Д1аоьху зама

Кхийти малх йуха а,
Селхана санна.
Кхетар бу кхана а,
Тахана санна...

Берд хьош шен буцуш т1е-
Вайн х1оран сара
Керт х1уьтту, б1аьрг ма-ббу,
Дахаран арахь.

Д1аоьху, вайх йуьсуш,
Вайн йоцу зама
Тоьхна лан дужучу
Генарчу ара,

1индаг1аш гуллучу
Малхбузен кана,
Цкъа кхача йезачу
Ладоьг1е кхача...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии