Хьочан лаг Лев Толстой

               
Нанас хьечаш эцнера, делкъе йеш берашна дала.Уьш боршхепа чохь 1охкура. Ихвана цкъа а хьечаш ца диънера, цундела гонах хьийзара,царех йог1учу  хазачу хьожанех ца 1ебаш. Хаза а дарий уьш-м!  Ч1ог1а лаьара  к1антана хьочах чам баккха,! Делахь а ца х1уттуш, гонах д1асалелара к1ант. Чохь стаг воцчуьра, 1ен ца велла, катоьхна хьач схьа а эцна, д1абиира к1анта.
Х1ума йаа охьаховшале нанас дагардира хьечаш. Цхьаъ т1еоьшуш бу дега элира нанас.
Х1ума йаа охьахевшича,  дас хаьттира:
-Бераш, шух цхьаммо а хьач-м ца биина?
Массара цхьатерра жоп делира:
-Х1ан-х1а!-аьлла.
Ихван воьхна, ц1азам санна, ц1ийвеллера, ша ца биина хьач элира цуо а.
 Т1аккха дас элира:
-Аша хьачбаар дика дац, амма цул доьхна дерг ду, хьочан йукъахь лаг хуьлу. Нагахь санна ,хьач бууш и логам цу юкъара д1а а ца доккхуш, биинчо д1адиънехь, иза шоллаг1чу дийнахь лийр волуш ву.Цунах кхоьру со.
Ихванан босбайра, цуо сихха даре дира:
-Аса лаг корах аракхоьссира ,-аьлла.

Массо а велавелира, ткъа Ихван велхаволавелира.


Рецензии