Пису, ахь муха йаьккхи-теша буьйса?

 
…Цхьаммо т1екхетий д1атоттуш, вукхо схьатоттуш, х1окху базаран бехачу буькъачу мог1арехула т1оьрмигаш дохьуш шен нанна т1аьхьах1оьттина вог1ура к1ант.
К1иранде дара тахана - базаран де. К1ентан шийтта шо дара. Т1ейухург а , йуург а мехах хуьлу олий к1иран дийнахь кхуза йог1ура нана. Цуьнца к1ант а вог1ура. К1ант — х1инца ненан г1оьнча вара. Хьалха, куьг а лоций д1а идош хилла волу, х1инца к1ант воккха а хилла т1оьрмигаш шега схьа а оьций, церан т1емаш п1елгаш чу а дуьйший нанна т1аьхьа д1аоьхура.
   — Х1ун мах бу кху хечин? — т1е чег1аш санна стоммачу озаца, йерстина а йолуш, йуьхьа т1ера аматаш божарийчух тера а долуш цхьана зудчо хоьттура йохкархочуьнга.
   — Шиъ ах б1е.
   — Ма дукха доьху ахь? — хечийн когаш хьала а керчош — тегар муха ду кхуьнан? — хоьттура цуо — х1инцца х1ара дешаран шо долалуш эцнарш йаста а йелла лаьтташ йу сан к1ентан, тир йаккха йезаш..
   Базаран мог1анаш готтий хиларан бахьанца, нах дукха болуш дуькъа хилча иштта нехан къамелашкахь сеца везаш хуьлура к1ант, лаамаза церан къамелашна теш а (свидетель) хуьлий, т1ехвала парг1ат доцуш, йуха жимма уьш д1а а тоттуш д1а т1ех волура.. К1антана свитер а , мачаш а ийцира.
   — Мачаш мегаш йуй хьажал… Къийла-м ца къуьйлу?
   — Ца къуьйлу нана.
   — Ший а т1е йухал ахь — когаш буха цхьа картонан цуьрг а тосий.
   Нанас йух-йуха охьа а те1аш мачийн буьхьигашна т1е куьг 1уьттура, «къуьйлий..?»  хаттар а деш. Йухкуш йерг а йара: «Собар дел жима къонах, ас х1инцца куьзгана хьожуьйту хьо бохуш. Цхьанхьа йисттехь хьала йоьттина мачийн коробкаш т1ехьара цхьа маь1аг каг а йелла, куьг хада ца дайта гонах скотч а латина долу куьзга схьа а оьций когашка а х1оттадой чу хьоьжуьйтура цуо к1ант. Хаза йу..! К1антана х1инца х1уъу а мегаш йара, дукха шеллуш вара иза. Дерз а доладеллера. К1ентан когаш кортонна т1ехь ч1ог1а шеллора, сихха шен йовха мачаш йуха т1е а йуьйхина чимчаркхаш д1а а тесна, церан йистош мачи чу а та1ийна Нана мах бийцина йаллалц латтара к1ант. Оьцучу мачаш чу куьг а дахийтина, чура ц1ока муха йу, йовха йу-йац хьоьжуш йоллура нана. К1ант шеллора. Суьйренца мох шийла бара, 1аьржа мархаш йара стигалхула нека деш, свитеран кач хьала а озийна, т1ехулара курткан з1е легашка кхаччалц хьала а теттина, и шийла з1е ч1ениг т1е мосазза 1оттало, ч1ениг иэгош, дег1е зуз оьхуш шаьшшиннан т1оьрмигаш схьа а эцна д1адола делира наний, к1анттий.
Дерз чехка даьллера, базаран мог1аршлахь гатанех йиначу лабанийн т1ера гул а лой охьа1ийдалуш хин татол дара, х1инца нахана йукъахь меттиг цахиларал сов, и дог1анан ладар а дара лардан дезаш, буха нислахь вашор волуш.
Нанас сих-сиха т1оьрмигаш пхьаьрсах а тосий шен коьртара т1ехьа д1аоьху йовлакх хьалха хьаж т1е схьа озадора, ара йевлла месаш т1ехь сийцина  к1айн туьтеш санна долу дерзан т1адамаш т1е куьг а хьокхий йовлакхан чоьхьа йуьхкура.
   Котаман меженаш а, цхьацца стоьмаш а, наьрс, помидор а, йуучуьн чам беш т1е мел туху специш а йолчохь къамелаш хезара: «Маса стака йеза хьуна ц1ен бурч? Хьожа йоху буц а эцахь хазниг д1а, оьшар йу хьуна.. наьрс маса кийла уоза..?» бохуш.  Нана шен тишайелла т1аьрска т1ера лилхина йистош кхора даьлла йолу бохча (кошелёк) чуьра ахча д1адала х1уттура…
   — Х1ара х1уманаш эцна вайшинна маршрутки чохь даха хала хир ду, таксица кевне кхаччалц д1аг1ор вайшиъ.
   — Х1аъ, нана — аьлла, хьокхамаш а, довхачу даьтти чохь йеттина пиряшкаш а йухкучу лаби бухахь шена нанас эцна йолу пиряшка сихха д1айаа вуьйлира к1ант. Ткъа, нана — таксиш лаьттачу автостанце д1ахьаьдда йоьдура, х1инца верриг а веллера ц1а ваха сиха. Са довш латтара, шийла а, т1уьна а долуш.. нах т1ехбуьйлура, цхьаболчара телефон лерехь къамелаш дора мохь а бетташ: «Алло, х1аъ, йуург йухку мог1а чекхболлучехь ара йолу хьуна, машенахь цига схьа т1е вола!» — бохуш. Важа: «Зарема, маминиг, картошка кхехка а йей охьа х1оттайехьа, мама х1инцца капчённый ч1ара бохьуш д1а ц1а йог1у хьуна».
Цхьа даккхий когаш 1ам чу а бетташ воьдуш лекха онда стаг а вара, телефон цхьана куьйга лоцуш, йуха вукху куьйга лоций духкуш кхозучу суьлхьанийн туьтийн бос а хьоьжуш, «Алло связь йац, вашош лаьтта со зуда. Хезий хьуна? Йалахьа схьа алий муьлха бос болу суьлхьанаш деза? Ламаз-куз маса эца ас хьешашна бала?» бохуш — Х1аъ, х1аъ, эцна чай мала х1ума а , ахь кхача кечбичахьана йерриге эцна» — телефон чу мохь беттара стага. К1ант — пиряшках тасвелла и чекхйаккха г1ерташ «фуффинехь» йукъара йовхачу картолана т1е мох бетташ шелйан г1ерташ воллура, цхьана куьйга т1оьрмигаш а лаьцна. Нанна т1аьхьах1оьттина а воьдура. Цхьа к1езиг-мезга бахаман гlирсаш (хоз товараш) бухкучехь:
   — Х1ун мах бу кху телевизоран пультан? К1ента-бераша йохийна т1ера кнопкаш 1ийшина сан ц1еран пультан, г1оза ма хиларг — бохуш хоьржуш — х1усамнана сарахь оцу «турецкий сериалашка» ца хьаьжча мегаш йац, суна-м башха ца оьшура х1ара пульт а, со телевизоре а ца хьоьжу наггахь бен — пульташ йухкучуьнга а аьлла — д1адер дарий хьо когаш к1елар олуш цициг човхо кеп а йеш, шен мачийн буьхьагца к1ант волчу аг1ор к1ентан когаш к1ел цхьа х1ума схьа а кхаьссина — х1ара пульт болх беш йу-йац муха хуур ду бохуш кхид1а а шен къамел деш воллура стаг.
«Мяу» бохуш, цициган г1ийла г1овг1а хезара к1антана. Жима а йолуш цициган к1орни йара цуо схьаластийнарг. К1ант цуьнга хьажа охьа лахвала а ца вуьтура т1ехбуьйлучу наха. Г1овг1а хиллачул а ч1аг1йеллера х1инца. Машенаш, сигналаш… «Д1айоьду.. ши меттиг йу» бохуш мохь беттара цхьамма, важа — дов даьлла цхьаьнга-м бага лиэйеш… Маршрутки чуьра ара, дуьхьаларчу таксисте куьг лестош кхиниг, базар йукъара ара ца валалуш , чучча хоьхку машенаш а, адамаш а, г1орданаш, пакеташ, г1овг1анаш, йаах1уманийн хьожанаш — и дерриге иэделлера.
 
Цициган цхьа лег дара ц1ийх дуьзна, дерзано йашийна мокха басахь ц1ока а йолуш цхьа ирча дакъаделла хетара и, дикка ца хьаьжча и цхьа тиша, т1еда баьхчалг йу моьттур дара 1уьллуш. Б1аьргаш а дара боьха йистош т1ет1а а летта…
Нана такси не1 а йиллина: «вала ва саттий к1ант» аьлла схьа мохь а тоьхна, эцнарш такси чу тарйан х1оьттира, к1антана ша х1ун дан деза а ца хаьара. Цкъа и цициган к1орни схьа а эцна шен ц1а йига дог хилира, йуха нанас и аьттехьа а йохьуьйтург цахилар дага а деана сихха и к1орни, аьлча а, и т1еда, декъаза чохь х1инца а жимма са долу х1ума оцу йесачу лабана бухахь хьалайоьттина йолчу дечкан йаьшканаш к1ел шен коьртара куй а биллина, цу т1е и к1орни охьа а диллина, шегахь йууш йисина ах пиряшка цунна хьалха кхоьссина воллура. Йуха а и дита ца делира цуьнга цу г1ийлачу хьолехь, к1орни т1аккха схьа а эцна оцу куйна йукъахь шен кисана а та1ийра. Цуо шен кегийчу цергашца йуура пиряшкин цуьрг, 1ехар а д1атийнера цуьнан. К1ант шен т1оьрмигаш шина буйна а лаьцна нанас лаьцначу такси т1е д1ахьаьдира…
   — Хьо сеттина ца волуш вайшиъ даша дайти ахь, х1ара стаг а латтий ахь, х1у деш вара хьо ван —  бохуш, дов дора — куй стенгахь бу хьан? Корта бу хи санна т1еда, мичахь божийна ахь куй? Корта ца божош ма дика 1ийна хьо — чеха вора. Амма, ца чеха вора дахаро и цициган к1орни санна-м. Нанна-м ца хаьара, цициг х1инца оцу к1ентан куйна йукъахь киснахь дуйла а. Кхеран машен д1аоьхура, 1еха ма 1ехахьара хьо д1а кхаччалц бохуш, кхоьрура к1ант, цициган к1орнин ойлайеш. Нана-м шегахь дисина сом дагардеш, дера диснарг кхана газах, тоьках д1адала дезаш ма ду шина баттана т1е хьаьрчина долу, ладуг1уш цхьа вацахь а ша-шега лоьра и. Таксист — радио ла доьг1уш, эшаран мукъам лоций шен аьтто аг1ор куьйган п1елгаш руль т1е детташ воьдура.
     Шен чохь чоме бовха кхача бууш а, ша к1еда метта хьала ваьлча а цуьнан ойла йора к1анта, оцу шелонехь иэгош нахе хьалахьажа г1ерташ, сихха т1ехбуьйлучу нехан когаш йукъахула лелаш хиллачу к1орнин. К1анта иза базарара шаьш ц1а кхаьчча арарчу кертахь г1уллакх деш лелош г1ирсаш чохь болу чардакх чохь шен куй, кхин цу чохь карийна йолу цхьацца бехчалгаш а буха а тесна охьа диллинера иза.
 
Корах арахь дог1а гуттар а ч1аг1деллера, мох а баьлла, ток а йаьллера д1а, к1антана шен довхачу йург1ий буха а вахана наб озийнера. Наггахь цхьа ч1ог1а стелахаьштиг тухуш, цуьнан серлоно бен чоь серла а ца йоккхура, къоршан г1овг1ано цкъа самаваьккхира, йуха коьрта т1е йург1а а хьарчийна ч1ог1а наб кхийтира, мерза наб. Шолаг1чу 1уьйранна малх хьаьжнера, дог1а ца деача санна дуьне серла а даьлла, ша ишколе ваха нанас г1аттийча к1антана дага деара ша селхана ц1а далийна цициган к1орни.
«Пису, ахь муха йаьккхи-теша буьйса?!


Рецензии