Аьхкенан буьйса
1индаг1ийн аьхналлаш йолче,
Де хуьйцуш, текха т1е буьйса
Бутт- х1айкал оьллина коча.
Шен чета нур лехьош маьлхан,
Цу нуьрах са кхуллуш беттан,
Дели т1ех маьрк1ажен сахьт а,
Х1у доло уллуш цхьа седа.
Набарна жил-1алам луьйсуш,
Хьийзайеш седарчийн жоьла,
Туьйсу т1е буьйсано йург1а,
Ведйеш, сан ойланийн оьла.
Хеталун, г1уркх кхочехь кхозуш,
Буьйсанан тийналлехь хьег1а-
Беттаса набарха дохуш,
Ч1об ч1обе дистхуьлуш дека...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225091401457