Гуьйре
Пхьид эккхал дацделла де.
Цуо лаьттан йуьхь- чада оьхку,
Цуо веддо дазделла дег1.
Гуьйрено шен дарже йуьйлуш,
Къуьйлу д1а аьхкенан ков.
Ткъа аьхке-м йуьстаха йуьйлу,
Гуьйрене ца хьедеш дов.
Ишалан йистошца хиэбаш,
Д1о лаьтта г1ад йекха эрз,
Таь1начу дахкарлахь техка,
Балхабеш гуьйренан мерз.
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090801420
