Ден хьехаман новкъахь

Хьехархо… Бакъволу хьехархо... Ц1ена а, оьзда а хила йеза цуьнан ойланаш, къинхетаме хила деза дог, ч1огг1а собаре а хила веза шен чолхечу, амма синна безаш хаьржина белахь, беркатечу новкъахь.
   Дуккха а бу дахарехь тийна-таь1на, ц1арна доцуш, берриге а шайн ницкъаш белхан корматаллина д1абелла, дешархошна хаарш делла ца 1аш, уьш г1иллакхе - оьзда 1амош къахьоьгуш схьабог1у хьехархой. Царех цхьаъ йу тахана Соьлжа -Г1алахь Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан
 Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Дешаран центрехь болх беш йолу
  Момуева Хеди Даутовна - ненан меттан а, литературин а хьехархо.
    Замано болар хийцарах терра, керла   декхарш х1иттина дешаран 1илманан декъехь  болчу къинхьегамхошна хьалха. Х1етте а оьмаран сихачу боларна т1аьхьа ца йуьсуш, шен хьехаран некъаш кхиош-карладохуш, тодеш схьайог1у Хеда. Тайп- тайпана урокаш д1ахьо цо: кьовсадаларш, ловзарш, кхоллараллин урокаш ишта кхин д1а а.Урокехь пайдаоьцу х1етал-металех, хаар-зиерех, кхиболчу гайтаман г1ирсех а.  Кьаьсттана   мехалчех лору цо
   тидамбаран кеп, иза хьекъал-кхетам кхиорехь пайдехь йолу дела. Хьехархочун г1оьнца жима таллархо хуьлий д1ах1уьтту цуьнан дешархой. Царех дукхаха берш   республикански олимпиадашкахь,1илманан-практически конференцешкахь а, «Къона поэт»», «Тоьлашха йолу сочинени» конкурсашкахь дакъа лаьцна а, дукха хьолахь толаман меттигаш йаьхна а бу…
  Хеди  Момуева дуьххьара суна йевзина Соьлжа-г1аларчу лоьмар 7 йолчу гимназехь. Цхьаьна белхаш деш, цуьнан урокашкахь нисйелла сих-сиха.      
    Нохчийн мотт уроке нисйелира со цкъа Хедин… 7 чу классан дешархой бара урокехь дакъалоцурш. «Й- элп нийсайаздаран бакъонаш» тема йара. Урок д1айаьхьира туьйранан кепехь. Интеренет –ресурсех, нтерактивни уьнах пайдаэцар мел мехала ду гайтира хьехархочо…Муха йолу ца хууш д1айелира хан.
    Мацах Л.Толстойс билгал ма-даккхара, бакъволу хьехархо ву шен болх безна а ца 1аш, оцу берашна чу садиллина, уьш дезаш верг. Берашна Хеди Даутовна йезаш хилар гойтура церан серлайевлла йаххьашка, хаарех ца 1ебаш нуьре  къегачу б1аьргашка хьаьжча. Жигара дакъалецира бераша урокехь…
  Дукха  хан д1ало Хедас классал арахьарчу урокашна а. Т1ех ца туьлуьйту цхьа а деза де. Цхьаьнакхетарш до къоман поэташца, йаздархошца, могашалла ларйаран белхалошца, имамашца.
    Деккъа хаарех лаьтташ долу 1илма пайдехь дац цуьнца цхьаьна син-оьздангалла, г1иллакх-г1уллакх кхиош дацахь. Цундела йуьстах ца буьту дай-наной а. Дай-наношца сих-сихха цхьаьнакхетарш хуьлу.Уьш кхойкху  классал арахьарчу  мероприятешка.
  Шех  тешийна  къона  т1аьхье Делах кхоьруш , хьарам-хьанал къасто хууш кхиор Далла хьалха  декхар лоручех йу Хеди . Ларамаза а дац цуьнан иштта хилар. Иза   схьайаьлла г1иллакх   деза лийринчу нохчийн    ширачу йартех йолчу Махкат1ехь. Кху йуьртара   схьабевлла дуккха а йаздархой, 1илманчаш: Билал Саидов, Нунуев Сайд-Хьамзат, Цибиев Ахьмад… Махкат1ехь баьхна Хедин оьзда дай а. Кхузахь дуьххьара школе   йахана Хеда, кхузахь д1аболийна шен хьехархочун некъ а.
  Адаман оьздангаллин орамаш доьзалера схьахуьлу, шеко йоццуш. Хедас хьехархочун болх хаьржиний хиъначул т1аьхьа дас Дауда х1ара хьехар дира йо1ана: «Сан йо1, ц1ена а, хьанал а болх бу ахьа хаьржинарг, амма ч1ог1а жоьпаллин бу. Дай-наноша а,1едало а хьох тешийна, хьуна хьалха ховшийна хир ду бераш.Уьш вайн къоман т1аьхье,  кхане йу. Нагахь ахь бан ма-беззара болх ца бахь, Дала хьайга делла 1илма цаьрга д1акхачош, уьш нийсачу новкъа бохуш, диканиг хьоьхуш, вочух ларбеш, къа хьоьгуш ца хилахь, церан къа хьарчаран кхерам бу хьуна, амма бераш дезаш, царна хьо а йезаш, хьайн болх безаш, Далла хьалха а айхьа т1елаьцнарг доккха дукъ дуйла   а хууш, хьо хилахь, дуьненахь синпарг1ат а хир йу хьо, Эхартахь йалсамане а хир йу хьуна. Дика ойла йай, хьайн даге ладог1ий къастабелахь болх».   Муьлххачу а хьехархочунна дан мегар долуш дика, мехала хьехар ду х1ара. Хедас кхочуш а дина, ала мегар ду, ден хьехар. Цунна тоьшалла ду, хьехархочунна йеллачу дуккха а Сийлаллин Грамоташна йукъахь, «Нохчийн мотт кхиорехь доккха дакъа лацарна а, Нохчийн меттан Дезчу денна лерина а» аьлла йолу цхьа Грамота вайн Мехкан куьйгалхочун Рамзан Ахматович Кадыровн ц1арах хилар.
      Билгалдаккха лаьа: Момуева Хедин хьехархочун корматталла хилла ца 1а, иза кхоллараллийн адам ду. Шен дуьххьара байташ шен Дена   лерина йазйина Хедас:
-Сан йо1, ас дер хьуна
 Цхьа   дика хьехар, -
  Элира соьга цкъа дас.
-Дуьненахь мел дукха,
К1езиг хьо йахарх,
Г1иллакхах ма йохалахь.
Дац хьуна г1иллакхе
Кхочуш цхьа х1ума,
Йалсамане йоккхур йу цо.
Хилалахь   адамца
Комаьрша, мерза,
Оьзда а хилалахь  хьо …
   К1еззиг дакъа дац   йо1-хьехархо   кхиорехь  Ненан а. Шен  х1усамехь даим а марзо  латтош , дика  нана  а , тешаме  х1усамнана  а хилла лаьттинчу   цунна     лерина йаздина  х1ара  мог1анаш  ду Хедин байташ йукъахь:
-Мел дукха ойла йарх,листарх сайн дахар,
Хьол хьоме ца карий цхьа а стаг суна!
Сан Нана, даггара баркалла хьуна ,
Дахаран нийса некъ хьехарна суна…
  Х1окху  шина  адамо биллина  Хедин  кийра  нохчийн  матте, халкъан ламасташка   безам , ткъа  Хедас  и марзо   комаьрша  д1акховдайо шен дешархошка .Эрна ца  хилла  Ден-ненан  доьзал иманехь кхиор.
    Къомах къам дийриг Хьехархо ву ,ткъа  нохчийн меттан  хьехархо иттаза  хьакъ ву сийлаллин уьна т1е йазван. Цо мотт кхиорехь, иза баржорехь хьоьгу къа   дайн г1иллакхийн хьоста лардарна т1едоьг1на хиларна. Цундела даггара декъалйан лаьа т1едог1учу Нохчийн меттан денца шен беркатечу новкъахь, хьанал къахьоьгуш, схьайог1у Хеди Даутовна Момуева а, иштта массо а Нохчийн меттан   хьехархой а. Дала сийдойла Ненан меттан хьурмат  лардечу  массо  а адаман, Дала декъала дойла шу Ненан меттан денца!
 

Йазйинарг: Абубакарова Пет1мат  Зайндиевна               

               


Рецензии