***
Д1а довчу зезагах тера.
Д1а къайла велира хьо,
Безамах йуьтуш со хьега.
Цкъа мацца хьо гайна,
Йуха а цу ирсах къага,
М1аьргоне сатуйсуш,
Д1а даха - кх, сан дериг дахар.
Ткъа х1инца со хьоьжу
Б1аьстене, гуьйренан куорах.
Ас доьху до1ийца,
Ца гайтар зезаган кхуолар.
Кхин шолг1а хуьлуш дац
зезаган дахарехь кхалар.
Безамца бен хилац,
Дуьненахь ирс долуш вахар.
2012
Свидетельство о публикации №225100301102