цхьаьнакхетча, цара хьуна пайда бийриг цахилар, Дала хьуна яздинчуьнца бен. Хьуна цхьа зен дан уып цхьаьна кхетча, цара хьуна зен дийриг цахилар, Дала хьуна яздйнчуьнца бен. Шекъанаш дакъаделла, кехаташ дIаайина».3
Тирмизис дIаяздина доцчу, кхечу хьадисехъ ду:
- Дела Iалашве ахьа, Иза хьайна хьалха карор ву хьуна; паргIатонехь Дела виц ма ве, халонехь Цо хьо вицвийр вац. Хьуна хоийла, хьоьга кхаьчна доцург, хьуна хила яздина цахилар, хьоьга кхаьчнарг а - хьуна хилла паргIато хилар, халонна тIаьххье атто хилар а.

3 Иза Тирмизис дийцина «Иза цIена, дика хьадис ду» – аьлла цо.

                КХОАЛГIА ВЕСЕТ
Iилма Iаморан дозалла
Мухарикъан кIанта Къубайсата (Дела реза хилийла цун¬на) дийцина:
-Со вахара Делан элча (Делера кьинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) волчу. Цо хаьттира: «ХIай Къубайса, хIун хилла хьуна?» Аса элира: «Къанвелла со, даьIахк юткъаелла сан, (цундела) хьо волчу веана-кх со, Лекха хилла волчу Дала суна пайда бен дерг - хьоьга сайна Iамадайта». Юха цо элира: «ХIай Къубайса, цхьана тIулгана, я диттана, я лаьттана уллохула ваьлла, дIавахана ма вац хьо, цара хьуна гечдар дехна а бен. ХIай Къубайса, айхьа Iуьйран ламаз дича, ахьа ала: «Субхьанал ЛахIи-ль-Iазыйми ва бихьамди-ХIи» - («Веза хилла волу Дела шех там мел боцчу хIуманах цIанво аса, Цунна хастам барца»), и бахьана долуш, бIаьрзе хиларх, уьнах а хьалхавер ву хьо. ХIай Къубайса, ахьа ала: «АллахIумма инни асъалу-Ка мимма Iинда-Ка, фа- афид рахьмата-Ка, ва анзиль Талаййа мин барака- ти-Ка» («ХIай Дела, аса Хьоьга доьху-кх -Хьан дала йишъерг, суна тIедоттахьа: Хьайн комаршо, Хьайн къин- хетам бехьа сох, Хьайн беркаташ диссадехьа суна тIе»)». 4
ХIокху сийлахьчу весето - Iилма Iамор деза хилар гойту. Абу Дардаа (Дела реза хилийла цунна) дийцинчу хьадисехь ду: - Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезна шена бохуш: «Iилма лохучу новкъа араваьллачунна, Дала, и аравалар бахьана долуш, ялсаманен некъех болчу цхьана новкъа воккхур ву иза. Баккъалла, маликаша шайн къинхетаме тIемаш мутаIеламна тIе ма дохку, цо лелочунна реза хуьлий. Баккъалла, Iеламстагана гечдар ма доьху стигланашкахь, лаьттахь мел долчу Iаламо, хи чохь долчу чIераша тIехь. Бак¬къалла, лайна хьалха Iеламстеган дозалла - седарчашна хьалха къегина кхетна болчу беттан дозаллах терра ду. Баккъалла, Iеламнах пайхамарийн верасаш бу, ткъа пайхамарша ирс эца дитина дац я динар, я дирхIам. Цара ирс эца дитина Iилма. И схьаэцначо - доккха дакъа схьаэцна». 5
4 – Иза имам Ахьмада дийцина.
5 – Аба Дардаа, Тирмизис, ткъа иштта Хьаббана шен «сахьихь» ц1е йолчу жайни чохь дийцина.
               
ДОЬАЛГIА ВЕСЕТ
Иштта Iилманан дозаллин хъокъехь
Iассал аль - Мурадан кIанта Сафвана (Дела реза хил-ийла цунна) дийцина:
-Со Пайхамар (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) волчу веара, иза маьждиг чохь, шен цIечу обанна тIе дIатевжина, Iуьллуш волуш. Аса цуьнга элира: «ХIай Делан элча, Iилма Iамо лууш веана - кх со». ТIаккха цо элира: «Марша вогIийла, Iилма лоьхург! Баккъалла, мутаIеламна маликаша гуо ма бо, цунна шайн тIемашца IиндагI до. Цул тIаьхьа, цо лоьхушдерг (Iилма) шайна дезар бахьана долуш, уьш вовшийн коьшкала ма хIуьтту, герга йолчу стигала хьалакхаччалц». 6

6 – Иза Ахьмада, Табранис а дийцина дикачу иснадца.

                ПХОЬАЛГIА ВЕСЕТ
                Лекхачу Далла сужда дар
Абу ТIалхьатан кIанта МиIдана (Дела реза хилийла цун¬на) дийцина:  -Со тIекхечира Делан элчанна (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) цуьнан  гIуллакххочунна Совбанна. Аса элчане элира: «Ахь суна йийцахьа аса йийр йолу цхьа Iамал, и бахьана долуш, Дала со ялсамане вуьгур волуш». Юха аса элира: «Далла уггар дукхаеза Iамалш а». И вист ца хилира. Цул тIаьхьа цуьнга юха хаьттира аса. И вист ца хилира. КхоазлагIа цуьнга хаьттира аса. ТIаккха цо элира: «Дуккха сужданаш дан деза ахьа; ахьа Далла цхьа сужда ма ца до, и бахьана долуш, Дала¬ хьо даржехь соввоккхуш, Цо хьан къа дIадоккхуш  бен». 7  Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай цу хьокъ- ехь долу кхин ши хьадис.
Хьалхарниг:
Самитан кIанта Iубадата (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина, шена Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезна, аьлла: -Лайно Далла сужда ма ца до, и сужда бахьанехь, Дала цунна цхьа дика яздеш, цуьнан вон дIадоккхуш, иза даржехь сов воккхуш бен. Аша дуккха а сужданаш де. 8
ШолгIаниг:
Хьузайфата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлийла цун¬на) элира, аьлла:–Лай шена тIехь волчу хьолехь, иза, шен юьхь ченала яхийтина, сужданехь гарал сов – Далла дукха дезаш цхьа а хьал ма дац. 9
(Шен юьхь ченала яхийтина, бохург - Лекхачу Дал-ла хьаставаларх, кхоччуш Цунна хьалха сийсаз хиларх лаьцна дуьйцуш ду).
7 – Иза Муслима, Тирмизис а дийцина; Совбана, Абу Дауда  дийцина.
8 – Иза ибну Мажах1а дийцина нийсачу иснадехь.
9 – Иза ибну Т1абранис «аль – Авсат1» ц1е йолчу жайнахь дийцина.

                ЙОЛХАЛГIА ВЕСЕТ
СагIин дозалла
Iажуратан кIанта КаIбас (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «ХIай Iажуратан кIант, КаIба, ялсамане чу гlyp долуш дац хьуна хьарам рицкъанах тIедиллина долу я дилха, я цIий а. Жоьжахати хьакъ ю цунна. ХIай Iажуратан кIант, КаIба, нахана юкъахь Iуьйрре арадолуш адамийн ши дакъа хуьлу: шен дегI хьалхадаккха Iуьйрре арадолург хуьлу, цо иза хьалха а доккху; шен дегI хIаллакдан Iуьйрре арадолург а хуьлу, цо и хIаллак а до. ХIай Iажуратан кIант, КаIба, ламаз даро Далла герга вуьгу, марха кхабар - жоьжахатина дуьхьало ю, сагIано, лам тIера ша башарх терра, къа дIадоккху». 10
Жабалан кIанта МуIаза (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Со Пайхамарца (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) новкъаваьлла воьдуш вара. Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) эли¬ра: «Аса хьо диканан неIаршна тIе нисвай?» Аса элира: «Нисвехьа, хIай Делан элча». Цо тIаккха элира: «Марха – жоьжахатина дуьхьало ю, сагIано, хиэ цIе дIаяйарх тер¬ра, къа дIадоккху».11
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай цу
хьокъехь («Аль - Кабир» цIе йолчу жайни чохь) ТIабранис, БайхIакъис а дийцина долу тIаьхьадогIу хьадис. Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий ***лийла цунна) элира: -Баккъалла, сагIано шен дайшна тIера кошан йовхо дIа ма йоккху. Делах тешарг, баккъалла, Къемат- дийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир ма ву.12
 СаIдан йоьIера Маймунтера дийцина Элчане (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хаьттинера аьлла: – ХIай Делан элча, сагIанах лаций дийцахьа тхуна.
ТIаккха цо дийцира: «Иза - жоьжахатина дуьхьал долу пардо ду, мел хиларе са а туьйсуш, Сийлахь-Везачу Де¬лан дуьхьа деллачунна».13
10  – Иза ибну Хьиббана шен «сахьихь» жайнахь дицина.
11 ¬– Иза Тирмизис дийцина. «Иза ц1ена, дика хьадис ду», – аьлла цо.
12 – Иза ТIабранис дийцина; «аль-Кабийр» цIе йолчу жайни чохь БайхIакъис а дийци¬на, Iамиран кIантера Iукъбагара ду, аьлла
13 –  Иза ТIабранис дийцина.

                ВОРХIАЛГIА ВЕСЕТ
Ши ракаIат  зуьхь ламазан,
xlopa баттахь кхаа дийнахь
марха кхабаран а дозалла
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
- Соьга сан доттагIчо (Делера къинхетаммий,
маршаллий хилийла цунна), аса цкъа дуьтур доцчу кхаа хIуманца весет дина: ватр ламаз дина бен со дIа ца вижа, аса ши ракаIат зуьхь ламаз ца дита (баккъалла, иза аввабин (тоба дечеран) ламаз ду), аса xlopa баттахь кхаа дийнан марханаш кхаба.
Жабал кIанта МуIаза (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина: – Xlopa беттан кхо де марха кхабар - ерриге заманахь марха кхабар санна ду.
Буьззина пайда хилийтархьама, дуьйцу вай xlapa тIаьхьа догIуш долу кхо хьадис а.
Хьалхарниг:
Iасин Iумаран кIанта IабдаллахIа (Дела реза хилийла цун¬на) дийцина:
Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «Xlopa баттахь кхо марха кхабар – ер¬риге заманахь марха кхабар санна ду».14
ШолгIаниг:
Абу Зарра (Дела реза хилийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира, аьлла: -Шун хIора хуттургана тIера дала дезаш сагIа ду, ткъа xlopa тасбихь «субхьаналлах!» алар - сагIа ду, xlopa тахьмид «аль-хьамду лиллахIи» алар - carla ду, xlo¬pa тахIлиль «ла илахIа иллаллахIу» алар - caгla ду, xlopa такбир «АллахIу акбар» алар - carla ду, диканиг де алар - carla ду, вониг ма де алар - carla ду, церан массеран а метта хIуттуш ду стага зуьхьа хенахь деш долу шиъ ракаIат ламаз.–
КхолагIниг:
Ибну Iумара (Дела реза хилийла цунна) дийцина, цхьана стага Делан элчане (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) марханах лаьцна хаьттира, аьлла. ТIаккха цо жоп делира:
-Xlopa баттахь кхо де марха кхабар - ерриге заманахь марха кхабар санна ду.15 
Иштта цо дийцина, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира, аьлла:
-КIайн денош ларделахь, xlopa беттан кхо де долу – кхойтталгIа, дейтталгIа, пхийтгалгIа денош.16

14– Иза Т1абранис дийцина.
15  Иза ТIабранис «аль – Авсат1у» жайнахь дийцина. И дийцинарг тешаме ву.
16 – Иза Ахьмада, Т1абранис, Тирмизис а дийцина.

БОРХIАЛГIА ВЕСЕТ
Тасбихь ламаз
Iаббасан кIанта Iикрамата (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) Iабдал – МутIалибан кIанте Iаббасе элира: «ХIай Iаббас, хIай сан деваша, цхьа хIума луо аса хьуна, совгIат де аса хьуна, цхьа итт дика де аса хьуна, нагахь ахьа иза кхочуш дахь, Дала хьан къинна гечдийр а долуш: хьалхарчунна, тIаьхьарчунна, ширачунна, керлачунна, ца хууш динчунна, хууш динчунна, жимачунна, доккхачунна, къайлах динчунна, гуш динчунна. И итт дика хIорш ду: ахьа диъ ракаIат суннат ламаз дар ду, хIора ракаIатехь «фатихьат», цхьа сурат а доьшуш. Хьалхарчу ракаIатехь уьш дешна хьо ваьлча, ирахь а волуш, ахьа пхуьйттазза ала «СубхьаналлахIи, ва-ль-хьамду лиллахIи, ва ла илахIа иллаллахIу, валлахIу акбар». («Дела декъахо лацарх цIанво ас, хастам Далла бу, АллахI воцург дела вац, Дела воккха ву»). Цул тIаьхьа, рукуI а дай, хьо рукуIехь а волуш, ахьа изза уьттазза ала. Цул тIаьхьа, рукуIера хьайн корта хьала а айий (дег1 нис а дай), ахьа изза уьттазза ала изза. ТIаккха, сужде гIой, хьо суждехь а волуш, ахьа изза уьттазза ала. Цул тIаьхьа, суждера хьайн корта хьала айий, ахьа иза уьттазза ала. ТIаккха, сужде а гIой, ахьа изза уьттазза ала. Цул тIаьхьа, сужудера хьайн корта хьала айий, изза уьттазза ала. Иза xlopa ракаIатехь кхузткъе пхуьйттазза (75) хуьлу хьуна. Ахьа иза дан деза деа ракаIатехь. Хьан къинош хIордан тIехула хIоытинчу чопан я гIамаран барамехь хилча, Дала хьуна гечдийр ма ду. Нагахь xlopa дийнахь и цкъа дан хьайн ницкъ кхачахь, иза ахьа делахь. Нагахь ницкъ ца кхачахь – xlopa рузбанан дийнахь ахьа и кхочушде; я xlopa баттахь цкъа; нагахь ца дахь - ша- рахь цкъа; нагахь ца дахь - ерриге хьайн оьмарехь цкъа дай а, де иза». 17
ХIокху ламазах «тасбихь ламаз» олу. Хьуна ма-гарра, цуьнан дозалла доккха ду. Даима а и деш хила хьо, хIай бусалба ваша.

17 – Иза Абу Дауда, ибну Мажах1а, ибну Хузаймата (шен «сахьихь» жайнахь) дийцина.

                УЬССАЛГIА ВЕСЕТ
Деле хьайна гечдар, могашалла еха
Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий
хил¬ийла цунна) аьлла:
-ХIай Iаббас, хIай Делан элчанан деваша, Деле хьайна дуьненахь, эхартахь гечдар деха, могашалла еха хьайна. 18
Iаббаса (Дела реза хилда цунна) дийцина:
-Аса элира: «ХIай Делан элча, аса Сийлахь-Везачу Деле доьхур долу цхьа хIума Iамадехьа суна». Цо элира: «Деле могашалла еха ахьа». Хаттар ца деш, масийтта дийне велира со. Цул тIаьхьа шолгIа хаьттира аса цуьнга. Цо соьга элира: «ХIай Iаббас, хIай Делан элчанан деваша, Деле могашалла еха ахьа, дуьненахь, эхартахь а».

18 – Иза Ахьмада, Тирмизис, 1аббаса а дийцина.

                УЬТТАЛГIА ВЕСЕТ
              Марха кхабаран дозалла
Абу Умамата (Дела реза хлийла цунна) дийцина: -Аса элира: «ХIай Делан элча, со ялсамане вуьгун волу цхьа Iамал яр тIедиллахьа суна». Цо элира: «Ахьа марханаш кхаба деза, цуьнга кхочуш хIумма дац хьуна». Аса элира: «ХIай Делан элча, со ялсамане вуьгун волу цхьа Iамал яр тIедиллахьа суна». Цо элира: «Ахьа марханаш кхаба деза, цуьнга кхочуш хIумма дац хьуна». Аса элира: «ХIай Делан элча, со ялсамане вуьгун волу цхьа Iамал яр тIедиллахьа суна». Цо элира: «Ахьа марханаш кхаба деза, цаьрга кхочуш хIумма дац хьуна». 19
Насаис дийцинчу кхечу хьадисехь ду, цо элира, аьлла:
- Со Делан элча волчу веара, тIаккха аса цуьнга элира: «ХIай Делан элча, Дала, ша бахьана долуш, суна пайда бен болу болх бийцахьа суна». Цо элира: «Ахьа марханаш кхаба деза, цуьнга кхочуш хIумма дац хьуна».Изза ибну Хьиббана дийцина шен «сахьихь» цIе йолчу жайни чуьрчу цхьана хьадисехь:-Аса элира: «ХIай Делан элча, Дала, суна шеца пайда бен болу болх бийцахьа». Элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Ахьа марханаш кхаба деза, цуьнга кхочуш хIумма дац хьуна. Дийнахь Абу Умаматан цIа чуьра кIура араболуш ма ца гора суна, царна тIе хьаша воьссича бен».Буьззина пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьадогIу хьадис а. Абу СаIийда (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла» цунна) элира: «Делан лайно Лекхачу Делан некъахь цхьа а марха ма ца кхобу, и де бахьана долуш Дала цуьнан юьхь къузткъе итт гуьйренна жоьжахатина гена йоккхуш бен» 20 (кхузткъе итт шарна).
19 – Иза Нисаис дийцина, т1аккха ибну Хузаймата а дийцина шен «сахьихь» жайнахь.
20 – Иза Бухарис, Муслима дийцина.

                ЦХЬАЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
               Далла декьахо лацар (ширк дар)
Самитан кIанта Iубадата (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина:
-Сан доттагIчо Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) соьга ворхI хIуманца всеет дина: «Аша, иэсехь долуш, Далла цхьана хIуманах декъахо ма лаца, шаып цестахь, дагадахь, ирхъохкахь а; ламаз ма дита (иэсехь а долуш, иза дитинарг, ислам чуьра араваьлла); аша Iеса хIума ма де - цо Дела оьгIазвохуьйту; аша къаьркъа ма мала - иза дерриге а къинойн корта бу; даларх ма ида, даларчу дирзина шаып хиларх а; шайн дена-нанна дуьхьала ма довла, цаьршиммо бохург де, нагахь цара хьайга, дерриге дуьне Iадда а дитий, дIавала бахахь а; хьайн доьзална тIера гел а ма хадае 21; хьайгара нийсо а е22»
21 – Уьш 1амош етташ йолу гел ма хадае, бохучу маь1нехь.
22 – Иза Т1абранис, Нисран к1анта Мухьаммада а дийцина.   
 


ШУЬЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
Исламан меженийн хьокъехь
Жабалан кIанта МуIаза (Дела реза хилийла цунна) дийцина: - Со вара Делан элчанца (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) новкъаваьлла дIавоьдуш. Цхьана дийнахь, тхо догIуш долуш, цунна улло нисвеллера со. Аса элира: «ХIай Делан элча, Дала, ша бахьана до¬луш, со ялсамане вуьгур волу а, жоьжахатина гена воккхун волу а Iамал йийцахьа суна». Цо элира: «Ахьа хаьттинарг доккха хIума ма ду, амма иза Дала атта динчунна, чIогIа атта а ма ду. Ахьа Далла Iибадат де, Цунна цхьана а хIуманах декъахо ца лоцуш, ламаз а де, закат а ло, Рамазан бутт а кхаба, хьаьжцIа а гIо». Цул тIаьхьа цо элира: «Аса диканан неIарш тIе нисвай хьо: мархано - вочух Iалашво, саггIано, хино цIе д!аяйарх терра, къа дIадоккху, буьйса юккъе яхча, стага деш долу тахIадджуд (Iуьйкъа) ламаз а де». Цул тIаьхьа цо дийшира: «Церан агIонаш меттанеха дIакьаьстина бу», - 6oxyш долу xlapa аят. 23 ТIаккха цо элира: «Аса белхан коьртах, цуьнан гIорторах, баххьех а лаьцна дийций хьуна?» Аса элира: «Дийцахьа, хIай Делан элча». Цо дийцира: «Белхан корта - ислам ду, цуьнан гIортор - ламаз ду, цуьнан бухь – гIазот ду». ТIаккха цо хаьттира: «Аса хьуна дийций, оцу дерригенан доладийриг хIун ду?» «Дийцахьа, хIай Делан элча», - элира аса. ТIаккха цо шен мотт схьалаьцна, элира: «ХIара хьайн мотт ларбе». Аса элира: «ХIай Делан элча, вай дуьйцу къамел бахьана долуш, жоьжахате ийзор долуш ду вай?» Цо жоп делира: «Хьан вон ма гойла хьан нанна, нах жоьжахати чу буьгучу хенахь, юьхьара текхабойтунберг – церан меттанаша дийцинарг бен, кхин хIумма а дуй» 24 (хIумма а дац, бохучу маьIнехь).
23 – Аьлча а, уьш тах1аджуд ламазаш деш, наб еш бац.
24 – Иза Ахьмада, ткъа иштта Т1абранис шен «сахьихь» жайнахь дийцина.

                КХОЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
Дена - нанна дика хилар
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Делан элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) волчу цхьа стаг веара. Цо хаьттира: «ХIай Де¬лан элча, адамашлахь аса уггар чIогIа гIо – накъосталла дан дезарг мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) жоп делира: «Хьан нана ю», - аьлла. Оцу стага юха хаьттира: «ТIаккха мила ву?» - аьлла. Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира: «Хьан нана ю». Цу стага хаьттира: «ТIаккха мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) жоп делира: «Хьан нана ю», - аьл¬ла. Стага хаьттира: «ТIаккха мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Хьан да ву», - аьлла 25. Кхечу хьадисехь ду: «ХIай Делан элча, аса уггар чIогIа накъосталла дан дезарг мила ву?» - аьлла хаьттича, Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий ***лийла цунна) жоп делира: «Хьан нана ю, юха а - хьан нана ю, юха а - хьан нана ю, тIаккха хьан да ву, тIаккха цул дехьа верг ву», - аьлла. 26
Кхоччуш пайда хилийтархьама, вай даладо хIара  тIаьхьа догIу хьадис.
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «Сийсаз хили-кх, тIаккха сийсаз хили - кх, тIаккха сийсаз хили-кх - шен да-нана (цаьршиннах
цхьаъ я и шиъ ший а) дуьненахь къандаллалц даьхна а долуш, цул тIаьхьа ша ялсамани чу цавахнарг».

25 – Иза шина шайхо дийцина.
26 – Иза Муслима дийцина.

                ДЕЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
              Гуттар ламаз деш хилар,
              дена-нанна дика хилар а.
Умаймата (Дела реза хилийла цунна), Пайхамаран (Де¬лера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) гIуллакххочо, дийцира: - Со яра Делан элчанна (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) ламаз эца хи дуттуш, тIаккха цхьа стаг чувеара. Оцу стага элира: «Соьга весет дехьа». Эл¬чано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна): «Цхьана хIуманах Далла декъахо ма ве, хьайн дена - нанна муьтIахь хила, царшиммо хьоьга хьайн доьзал (зуда), хьайн дуьне Iаддита бахахь, дIатасалахь уьш. Ахьа къаьркъа ма малалахь, баккъалла, – иза массо вон хIуманан доккха догIа ду хьуна. Эсехь волуш, ламаз ма диталахь, и дитинарг Делан, Цуьнан элчанан а шариIатера дIавели хьуна», – элира27.

27- Иза ТIабаранис дийцина.               
               
                ПХИЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
Ламаз динчул тIаьхьа олург
Маликан кIанта Анаса (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина, Умму Сулайм Iуьйрре Делан элча (Делера къин¬хетаммий, маршаллий хилийла цунна) волчу яхара, аьлла. Умма Сулаймас элира: «Сайн ламазна тIаьхьа аса ала дезаш долу дешнаш Iамадехьа суна». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «АллахIу Акбар» уьттазза ала, «СубхьанналлахI» уьттазза ала, «Альхьамду лилахI» уьттазза ала, Цуьнга цул тIаьхьа хьайна луъург деха, Цо, «хIаъ», «х!аъ», олу хьуна»28.          

28 – Иза Ахьмада, Тирмизис, ибну Хузаймата, Хьиббана дийцинана «сахьихь» жайнахь.
               
ЙОЛХУЬТТАЛГIА ВЕСЕТ
XIopa фарз ламазна тIаьхьа олуш дерг
МуIаза (Дела реза хилийла цунна) дийцина, Делан эл¬чано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна), шен куьг схьалаьцна, элира, аьлла: «ХIай МуIаз, валлахI, суна хьо дукха ма веза. ХIай МуIаз, аса хьоьга весет ма до: xlopa фарз ламазна тIаьхь ахьа, ца дитарца, «АллахIумма аIинни Iала зикрика ва шукрика ва хьусни Iибадатика» («ХIай Дела, суна rlo дехьа, Хьо хьехо а, Хьуна хастам бан а, Хьуна хаза  Iибадат дан а») алар».29

29 – Иза Абу Давуда, Нисаис а дийцина.
               
                ВУЬРХIИТТАЛГIА  ВЕСЕТ
                Зуькаран дозаллин хьокьехь
Бусран кIанта IабдаллахIа (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Цхьана стага элира: «ХIай Делан элча, исламан белхаш базбелла суна, со даима шех тасалур волу цхьа хIума дийцахьа суна». Делан элчано (Делера къин¬хетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Дела хьехош хьайн мотт тIуьна латтабе»30 (аьлча, Дела дуккха хьехаве).

30 – Иза дийцина Тирмизис ибну Хьиббана шен «сахьихь» жайнахь.               


БЕРХIИТТАЛГIА ВЕСЕТ
Иштта зуькаран дозаллин хьокьехь
МуIазера (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Цхьана стага Делан элчане (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хаьттира: «Уггар йоккха ял йолу муджахIид мила ву?» Элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) жоп делира: «Царах Лекха-Сийлахь волу Дела дукха хьехийнарг ву». ТIаккха оцу стага хаьттира: «Уггар йоккха ял йолу дика стаг мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) жоп делира: «Царах Лекха-Сийлахь волу Дела дукха хьехийнарг ву». Цул тIаьхьа оццу стага ламаззий, закаттий, хьаьжцIа вахаррий, сагIий хьахийра, хIоранна Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий ***лийла цунна) жоп луш: «Царах Лекха-Сийлахь волу Дела дукха хьехийнарг ву», - аьлла. Абу Бакра Iумаре аьллера: «ХIай Абу Хьафс, зуькар дечара дерриге дика шайца дIа ма даьхьи». ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «ХIаъ, даьхьи дера», - аьлла.31

31- Иза Ахьмада, ТIабранис а дийцина.

ТКЪАЙОЬСНАЛГIА ВЕСЕТ
Iеса хIуманаш диттаррий,
Далла муьтIахь хиларрий, Иза хьехорна тIеверзаррий
Анасан нанас (Дела реза хилийла цунна) дийцира, ша элира аьлла: -ХIай Делан элча, соьга весет дехьа. Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цун¬на) элира: «Iеса хIуманаш дита ахьа, и уггар деза хIижрат ду хьуна; даима фарз ламазаш кхочуш де, и уггаре деза джихIад ду хьуна; Дела дукха хьеха ве, Дела дукха хьехаварал сов хIума эцна, Далла дуьхьала гlyp яц хьуна хьо»32.
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай зуькаран дозаллин хьокъехь деана долу ши хьадис.
Хьалхарниг: Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цун¬на) дийцина, Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира, аьлла: «Сийлахь-Везачу Дала боху: «Со ву Сайн лен Сайца йолчу ойланца, Со цуьнца ма ву цо Со хьехочу хенахь а; цо, ша цхъаъ волчу хенахъ, Со хъахийча, Аса иза хъахаво Со цхъаъ волчу хенахь; цо Со цхъана тобана юкъахь хьахийча, Аса иза хъахаво цуънан тобанал дикачу тобана юкъахъ; иза Суна цхьа ше герга веъча, Со цунна цхъа дол герга воьду; иза Суна цхьа дол герга веъча, Со цунна цхъа г1улч герга воьду; иза Суна mle боларехъ веъча. Со цунна mle воьду чехкачу боларца». 33 
ШолгIаниг: МуIавията (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина, Делан элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) шен асхьабаша Дела хьехош бинчу гона юкъа вахара, аьлла. ТIаккха цо хаьттира: «ХIун бахьана долуш охьахевшина шу?» Цара жоп делира: «Дела хьахо, Цо тхаьш исламан новкъа дахарна, тхуна дика дарна Цунна хастам бан охьахевшина тхо». Юха Делан элча¬но (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлийла цунна) эли¬ра: «Делан дуьхьа, дийцийша суна, и бахьана долуш а бен, ца хевшиний шу?» Цара элира: «И бахьана долуш бен, охьа ма ца хевшина тхо». Элчано (Делера къинхе¬таммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Шу цхьана хIуманна бехке деш, баийна ма бац аса шуна дуй, амма суна тIе Джабраил доьсси, цо суна дийци, Веза-Сийлахь волу Дела маликашна хьалха шух дозалла деш ву»,34 - аьлла.
32 - Иза ТIабранис дийцина. 
33 – Иза Бухарис, Муслима, Тирмизис а дийцина.
34 – Иза кхаа шайхо а, Муслима, Тирмизис а дийцина.

ТКЪОЛАГIА ВЕСЕТ
Iуъйра ламазал хьалхарчу
ши ракаIат суннат ламазан дозалла
Ибну Iумара (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Цхьана стага элира:
«ХIай Делан элча, Дала суна шеца пайда бен болчу Iамална тIе нисвехьа со». Элчано (Де¬лера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз дан деза ахьа, цуьнца ду хьуна дозалла»35 Иштта ибну Iумара далийначу хьадисехь ду, шена Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезна, аьлла: «Iуьйра ламазал хьалха долу ши ракаIат ламаз ма дита, цаьршингахь ю хьуна догдохийла». Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай, Iайшата (Дела реза хилийла цунна) дийцина, тIаьхьадогIу хьадис а. Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат ламаз дика ду дуьненал, цу тIехьа мел долчулла».36

35 – Иза ТIабранис «аль- Кабийр» жайнахь дийцина.
36 – Иза Муслима дийцина.
      
ТКЪЕ ЦХЬОАЛГIА  ВЕСЕТ
Ламазна тIехь дIаса цахьежаран хьокъехь
Анаса (Дела реза хилийла цунна) дицина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «ХIай сан кIант, ламазна тIехь дIасахьежарах ларлолахь, баккъалла, ламазна тIехь дIасахьежар - хIаллакьхилар ду хьуна».37
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьадог!у хьадис а. Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «Баккъалла, Делан лай ламаз дан дIахIоьттича, Лекхачу, Беркатечу Далла бIаьра дуьхьала хIоьттина хуьлу и, ткъа иза дIасахьаьжча, Лекхачу, Бер¬катечу Дала цуьнга олу: «ХIай Адаман воI, хьаьнга хьоьжу хьо? Сол дикачуьнга хьоьжу хьо? ХIай Адаман воI, хьо хьайн ламазна тIехь волуш, хьо шега хьоьжучул а, Со дика ма ву хьуна».38

37 – Тирмизис дийцина.
38 – Иза Баззара дийцина.
 


ТКЪЕ Ш0ЛГIА ВЕСЕТ
Даггара леларан дозалла
Жабалан кIанта МуIаза (Дела реза хилийла цунна), ша Пайхамара Йемене вохуьйтучу хенахь, Делан элчане (Де¬лера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) ша эли¬ра, аьлла, дийцина:
-ХIай Делан элча, соьга весет дехьа.
ТIаккха Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Хьайн дин даггара леладе, кIеззиг йолу Iамал а кхачаме хир ю хьуна»39. Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай xlapa тIаьхьадогIу ши хьадис а.
Хьалхарниг:
Савбанера дийцина:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезна суна: «Даггара лелачарна - «ТIуба» ялсамане ю… боданан бала шайна тIера дIабоккху нийсонан чиркхаш долчарна а» 40.
    ШолгIаниг:
Кхечу хьадисехь ду, Абу Умамата (Дела реза хилийла цунна) дийцина, аьлла:
-Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира: «Баккъалла, Веза-Сийлахьчу Дала, даг¬гара, Шен дуьхьа йина йоцу Iамал къобал ца йо».

39 Иза Хьакима дийцина.
40 Иза БайхIакис дийцина.
               
ТКЪЕ КХОАЛГIА ВЕСЕТ
Делера шена цхьаъ оьшучо дан дезарг
Абу Афван кIанта IабдаллахIа (Дела реза хилийла цун¬на) дийцина: - Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «Делера шена цхьаъ оьшучо я Ада¬ман воIера шена цхьаъ оьшучо, кхоччуш ламаз эцна, цул тIаьхьа - ши ракаlaт суннат ламаз дойла, тIаккха Далла хастам бойла цо, Пайхамарна (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) салават а дуьллийла, тIаккха «Ла илахIа иллалЛахIу-ль-хьалиму-ль - ка¬рим. СубхьаналЛахIи робби-ль-Iарши-ль-Iазым, аль-хьамду лилЛахIи робби-ль-Iаламин, асъалуКа мужибати рохьматиКа, ва Iазаима, магIфиратиКа, ва-ль-гIанимата мин кулли бирр. Вас-саламата мин кулли исм, ла тадаI ли занбан илла гIафартахI, ва ла хIамман илла фарражтахI, ва ла хьажатан хIийа лаКа ридон илла къадайтахIа йа архьамар-рохьимин» («Эсала, Комаьрша волу АллахI воцург кхин дела вац. Сийлахьчу Iоршан Дела шех там мел боцчу х!уманах цIанво аса. Iаламийн Да волчу Далла хастам бу. Аса Хьоьга доьху Хьан къинхетам тIебохьург; дукхахьолахь, Ахьа гечдеш дерг а; мел долчу диканах хIонс караяийтар а; мел долчу къинойх хьалхаваккхар а; суна тIехь, Айхьа цунна гечдаза, цхьа къа долу хIума ма дитахьа, я цхьа гIaйгIa а - Айхьа иза дIаайаза; Хьой резаволу хьашт а - Айхьа иза кхочушдаза, XIай уггар Къинхетаме верг») бохучу дешнашна тIе а тоьхна, цо доьхур ду дуьненан а, эхартан а балхех шена дезарг, цунна и хир а ду» 41.

41   Иза Тирмизис, ибну МажахIа дийцина.

ТКЪЕ ДОЬАГIА ВЕСЕТ
Далла тIеверзар
Хьанийфан кIанта Тусмана (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Цхьана бIаьрзечу стага, Делан элчанна (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) тIе а веана, элира: «ХIай Делан элча, Деле дехахьа, сан бIаьрса тоде, алий». ТIаккха элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хаьттира: «Ца доьхуш витий аса хьо?» - аьлла. БIаьрзечо элира: «ХIай Делан элча, бIаьрса гар чIогIа халчу даьлла-кх суна». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Вало, ламаз а эций, ши ракаIат суннат ламаз а дай, цул тIаьхьа ахьа ала: «АллахIумма инни ас-алуКа ва атаважжахIу илайКа бинабиййиКа Мухьаммадин набиййир рохьмахI» («ХIай Дела, аса Хьоьга доьху -кх, со Хьуна тIе воьрзу-кх, Хьан пайхамар вол¬чу Мухьаммадехула (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна), къинхетамечу пайхамарехула»). ХIай Мухьаммад, со сайн Далла тIе воьрзу хьоьгахула, сан бIаьрса тодар Цуьнга доьхуш. ХIай Дела, цуьнга суна шафаIат дайтахьа, цуьнга сан синна шафаIат дайтахьа». Дала бIаьрса тодина, юхавеара иза42.

42 – Иза Тирмизис дийцина.

ТКЪЕ ПХОЬАЛГIА ВЕСЕТ
Сийлахь-Везачу Делан цIарца
хIума ехаран хьокъехь
Жабира (Дела реза хилийла цунна) дийцина, ибну
Тумара (Дела реза хилийла цунна) кхечу жайни чохь дийцина, аьлла: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Делан цIарца ша ларвар доьхург - Iалашвелаш, Делан цIарца хIума ехначунна-лолаш, шайга кхайкхинчунна - жоп лолаш,43 шайна цхьа дика болх биначунна - совгIат делаш, шайна дан совгIат ца карадахь, цунна, диканиг доьхуш, доIа де, шаьш цунна бекхам бина девлла, аьлла, хетталц»44. Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай, Делан цIарца хIума ехар емалдаран хьокъехь долу, тIаьхьа догIу хьадис а. РифаIатан гIуллакххочо Абу Iубайдата (Дела реза хи¬лийла цунна) дийцина, Рафи lac (Дела реза хилийла царна ) дийцира, аьлла: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Дала Шен къинхетамна гена ваькхи, Делан дуьхьа хIума ехнарг; Дала Шен къинхетамна гена ваьккхи, Делан дуьхьа хIума ехнарг; Дала Шен къин¬хетамна гена ваьккхи, Делан цIарца шега хIума ехча, цаелларг а...»45.

43 Шаьш кхайккхинчу метте гIо.
44 Иза Абу Дауда, Насаис, ибну Мажахьа «ас-сахьихь» жайнахь дийцина.
45- Иза Тирмизис дийцина.
               
                ТКЪЕ ЙОЛХАЛГIАВЕСЕТ
Уммуль-китаб (эльхьам) суратан дозалла
Абу СаIид РафиI ибн аль – МуIаллас (Дела реза хил¬ийла цунна) дийцира:  -Со вара маьждиг чохь ламаз деш, тIаккха со тIекхайкхира Делан элчано (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна).  Цунна тIе ца вахара со; цул тIаьхьа, хан яьлча, вахара со цунна тIе. Аса элира: «ХIай Делан элча, ламаз деш вара со». ТIаккха элчано (Делера къин¬хетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира:
«Сийлахь - Везачу Дала аьлла дац: «Далла, элчанна жоп ло, шайга кхайкхича?»   Цул тIаьхьа цо элира: «Хьо маь¬ждиг чуьра аравалале, хьуна Къуръан тIера уггар деза сурат Iамо воллу со». Тхо арадовла дохкучу хенахь, сан куьг дIалецира цо, тIаккха аса элира: «ХIай Делан элча, ахьа элир - кха, айхьа суна Къуръан тIера уггар деза сурат Iамор ду, аьлла». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) жоп делира: «Iаламийн Да волчу Далла хастам бу боху сурат, аьлча а, «фатихьат» - шозза доьссина долу ворхI аят а ду, соьга доссийна Сийлахь долу Къуръан а ду». 46 Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай «Уммуль - Китабан» (эльхьаман) хьокъехь долу хьадис.


Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезира суна: «Сийлахь - Везачу Дала аьлла: «Аса ламаз Сайний, Сайн лайний юккъехь шина декъе декъна, Сан лайна ду - цо деххнарг». Кхечу хьадисехь ду: «Цуьнан цхьа ах Суна ю, цуьнан шолгIа ах - Сан лайна ю».
Лайно аьлча: «Iаламийн Да волчу Далла хастам бу» («аль - Хьамду лиллахIи раббиль - Iаламийна»),  Дала олу: «Сан лайно Суна хастам би»; цо аьлча: «Къинхетамечу, «Комаьршачу Далла» («ар - рохьманир -рохьийми»), Сийлахь-Везачу Дала олу: «Сан лай¬но Со хастий»; цо аьлча: «Хьуна бен Iибадат ца до оха, Хьоьга бен гIо а дехац оха» («Иййака наIбуду, ва иййака настаIийну»), Дала олу: «Иза Суна а, Сан лайна юккъехь ду, Сан лайна ду - цо деххнарг»; цо аьлча: «Нийсачу новкъа дахахьа тхо, Ахьа шайна дика диначеран новкъа, Хьан оьгIазло шайна хиллачеран (жуьгтийн), я тиллачу (христианийн) новкъа ца дохуш. Тхуна жоп лохьа» («И хIдинас - сыратIа-ль-мустакъийма, сыратIаллазийна анIамта IалайхIим гIойри-ль-магIдуби IалайхIим валаддоллийна. Амийн»), Далла олу: «Сан лайна ду - цо деххнарг»47

46 Иза дийцина аль-Бухарис, Абу Дауда, Тирмизис а.
47 Изза дийцина пхеа имамо (Бухари воцчо).

ТКЪЕ ВОРХIАЛГIА  ВЕСЕТ
Къуръан тIера цхьадолчу суратийн дозалла
Анаса (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) шен асхьабех волчу цхьаьнга хаьттира: «Хьенех, ахьа зуда ялийний?» Асхьаба элира: «ХIан – хIа, валлахI, хIай Делан элча, я зуда яло хIума а ма дац соьгахь». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хаьттира: «Хьуна «Къуль - хIувалЛахIу ахьад» деша ца хаьа?» Цо элира: «Хаьа». Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Къуръанан кхоалгIа дакъа ду хьуна иза. Хьуна «Иза жаа насрулЛахIи вальфатхьу» ца хаьа?» Асхьаба жоп делира: «Хаьа». Элчано (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) тIаккха элира: «Къуръанан доьалгIа дакъа ду хьуна иза. Хьуна «Къулья аййухIалкафируна» ца хаьа?» Асхьаба: «Хаьа»,–элира. Элчано (Делера къин-хетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Къуръа¬нан доьалгIа дакъа ду иза. Хьуна «Иза зулзилатиларду» ца хаьа?» Асхьаба элира: «Хаьа». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Къуръ¬анан доьалгIа дакъа ду хьуна иза, хьайна зуда ялае, хьайна зуда ялае».48 Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай КъулхIан а, Бакъарат суратан эхарийн а, айатуль-курсийн, а дозаллийн хьокъехь деана долу хьадисаш.
МуIаз ибн Анас аль - ЖухIанис (Дела реза хилийла цун¬на) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «КъулхIуваллахIуахьад» уьттаза дешначунна, Дала ялсамане чохь цIа дугIур ду». ТIаккха Iумар ибн аль - Хаттаба (Дела реза хилийла цунна) эли¬ра: «ТIаккха мелла а алсам доьшур ду - кх оха иза, хIай Делан элча». ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Дела кхин ал-сам а, цIена а ву»49 .
Iайшата (Дела реза хилийла цунна) дийцира, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) цхьана тобанна тIехь куьйгалла дан а хIоттийна, цхьа стаг гIазоте хьажийнера, аьлла. Оцу стага, жамIатехь шаып ламаз дечу хенахь, шен асхьабашна сураташ доьшуш хиллера, «КъулхIа» дешарца чекхдоккхуш. Шаьш юха даьхкича, Пайхамаре (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) иза дIадийцина хилла цара. ТIаккха элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) аьлла: «Аша цуьнга хатта, цо иза стенна дора, алий.» ТIаккха цара цуьнга иза хаьттира, ткъа оцу стага царна иштта жоп делла: «Иза Къинхетамечун сибат долу дела, и дешар сайна чIогIа деза а дела». ТIаккха Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Аша цуьнга дIаала, Далла иза дукхавеза, алий» 50
Абу Зарра (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира: «Баккъалла, Дала аль-Бакъарат сурат чекхдаьккхи, Шен Iаршан кIеллахь йолчу хазнина тIера, Ша суна делла долчу шина аятца. Аша уып шайна Iамаде, уьш шайн зударшна Iамаде, баккъалла, и шиъ (аят) ду ламаззий, Къуръанний, доIий».51
Убаййа ибн КаIбас (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Сан дас суна дийцира, шена чохь даар дIадуьллуш йолу совчоь яра тхан, шена чохь хурманаш йоуш. Кест - кеста цуьнга бIаьрг тухуш хилла цо, амма тIера оьший карош хилла цунна и хурманаш. Цхьана буса уьш ларъян воьлла сан да, КаIб. Цу буса и тIенисвелла, пхийттара ваьллачу кIентан барамехь йолчу хIуманна. ТIаккха сан дас цуьнга салам делла, вукхо и салам схьаэцна. KaIбас цуьнга хаьттина: «Хьо х1ун ю? Жин ду хьо я адам ду?» Вукхо жоп делла: «Жин ду». Сан дас аьлла: «Хьайн куьг схьало соьга». Вукхо цуьнга дIакховдийна шен куьг, ткъа дIахьаьжча, цуьнан куьг – жIаьлин куьг хилла, цуьнан чоып а – жIаьлин чоьш хил¬ла. ТIаккха сан дас аьлла: «XIapa жин ду - те? Жинашна хиъна-кх шайна юкъахь сол чIогIаверг вуйла. ХIун дохьуш деана хьо?» Жино жоп делла: «Тхуна хезнера, сагIадалар хьуна дукха деза, бохуш, хьан яахIуманах кхета лиъна, даьхкинера тхо-м». KaIбас хаьттина хил¬ла: «Тхо шух Iалашдийриг хIун ду?» Жино жоп делла: «Аль-Бакъарат» сурат чохь долу xlapa аят ду-кх: «АллахIу ла илахIа илла хIуваль-хьаййуль-къаййуму». Суьйранна иза дешнарг, Iуьйренга валлалц тхох Iалаш вийр ву; Iуьйранна иза дешнарг, суьйренга валлалц тхох Iалашвийр ву».Iуьйре еача, Делан элча (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) волчу веана, цуьнга иза дийци¬на хилла КаIбас. ТIаккха Пайхамара (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) аьлла: «Бакълийна боьханиг» (жин).

48 И хьадис Тирмизис далийна, Саламат ибн Вардана, Анаса дийцира,аьлла. Тирмизис аьлла: «ХIара дика хьадис ду».
49 Иза Ахьмада дийцина.
50  ХIара дийцина аль Бухарис, Муслима, Нисаис а.
51 ХIара дийцина аль – Хьакима. Цо аьлла, аль Бухарин билламна тIе а доьгIна: «нийса хьадис ду          




ТКЪЕ БОРХIАЛГIА ВЕСЕТ
«КъулхIа» а, «кьуль аIузу бираббиль-фалакъ» а,
«ан - нас» цIерш йолчу суратийн дозалла.

МуIаз ибн IабдуллахI ибн Хьубайбера (Дела реза хи¬лийла цунна) схьадеана:
-Сан дас IабдаллахIа (Дела реза хилийла цунна) дийцира: «Тхуна тIе догIа туьйхира, бода беара, тхо дара тхаыпна ламазна хьалха валийтархьама, Делан элчане (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хьоьжуш laш. ТIаккха тхо долчу чу а ваьлла, цо элира: «Ахьа деша». Аса хаьттира: «ХIун деша аса?» Цо жоп дели¬ра: «Кхузза «къулхIа», «фалакъ», «ан-нас» а деша, хьо Iуьйренга, суьйренга мосазза волу, мел долчу хIуманна кхачо йийр ю хьуна цара»52

52  ХIара Абу Дауда дийцмна
               
ТКЪЕ УЬССАЛГIА ВЕСЕТ
«Къуль а1узу бираббиль-фалакъ» суратан а,
«ан - нас» суратан а дозалла
Iукъбат ибн Iамира (Дела реза хилийла цунна) дийцира, Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира, аьлла:
-Хьуна ца девза тховса диссийна аяташ, шаыи саннарш кхин гина доцуш долу: «Къуль аIузу бираббиль - фалакъ» а, «къуль аIузу бираббин -нас» а ду уьш53.
Иштта Абу Дауда аьлла дешнаш ду: -Делан элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) тIехь волчу дийнатан юьхь а лаьцна, новкъахула вогIуш вара тхойшиъ. Элчано соьга (Делера къин¬хетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «ХIай Iукъбат, уггаре деза а долуш дешнаш долу ши сурат Iамадай аса хьуна?» ТIаккха цо суна Iамийра «Къуль аIузу бираббиль-фалакъ» а, «Къуль аIузу бираббин-нас» а. Хьадис дийцира цо кхин дIа. Абу Дауда далийначу хьадисехь долу:  - Аль - Жухьфат, аль - Абваъ цIерш йолчу шина ломана юккъехула со лелачу хенахь, цIеххьана тхуна тIе мох хьаькхира, кIарулла Iаьржа бода  богIуш. ТIаккха Делан элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна), «Къуль аIузу бираббиль-фалакъ» а, «къуль аIузубираббин-нас» а» деша вуьйлира, Деле ша Iалашвар доьхуш. Цо элира: «ХIай Iукъбат, и шиъ дешарца Деле хьо Iалашвар деха, Деле ша Iалашвар доьхучо и шиъ санна деза долчуьнца доьхур ма дац». Iукъбата аьлла: «Суна цо и шиъ доьшуш хезна, ша тхуна хьалха ваьлла дечу ламазна тIехь а».
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьа догIу хьадисаш. Жабир ибн IабдаллахIа (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «ДIадеша, хIай Жабир». Аса хаьттира: «Сан дай, наний махийна хилийла хьуна, хIун деша деза¬ те аса?» ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) жоп делира: «Къуль аIузу бираббиль-фалакъ» а, «къуль аIузу бираббин-нас» а - и шиъ саннарг ахьа доьшур ма дац цкъа». ТIаккха аса и шиъ дийшира. Цо элира: «И шиъ деша ахьа».54

53  ХIара дийцина Муслима, Тирмизис, Нисаис, Абу Дауда а.
54  ХIара дийцина ан – Нисаис, ибн Хьиббана а.
               

ТКЪЕ УЬТТАЛГIА ВЕСЕТ
Делан элчанан (Делера къинхетаммий,
мар¬шаллий хилийла цунна)
суннат дендаран хьокъехь
              Iамир ибн Iавфас (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) цхьана дийнахь Билал ибн аль - Хьарисе (Дела реза хилийла цунна) хаытира: «Хьуна хаьий, хIай Билал?» ТIаккха цо элира: «ХIун хаа деза суна, хIай Де¬лан элча?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Хьуна хоийла, сол тIаьхьа юкъара дайна долчу суннатех цхьа суннат дендинчунна, цу суннатехь Iамал йинчунна йолччул ял хирг хилар, церан йолах хIумма эша ца деш. Ткъа Дела, Цуьнан элча реза воцуш долчу, тиллачу бидIатех (керлачух) цхьа бидIат (керланиг) юкъадаьккхинчунна, цу тIехь Iамал йиначунна санна долу къа хирг хилар, нехан къинойх хIумма эша ца деш»55.
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьа догIу хьадис. Ибн Iаббаса (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
-Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил-ийла цунна) элира: «Сан уммат доха герга дахча, сан суннатах тасавеллачунна 100 шахIидана (гIазоташна) йолч¬чул ял хир ю»56.

55 ХIара дийцина Тирмизис, ибн МажахIас. Тирмизис цу хьокъехь аьлла: «Иза дика хьадис ду».
56 ХIара дийцина аль – БайхIакис, атI-ТIабаранис а.





ТКЪЕ ЦХЬАЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
Дуьне дIатасаран хьокъехь
Абуль - Iаббаса СахIлас ибн СаIда – СаIийда (Дела реза хилийла цунна) элира:
-Цхьана стага Пайхамар (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) волчу веана, элира: «ХIай Де¬лан элча, со цхьана Iамална тIенисвехьа, нагахь аса и Iамал йича, со Далла везар волуш, нахана везар во¬луш». ТIаккха Элчано (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хуьлийла цунна) элира: «Дуьне дIатаса - Далла везар ву хьо; нахана гергахь дерг дIатаса - нахана везар ву хьо»57.
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай, вайн эла волчу Делан элчанано (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) дуьне дIатасаран хьокъехь долу, хlapa тIаьхьадогIу хьадис.
IабдаллахIа ибн МасIуда (Дела реза хилийла цунна) элира: -Делан элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) черта тIехь вижна Iаш вара, шен дегIан агIонна тIе девлла оцу чертан аьснаш долуш. Оха цуьнга хаьттира: «ХIай Делан элча, оха хьуна мотт биллича хIун дара-те?» Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) жоп делира: «Суна хIун оьшуш ду хIара дуьне, со кху дуьненчохь дошло санна бен ма вац - диттан IиндагIе ваьлла, цул тIаьхьа са даьIна, и IиндагI дитина, дIаваханчух терра волу»58.
ТIаьхьа догIучу хьадисо вайна хаздо дуьне дIатасаДалла къинхетам бойла цуннаабдаллахI ибн Мухьсин аль - ХутIамис (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Шен пайхамарна юххехь кхерамазалла а йолуш, шух Iуьйренга ваьлларг - шен дег1 могаш а долуш, дуьззина цхьана денна баа кхача а болуш, дерриге дуьне шена карадерзийначух тера ву».59
Иштта дуьйцу вай Жабирас (Дела реза хилийла цунна), гIетакх даран хьокъехь, дийцина долу хьадис. Жабирас (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил-ийла цунна) элира: «Г1етакх дар (кхоам бар) –
хазна ю .. .»60.

57  Иза дика хьадис ду, ибн МажахIас, иза воцчо а (дикачу иснадашца) дийцина долу.
58  ХIара дийцина Тирмизис. Цо аьлла: «Дика, цIена хьадис ду».
59  хIара дийцина Тирмизис. Цо аьлла: «Дика хьадис ду».
60  ХIара дийцина аль – БайхIакис шен жайнахь «аз – ЗухIд» цIе йолчу декъехь.
 
               ТКЪЕ ШУЬЙТТАЛП А ВЕСЕТ
Аль - Хьарис ибн Муслим ат - Тамимис (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) соьга элира: «Айхьа Iуьйран ламаз ма-дди, цхьана адаме хьо вистхилале, ахьа ворхIазза ала: «АллахIумма ажирна минаннари» («ХIай Дела, тхо жоьжахатих Iалашдехьа»), нагахь цу дийнахь хьо лахь, Дала хьуна яздийр ду жоьжахатих Iалашвар; айхьа маьркIажа ламаз дича, цхьана а адаме хьо вистхилале, ахьа ворхIазза ала: «АллахIумма ажирна минаннари» («ХIай Дела, тхо жоьжахатих Iалашдехьа»), нагахь цу буса хьо лахь, Дала хьуна яздийр ду жоьжахатих Iалашвар»61.

61  ХIара Насаис дийцина.

                ТКЪЕ КХОЙТТАЛГIА  ВЕСЕТ
              Ялсаманен охIланах волу кьонах.
 Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Цхьана акха Iарбичо, Пайхамар (Делера къинхетам-мий, маршаллий хилийла цунна) волчу веана, элира: «ХIай Делан элча, со цхьана Iамална тIенисвехьа, аса и Iамал йича, со ялсамане чу гlyp волуш». Пайхамара (Де¬лера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Далла Iибадат де, Цунна цхьана хIуманца декъахо а ца лоцуш, парз дина долу пхи ламаз де, парз дина долу закат даккха, рамадан беттан марханаш а кхаба». Iарбичо элира: «Сайн са карахь долчу (Делах) дуй буу аса, цул совнаха вер ма вац со я иза эпюр а ма дац аса».
Иза дIаволавелча, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлийла цунна) элира: «Ялсаманен охIланах волчу стаге хьажа луург, дIорачуьнга хьожийла»62.

62  ХIара дийцина аль Бухарис, Муслима а.

ТКЪЕ ДЕЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
«Истихарат»
(Делера диканиг дехаран) ламаз.
Джабир ибн IабдаллахIа (Дела реза хилийла цунна) дий¬цина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) тхуна массо х!уманна тIехь Iамадора, Къуръан тIера цхьа сурат Iаморах терра, гlo доьхуш доIа дан дезар. Цо олура: «Шух цхьа хIума дан луучо, ши ракаIат суннат ламаз дойла, ткъа цул тIаьхьа цо олийла: «ХIай Дела, Хьоьга доьху ас, Хьайн Iилманций, ницкъаций суна гечдар; Ахьа Хьайн боккха къинхетам бар а доьху ас Хьоьга, (Цу тIехь) Хьан ницкъ бу, ткъа сан ницкъ бац, Хьуна хаьа, ткъа суна хаац. Хьо ву ерриг къайленаш хуушверг. ХIай Дела, xlapa гIуллакх (шен хьашт хьахор ду цо) суна дика ду аьлла Хьайна хетахь, сан динний, дахарний, сан гIуллакхан тIаьхьенний (цо элира: «цкъа мацца а») и суна хила яздехьа, цул тIаьхьа суна цунах беркат дехьа. Xlapa болх суна вон бу аьлла Хьайна хетахь, сан динний, сан дахарний, сан белхан тIаьхьенний (цо элира: «цкъа мацца а») и суна гена баккхахьа, со а ваккхахьа цунна гена, мичхьара лой а, суна дика лохьа, цул тIаьхьа (Айхьа соьга и ца дайтарна) со цунна реза а вехьа. Элчано (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна) элира: «Цул тIаьхьа цо цIе йоккхур ю шена дезачуьнан». Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай, СаIда ибн Абиль - Ваккъаса (Дела реза хилийла цунна) дийцина долу, xlapa тIаьхьадогIу хьадис.
СаIд ибн аль-Ваккъаса дийцина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Адам пайхамаран (Делера маршалла хилийла цунна) кIентан декъалалла ю - Сийлахь-Везачу «Элчанан (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) весеташ» Деле дика доьхуш, цо «истихарат» ламаз дар»63.
Xlapa дийцина имам Ахьмада, Абу ЯIлас а, ткъа Аль - Хьакима совдаьккхина аьлла: «Адам пайхамаран (Деле¬ра маршалла хилийла цунна) кIентан дакъазлонах ду - Деле дика доьхуш деш долу, «истихарат» ламаз дар дитар»

63  ХIара дийцина имама Ахьмада, Абу ЯIлас, аль – Хьакима а.
               
ТКЪЕ ПХИЙТТАЛГIА ВЕСЕТ
Делан пурбанца, сингаттамий,
балий дIaoйуш долу дola.
Анасан (Дела реза хилийла цунна) хьадисана тIера Аль – АсбахIанис дийцина: -Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира:
«ХIай Iела, аса цхьа доIа Iамадай хьуна. Хьуна тIе цхьа бала я сингаттам беъча, цуьнан дешнашца ахьа хьайн Деле доьхур долуш. ТIаккха хьуна жоп лур долуш, Делан пурбанца, хьуна тIера иза дIаойбур болуш. Эца эций, ши ракаIат суннат ламаз де; Далла хастам бай, Цунна хьастало. ТIаккха хьайн Пайхамарна салават дилла, хьайна, Делах тешачу божаршна, зударшна гечдар деха. Цул тIаьхьа ахьа ала: «АллахIумма анта тахькуму байна Iибадика фима кану фихIи йахталифуна, ла илахIа иллаллахIу-ль- Iазыму. Ла илахIа иллаллахIу-ль-Хьалиму-ль-Кариму. СубхьаналлахIи, Раббис - самаватиссабIи, ва Рабби-ль-Iарши-ль-Iазым. Аль-хьамду лиллахIи Раббиль - Iаламин. АллахIумма кашифаль – гIамми, муфаррижаль – хIамми, мужимба даIваталь – мудтIоррина иза даIавка, рахьманаддунйа, ва-ль- ахирати ва рахьимухIума, фархьамни фи хьажати хIазихIи бикъодоихIа ва нажахьихIа рохьматан тугIнини бихIа Iан рохьмати ман сивака». («ХIай Дела, Хьайн лешна юкъахь доьжна долу дов къастадо Ахьа. АллахI воцург дела вац, уггар Лекха волу, уггар Сийлахь волу. Аллах! воцург дела вац, КIеда - Мерза волу, Комаьрша волу. Веза хилла волу Дела Шех там мел боцчу хIуманах цIанво аса, ворхI стиглан Дела, сийлахьчу Iаршан Дела. Iаламийн Да волчу Далла хастам бу. ХIай Дела, гIайгIа дIайоккхург, сингаттам дIаойург, Хьайга дехча, гатбеллачеран доIина жоп лург, дуьненахь, эхартахь къинхетаме волу Дела, цу шинхьа къинхетам беш верг - иштта (хIокху сан хьаштан хьокъехь сох къинхетам бехьа, и кхочушдарца, цунах со хьалха ваккхарца а; Хьо воцчо бен бийр боцчу къинхетамах - суна кхачо ен йолу къинхетам»).
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьа догIу хьадис а.
Ибн Iаббаса (Далла реза хилийла царшинна) дийцина:
- Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий ***лийла цунна) элира: «Суна тIе, цхьа доIанаш дохьуш Жабраил малик деара. Жабраил малико элира: «Хьан дуьненан белхех цхьа болх хьайна тIебоьссича, хьалха хIорш охьадагар а дай, цул тIаьхьа хьайн хьашт деха»: «Йа бадиIассамавати ва-ль - арды, Йа заль - жалали ва-ль-икрами, Йа сорихьа-ль - мустарихийна, Йа гIияса-ль-мустагIисийна. Йа кашифассуи, Йа архьамар-рохьимийна. Йа мужибад-даIвати-ль- мудтIаррийна, Йа илахIа-ль -Iаламийна, бика ун- зила хьажати, ва анта аIламу бихIа, факъдыхIа» («ХIай стигланашший, латтий кхоьллинарг, хIай сийлаллин а, комаьршонан а Дела, хIай гIодоьхучарна Гloдийриг, хIай орца доьхучарна Орцахволург, хIай вон ДIадоккхург, хIай уггар Къинхетаме верг, хIай гатбеллачеран доIина жоп Лушверг, хIай Iаламийн Дела, Хьуна хууш доьссина ду сан хьашт, Хьуна иза дика хаьа, и кхочуш дехьа»)64.

64  ХIара дийцина аль – Асбахьанис. Цунна дуккха тешаш а бу.

ТКЪЕ ЙОЛХУЬТТАЛГIА ВЕСЕТ
Ахьа дукха суждаш даро хьо вуьгу ялсамане чу
Абу Фирас РабиIат ибн КаIб аль - Асламис (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
-Делан элчанан (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) ялхочо дийцира (изза дийцира четаран охIланех болчара а): « Со вара Делан элча (Делера къин¬хетаммий, маршаллий хилийла цунна) волчохь буьйса йоккхуш, аса цунна дохьура ламаз эца тас-гIумгIий, ткъа иштта цуьнан кхечу гIуллакхе а хьожура со. Соьга Де¬лан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Деха соьга». Аса элира: «Хьоьца цхьаьна ялсамане чохь хилийтар доьху аса хьоьга». ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) хаьттира: «И бен кхин хIумма дуй?» Аса жоп делира: «И ду-кх». Цо элира: «ТIаккха ахьа, суждаш алссам дарца, суна гlo дехьа, хьайн са ялсамане дига»65.

65 –  ХIара  Муслима дийцина.
             

                ТКЪЕ ВУЬРХIИТТАЛГIА ВЕСЕТ
                Яа хIума яларан, салам даларан,
(Iуьйкьа ламазаш дарца)
буьйса денъяран а хьокъехь
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Аса элира: «ХIай Делан элча, хьо гича дагна там хуьлу-кх суна, бIаьрг белало самукъадолий, массо хIума дийцахьа суна». Элчано (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) элира: «Массо хIума хих кхоьллина ду». ТIаккха аса элира: «Аса дича, со ялсамане чу гlyp волу хIума дийцахьа суна». Элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Яа хIума ло, гергарло а леладе, Iуьйкъа ламазаш а де, нах дIабийшинчу хенахь - маьрша волуш - ялсамане чу гlyp ву хьо»66.
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай xlapa тIаьхьа догIу хьадисаш.
Хьалхарниг:
Абу Малик аль - АшIарис (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира: «Баккъалла, ялсамане чохь цхьа чоьнаш ю: шайна чухула хьаьжча - аре а гуш, арахула хьаь¬жча - чоь а гуш, Дала, шаьш яа хIума еллачарний, салам деллачарний, нах бийшина Iачу хенахь Iуьйкъа ламазаш диначарний, кечйина»67.
ШолгIаниг:
Жабира (Дела реза хилийла цунна) дийцира, шена Де¬лан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезира, аьлла: «Баккъалла, буьйсанна чохь цхьа сахьт ма ду, дуьненан, эхартан а белхех долу дика Деле доьхуш, цу чу бусалба нислур воцуш, Дала цунна и (дика) делла бен. Иза хуьлу xlopa буьйсана»68.
КхоалгIаниг:
Ат – ТIабранис «аль - кабийр» цIе йолчу жайни чохь дийцина, Абу Малик аль - АшIарис (Дела реза хилийла цунна) дийцира, аьлла: - Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира: «Стага, буса хьала гIаттина, шен зуда сама яьккхина (нагахь набарха сама ца йолуш дуьхьал ялахь, цуьнан юьхьа тIе хи хьаькхна), шаьшшинан цIа чохь цу шиммо, Сийлахь - Веза Дела цу буьйсанна цхьана сохьтехь хьехор ма вац, цаьршинна Дала геч дина бен».
ДоьалгIаниг:
Ибн Iаббаса (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) тхоьга омра дира, Iуьйкъа ламаз де аьлла, цо оцу ламазе тхан безам бахийтира, тхоьга ша олуш: «Iуьйкъа ламаз де аьлла, весет до аса шуьга, ватр цхьа ракаIат а дай».69

66  ХIара дийцина Ахьмада, Абиддунйас, ткъа ишттаибн Хьиббана (шен «ас – сахьихь» цIе йолчу жайнахь).
67 ХIара дийцина ибн Хьиббана шен «ас - сахьихь» жайни чохь.
68  ХIара Муслима дийцина.
69  ХIара дийцина ат-ТIабранис «аль – кабир» а, «аль – авсатI» а цIераш йочу жайнашна чохь.


ТКЪЕ БЕРХIИТТАЛГIА  ВЕСЕТ
Лулахочунна яа хIума яларан хъокъехъ
Абу Зарра (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «ХIай Абу Зарр, айхьа яахIума кхехкочу хенахь, чорпа алсам е, хьайн лулахой яа кхайкха».70 Оцу Абу Зарра (Дела реза хилийла цунна) дийцинчун хьокъехь кхечу хьадисехь ду: - Баккъалла, сан доттагIчо, Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) соьга элира: «Кхочуш даза цхьа а дика ма дита, нагахь и дан хьайн ницкъ ца кхачахь - нахе вистхила елаеллачу юьхьца. Ай¬хьа чорпа ечу хенахь, хи алсам дотта, хьайн лулахошна схьаэца цхьа кана, диканца царна иза йотта».71

70  ХIара Муслима дийцина.
71  ХIара ибн Нажжара дийцина.

ТКЪЕ ТКЪАЙОЬСНАЛГIА  ВЕСЕТ
Миска нах безаран хъокъехъ
Абу Зарра (Дела реза хилийла цунна) дийцира, шен доттагIчо, Мухьаммада (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) шега ворхI хIуманца весет дира, аьл¬ла:
I Сайл лакхарчаьрга ца хьоьжуш, со сайл лахарчаьрга хьежарца;
2  мискачу нахана герга гIертарца, уьш безарца;
3  гергарчу наха гергарло хадийча, уьш догъIаьржа лелча, цаьрца гергарло лелорца;
4  мел къаьхьа делахь, бакъдерг аларца;
5  Делан хьокъехь долчунна тIехь бехк боккхучуьнан Iиттарех цакхерарца;
6  цхьангге хIумма цаехарца;
7  «Ла хьавла, вала къуввата илла бил-ЛахI» («Диканна тIе нисвар, я вонах дIахьовзавар дац Делехь бен») дукха бахарца. Баккъалла, иза Iаршан хазнех ду.
 

ШОВЗТКЪАЛГIА ВЕСЕТ
Пекъаралла довзийтар
Абу Заррас (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) соьга хаьттира: «ХIай Абу Зарр, даьхни дук¬ха хилар - бахам бу аьлла, хетий хьуна?» Аса элира: «ХIаъ, хета, хIай Делан элча». Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хаттира: «Даь¬хни кIеззиг хилар - пекъаралла ду аьлла, хетий хьуна?» Аса элира: «ХIаъ, хета, хIай Делан элча». Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Баккъалла, хьалдолуш хилар - дог дехаш хилар ду, пекъаралла - дог пекъар хилар ду; шен даг чохь хьолалла долчунна дуьненчохь зен дийр дац; ткъа шен даг чохь пекъаралла хилларг - дуьненчохь совдаьллачо хьалдолуш вийр вац. Баккъалла, цунна шен бIаьрмецигалло зен дийр ду»72.

72  ХIара дийцина ибн ХIиббана шен «ас – сахьихь» цIе йолчу жайни чохь.

            ШОВЗТКЪЕ  ЦХЬОАЛГIА ВЕСЕТ
Сийлахь - Везачу Делах кхераран хьокьехь.
Абу Зарра (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Аса элира: «ХIай Делан элча, соьга весет дехьа». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Аса хьоьга весет до, Делах кхера, аьлла - бак¬къалла, берриге белхан корта бу и». Аса элира: «Кхин сов ваккхахьа со». Элчано (Делера къинхетаммий, мар¬шаллий хилийла цунна элира: «Къуръан деша ахьа, Сий¬лахь - Веза Дела хьахош, зуькар де, баккъалла, иза нур ду хьуна лаьттахь, стиглахь хьо вийцар ду»73. Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай Къуръан дешаран хьокьехь деана долу xlapa тIаьхьа догIу ши хьадис.
Хьалхарниг:
Абу Умамата (Дела реза хилийла цунна) дийцира, шена Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) олуш хезна, аьлла: -Аша Къуръан деша, баккъалла, иза къемат-дийнахь, ша дешначунна шафаIат деш, догIур ду. Аша деша ши «зухIравайни» (аьлча, «аль - Бакъараттий», «алу Iимранний»), баккъалла, и шиъ къемат-дийнахь догIур ду шаышпиъ ши марха, я ши гIолбат санна долуш, я и шиъ дешнарг къуьйсуш догIучу, могIа бина догIуш долчу олхазарийн тобанех терра. «Аль-Бакъарат» сурат дешалаш, и дешар - беркат ма ду, иза дитар - дакъазавалар ма ду, турпалхошка бен иза кхочуш далур а ма дац».
ШолгIаниг: IабдаллахI ибн Iамр ибн аль - Iаса (Дела реза хилийла цунна) дийцина: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «Къуръан доьшуш леллачуьнга эр ду: «Деша, даржехь хьалавала, айхьа дуьненчохь ма-дешшара, тажвидехь деша, баккъалла, хьан тIаьххьара вуссу меттиг - ахьа доьшучу тIаьххьарчу аятца хедаш ю».74 

73  ХIара ибн Хьиббана дийцина «ас – сахьихь» жайнехь. 
74 ХIара дийцина  ат – Тирмизис, Абу Дауда, ибн МажахIас, тIе ибн Хьиббана шен «ас –сахьихь». Тирмизисоцу хьокъехь аьлла: «ХIара дика, цIена хьадис ду».
               


ШОВЗТКЪЕ ШОЛГIА ВЕСЕТ
СагIа даккхаран некьаш
Анас ибн Малийка (Дела реза хилийла цунна) дийцина: –Тамим тайпанах волу цхьа стаг веара Делан элча (Де¬лера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) волчу, цо элира: «ХIай Делан элча, со дукха даьхний долуш хьолахо ву, боккха доьзаллий, дукха даьхний, латтий до¬луш. Суна дийцахьа, аса хIун дан деза, аса caгIa муха даккха деза». ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Хьайн даьхнина тIера закат даккха, иза хьо (къинойх) дIацIанвеш цIаналла ю хьуна, хьайн гергарчаьрца гергарло леладе, мискачу стеган (иштта лулахочун, доьхуш волчун а) хьакъ довза»75.

75  ХIара Ахьмада дийцина.
          
             ШОВЗТКЪЕ КХОАЛГIА ВЕСЕТ
                ГIайгIа дIаойу а,
декхар токхуш, гIодар    доьху a дola

Абу СаIид аль - Худрис (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Цхьана дийнахь Делан элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) маьждиг чу вахара, ткъа цигахь и тIенисвелира цу чохь хиъна Iаш волчу, шен цIе Абу Умамат йолчу, ша ансарех волчу цхьана стагана. Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) оцу стаге хаьттира: «ХIай Абу Умамат, ламазан хан а йоцчу хенахь, хьо маьждиг чохь хиъна Iаш ма го суна?» Абу Умамата жоп делира: «Сох хьаьрчина гIайгIанашший, декхаршший ду, хIай Делан элча». Де¬лан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Ахьа дешча, Сийлахь - Везачу Дала хьан гIайгIа дIайоккхур йолу къамел хьехий аса хьуна? Хьо Iуьйренга, суьйренга ваьлча, ахьа ала: («ХIай Дела, Хьоьга со «АллахIумма инни аIузу бика мина-ль-хIамми ва-ль-хьазан, ва alузу бика мина-ль – Iажзи ва-ль-касаль, ва аIузу бика мина-ль-жубни, ва-ль-бухли, ва аIузу бика мин гIалабатиддайни ва къахIриррижали». –Сингаттамаххий, гIайгIанаххий Iалашвар доьху аса. Хьоьга со гIорасиз хиларххий, малонаххий Iалашвар доьху аса. Хьоьга со осал леларххий, бIаьрмецигаллеххий Iалашвар доьху аса. Хьоьга со декхарша кIелвитарххий, дукхахдолчу хьолехь, божарий кIелбуьтучу хIуманех Iалашвар доьху аса»). Абу Умамата (Дела реза хилийла цунна) бохура: «Аса кхочушдира Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) сайна хьехнарг, тIаккха Сийлахь-Везачу Дала дIаяьккхира сан гIайгIа, суна тIера сан декхар а дIадаьккхира Цо».76

76  – ХIара Абу Дауда дийцина, Абу СаIида дийцина хилла аьлла


ШОВЗТКЪЕ ДОЬАЛГ1 А ВЕСЕТ
ДIавуьжучу хенахъ доьшу дola
Абу Iумарат аль-Барраъ ибн Iазибас (Дела реза
хил¬ийла цунна) дийцира:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «ХIай хьенех, хьо метта волуш, ахьа ала: «АллахIумма асламту нафсий илайка, ва важжахIту важхIий илайка, ва фаввадту амрий илайка, ва альжаъту захIрий илайка, рагIбатан, ва рахIбатан илайка, ла мальжа-а ва ла манжа минка илла илайка, аманту бикитабикаллазий анзальта- xly, ва бинаббиййкаллазий арсалтахIу» («ХIай Дела, сайн дегI Хьуна муьтIахь ди аса, сайн юьхь Хьоьга ерзий аса, сайн болх Хьоьга бели аса, сайн букъ Хьуна тIе товжий аса, Хьан дикане сатуьйсуш а, хьан Iазапах кхоьруш а, Хьо воцург кхин тIетовжа aгlo а бац, я Хьох ваьлла ваха меттиг а яц. Аса ийман дилли - Ахьа доссийначу Къуръане, Ахьа ваийтинчу пайхамаре а»). Айхьа и дешначу буса хьо лахь, ислама чохь а волуш лийр ву хьо, ткъа нагахь Iуьйренга валахь, дика хир ду хьу¬на»77.
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай xlapa тIаьхьадогIу ши хьадис.
Хьалхарниг: Абу СаIид аль - Худрис (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хил¬ийла цунна) элира: «Ша метта волуш: «АстагIфируллахIаллазий ла илахIа илла х1ува-ль- хьаййу-ль-къаййуму ва атубу илайхIи» («Деле Гейчдар доьху аса, Ша воцург кхин дела воцчу, даима дийна волчуьнга, даима лаьтташ волчуьнга, Цуьнга тоба до аса») аьллачуьнан къиношна гечдийр ду, хIорда тIе хIоьттинчу чопин барамехь уыи делахь, диттийн гIашшийн барамехь уып делахь, гIамарийн буьртигийн барамехь уып делахь, дуьненчохь долчу денойн барамехь уып делахь а».78
ШолгIаниг: Анас ибн Малика (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «Ша метта волуш, «аль – хьам ду лиллахIиллазий кафаний ва аваний, ва ль-хьамду лиллахIиллазий атIаманий, ва сакъаний, ва ль- хьамду лиллахIиллазий манна Iалаййа фа афдола» («Далла хастам бу, суна кхачо йина волчу, со тIелаьцна волчу. Далла хастам бу, суна даар делла волчу, суна малар делла волчу. Далла хастам бу, суна дика дина волчу, сох къинхетам бина волчу») аьллачо, Далла хастам би дерриге халкъо бинчу хастамашца»79.

77  Шегахь Бухарин, Муслиман а цхьабарт хилла хьадис ду.
78  ХIара тирмизис дийцина. 
79  ХIара аль – БайхIакъис дийцина.
             

                ШОВЗТКЪЕ ПХОЬАЛГ1А ВЕСЕТ
Буьйсанна наб ца кхетачо дан дезарг
Зайд ибн Сабитас (Дела реза хилийла цунна) элира:
-Делан элчане (Делера къинхетаммий, маршаллий ***лийла цунна), со буса наб ца кхеташ ву аьлла, сайн бала балхийра аса. ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хуьлийла цунна) элира: «Ахьа ала: «АллахIумма гIаратиннужуму, ва хIадаати-ль- Iуйуну ва анта ла таъхузуКа синатун ва ла навмун, йа Хьаййу йа Къаййуму ахIдиъ лайлий, ва аним Iайний» («ХIай Дела, седарчий дIадай, бIаьргаш а дIатий, ткъа Хьо ву - кх даима дийна верг, даима лаьтташ верг. Хьо дIа ца лоцу набаран таро я набаро а. ХIай даима дийна верг, хIай даима лаьтташ верг, суна паргIат ехьа xlapa сан буьйса, сан бIаьргана наб кхетийтахьа»). Аса и дешнаш элира, тIаккха Дала со дIацIанвира сох йолчу (наб цакхетаран) сиркхонах80.
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай xlapa тIаьхьа догIу хьадис. Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна), Халид ибн Валидана xlapa дешнаш алар хьийхира, иза, наб ца кхеташ, висинчу хенахь: «АллахIумма раббассамаватиссабIи ва ма азаллат, ва раббальардына ва ма акъаллат, ва раббашшайатIыйни ва ма адаллат, кун ли жаран, мин шарри халькъика куллихIим жамийIан, ан йафрутIа Iалаййа ахьадун минхIум, ав ан йатIгIа, Iазза жарука, ва жалла санаука» («Я АллахI, ворхI стигалан сан Дела, цара IиндагI мел диначуьнан, латтанийн а Дела, цара хьала мел айинчуьнан а, шайт!анийн а, цара мел тилийначеран а Дела. Хьан мел долчу халкъан вонах со Iалашвеш хилахь, цара сан тIалам цабарххий я суна зулам дарххий, Сийлахь ду-кх Ахьа Iалашвар, Деза ду-кх Хьо хастор»). Кхечу хьадисехь ду:
«Ва табаракасмуКа, ва ла илахIа илла Анта». («Беркате ю-кх Хьан цIе, Хьо воцург кхин дела вац»)81

80  ХIара далийна ибн Суннис.
81  ХIара далийна Тирмизис, ат – ТIабаранис «аттаргIиб» жайни чохь ма – дарра.

ШОВЗТКЪЕ ЙОЛХАЛГIА ВЕСЕТ
Дуьне дIaтacap
Ибн Iумара (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
-Сан белш схьа лаьцна, Делан элчано (Делера къин¬хетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Дуьненчохь хийра стаг я некъахо санна хила хьо, хьайн дегI лара кешнийн охIланех». Ибн Iумара (Дела реза хилийла цунна) олура: -Хьо суьйренга ваьлча - Iуьйрене ма хьежа, хьо Iуьйренга ваьлча - суьйрене ма хьежа, хьо цамгаро дIалацале - хьайн могашаллех ирс эца, хьо валале хьайн дахарх ирс эца»82.

82  – ХIара дийцина аль  – Бухарис.

 
                ШОВЗТКЪЕ ВОРХIАЛГIА ВЕСЕТ
                Мажлисан капарат
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Цхьана мажлисехь хиъна Iаш, эрна (десса) къамелаш алсам диначо, ша цу мажлисера хьалагIаттале: «СубхьанКал-ЛахIумма ва бихьамби- Ка ашхIаду ан ла илахIа илла Анта астагIфируКа, ва атубу илайКа». («Хьо ширках цIанво ас, хIай Дела, Хьуна хастам барца. Аса тоьшалла до, Хьо воцург, дела ца хиларна; Хьоьга гечдар доьху ас, Хьоьга тоба до ас») – аьлча, цу мажлисехь оцу стага летийначу къиношна гечдо»83.

83 – ХIара дийцина Абу Дауда, Тирмизис, Насаис, ткъа иштта ибн Хьиббанас а шен «ас – сахьхь» цIе йолчу жайнахь.
               
ШОВЗТКЪЕ БОРХIАЛГIА ВЕСЕТ
Тасбихьан дозаллин хьокьехь
Абу Заррас (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
- Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) соьга хаьттира: «Далла уггар дукха деза къамел муьлха ду дийций аса хьуна?» Аса элира: «ХIай Де¬лан элча, Далла уггар дукха деза къамел муьлха ду дийцахьа суна». ТIаккха Делан элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Баккъалла, Далла уггар дукха деза къамел: «Субхьанал-ЛахIи ва бихьамдихIи» («Дела ширках цIанво аса, Цунна хас¬там а бо аса») алар ду».84
Муслима дийцинчу кхечу хьадисехь ду:
-Делан элчане (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) хаьттинера: «Уггаре деза къамел муьлха ду?» ТIаккха цо жоп деллера: «Дала Шен маликашна я Шен лешна хаьржинарг ду: «СубхьаналлахIи ва бихьамдихIи» («Дела ширках цIанво аса, Цунна хастам а бо аса»).
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай xlapa тIаьхьадогIу ши хьадис.
Хьалхарниг:
IабдуллахI ибн Iамрас (Дела реза хилийла цунна) дий¬цира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хи¬лийла цунна) элира: «СубхьаналлахIи-ль-Iазыйм ва бихьамдихIи» («Сийлахь - Веза волу Дела ширках цIанво аса, Цунна хастам бо аса) аьллачунна, уьш бахьана долуш, ялсаманехь хурманийн дитт дугIу»85
ШолгIаниг:
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий ***лийла цунна) элира: «Ши дош ду, маттана ала атта до¬луш, терзан тIехь деза долуш, Къинхетамечу Далла дукха дезаш долуш: «Субхьанал-ЛахIи, ва бихьамдихIи, Субхьанал-ЛахIиль Iазыйм».86

84  ХIара дийцина Муслимас, Насаис а. 
85  ХIара аль – Баззара дийцина.
86  ХIара дийцина АЛЬ – Бухарис, Муслима, Тирмизис а.

 
ШОВЗТКЪЕ УЬССАЛГIА ВЕСЕТ
Ялсаманен синтарш
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
-Со синтар дуьйш волчу хенахь, суна юххехула чекхволучу Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) соьга хаьттира: «ХIай Абу ХIурайрат, хьо хIун юьйш ву?» Аса жоп делира: «Синтарш дуьйш ву со». Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Кхул докачу синтаршна тIе нисвей аса хьо? Ахьа ала: «Субхьанал-ЛахI, ва-ль-хьам- ду лил-ЛахI, ва ла илахIа иллал-ЛахIу, вал-ЛахIу Акбар» («Дела ширках цIена ву, Далла хастам бу, АллахI воцург дела вац, Дела Воккха ву»). Царах ахьа мел аьлла дош бахьана долуш, хьуна ялсамане чохь дитт дугIур ду.87
87  – ХIара дийцина ибн Мажах1ас, Хьакима а.

                ШОВЗТКЪЕ УЬТТАЛП А ВЕСЕТ
          Сту лоцучу гезгах (скорпионах) Iалашвалар
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцира:
- Пайхамар (Делера къинхетаммий, маршаллий хил-ийла цунна) волчу веанчу цхьана стага хаьттира: «ХIай Делан элча, сийсара сту лоцучу гезго къовзийна-кх со, цунна хIун дийр дара те?» Элчано (Делера къинхетам¬мий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Хьо суьйренга ваьлча, ахьа аьллехьара: «АуIузу бикалиматил- ЛахIиттаммати мин шарри ма халакъа» («Деле доьху аса, дуьззина долчу Шен дешнашца, Ша мел кхоьллинчу хIуманан вонах Цо со Iалашвар»), гезго хьуна зен дийр дацара».88
Абу ХIурайрата (Дела реза хилийла цунна) дийцина:
-Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий
хи¬лийла цунна) элира: «Суьйренга ваьлча, кхузза «АуIузу би- калиматил-ЛахIиттаммати мин шарри ма халакъа» («Деле доьху аса, дуьззина долчу Шен дешнашца, Цо со Ша мел кхоьллинчу хIуманан вонах Iалашвар») аьллачунна, дIоьвшо зен дийр дац цу буса къовзийча». СухIайлас элира: «Сан доьзало шайна иза Iамийра, хIора буса деша а доыпура цара и. ТIаккха цкъа царах цхьа йоI къовзийра, амма и бахьанехь йоIана дIовш ца дели¬ра».89
88  – Хара дийцина Малика, Муслима, Тирмизис а.
89  – ХIара дийцина ибн Хьиббана шен «ас – сахьихь» цIе йолчу жайнахь.
                ВЕСЕТИЙН МУХIАР
Сийлахь долу xlapa весеташ дерзадо аса, вайн эла вол¬чу ИбрахIиман (IалайхIиссалам) цхьана весетаца, цо вайн эла волчу Мухьаммадан (Делера къинхетаммий, маршал¬лий хилийла цунна) уммате дина долчу. Ибн МасIуда (Дела реза хилийла цунна) дийцира: -Делан элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цунна) элира: «Со буса, Маккара Байтуль - Мукъаддисе вигначу хенахь, суна гира ИбрахIим (IалайхIиссалам). Цо элира: «ХIай Мухьаммад, хьайн уммате соьгара салам ло, ахьа цаьрга дийца, ялсамане - латта цIена долуш ю алий, хи сирла долуш, иза шера аре ю алий, цуьнан синтарш: «Субхьанал- ЛахI, ва-ль-хьамду лил-ЛахI, ва ла илахIа иллал- ЛахIу, вал-ЛахIу акбар», алар ду, алий».90 ТIаккха Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хилийла цун¬на) тIетуьйхира: «Ва ла хьавла, ва ла къуввата илла бил-ЛахI» алар а.

90 – ХIара дийцина Тирмизис, ткъа иштта ТIабранис а «ас – СагIийр» а, «Аль – АвсатI» цераш йолчу жайнаш  чохь.

Дала къинхетам бойла вайн элчанах Мухьаммадаххий (; .), цуьнан доьзалеххий, цуьнан асхьабеххий, Цо цаьрга маршалла лойла,
Делера салам хуьлийла элчанашна.
Iаламийн Да волчу Далла хостам бу.


Рецензии