Дависа,..
Сан дагалецамаш...
Берзинчу когаца
Серан дин чехабеш,
Со идда бералла.
Хьо дагадаро сан:
Садаллал-сагатдо-кх,
Кхин йуха гур доцу,
Бералла генара-
Сан зазан хенара.
Д1ахьажал, гой хьуна:
1асано, д1о кет1а,
Ваьккхинарг куьг лаьцна,
Хьоьца цкъа иддачех-
Ву хьуна иза а.
1ожаллин човсалло:
Т1ех1уьттуш чохь-арахь
Вай дохуш, шен дола-
Долара оьмаран...
Д1акхоьхьу човсалла.
Дуьсур ду сан васт а,
Даха цкъа сарташлахь-
Замано маждина,
Цхьанаггахь верасийн
Куьйгаша кегадеш...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090501429