Ма хьийза суна т1е, г1айг1а

Ма хьийза суна т1е, г1айг1а,
Хьайх хуьлуш, мас 1аьржа хьарг1а.
Ма баха сан безам хьайха,
Иштта а боцучу хьайга.

Кхайкхаза, кхойкхучу кхочуш,
Хаттаза, ца хоьттург дохьуш,
Хьо х1унда кхийда сан декъа,
Ойла сан ца йуьтуш хьекъа.

Дахкарлахь эрз санна доьлхуш,
Сан синан парг1ате огуш,
Со волчу массо а маь11ехь,
Хьан г1аларт ма х1уьтту даим.

1аьржачу хьайн деган 1ин чохь,
Йиллина, 1ийжаш сан сина-
Сан дагах ахь йоху аьхкаш,
Идош ду, цхьа 1аьржа ахкаш.

Х1ун ду-те, хьуна ца тайнарг-
Сох даьлла, ахьа ца лайнарг?!
Йа кхоллам хилла те иштта,
Д1акхаччалц дахаран биста...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии