Бераллин сенаш
Ца кхеташ хиллачух,
Некъаца цхьаъ ларвеш,
Лаьттара ши бер...
Куьг-куьйгах хьарчийна,
Некъаца лаьтта шиъ:
Вог1учун, воьдучун
Дог лазош дара.
Хьо хьажал йог1ий и,-
Вашас хьаббора б1аьрг,
Хийцалуш, йишас а-
Изза хазора.
Суьйрено дог оьцуш,
Массо ц1а воьрзура,
Бераша сатуьйсу,
Цхьа нана йоцург.
Сарралц некъ а ларбой,
Меттахь д1атера уьш,
Листаза лаьттачу
Шийлачу меттахь...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090501691