Дахаран терза
Шен йуьхье х1оьттинчун керта.
Цхьаццанна ша йуьллуш герка,
Йуьллуьйтуш, цхьаццанга шега.
Аганан г1ат т1ера г1уьттуш,
Кохкарийн буйнара вуьйлуш,
Цхьаъ хьоду, дуьненах 1аба
Ца хаьаш,шена гург г1ан дуй.
Х1а х1инца, х1а т1аккха,-бохуш,
Т1аьхьало йоцучу гуонехь
И левеш, 1ийдало кара-
Цу г1енийх йуьстина кана.
Цхьаъ шовкъехь лан декош берган.
Ткъа вожа- мерз белхош деган.
Цхьатера ца нисло урд а,
Ирсана боьттина къурд а...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090600495