Ирс хилар, цахилар
Йевзинарг хиллий те цкъа а?..
Цхьанна шен кхаж баьлча,ирс лелха гечонаш
Лецнарг а хиллий те цхьа а?..
И х1уьтту хаттарш а, деш долу даре а:
Тешна 1а, д1акхетарх хьоьха.
Бовзийта бахам хьайн, безам а хьайгара:
Бекъа ахь йукъ- йукъа кхоьхьург.
Хинкоьрте х1утту хьо, хьехочу дуссу хьо,
Муха ду, ахь дохку некъаш?
Йа дуста деза хьо, хьехан цу кхеза чохь,
Цакхаьчнарг кхолламна тиэкъаш.
Дигий хьо бертаза, дацахь и меттара,
Иэсана вуьйлуш сит1ера...
Йа цхьаьнга деха ас, йа эца хьо аса-
Эцначух, ирс хуьлий теша?
Поло сан тилавар, цигонийн б1ан гонехь,
Хьуна и хьайн бехках хетий?
Йа жайна тида ас,кегадеш 1аршан йаз,
Седанах, хьо теша теший?
Буьйсанан рег1ара, шен дийнан г1енашца,
Хьан лере ч1об дан а дог1ий?
Хьо хийра- со г1ийла, дахар а цхьа шийла,
Хьан сох дог лаза а лозий?
Цхьажимма, хьастарца, т1ома к1ел лацахьа,
Чхьинг эцна, хьайн ларт1е вуьйлург.
Хьехам ца хьоьху ас, делахь а доьху- кх ас,
Витахьа, вижина 1уьллург !..
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225091501703
