Са сизехь...
Кхуллу син ц1арах нур кхуллуш,
Стигал-1арш меллаша хьийза,
Кхолламийн мазлаг1а хьийзош.
Цхьаъ, къайллах, мазлаг1а хьоьжу,
Шен ц1арах ц1етоьхнарг хоьржуш.
Лоьху цо эзарнаш йуккъехь,
Цкъа леттарг дахаран йуьххьехь...
Оьмаро чкъурган милк ц1ийзош,
Син ворда ийзайо сизе.
Ийзочу озийча герга,
Дог, хьо а ма лелха герзах.
Хьуна шун хьаьвзина даьлла-
Хьан кхоллам нур даьгна, баьгча,
Бужур бу эзар суй 1енош,
Хьан ц1арах ц1етоьхна седа.
Ма мотта, х1уттур ду цхьана,
Инса а доцучу ара,
Хьо санна, дуьссур ду синош,
Дуьйцуш, мотт тазбинчу сизе...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090501076
