Хийцина мотт байна бу
Дацара стол- г1ант а, барз бина тептарех.
Бух ахка бакъо луш, мужалт сан йацара,
Дацара, уьш лехна, ас бечу некъан у...
Дешнийн сал кегайеш, хийцамийн терг йеъна,
Д1огара-схьогара, х1оь- орца даьккхина,
Дера деш, дешнашна: ду бохуш хенара-
Къоламийн арданг йу, мотт тилош дайшкара.
Со да верг, воцург а, и дара мотт бийцар:
Дайша ма- бийццара,цара ма- биттара
Х1оттаран кхачамца- буха т1ехь ораман...
Х1ай меттан, "талламхой", лойша арт-
Жимма шу !..
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225091501449
