Ца кхетта мотт...

Куьг хьокхуш, ка динчу
Ашанан ц1енкъи т1ехь
Техкачу аганца-
Ненан мотт техкара...

Маттах-м ца кхетара,
Цу матте ладоьг1уш,
Аганахь д1атийнарг...

Шераша ца кхоош,
Къоьжаллин йис теснарг,
Шен г1ори-г1оддаха,
Бералле кхийдара,

Х1етахь ца кхеттачу
Цу матте ладог1а-
Агане сатесна...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии