Бераллин туьйра

Кол-кертан 1индаг1ехь
Ког баккха 1емаш,
Цу кертан берда т1ехь,
Полла парх лелхаш.
И лаца кхиссалуш,
Лулара к1ужалш,
Полла а цхьа качлой-
Буйнара буьлуш...
Царна бен, бен боцчу
Цу шерийн марахь,
Церан бен лар йоцчу
Цу муьран арахь:
Гоьзане тасаза
Дой-серий дуьсуш,
Лечкъаргех 1абаза
Суьйренаш йуьсуш,
Диси сан жималлехь
Бераллин туьйра,-
Наб йоцчу тийналлехь
Йазйелла буьйса...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии