Рег1ара церг

Анайист сеттинчохь-
Саттийна букъ:
Ах лекха, ах лоха-
Кагделла дукъ.

Доза- шу къевсина,
Иккхича б1ов,
Машарна кхочу хьо,
Дерзадеш дов.

Гена хьо- мел хиларх,
Хилла цатерг,
Шу нисбеш лийцина,
Рег1ара церг...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии