хьоьга
Гуш бац хьуна сан кийра чахчабеш 1ийжа и бала?
Йух-йуха т1е 1енош дог1анийн т1адамаш хьайн
Йахийтахь йашайай лаьтта со 1ана.
Сахьтан будильник а, рог1ера 1уьйранлера жимачу зудчуьн ц1еран г1уллакхаш а, йерриге а хьацаран чопа хилла д1а йахале ледарниг нисйеш, новкъарниг нацкъар йоккхуш, нуй, не1арган ламе хьалхе а ц1ан йина, сихонца балха йаха кечам бина кевнаш даьстина йоллура Эниса. Йаьллий хьо аьлла дикка набарха а валанза чуьра схьа ара велира ц1ийнада Мансур. Кийча йу аьлла кхуьнан багара далале Роза схьа ара хьаьдира, Роза кхуьнан марнана йара, йа ша хаза зуда йара, ханна башха йоккха а йацара, «Роза» ц1е йолу зезаг санна хаза лаьтташ, ткъа оцу зезаган к1охцалш санна даим а ша 1иттарш йеш несана, оьшучохь а, ца оьшучохь а бага лиэйеш 1едал дара цуьнан.
-Дер ца йоьду х1умма марнене х1ума йуий ахь аьлла-м, кхача нисбина-м.
-Мам, ас хьуна, хаза йо1ана а кечдина аладушкаш стоьла тlехь ду, бертал тоьхна богана к1елахь, т1уо а, инжиран варени а, цаьрца кхоллур ашшима уьш, чайник кхихкан лаьтташ, даьккхина басар (заварка) а ду хьуна.
«Хм» аьлла мерах шок тухуш батт а саттийна, кхин ала х1ума а ца хилла кхунна т1аьхьа хьоьжуш йисира.
Х1инца кху шиннан машен д1айолайелла ца йаьллера ц1ийнадена х1инцале карийнера кхуьнца дов даккха х1ума, ткъа каро оьшуш а ца хуьлура, сарахь балхара ц1а веъча Нанас шена хеттачу аг1ор дуьйцура, цух питана а хуьлура, цул т1аьхьа кху шиннан дов, буьйсанна ца далахь иштта кху машенахь х1ара балха д1а эцна воьдучу новкъахь долура. Ишттачу денойх цхьа де дара-кх х1ара а… Аз ч1аг1 а дой куьйгашца х1аваъ эт1адеш т1е чег1а волалора Мансур зудчунна..т1аккха тоьра..
Иштта цкъа тидам бина ца 1ара йо1а ша х1ора денна балха схьайалочу хенахь ц1ийнадена б1аьргаш массо а т1ех йолучу йо1аршка д1ахьоьжуш хилар а, шена ца го аьлла хета теша цунна, ша тидам ца бо аьлла хета теша? Башха къайлах ца лелара, йа цул доьхнарг, шена гой хуъушехь бен а ца хеташ хьоьжуш велахь кхин а лазаме дара, 1овжаме а. Зудчо цкъа цуьнан кхечу йо1аршка д1аса хьоьжу б1аьргаш шена ца гайта шен ши б1аьрг охьа хьежа бора, йа корах ара.
Оцу кхин беха а боцчу новкъахь и дерриг лан хала долчу кхунна шарал бахлора и некъ. Куьйгийн п1елгаш синтем боцуш чучча а туьйсуш, корах ара хьоьжура..
Цкъа машена чу ма-хиъина даккха дезаш дара и дов, йуха некъахь шега йист ца хилийта а, ша вист ца хилархьама а бахьанина. Хьаьжа йуккъе шад а балабой цкъа телефона т1е хьоьжуш цхьанга йазйеш, корах ара зудаберашка б1аьрг тухуш, йуха оьг1азе кхечу машенашна хьалха кхуьйсуш д1аоьккхуьйтура. Х1ара-м йист а ца хуьлура, корах арахьоьжучу хенахь т1ехдуьйлура дитташ, ц1енош, б1ог1амаш, стиглара мархаш, цкъа меллаша, т1аккха сихха, машен д1ахаьхкича уьш дерриге иэлора, корах ара сурт б1аьрго ца лоцуш деха шуьйра цхьа сиз хуьлура царах.
Йо1 даим а йохье хилла йолу кху нахана йукъа кхаьччахьана кхара шеца лелочу харцоно охьата1ийнера. Назал ца йала бохуш соьцура, дерриг а шен сица лан г1ертара массо а х1ума, ша шен мах а цхьа тамашийна лахалуш хетара. Цкъа марнана шен йишин зудабераш а даьхкина х1ара царна хьошалла деш йоллуш вуьйш боьлуш шайн къамелаш деш, марнанас уьш бало к1антаца цхьаьна йахана хилла йолу элира шен йо1е: «Валла ца хаьа, схьадог1уш некъахьовзам (авари) хиланза девлла тхо, х1ара Мансур ураме йо1аршка д1ахьоьжуш, тхуна хьовзам бора кхуо, шен некъ ца ларбеш». Кхунна х1уьттаренна бохуш дара цуо и. Кхунна цул а ч1ог1а шен лахара мах хадор а ца хаьттера, шен дуьхьа дог кийрахь къуьйлуш, йуург стоьла т1е х1иттош, наггахь йела а луш йоллура.
«Гуш дуй хьуна, х1ара зуда йевзаш юй хьуна, 1уьйранна ахь балха охьайоссийнарг селхана, мичахьаша лелла хилла. Кешнийн кертара пакет чу х1ума а йиллина арайаьлла схьайохуш, Йешап х1ара ша ма-дарра, суна хаьара цуо хьуна а лелош хир дуйла цхьа бозбанчалла, наха ма дуьйцу кешнийн кертахь цхьацца дало бохуш — чурайуьйлура марнана. К1ант цец а ваьлла латтара, хаьара цунна-м ша цуьнца сийдоцуш валахь а и тайпа х1ума лелор долуш зуда йоцийла шен х1усамнана.
Тахана шот де долуш балхара ц1ахь йолчу несе чоьнаш мел йу мохь беттара марнанас: «сихха йолал цкъа схьа, х1инцалц ша 1иттарш йар бен мохь ца хьекхнехь а, тахана шена даьлларг доккха бахьана дина шен бакъо хетара марнанна несе бага лиэйан, не1саг1ел ког чоьхьабаьккхина ца йаьллера, шолаг1а ког чоьхьа балале х1инца несана мерк1ел йеттара, хьажа хьайна, х1ара хьо юй? Хьо йуй х1ара Йешап? Тхуна бозбанчалла лело нехан кошабарзаш т1е йахана йара хьо? Сийна ц1е йала хьан коьртах» — вуо бага йеттара марнанас.
Нус цец а йаьлла 1адийна латтара, х1ара тайпа ша х1умма йоцчу т1ейаккхар ша цкъа а ца лайна хетара, х1ара кхара йуйцу харцо цкъа а кхунна дага деана а дацара.
«Балха йоьду аьлла п1ераскан дийнахь охьа ца йигира хьо сан к1анта?» — бохуш, дош ала ца йуьтуш мохь хьекхара.
«Ахь х1ун дуьйцу ва мама, со балхара мукъа хенахь сайн ден коше х1отта йаханера, ткъа х1инца сайна Къуръан деша 1емаш урокаш хуьлу дера, сайна 1аьммарг цунна деша а дешна, дерз доладелча и пакет йукъа а хьарчийна балха д1айахара со, ахь йуьйцу харцо, ткъа и тайпа х1ума дага а муха дог1ур ду хьуна?» — элира несо.
«Д1асаца, к1елхьар йала г1ерташ аьшпаш кхуллуш йу хьо? Суна дукха гина ахь кхача кечбан х1оьттича хьайна мерк1елахь шабар-шибар деш кхехкачу йейна а, йалг1уна а т1ехь цхьаъ доьшуш» — ши б1аьрг ч1ог1а т1ебог1ийнера марнанас х1инца, ша иэшарна кхоьруш.
-Ас кхача кечбеш сайна сайн нанас а, цунна сан денанас а 1амийна долу до1а доьшу, бисмал а, т1аккха кхача цхьаьна баийта Ахь олий Деле, вовше къаста ца деш, йукъахь марзо хуьлуш баар хуьлда олий, ас иза даим а деш долу до1а ду айса йуург йеш. Ахь йуьйцучу харцонах со цец а йаьлла. — кхето г1оьртира нус шен марнана. Х1инца к1ант а вара цецваьлла шен ненах, маьрйиша а йара б1аьргаш чу хиш а диссина. Ахь х1ун дуьйцу ва нана, хьо дукха гена йаьлла бохура маьрйишас шен нене. Нус даим а Делаца йолу йукъаметтиг ц1ена лелош гуш ма дара кху ц1аьнт1е йаьлчахьана дуьйна, т1аккха а нанас дуьйцу и х1уманаш иштта хила деза моьттуш и нийса йоцийла хуъушехь 1аш хилла йолу маьрйиша х1инца бен йист хила а ца йаьхьнера ненах. Йуьхь ц1иййелла йогура, б1аьргаш чохь хиш диссина. Нус ц1а йахара. Шен ден ц1а..
Дерриг дуьне кхуьйлина, б1аьргаш чуьра хиш кхачийна шен ден ц1а схьакхаьчна кевнах чоьхьа а йаьлла, кхин цигара ког ца баккхалуш ойланашка а йахана латтара йо1, уьйт1ахь цхьацца деш йолчу нанна х1ара гина дуьхьал йеана, йо1, ва йо1 аьлла белшах куьг 1оьттира, охьаоллийна корта хьалата1ийра шен к1едачу, ховхачу куьйгаца, ма кхоьлина хьан б1аьргийн нур элира нанас, ах1и, ах1и аьлла охьа йелхайолаелира йо1, хиш а охьахьевдира, нанна х1инца гира билхина болу ц1ийх бос бетталуш цкъоцкъамаш кхачалуччохь йистош да1 санна дар а делла дара, дукха декъа йовлакх хьийкхина, иштта ц1ен меран буьхьиг а. Нана, со кхин цкъа а г1ур йац хьуна цига йуха, соьга кхин ца лало, кхин ца лало соьга, сан дог схьаэккхаш доллу, охьайоьлхура дацаран корта а лестош, ткъа кхин чомахь, хилларг схьа ца дийцалора йо1е, маьхьарца нене а, доллучу дуьнене а дийца луург хорамо легашкахь сеца дора. Бала х1оранна а шен цхьанна буйла хаийта г1ерташ санна. Уьйт1ара жаг1а т1е голашка охьалахеллира йо1, охьалахйелла латтара, цкъа а шен марехь долу цхьа а шена хилла цатам бийцина йоцу йо1 ц1а ярах, и дика 1аш йу моьттуш х1инццалц 1ийна йолу хала дара йоь1ан нанна кху хьа гучу суьртах теша, ц1аьххьана хилла долу хума хала хуьлу даим а.
Йехха 1ийра х1ара шиъ лаьттахь, жимма метта йаллалц, цунна аг1онца шен белшах г1ортол а йина, йуххахь кху шинца т1оьрмигаш а, ненан ков дила дагахь схьадеана хилла долу горгам чохь йолу ведар а, йоь1ан коьртара йовлакх а 1уьллура. Эээ со — Нана йала хьан сан жиманиг.
Аниса д1а йоьдуш кхуьнан нанас телефон охьайиллитина хиллера, шен к1анта аьцна ю иза дукха мах а белла аьлла.
Буйна а лаьцна цкъа т1ехул хьежа вуьйлира к1ант, дуьххьара шена телефон гуш санна, т1ехулура телефон чу йуьллу чехол схьайаьккхича цу чохь массех к1ира хьалха ша хьала йаьллачохь крант бухахь сан ши мача йуьлуш йоллуш йолчу цунна оцу керта йуххехь хьаладаьлла къахарш йукъара схьаозийна даьккхина цунна кховдийна долу жима зезаг дара дакъа а делла, и цу телефон т1ехьар чехол чохь д1а диллина хиллера х1усамнанас.
Экран серладаьккхира, цу чохь суьрташ схьадиллича шена х1ара дуьне ц1ена ма гарра хаза суьрташ дара, стигал х1инца цхьа к1ира хьалха соьга- «хьажахь х1ей, мел хаза ду беттаса бохуш буьйсанна корах ара хьоьжуш хиллачу, айса дуьхьал делла жоп –«х1ума карийна-кх хьуна а цецйийла а, тамаш бан а» аьлла тергал ца йар, цу буса цуо беттасин даьхна суьрташ, шен хазахетар соьца декъа лууш хилла хилла йолу сан х1усамнана, ас терго цайарна х1инца со дохко вуьйлура. Дан а дара беттаса хаза. Х1ор сурт а, х1ор видео а цуьнан дог санна ц1ена.. д1а луьсту-уш, доккха г1а такхийна дог1у жимачу зингатан сурт а,
стигал йекхна йолу, маьлхан з1аьнарш чу кхаьтна пена т1ера 1индаг1аш а, стоьла т1ехь йух-йуххахь лаьтташ бошхепаш чохь оха шиммо а чай мелла йолу шина кушкан сурт а, йух-йуххахь йиттина хьалатесна кхозу сан а шен а кухтанийн сурт а, вижина 1уьллуш сан куьйгийн сурт а… царна йукъахь сан суьрташ а дара, со уьйт1ахь лаьтташ, кет1ахь т1ехьаш даьхна а. Со хаза гуш а, со везаш а долу адам х1инца генахь дара, сан ледарлонца.. Со цкъа а башха тешаш вацара безам бохучух, йа цуьнан маь1на а, суна цкъа а адам деза а ца деллера, нанас даим а цхьацца луьйш, да д1а ваьллачу хенахь дуьйна со тамаше 1амина вара, йа тхуна безам бала а, йовхо йала а и ц1ахь а ца хуьлура, балхахь дийнна дийнахь, сарахь да дезарш арара, марзхошца а дуьне диъна яцара и, цундера а хилла йацара дара цуьнан а жимма оьг1азе а, адамашца вуон а хилар , со а, йиша а школера ц1а деъча ша-ша д1а лелара, цхьа уьйра йолуш, безамца ца кхиънера… безам суна х1ун йу ца хиънера.. телефон кегош 1ара, сахьт а даьллера суьртел сов, цуьнан байташ а карийра суна..
Цкъа мацца а т1е йог1ур йолчу буса, стиглара беттасе а хьоьжуш цхьана
йаздина хила мега суна хьоьца дагара дуьйцуш йехха латта…
Т1аьхьа сообщенеш чу ваьлча х1усамнанас шен стунненаца йолу з1е аг1о схьайастайелира, дера, кху чохь со ма варра охьа вийцина хир ву , со а сан харцо лелош хилла йолу нана а, амма и дан а дацара. Т1аьхьара ненера хаам:
— йо1, ма дог ца дог1уш йара хьо со балха т1е йеача, х1умма хила-м цахиллера? Цхьаммо хала-м ца хетийтнер хьуна?».
— х1ан-х1а нана, со дика 1аш йу хьуна, са ма гатделахь.
— Молханаш ийцирий хьуна, ц1а йоьдуш дицделла ма элира ахь?
— Х1аъ нана, кхуо чу вог1уш деара. Ас ма ца деанера цунна цкъа цхьа молха а, йа цуьнан х1у лозу а ца хаьара суна. Со х1ун адам хилла-теша, х1инца эхь хийтира суна сих-дег1ах , Делах а. Оццул ас тергал ца йешшехь цкъа а сох лаьцна цхьа а вуон х1ума а аьлла ца хиллера.
Цхьа кхо де хьалха ма дара кхуьнга зудчо телефон а тоьхна молха да аьлча, х1ара накъосташца арахь вара, чу вог1уш дага а ца деара, йа цул т1аьхьа бала а ца хиллера, кхид1а а ма ца деара ша уьш, ткъа хинца цуьнан г1уту-кх схьаозийча цу чохь 1оьхкуш дара молхин пачка, чуьра 3 меттиг д1а мелла йеса а йолуш. Цуьнан х1ун лозу а ма ца хаьттинера ас, хьанах г1оле хила г1ерташ мелла а ца хаьара, йа бала а ца хиллера… Цхьа х1ума а ца хаьара цунах лаьцна, со самаваьлча 1уьйкъана и ламазехь лаьтташ цхьа силуэт гича цуьнан х1ораза до1е лаьцна куьйгашкахь хилла хир ду-кха х1ара дерриге хьал, дерриге а оха лелориг, суна хаа цуо тхуна барт а, безам а боьхуш хилла хира буйла, ткъа цкъеллиг-цкъа а кхиэл йа бекхам бехна хир боцийла а. Шен ц1еначу дагца… ткъа со, цуо шена са гайта свет ца латош г1ийла латийначу светильниках б1аьргаш идош йург1а т1е а оза дой ха хорций д1а вуьжура.
Шен нанас а, йишас а цуьнга ала дог1ург а, ца дог1ург аьлча а сайна ца гуш санна, ца хезаш санна 1ара со. Сан ламаз а , марха а дара г1ийла, Иман а ца хиллера, йа башха терго а ца йора ас цу х1уманашна, х1инца сан б1аьргаш д1адастаделира. Х1инца цуьнан амалера дерриге ц1ена, хаза х1уманаш дуьхьал туьйсура. Ткъа сайниэрчалла, сайн синъэрчалла. Куьзганахь дуьхьал х1уьттург ма вацара со .
Дерриге сакхташ, синан эрчалла дег1ан куьцо къайлакхоьхьура. Хьо мила ву-теша кхуьзганахь суна дуьхьал х1уьттург, заь1апчу сица, т1ера куьце волуш..?
Х1инца ойла йора к1анта ша муха хилла а.. «Х1инца ма ч1ог1а т1е ца тоьу суна хьо, хьоьгара хьан доллучу х1уманна терго йийр йара ас, х1инца хьо йуххахь хилча..» — бохура цуо шен ойланехь.
Байташ-м шорта хиллера цуьнан телефона чохь… Уггаре суна дагах кхеттарг йара:
«Йиш хилча б1аьргаш а хьаббина сама ца йала,
Массо а ирсе де гулдина сай туьйране,
Ахь диначу къамелах таьшначу сайна ца гайта
Ахь йина ч1аг1онаш йессаллех д1а муха оь».. бохуш йерг. Кхин а йара цхьаъ, сан дег1е зуз доуьйтуш чекхйаьлларг, сан аьхь а , бехк а сама даьккхинарг:
«Тешбехкан буьхь-ира д1аьвше ч1унаш деттало,
Х1ораза сан ирсах уьш чекхдуьйлу,
Дуьххьара дуьйна уьш деттарг мила ву хуъушехь
Йуха а ас и маракъуьйлу..»
Сайн накъосташна а, нахана а хьалха суна айса цхьа ч1ог1а х1ума до моьттура зуда охьа та1ийча, цуьнца вуон а, сийдоцуш а хилча. Накъостий а цхьаъ воцург вуьйш беррише иштта зудчунна шен меттиг гайта бохуш ас цхьацца чуьра х1ума моссаза хьаха до со кхин а иркара х1иттош хуьлура. Царна хьалха сайга телефон тоьхча а т1е а чевхий охьа йуьллура. Ткъа х1инца..? Х1инца-м соьга телефон тухуш, со чу вог1ий йаах1ума йаа бохуш сан сагатдеш цхьа а вацара.
Идриса элира соьга: «Х1а , х1инца уьш а кхаьрда хьох, хьо ненан а, хьайн а вуон амал а ларйина, зудчуьнца харцо лелийна хьай бен бохий ахь, ткъа хьажал Бислан, хьан ч1ог1а доттаг1, хьуна зудчуьнца муха хила веза бохуш хьуна харц кхетам луш хилларг, шен доьзал а, х1усамнана а эцна Сочи сада1а вахана к1ира хан йу, Халид ву хьуна Питере зудчунна б1аьргашна дарба дайта воьдуш, хьо ур-атталла молха дан аьлча — иза а ца оьцуш чу ма вахара вай буьйсанна д1аса къаьсташ. Уьш верриге шен х1усаме чу воьрзу, хьоьга х1уъу дийцахь а, амма хьо байлахь висина. Хьайна х1усамнана нисйелча ца хии хьуна, зезагаш эцна ваха хиирий хьуна Таьнги чуьра жерочунна, хьайн х1усамнанна цкъа а эцний ахь зезаг? Хьан зезагех йаша а ма ца йешира жеро-м, ахь ц1ен мах а белла эцна долу, хьох а, хьан машенах а ца йешира иза иштта, хьо саннарш цуьнан мел дукха бу хаьий хьуна, маьттазчу ойланашца цунна и совг1аташ деш болу.. Вайшин накъостий а боьлура хьох, хьо воцчохь и дуьйцуш. Тахана цхьа вуй хьуна йуххахь? Кхардий бен бац уьш… Корта боцуш хилла хьо.. Корта охьа та1ийна 1ара х1ара. И цхьа накъост вара кхуьнан Иман долуш, кхуо шена иштта хьехар дича даим а эхь хетара, ткъа х1инца х1ета а, хьалхачул а ч1ог1а…
-Идрис, со Эниса йуха йезаш ву, хьала а ца та1аш меллаша элира к1анта, Идрис цец а ваьлла хьаьжира шен накъосте, доккха дог долчу х1ара тайпа х1ума цуьнга ала даларх ца тешаш.
Со х1инцций бен ца кхетта айса лелориг нийса ца цахилар. Ма ледара хилла со баккъал а, Идрис вола соьца и йолче, йуьхь-м йацара сан цунна дуьхьал х1отта, сан нанас т1аьххьара дийцинарш т1ех ирча х1уманаш дара, со кхеташ ву бехк берриге сайн хиларх, х1инца х1ун ала деза а, х1ун дийца деза а ца хаьа. Хьоьгара г1о оьшу суна, хьо сан уллора накъост ву, ма де эшна сан тахана…
Лаккхарчу скорость т1ехь машен ма йоьдду хаьхкина вог1ура к1ант, ткъа нийсса ши метар хьалха гуш х1ума а дацара. Дохк дуькъа дара, йукъахула чекх ца валаваллал дуькъа. Цуо сеца веш хеталора, х1инца ша уггаре а сиха д1акхача везачохь. Юххахь 1ачу накъостана х1инца кхунах къа хетара, корта ца хилар дара и.
— Собаре хила, меллаша г1уо олура, Делан кхолламна вай т1аьхьа дуьсур дац. Оцу скорость т1ера чехкаллин т1ехъиккхина стрелка санна кийрара дог а дара ша деттадала дезачул а сиха детталуш.
Йо1 аьттехьа а ца йеара кхуьнга йуха, цул сов, цуьнца накъост волччуьра — и теш а х1оттавайтина ша йита а йититара.
…Ши шо сов хан йаьллера цу йукъа. Йо1 х1инца шен, журналист а, йаздархо а белхаш беш йара, дерриге дахар шен цхьана рог1е нисдина. Кхин маре а ца йаханера. Цхьана а тайпа захало т1е а ца дуьтура.
Кху б1аьста 1умрате йаха ахча а гулдина шен пхийттара ваьлла вешин к1ант а эцна йахана, деза латтанаш, б1аьрхиш, берригге шена хилла болу цатемаш а, тешбехкаш а, лазамийн чевнаш а д1айаьстира Энисас кхузахь Деле дечу до1анашкахь.
Ц1а дахка цхьа де дисинера. Ламаз дина междиг чура арайаьлла х1ара схьайог1уш а йолуш, цхьамма кхуьнан ц1е а йоккхуш т1аьхьа мохь туьйхира. Ма девзаш аз дара иза-а, аьлла, «лов-в..» аьлла кийра ц1е йиллира кхунна. Х1ара йухахьаьжча кхуьнан марнана литтина йолу Роза йара кхуьнга мохь тоьхна хилларг. Б1аьргаш ц1иэ а бина, Эниииса, ва Эниса бохуш охьа йелха йолайелира иза. Ма дика ду суна кхузахь хьо гина, къинт1ера йалалахь суна. Йо1-м.. т1улг хилла латтара. Йехха лаьттира х1ара шиъ йист а ца хуьлуш, т1аккха могуш-парг1ат а хаьттина, Розас дерриге охьа дийцир: ша массо х1уманна дохкойалар а, ша лелийна хиллачу харцонах ша кхеташ хилар а, х1инца ша дин т1е йирзина Къуръан доьшучу ишколехь баккхийчеран тобанехь (группехь) доьшуш хилар а, ша толаме кхаьчча йаьккхина путевка а, иштта, шен к1ант кхин зуда а ца йалош, дин т1е а вирзина, х1ара зуда йухайезаш хилар а, кхуьнга вист хила ван кхин йуьхь йоцуш 1ар а, шен маре яханчу йоь1ан доьхна маре а — и, Дала шена ша лелийначу харцонна бина бекхам хеташ хилар а…
Йо1 йоьлхура, х1ара берриге ша кийрахь къийлина лазам, баланаш а кху дезачу латта т1ехь Дала шена жоп луш, синпарг1ато луш дерриге дайдар, цкъа а шена кхетамехь хила йиш а йоцчу кепара нисдар а, х1ара х1инца доггах къинт1ера йелира Розина. Х1ара дукха ч1ог1а къевлина мара а йоьллина лаьтташ йара Роза, б1аьргех шен коьртара йовлакхан т1ам а хьоькхуш. «Нана,нана» аьлла мохь тоьхна буйнахь хи чохь долу шиша а дохьуш нахана йукъара сехьаваьлла волу Мансур а висира цецваьллачохь т1улг хилла латта. Энисина хорам хиллера, шена чог1а везаш волу, х1инца а даг чохь ша къуьйлуш набарна тевжаш санна хилла болу безам ц1аьххьана самаиккхича санна, боьлхуш болу б1аьргаш бела къежира, ч1аниг иэгайора, хиш охьаоьхуш йуьхь т1ехула, йуккъехула йела а ийзайора и.
Шегахь, шен б1аьргашца къамел дора йо1а: «со йолчу ма вола аларх ас, къевлина бацара некъ, дешнашца ца веза аларх, б1аьргаш чуьра х1унда ца дийшира ахь?». К1ант Энисе хьаьжначохь лаьттара. Нах т1ех буьйлура, Каабана гуонаш даха т1ебоьлхуш берш а, кху шинна йукъахула а, хурманаш саг1ана йоькъуш берш а, хи доькъурш а, нехан до1анаш а, белхарш а, беларш а. х1оранна а лаамаш, до1анаш, хастамаш барш а, дерриге иэделлачохь кху шиннан синош йуха а цхьаьнакхийтира, цхьаьнакхийтира кхин цкъа а д1аса ца къаста…
Свидетельство о публикации №225100401287