Шу-х булург забаре байт
Ма1аш т1е дукъ детташ,
Г1улозан боьрарчу
Алмазах тарйелла
Йог1у хьо, шу-х булу л..!
Цхьаъ вийна,тилийна,
Сийна ц1е йиллина,
Дакъаза ваьккхина,
Докъаза вайъина,
Ца 1ебаш, уьду хьо т1аьхьа.
Харц биъна, дуй г1о хьох,
Похан ун кхета хьох,
Хье багах ба хьуна,
Кхоьру вон да хьуна,-
Йутту ахь сардамийн г1ала.
Иэхь-бехкан цинц боцу,
Д1овш-дешан раж йоцу,
Эм-вохьа доцу хьо,
Эм-иэсехь йоцу хьо-
Дела ма г1атта хьо хь..!
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090501745