Паччахь а, дарабане коч а. Л. Толстой

Лев тостой

Цхьа паччахь ч1ог1а  цонгуш хиллера, цуо д1акхайкхинера махкахь,
шена дарба динчунна ахбахам д1алур бу ша аьлла.
Махкахь мел болу хьикматаш вовшахтуьйхира  цу г1уллаккхан
ойлайан, х1ун дича  г1оле хир йара те паччахьна аьлла.
Царех цхьанна дагадеара, паччахь муха хьалхаваккхалур ву цамгарх.
-Пачхьалкхехь уггаре а ирсечу вахархочун т1ера схьайаькхина коч т1ейуьйхича, толур вара паччахь,-элира цуо.
 Дарбане коч шена т1ехь йолу стаг лаха геланчаш д1асахьовсийра паччахьо. Массо а меттиг толлуш, чекхбевлира и нах пачхьалкхехь ирс долу адам лоьхуш, амма цхьанхьа а ца каравора иштаниг. Д1аладоьг1ча, царех ирс долуш ву аьлла хетарг-цхьа а шен кхолламна реза волуш  ца хуьлура. Таройерг-могуш воцуш хуьлура, могушверг -къиен каравора, ткъа бахам а, могшалла а дикайолчуьн йа зуда , йа доьзал вон амал йолуш , муьт1ахь боцуш хуьлура, доцца дийцича, массеран а цхьацца сингаттам хуьлура-кх…
Цхьана дийнахь паччахьан к1ант  ахархочун  къечу лаппаг1на уллохула т1ехволуш, цуьнан лере кхийтира х1усамехь деш долу къамел:
-Далла хастам бу-кх, кхин цхьа  де а д1адели, болхбина а вели, йаа-мала а хили, х1инца са а до1ур ду, кхин оьшу ирс долчу стагана…
И къамел хезначу паччахьан к1антана кхаъ хилира цунах, цуо геланчаш хьовсийра и волчу, катоххий г1ой оцу стагана т1ера коч йан, цунна цуо х1ан-х1а аллалц  долу рицкъа а лой…
Геланчаш бахана д1акхечира ирс долчу стеган не1аре, цуьнгара коч йан дагахь, амма ирс долу стаг дукха къен волуш, т1ейоха коч йолуш а ца хиллера.

Гочйинарг:Зайндин йо1 Пет1мат


Рецензии