Б1аьрг баьлла кхиале
Д1а довчу зезагах тера.
Хьо - м къайла велира,
Со йуьтуш безамах хьега.
Цкъа мацца хьо гайна,
Йуха а цу ирсах къага,
М1аьргоне сатуйсуш,
Д1а даха - кх, сан дериг дахар.
Ткъа х1инца со хьоьжу
Б1аьстене, гуьйренан куорах.
Ас доьху, до1ийца,
Ца гайтар зезагна кхуолар.
Кхин шолг1а хуьлуш дац
зезаган дахарехь кхалар.
Безамца бен хилац,
Дуьненахь ирс долуш дахар.
2012
Свидетельство о публикации №225100301106