Хьо йоцуш, нана

Малх г1отту хьо йоцуш,
Малхбалехь х1умма а ца хилча санна.

Малх бузу хьо йоцуш,
Малхбузехь, кхин хийцам ца хилча санна.

Г1а долу хьо йоцуш,
1аламехь х1умма а ца хилча санна.

Са деха хьо йоцуш,
Дахарехь, кхин хийцам ца хилча санна.

Ца хили-кх хьо йоцуш:
Сан дагца хилларг бен, кхин хийцам цхьа а.

Ша дисарх хьо йоцуш,
Дуьненан бен дацар, лан ду-кха хала.

Сайн висар хьо йоцуш,
Дуьненан коржамца, дазло-кх т1е, нана...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии
Название стиха измени, пожалуйста на " Хьо йоцуш, нана"

Зура Итсмиолорд   11.10.2025 03:27     Заявить о нарушении