Йалх элп
1а, тийна ши барз а, тийналел тийна.
Дел т1аьхьа д1айолу- дахаран андо,
Ненаца д1а болу марзонан чам а.
Мел дукху хьо валларх оьмаран буйнахь,
Дел хьалха, са лундерг- кхин хир вац хьуна.
Ваха хьо вахваларх, дуьненан куьйлахь,
Хьайн ненал мерза стом- кхин хир бац хьуна.
Буо ду-кх хьо, да- нана ца хилча- хилахь
Буо ду-кха, мор боккхуш, аганан ирзехь...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225091601592